Хуттургаш, церан тайпанаш
Хуттург хутту- соединяю хуттург -союз
Хуттург-предложенин меженаш я чолхечу предложенин дакъош вовшахтосучу г1уллакхан къамелан декъах олу.
цхьалхе
хуттургаш
чолхе
х1оттаман
Цхьалхе хуттургаш:
а, я, амма, ткъа, санна, нагахь
Х1оттаман хуттургаш:
х1унда аьлча, делахь а,
х1етте а, нагахь санна, аьлча а
4
Чолхе хуттургаш:
Бакъду, цхьабакъду, цундела
1.Б1аьсте яьллера, амма х1инца а дикка йохъелла яцара.
2. Нагахь санна ахьа х1ора денна мотт 1амош къа ца хьегахь, хьуна цкъа и 1емар бац.
3.Арахь къеггина екхна яра, бакъду йовха яцара.
Цхьаьнатуху хуттургаш : а, я, амма, делахь а, бакъду, ткъа, х1етте а.
Карара хуттургаш : х1унда аьлча, аьлла, нагахь, нагахь санна , бохуш.
Аьлларг дети делахь а , цааьлларг деши ду.
2. Къасторан хуттург я
Я хьалакхуьур ду и синтар, я дакъалур ду.
3) Дуьхьалара хуттургаш амма, ткъа, делахь а, х1етте а, бакъду, цхьабакъду
Арахь ло дара, амма сов шийла яцара;
Дог1уш дог1а дара, х1етте а бераш арахь ловзуш дара.
4) Довзийтаран хуттург аьлча а, вуьшта аьлча
Шовданан йисте хи эца еана жима зуда яра, аьлча а Бусана яра
Бахьанин хуттург х1унда аьлча:
Дархочуьнга х1умма а ца элира лоьро, х1унда аьлча бакъдолчо цатам бан тарлора цунна.
Бехкаман хуттургаш: нагахь, нагахь санна:
Нагахь хьо соьца ваг1ахь, хьо дохко вер вац хьуна.
Дустаран хуттург санна
Сийсара деана ло, бамба санна , 1уьллура лекхачу дитташ т1ехь.
Кхеторан хуттургаш аьлла, бохуш :
Баьхкина хьеший дукха бу аьлла , уьстаг1 бийра дадас.
Суна хезна, Асланбек деша воьду бохуш .
. .
Шардар №178 (аг1о 97) Т1едиллар: хуттургашна буха сиз хьакха. Дийца уьш муьлхачу тайпана ю. 1.Воьхна, вистхила а, вего а дех ца х1уттуш волу Бийболат, оцу сохьта эхь а доьссина, ц1еххьана майравелира. 2.Цо д1адийцира ша деана г1уллакх,ткъа важа-м башха ладуг1уш вацара. 3.Суна дика вевзаш вацара и, цундела цунах башха х1ума тешо а ца лаьара. 4. Хьанна хаьа, цигахь ван а вина,цигахь кхиа а кхиина волчунна-м иштта ца хета мегара, амма Солтин цигахь сахьийзара.
1.Воьхна, вистхила а , вего а дех ца х1уттуш волу Бийболат, оцу сохьта эхь а доьссина, ц1еххьана майравелира. 2.Цо д1адийцира ша деана г1уллакх, ткъа важа-м башха ладуг1уш вацара. 3.Суна дика вевзаш вацара и, цундела цунах башха х1ума тешо а ца лаьара. 4. Хьанна хаьа, цигахь ван а вина,цигахь кхиа а кхиина волчунна-м иштта ца хета мегара, амма Солтин цигахь сахьийзара.
4