МУНИЦИПАЛЬНОЕ БЮДЖЕТНОЕ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНОЕ УЧРЕЖДЕНИЕ
«ЛЕВОБЕРЕЖНЕНСКАЯ СРЕДНЯЯ ОБЩЕОБРАЗОВАТЕЛЬНАЯ ШКОЛА»
РАССМОТРЕНО СОГЛАСОВАНО
на заседании с зам.директора по УВР
с зам.директора по НМР _________С.В.Товзуралиева
_______Р.Д.Зайтаева «_____»_________2019г.
«____»_____2019г.
РАБОЧАЯ ПРОГРАММА
по предмету «Чеченский язык» для 4 «в» класса
учителя начальных классов
Косумовой Айшат Зайнадиевны
на 2019-2020 учебный год .
Класс: 1-4
УМК «Школа России»
Авторская программа: «Нохчийн мотт»
Авторы учебников |
1 класс | Абат. Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов. «Грозенский рабочий»2016 шо |
2 класс | Нохчийн мотт. Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов.«Грозенский рабочий»2016 шо |
3 класс | Нохчийн мотт.Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов. «Грозенский рабочий»2016 шо |
4 класс | Нохчийн мотт.Э.Х.Солтаханов,И.Э.Солтаханов,С.Э.Эдилов. «Грозенский рабочий»2017 шо |
Нохчийн мотт
ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ
Дешаран предметан «Нохчийн мотт» 1-4-чу классашна лерина йолу белхан программа х1оттийна хIокху документин бух тIехь:
-
МБОУ «Левобережненская СОШ» юьхьанцарчу классашна лерина йолу программа
-
юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан
-
Юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программа
-
Э.Х.Эдиловн Нохчийн меттан юьхьанцарчу классашна лерина герггарчу хьесапехь йолу программа, Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствос магийна йолу.
-
Федеральный закон Российской Федерации от 29.12.2012 г. № 279-ФЗ «Об образовании в Российской Федерации»;
-
Федеральный государственный образовательный стандарт http://минобрнауки.рф/documents/336;
-
Приказ Минобрнауки РФ от 31.12.2015 г «О внесении изменений в федеральный государственный образовательный стандарт основного общего образования, утверждённый приказом Министерства образования и науки РФ от 17.12.2010 г № 1897» № 1577;
-
Примерная основная образовательная программа начального общего образования (одобрена решением федерального учебно-методического объединения по общему образованию (протокол от 8 апреля 2015 г. № 1/115);
-
Приказ Министерства образования и науки Российской Федерации от 31 марта 2014 г. № 253 «Об утверждении федерального перечня учебников, рекомендуемых к использованию при реализации имеющих государственную аккредитацию образовательных программ начального общего, основного общего, среднего общего образования»;
-
Учебный план образовательного учреждения на 2019/2020 учебный год.
ДЕШАРАН ПЛАНЕХЬ НОХЧИЙН МАТТО Д1АЛОЦУ МЕТТИГ:
Юьханцарчу ишколан белхан программи тIехь Нохчийн мотт хьеха билгалдина 270 сахьт:
1-чу классехь 66 сахьт,кIирнах 2 сахьт (33 белхан кIира)
2-чу классехь 68 сахьт, кIирнах 2 сахьт (34 белхан кIира)
3-чу классехь 68 сахьт, кIирнах 2 сахьт (34 белхан кIира)
4-чу классехь 68 сахьт, кIирнах 2 сахьт (34 белхан кIира)
Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь Э.Х.Солтаханов, И.Э.Солтаханов, С.Э.Эдилов. язйинчу 1-чу классашна «Абат», 2-4 классашна «Нохчийн мотт» учебникашца нисъеш.
Юьхьанцара юкъарадешаран школа - мехала, керла, жоьпаллин мур бу беран дахарехь: х1окху школехь д1адолало диллина долу дешар, кхузахь шорло цуьнан гонахарчу дахарца йолу юкъаметтигаш, хийцало юкъараллин дарж а, ша -шен вовзийта оьшуш хилар а совдолу. Т1аьхьа хиндолчу дерриге а дешаран бух кхуллу юьхьанцарчу школашкахь. Юьхьанцарчу школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан 1илманан декъехь шен маь1ница а йоккха меттиг д1алоцу. Цуьнан дешарца а, кхетамца кхиорехь а доккха маь1на ду.
Маттах лаьцна хаарш, барта а, йозанан а къамелан хаамаш караберзорца дешархойн таро хуьлу кхийолу дешаран предметаш а кхиамца 1амо, цуьнца цхьаьна гонахарчу дахарх дозуш долу шайн хаарш шордан.
«Школана хьалха лаьтта декхарш кхочушдарехь 1аламат доккха маь1на ду ненан меттан, х1унда аьлча школо болх оцу маттахь д1аболорца караерзайо беро дахарехь гулйина а ненан маттахь билгалйолуш йолу а хьекъалан хазна. Оцу кийчачу буха т1ехь школо д1ах1оттабо ша кхид1а а бен болу болх, аьлча а дуьненах лаьцна болу берийн кхетам алсам а боккху, уьш г1иллакх-оьздангалла йолуш кхиорехь а царна дешар 1аморехь а дерриге а декхарш кхочуш а до.
Вайн школашкара дешархой юкъараллин пайдечу къинхьегамна а, нохчийн къоман беркате т1аьхье хинйолчу кепара а кечбаран декхарца цхьаьна царна нохчийн меттан хаамаш балар доккха маь1на долуш ду.
Юьхьанцарчу муьрехь ненан мотт хьехаран коьрта декхар ду къамелан г1уллакхан цхьадолу тайпанаш 1амор (кьамелеладог1аррий, цунах кхетаррий; вистхила 1аморрий; дешаррий, йозий). Цул сов, оцу муьрехь ондда бух кхолла беза ненан маттахь вовшашца т1екаре хила хаарна, иза берашна хьехаран а, кхетош-кхиоран а коьрта г1ирс хилар хаийтарна.
Цуьнца цхьаьна кхийолчу дешаран предметийн санна, ненан матто юьхьанцарчу муьрехь кхочушдан деза цхьадолу мехала юкъара г1уллакхаш а:
- дешархойн 1аламах а, юкъараллих а долу хааршший, 1илманан юьхьанцара кхетаммий кхиор;
-
логически а, васт х1отторан а ойла кхиор;
-
къинхьегаме а, цуьнца цхьаьна дешаре а болу лаам кхиор;
-
лакхарчу классашкахь кхиамца деша бераш кечдар;
-
гонахарчу дахарца йолу юкъаметтиг а, нахе йолу нийса дог-ойла а кхетош-кхиор1.
Х1ора урокехь берийн дистхилар алссам хила деза: хаттарш деш, царна жоьпаш луш, шайх лаьцна дуьйцуш, вовшашца къамел деш, хьехархочуьнца юкъаметтиг лелош, ешначун чулацам юхасхьабуьйцуш.
Дешан маь1ни т1ехь а, аларна, нийсаяздарна а т1ехь бен болх биллина беш хилар мехала ду. Билгалйинчу темина, суьртах, бинчу тидамех, кинох лаьцна шайна еллачу кепаца а, шаьш а дийцаран, хаттаран, айдаран, т1едожоран предложенеш, тексташ, диалогаш х1итто 1амо деза бераш.
ЮЬХЬАНЦАРЧУ ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН МОТТ 1АМОРАН 1АЛАШОНАШ:
-
т1екаре хила дезаран, йоза-дешар кхид1а а 1амо дезаран 1алашонца нохчийн мотт караберзор;
-
къамелдаран хьуьнарш кхиор, нохчийн маттахь вовшашца т1екаре лело хаар;
-
нохчийн меттан лексикех, фонетикех, грамматикех болу т1еххулара хаамаш караберзор;
- ладог1а, вистхила, шен маттахь еша, яздан хаар карадерзор;
- Нохчийн Республикин пачхьалкхан нохчийн матте шовкъ кхоллар, шен къоман культурин дакъа иза хиларе терра.
ДЕШАРАН ПРЕДМЕТ 1АМОРАН ЖАМ1АШ
Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчу дешархочуьнгахь нохчийн меттан программа караерзоран декъехь хила деза хаарш:
-нохчийн мотт пачхьалкхан мотт а, иза уьйран а, гонахара дахар довзаран а г1ирс хиларх кхеташ хилар;
-школан а, юкъараллин а дахарехь нохчийн меттан хаарех пайда эца хьуьнар хилар;
- нохчийн мотт къоман культурин а, синъоьздангаллин а мехаллийн цхьа т1ег1а лара дезарх кхеташ хилар;
-тайп-тайпанчу хьелашкахь шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а юкъаметтигаш лело хаар карадерзор, мехалчу х1умнашка а, синъоьздангаллин мехаллашка а экаме хила везарх кхеташ хилар.
ЮЬХЬАНЦАРЧУ ШКОЛЕХЬ НОХЧИЙН МОТТ 1АМОРАН ПРЕДМЕТНИ ЖАМ1АШ:
-ладог1а хууш хилар: дуьйцучун чулацамах а кхеташ, къамел хазаран хьесапехь т1елацар;
- нохчийн меттан фонетически система евзаш хила езар: мукъа а, мукъаза а элпаш а, аьзнаш а къасто, дешнаш дакъошка декъа а, аьзнаш ала а хууш хилар;
-шен меттан доцу (т1еэцначу дешнашкахь бен ца лела) аьзнаш а, аьзнийн цхьаьнакхетарш а довза а, нийса схьаала а хууш хилар;
- дешнаш, церан грамматически форманаш а евзаш, уьш муха кхоллаелла а, царах предложенеш вовшахтаса а, къамелехь пайда эца а хууш хилар;
-нийсаяздаран бакъонаш евзаш хилар: доккха элп, дешдакъошца дош сехьадаккхар, сацаран хьаьркаш;
-карадирзинчу хаарех дешаран а, вовшашца йолчу юкъаметтигашкахь а пайда эца хууш хила везар: диалог д1аяхьа, хаттаршна жоьпаш дала, евзаш йолчу лексикин бараме хьаьжжина, шегара хаттарш х1итто, текст юхасхьайийца, суьрташка хьовсуш предложенеш, тайп-тайпанчу теманашна билгалйинчу тематически кепашца йоцца монологически тексташ х1итто хууш хилар (чолхе доцу суртх1оттор, дийцар, ойлаяр);
-хезаш а, шен дагахь а, къастош а еша къаьстина предложенеш а, тексташ а цхьаьна, хууш хилар;
-текст дакъошка екъа а, царна ц1ерш тахка а, план х1отто а, т1едахкарш т1едуза а, т1еяздан а, х1уманийн, суьртан куц-кеп довзийта а хууш хилар;
-мотт къоман культурин цхьа дакъа а, уьйран г1ирс а, пачхьалкхан мотт а хиларх кхеташ хилар.
ЮКЪАРАДЕШАРАН ЮЬХЬАНЦАРЧУ ДЕШАРАН НОХЧИЙН МЕТТАН ПРЕДМЕТАН ЧУЛАЦАМ
Программехь «Нохчийн мотт» предметан чулацам билгалбина дешаран декъан т1ег1анашка хьаьжжина.
2-4 -чуй классашкахь цхьаьнадог1уш (комплексно) къамел кхиор, грамматикин а, орфографин а пропедевтически курс.
Тематическое – планирование по чеченскому языку в 4 классе
на 2018-2019 учебный год
№ | Название раздела | Количество часов |
1 | 1амийнарг карладаккхар | 6 |
2 | Аьзнаш а, элпаш а.Дешдакъа | 3 |
3 | Дешан х1оттам | 2 |
4 | Дешхьалхенийн нийсаязъяр | 3 |
5 | Къасторан хьаьркаш | 1 |
6 | Къамелан дакъош | 5 |
7 | Предложенин цхьанатайпанара меженаш | 3 |
8 | Текст | 4 |
9 | Ц1ердош | 6 |
10 | Карладаккхар | 6 |
11 | Билгалдош | 7 |
12 | Терахьдош | 4 |
13 | Ц1ерметдош | 4 |
14 | Хандош | 8 |
15 | Чолхе предложенеш | 2 |
16 | Т1едерзар | 1 |
17 | 1амийнарг карладаккхар | 3 |
Итого | |
Календарно – тематическое планирование по чеченскому языку (4 класс)
2019-2020 учебный год
№ п/п | Тема урока | Кол-во часов | Дата проведения |
Дата план | Дата факт |
-
1амийнарг карладаккхар (6 сахьт) |
1 | Дош. Предложени.Текст | 1 | 03.09. | |
2 | Предложенин тайпанаш | 1 | 06.09. | |
3 | Предложенин коьрта меженаш. | 1 | 10.09. | |
4 | Талламан диктант № 1 «Орга» | 1 | 13.09. | |
5 | Г1алаташ т1ехь болх. Дешнийн цхьанакхетар. | 1 | 17.09 | |
6 | Текст. Х1ун тайпа хуьлу тексташ? | 1 | 20.09 | |
-
Аьзнаш а, элпаш а.Дешдакъа (3 сахьт) |
7 | Х1ун тайпа хуьлу аьзнаш? Элп бохург х1ун ду? | 1 | | |
8 | Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Деха а доца а мукъа аьзнаш | 1 | | |
9 | Нохчийн алфавитера шалха элпаш | 1 | | |
-
Дешан х1оттам (2 сахьт) |
10 | Дешан х1оттам. Орам. Суффикс. Дешхьалхе.Чаккхе | 1 | | |
11 | Чолхе дешнаш | 1 | | |
-
Дешхьалхенийн нийсаязъяр (3 сахьт) |
12 | Дешхьалхений нийсаязъяр. | 1 | | |
13 | Дешхьалхе а, дешт1аьхье а вовше муха къасталур ю? | 1 | | |
14 | Талламан диктант № 2 «Ч1ег1ардиг» | 1 | | |
-
Къасторан хьаьркаш (1 сахьт) |
15 | Г1алаташ т1ехь болх бар. Маца яздо къасторан Ь,Ъ хьаьркаш? | 1 | | |
-
Къамелан дакъош (5 сахьт) |
16 | Ц1ердош. Ц1ердешнийн терахьаш а, классаш а, дожарш а. | 1 | | |
17 | Ц1ердош. Ц1ердешнийн терахьаш а, классаш а, дожарш а. | 1 | | |
18 | Билгалдош | 1 | | |
19 | Изложени «Хи т1ехь» (аг1о 30, шардар 53) | 1 | | |
20 | Хандош. | 1 | | |
-
Предложенин цхьанатайпанара меженаш (3 сахьт) |
21 | Предложенин цхьанатайпанара меженаш. | 1 | | |
22 | Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь х1уттургаш. | 1 | | |
23 | Предложенин цхьанатайпанарчу меженашкахь х1уттургаш. | 1 | | |
-
Текст (4 сахьт) |
24 | Текстан тема бохург х1ун ду? | 1 | | |
25 | Текстан коьрта ойла | 1 | | |
26 | Текстан ц1е тиллар. Текстан план х1оттор. | 1 | | |
27 | Изложени «Шеран заманаш» (аг1о 43,шардар 74) | 1 | | |
-
Ц1ердош (6 сахьт) |
28 | Ц1ердешнийн легарш. Цхьалин терахь. | 1 | | |
29 | Ц1ерниг дожар. Доланиг дожар | 1 | | |
30 | Талламан диктант № 3 «Хьуьнхахь» | 1 | | |
31 | Г1алаташ т1ехь болх бар. Лург дожар. Дийриг дожар. | 1 | | |
32 | Коьчалниг дожар. Хотталург дожар | 1 | | |
33 | Меттигниг дожар. Дустург дожар | 1 | | |
-
Карладаккхар (6 сахьт) |
34 | Ц1ердешнийн дожарш | 1 | | |
35 | Ц1ердешнийн легарш | 1 | | |
36 | Ц1ердешнийн легарш | 1 | | |
37 | Ц1ердешнийн дукхаллин терахь. | 1 | | |
38 | Дукхаллин терахьера ц1ердешнийн чаккхенаш. | 1 | | |
39 | Ц1ердешан классаш. | 1 | | |
-
Билгалдош (7 сахьт) |
40 | Билгалдош | 1 | | |
41 | Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш. | 1 | | |
42 | Билгалдешнийн терахьашца хийцадалар. | 1 | | |
43 | Билгалдешнийн дожаршца хийцадалар. | 1 | | |
44 | Билгалдешнийн хьалхара легар. | 1 | | |
45 | Билгалдешнийн шолг1а легар. | 1 | | |
46 | Карладакахар.Ц1ердош а,билгалдош а. | 1 | | |
-
Терахьдош (4 сахьт) |
47 | Х1ун гойту терахьдашо? | 1 | | |
48 | Талламан диктант № 4 «Дез де» | 1 | | |
49 | Г1алаташ т1ехь болх бар. Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш. | 1 | | |
50 | Масаллин а, рог1аллин а терахьдешнаш. | 1 | | |
-
Ц1ерметдош (4 сахьт) |
51 | Ц1ерметдош. Юкъара кхетам | 1 | | |
52 | Яххьийн ц1ерметдешнаш | 1 | | |
53 | Изложени «Ши накъост» (г1о 107, шардар 209) | 1 | | |
54 | Яххьийн ц1ерметдешнаш | 1 | | |
-
Хандош (8 сахьт) |
55 | Хандош. Юкъаракхетам. | 1 | | |
56 | Хандешнийн хенашца хийцадалар. | 1 | | |
57 | Сочинени «Дог1анах девдда дог1у бераш». (аг1о 118,шардар 232) | 1 | | |
58 | Хандешан билгалза кеп. | 1 | | |
59 | Хандешан чаккхенга Н яздар. | 1 | | |
60 | Хандешан яхана хан. | 1 | | |
61 | Хандешан карара хан. Хандешан йог1у хан. | 1 | | |
62 | Хандешнашца ца, мА нийсаяздар. | 1 | | |
-
Чолхе предложенеш (2 сахьт) |
63 | Предложени стенах олу? Чолхе предложении стенах олу? | 1 | | |
64 | Талламан диктант № 5 «Ракета» | 1 | | |
-
Т1едерзар (1сахьт) |
65 | Т1едерзар | 1 | | |
-
1амийнарг карладаккхар (3 сахьт) |
66 | 1амийнарг карладаккхар | 1 | | |
67 | 1амийнарг карладаккхар | 1 | | |
68 | 1амийнарг карладаккхар | 1 | | |
Итого 68 часов |
1