СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Разработка урока

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Разработка урока»

Открытый урок (ГIиллакх)

 |   | Просмотров: 5101

 

Учитель: Дениева М.М.

 

ГIиллакх

 

 

Урокан 1алашо:

Адамашна юккъехь лела оьзда г1иллакхаш довзийтар, уьш дийцар.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча,   цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар ,цунах дешархой кхетор.  

Вайн дайша лардина оьзда г1иллакхаш дийцина ца 1аш   уьш ларда дезарх кхетош-кхиор.

Урокан г1ирс:

   1.Закриева Пет1аматан байташ, афоризмаш т1ехь йолу сборник (гулам);

    2. Журнал «Орга», «Вайнах»;

    3.«Даймохк» ц1е йолу газета т1ера г1иллакхах лаьцна статья.

Урок д1аяхьар. 

Г1иллакхе аларш.

(тобанне, рог1-рог1ана хаттарш до)

Х1ун олу?

Хьехархо:

Зуда ялийна меттиг хилча х1ун олу? -(Дала беркате т1аьхье йойла! )

К1ант вича х1ун олу? – ( Дала беркате доьзалхо войла! Т1аьхье беркате йойла!

Ц1ена бедар юьйхина хилча а, эцча а? – ( Г1оза лелайойла! )

Керлачу ц1а чу ваьллачуьнга?- ( Х1усамаш Дала беркате йойла,чохь иман, беркат мА эша дойла, ирсе г1уоза дахар хуьлда!)

Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?- ( Эзар балех хьалха волийла.Дала диканца меттах1оттадойла хила зен.)

 

Г1иллакх-иза адамаша вовшашца

Лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман, чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла ДАЛЛА ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шен дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар ду.

Оьздангалла дуьхьалд1а х1ора стеган леларехь, амалашкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш ю.

« Г1иллакх ялсаманера схьадеъна», ялсамане духадерза

дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна» 

Г1иллакх - динан ах ду.

(Г1иллакх довзийтарх а цатоьа,

нагахь и лелош ца хилча)

Т1аккха г1иллакхехь лаьцна ша кечйина доклад д1айоьшур ю вайн ученицоУциева Маликас:

 

Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу г1иллакхашна т1ера д1айолало. Иза угар хьалха шен дог-ойла, т1аккха цуьнга хьаьжжина шеен юьхь-сибат а, дег1 а ц1ена латторду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен г1уллакхаш ду, ткъа шеен духар, сурт -сибат муха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалха болу. Стеган оьзда массо х1ума а хила деза – ойла а, духар а, г1иллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, г1уллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар.

Стага угар хьалха шен дег1 ц1ена лело деза. «Ц1еналла - ах дин ду», - аьлла Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахц1ена ца хила йиш яц. Х1унда аьлча, дино т1едожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар т1едужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолг1а б1ог1ам бу (шах1адат далор д1адаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, ц1еналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал х1оттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латта во, цуьнан дог-ойла ц1ан йо, иза къинойх лар во. Шолг1а делахь, шен дег1 а, бедар а ц1ена латтор т1е а дожадо цунна.

Делан Элчас, Делера Салам-Маршалла Хуьлда Цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цучохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна т1ехь мода хила йиш ярий? – Иштта адам къинойх ц1андеш ду ламаз а».

Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино т1едожош доццушехьа.

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (ц1ен, можа, и. д1. кх. а) басахь йолу х1умнаш лелош ца хилла. духар таь1начу, цхьана басахь долчу к1аденах деш хилла (1аьржа, ал, сира).

Духар угар хьалха д1адолало коьрта туьллучу х1уманна т1ера. Корта 1уьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И г1иллакх ширчу заманахь дуьйна схьадог1уш ду, шен к1орггера маь1на а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь х1ума лело бакъо ца хила шен схьавалар оьзда, ц1ена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта х1ума тиллинехь а, оьзда стаг вог1уш гича, коьртара х1ума д1айоккхуш хила цо (оьрсийн г1иллакх).

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», - олуш ду вайнехан. Иза гуттар а ч1ог1а дина дехар ду. Цо гойту, мел деза х1ума хила боьршачу стага коьртара х1ума д1аяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара х1ума яьккхинехь - и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар – иза шеен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду.

Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара х1ума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта баттайиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.

Вовшашна чухьаьвдда, оьг1азалло б1арзбина нах, коьртара х1ума яьккхина зуда гича, кхид1а дов ца деш, совцаран маь1на ишттаду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха х1ума ду, иза цхьа йоккха киртиг т1е ца х1оьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул ч1ог1а холча а х1оттийна, шаьш лелориг ма-ледара х1ума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха д1атиллийта, х1унда аьлча, зуда коьрта 1уьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, т1ек1елйолу боху.

«Ах стаг бедаро во», - бохучу кицано гойту нохчаша духарна т1е боккха тидам бохуьйтуш хилар. Иза т1еч1аг1до кхечу кицано а: «духаре хьажжий, т1е а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй - вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан – болх беш я кертахь, вог1уш-воьдуш лелош; б1ег1аган куй - аьхка мангал хьокхуш я кхин тайпа болх беш.

Т1еюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а д1атосуш хилла, лаг къовлуш, цу т1е духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь т1екхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь – наь1армачаш, маьхьсеш, пезагаш (т1аьхьуо - царна т1ехула юху калош), эткаш, к1архаш лелош хилла.

Боьршачу нехан духаран коьрта билгало - иза дег1ана кхоччучу барамехь хьулам беш, парг1ат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я т1ех къегина йоцуш а хилар.

Духарехь ша тайпана маь1на лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна т1е баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а д1ах1отта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза х1орамма а ша билгалйоккхушена - шенмогашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ д1айостуш хилла. Кхид1а т1амна а, девнна а стагвацшабохургдуиза.

Дела реза хуьлда хьуна, Малика!

 

Иштта ша кечйина доклад д1айоьшур ю Хаджиева Айнас:

 

Хууш ма-хиллара, адам Дала х1окху лаьтта, шеен векал дина, дерриге 1аламна дола дан даийтина ду. Цундела адам кхечу 1аламах схьакъастош Дала цунна бела кхетам, вуон а, дика а къасто хьекъал. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а бела вайна Дала. Иза Къинхетаме волчу Аллах1а вайх бина боккха къинхетам бу.

Массарел хьалха билгалдаккха деза г1иллакх, оьздангалла бохучу шина дешан маь1на. Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Дална ечу 1амалца, гонахьарчу 1аламца, шена дег1аца, дагца, ойланца стаг ц1ена хилар а ду. Оьздангалла, дуьххьалд1а, х1ора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца 1аш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Стаг мел говза велахь а, мел дика велахь а,цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна т1ехь ду муьлхачу а кхечу стагана т1ехь долу декхарш, оьздангаллин бехкамаш.
Масала, нохчийн дахарера д1адаьлла, ала мегар ду, боьршачу стага коьртахь х1ума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа жима стаг коьртахь х1ума йоцуш, эвла юккъе стена дуьйцу, шен к1ет1а а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и г1иллакх цкъа а хила а ца хилча санна д1адаьлла. Бакъду, коьртахь х1ума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий х1инца а. 
Муьлххачу стеган г1иллакхашка хьаьжжина мах хадабо. И тидам беш, вай тидаме ца оьцу цуьнан хьалхалера дика г1уллакхаш, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагадо цхьана осалчу х1умано. Бакъду, г1иллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь стаг хир вац вайн г1иллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор г1еллуш ду де дийне мел дели, царах цхьа дерш д1адовлуш а ду.

Дела реза хуьлда хьуна, Айна!

Хьехархо:

Г1иллакхо лайх эла вина, г1иллакх ца хиларо элах лай вина.

Ахь хьайна т1аьхьалонна ахча ларде, халкъана т1аьхьалонна дайн г1иллакх ларде.

Г1иллакхах лаьцна байт ( Касумов С.-М.)

Хьалха дайша лелош хилла

Лерам барца оьзда г1иллакх.

Тахна алсам даьлла хилла

Дисна иза доьлхуш г1ийла…

1амийнарг   т1еч1аг1дар:

Стеган дег1аца йолу унахц1еналла д1аяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар.

Стеган оьзда массо а х1ума хила деза-ойла а,

духар а, г1иллакхаш а.

Жам1 дар: 

- Дийца кху урокехь вайна керла х1ун хиъна?

- Дийца шайна хазахеташ долу г1иллакхаш.

Ц1ахь бан болх:

- дагахь 1амо байташ (г1иллакхех лаьцна),

- «Г1иллакх» ц1е йолу стихотворени дагахь 1амо.

Г1иллакх дезаш волчунна

и генахь дац.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!