СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Разработка урока Сатуев Х. "Лаьмнийн къоналла".

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Разработка урока Сатуев Х. "Лаьмнийн къоналла".»


Сатуев Хь. «Лаьмнийн къоналла»




Астамирова А. А.

Урокан ц1е: Сатуев Хь. «Лаьмнийн къоналла».

1алашо: Яздархочух лаьцна боцца хаамаш. Стихотворенин исбаьхьаллин башхаллех лаьцна дийцар. 1аламе безам шорбар, к1аргбар.

Дешархой кхетош кхиор.

Урок д1аяхьар

1. Ойла т1еерзор

2. Актуализацин мур.

  • «Сан хьоме Нохчийчоь» стихотворени схьаюьйцу.

  • Хаттаршна жоьпаш ло:

  • Х1ун ойла кхоллаялийти шун дегнашкахь х1окху стихаша?

  • Акуев Шимин стихотворенехь гайтина хьаннаш, лаьмнаш, шовданаш, ерриг Нохчийчоьнан 1алам. Схьалаха цу т1ера поэтан шен махке болу безам гойтуш йолу стихотворенин цитата?

  • Муьлхачу строфахь ду, шуна хетарехь, стихотворенин коьрта маь1на?

  • Маса строфах (декъах, биъмог1анах) лаьтташ ю? (5)

  • Ц1ахь дехкина суьрташ схьагулдо, мах хадабо.


3. Керла коьчал йовзийтар.

  • Яздархочух лаьцна боцца хаамаш:

Хусейн Сатуев винера 1939 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хьалха-Мартанан кӀоштан Iалхан-Юртахь. Цо чекхъяккхира Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институтан филологин факультет 1963 шарахь.

Бераллин хенахь дуьйна нохчийн халкъан туьйранаш, иллеш, хьалхалера шира дийцарш а ч1ог1а самукъадолуш, лорий ладуг1уш 1амадора Хьусайна.

Хьусайнан ненаваша 1али халкъан барта кхолларалла дика хууш, воккха говзанча вара. Ша йоккхучу заман чохь нохчийн халкъан туьйранаш, шира хабарш а дуьйцара, иллеш а довзуьйтура цо шен йишин к1антана. Цо доккха дакъа лецира хинволчу поэтан кхетам, шорбеш кхиорехь.

Школехь доьшуш волчу хенахь а боккхачу безамца йоьшура Хьусайна исбаьхьаллин литература. Школехь дешна ваьлча хьехархойн институте деша вахара иза, шена бераш дукхадезаш хиларна. Цуьнан дукхахдолу дахар берашца доьзна дара. Иза вара школехь нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш. Цу балхо Сатуевн йоккха таро хилийтира, хьехархочун а, поэтан а корматаллин говзалла 1амийна, халкъана царах пайда хилийта.

Поэт хилла иза д1ах1уттуш цо шен уггар хьалхара хьехархо нохчийн литературин бухбиллархо волу Мамакаев Мохьмад лорура.

Хьусайн стихаш язъян волавелира 1958-чу шарахь. Х1етахь дуьйна цо арахецна дуккха а стихийн гуларш. Царна юкъахь ю: «Б1аьстенан мукъамаш», «Дахаран абат», «Чов йина илли», кхиерш а. Цуьнан уггар дика йолу стихаш вайна дукхабезачу Даймахках, 1аламах, къоман г1иллакхех лаьцна ю.

Сатуев Хьусайнан стихаш, нохчийн маттахь арайийлина ца 1аш, кхечу къаьмнийн меттанашкахь а арахецна.

Шен дахаран тӀаьххьара шерашкахь иза вара республикан яздархойн союзехь консультант болх беш. Цо язйина байташ яра оьрсийн а, кхоьчу а меттанашка йохуш. Тахана а лоькхуш ю цуьнан байташца яьккхина эшараш.

Цо нохчийн матте яьккхира цхьайолу Николай Некрасован байташ а, таханлера оьрсийн поэташ язйина байташ а. Иштта цо нохчийн матте яьккхира Ханпаша Нурадиловх лаьцна йолу Николай Сергеевс язйина поэма «ЦӀишах буьзна малх».

  • «Лаьмнийн къоналла» стихотворени къастош ешар, йийцаре яр.

4. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

Дешархошка хаттарш:

  • Муха гайтина поэта хазчу б1аьстенан т1еяр? Схьалаха цуьнан хазалла гойтуш далийна дустар.

  • Б1аьсте йолуш лаьмнийн сурт а, 1аламан хазалла а муха гайтина поэта?

  • Поэтан шен Даймохк безаш хилар стен гойту? Масалшца т1еч1аг1де шаьш олург.

  • Х1ун ойла кхоллало шун даг чохь оцу стихотворенин мог1анаш дешча?

  • Шуна х1ун хета, х1унда тиллина поэта шен стихотворенина «Лаьмнийн къоналла» аьлла ц1е?

5. Сада1аран миноташ.

6. Т1едиллар.

  • Дийцаран чулацамца дог1у суьрташ а дахкий, царах лаций дийца.

7. Рефлекси:

  • Лаьмнаш бохучу дашна синквейн х1оттае.

  1. Лаьмнаш.

  2. Лекха, къона.

  3. Инзарвоккху, самукъадоккху, безамбохуьйту.

  4. Вайн лаьмнаш хаза ду.

  5. Аьрцнаш (1алам).

  • Дешархоша шаьш бинчу белхан мах хадор.

8. Ц1ахь: аг1о 228-229 еша, дагахь 1амае,