СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Рецензия на учебники чеченского языка и литературы

Категория: Прочее

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Рецензия на учебники чеченского языка и литературы»

"НОХЧИЙН МОТТ" А, "НОХЧИЙН ЛИТЕРАТУРА" А

УЧЕБНИКАШНА ЛЕРИНА РЕЦЕНЗИ



"Нохчийн мотт"

Авторийн фамилеш:

Солтаханов Э.Х., Солтаханов И.Э., Эдилов С.Э., Джамалханов З.Д., Овхадов М.Р., Абдулкадырова Р.А., Махмаев Ж.М., Вагапова Т.М., Эсхаджиев Я.У.



"Нохчийн литература"

Авторийн фамилеш:

Эдилов С.Э., Ахмадов М.М., Алиева З.Л-А., Арсанукаев А.М.,

Мурадова З.И., Туркаев Х.В., Туркаева Р.А.

2016-2019 ш.

"Грозненский рабочий"

"Соьлжа-Г1ала"



Вайн дахар доьзна ду вайн къоман маттаца, культурица, ламасташца. Цундела мотт оьшу я ца оьшу боху хаттар х1отта йиш йолуш дац.

Керла ФГОС-ца арахецна йолу нохчийн меттан а, литературин а учебникаш берийн хенийн башхаллашка хьаьжжина ю аьлла, хета суна. Учебникаш хаза кечйина ю, дехкина суьрташ вайн дахарца, мехкан 1аламан хазаллица дог1уш ду.

"Нохчийн мотт" учебникаш т1ехь долу шардарш а, бакъонаш т1ехь далийна масалш а дешархошна кхетачу аг1ор х1иттийна ду.

Литература.

Литературни произведенеш хазахетарца т1еоьцу дешархоша. Х1ора ешначу произведенино дешархойн ойла а, кхетам а самабоккху, хаарийн т1ег1а а лакхадолу.

Дуьненчохь уггаре а мехала а, деза а лоруш ду г1иллакх, оьздангалла. Иза вайн литературин х1ора произведени т1ехь, дешархой кхетош-кхиорехь доьзна ду. Яздархойн дахара, кхолларалла а ду дешархошна доккха масал.

Суна хетарехь, учебникаш талла а, церан белахь, кхачамбацарш билгалбаха а хан оьшу. Цкъа делахь, цу книшкашца болх бан деза, дешархой чулацамах муха кхета а хьовсуш.

ФГОС-н т1едилларца, базисни планаца а, учебни программица а йог1уш ю и учебникаш.



Рецензи х1оттийнарг: нохчийн меттан, литературин хьехархо

Тураева Б.М.