СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до 22.05.2025

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

РП по чечен. языку

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«РП по чечен. языку»

Нохчийн литература предмет 1аморна белхан программа,

МБОУ « НОШ с.Центора-Юрт»

1-4 классаш


ДОВЗИЙТАРАН КЕХАТ

Документан бух

Программа х1оттийна юьхьанцара юкъарадешаран федеральни пачхьалкхан дешаран стандартан буха т1ехь, базисни дешаран планан 3-чу варианто нохчийн маттана луш йолчу таронашца нисъеш. Нохчийн мотт хьехаран башхалла билгалъяьккхина тематически планаш т1ехь Солтаханов Э. язйинчу «Дешаран книжка» учебникаца нисъеш.

  • Юкъара дешаран а, коьрта юкъара дешаран а пачхьалкхан программа

  • Э.Х.Эдиловн «Нохчийн меттан, дешаран юьхьанцарчу классашна лерина герггарчу хьесапехь йолу программа», Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствос магийна йолу.

  • Российски Федерацин дешаран а, 1илманан а Министерстван омрица резахилла 31 декабрехь 2015ш. № 1576 «Федеральни пачхьалкхан дешаран стандарт коьрта юкъара дешар юкъадалор, хийцамаш бар т1еч1аг1дина, 1илманан министерство 17 декабрехь 2010ш. № 1897»


Юьхьанцарчу ишколехь нохчийн литература предмет 1амо билгалдинарг 270 сахьт ду:

1-чу классехь - 99 сахьт, кIирнах 3 сахьт, 33 белхан кIира;

2-чу классехь - 68 сахьт, кIирнах 2 сахьт, 34 белхан кIира;

3 -чу классехь -68 сахьт, кIирнах 2 сахьт, 34 белхан кIира;

4 -чу классехь-68 сахьт, кIирнах 2 сахьт, 34 белхан кIира.























  1. Предмет 1аморца доьзна долу жам1аш.


Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза личностни жам1аш:

Россин юкъара этнически а, граждански а цхьааллаш кхиор, вуьшта аьлча

ша муьлхачу къоман векал ву а, Россин пачхьалкхан гражданин ша хилар а кхетор; юкъара российски а, граждански а, нохчийн г1иллакх-оьздангаллин а мехаллаш шегахь кхиор;

-исбаьхьаллин произведенийн буха т1ехь шегахь адамаллин а, демократически а мехаллаш кхиор;

  • шен къоман культурех, бусулба динах а долу хаарш хилар, кхечу къаьмнех а, церан культурех, динах лаьцнарг а девзаш хилар; кхечу къаьмнийн культуре а, динца доьзначу ламасташка а ларам шегахь хилийтар;

  • шен къоман г1иллакхаш а девзаш, кхечу къаьмнашца а г1иллакхашца а, динца а йоьзна йолу юкъаметтигаш ларъян хаар;

-доьзалан ламасташка тергаме хила везар шегахь кхиор,

1алам лардан а, шен а, нехан а могушалла ларъян езарх кхеташ хилар;

-таханлерчу дуьненахь вахаран 1алашонца шен амал кхиор; шен нийсархошца а, баккхийчаьрца а девне ца вуьйлуш, машаре ваха болу лаам шегахь кхиор;

  • дешархочун социальни декхарш карадерзор; дешаре лаам кхиор; дешар шена оьшуш хиларх кхетар;

  • къоман а, кхийолу а литература ешарца синъоьзданагаллин мехаллаш а, эстетически синхаамаш шегахь кхиор.


Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза метапредметни жам1аш:


-дешаран 1алашонех а, декхарех а кхеташ хилар, кхоллараллин кепара хьесапаш кхочушдар;

-шена хьалха х1оттийнчу декхаре хьаьжжина, дешаран декъехула билгалдан леринарг къасто а, цуьнан мах хадо а, и кхочушдархьама эвсаре некъ харжа а хаар;

- ша баьхначу кхиамийн бахьанех кхеташ хилар шегахь кхиор (ткъа иштта цададаларан бахьанех а, иза лазаме ца долуьйтуш т1еэца хууш а хилар;

-коммуникативни а, х1ума довзаран а декхарш кхочушдаран 1алашонца меттан г1ирсех пайда эцар;

-дечун логически кепаш (дустар, анализ, юкъара маь1на дар) караерзор;

- кхечу къаьмнийн нийсархошца цхьаьна дечу г1уллакхашкахь юкъара 1алашонаш билгалъяр, хьан, х1ун дийрду къастор, цаьрца цхьаьна тергам латтор, ша а, вукхара а дечун цхьанакепара мах хадор; девне ца дерзош, 1оттаме дерш д1адерзор, ларамца т1еэцар кхечу къомах волчун амалехь дерг;

- базови предметийн кхетамаш, кхечу предметашца боьзна кхетамаш а караберзор, шен предметца уьш буозар.

Литературни ешар 1амочаьргахь хила деза предметаца доьзна долу жам1аш:

- къоман а, дуьненан а, культурийн хилам а, синъоьздангаллин мехаллаш, ламасташ лардаран а, кхид1а а д1акховдоран г1ирс санна литературех кхетар;

-ша-шен кхиарехь ешаран мах лакхара хиларх кхетар; виллина йоьшуш хила везаш хилар болу лаам шегахь кхиор; дуьненах а, къоман исторех а, культурех а болу кхетамаш кхиор; юьхьанцара г1иллакх-оьздангалла кхиорехь литературо д1алоцу меттиг къасто а, дика а, вуо а х1ун ду хууш хилар;

- х1унда еша еза бохучух кхеташ хилар, цу декъехь тайп-тайпанчу ешарх пайда эцар;

-дешаран а, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин тексташ ладог1арца т1еэца а, кхеташ еша а, цхьанатайпана царах кхета а хууш хилар; стихотворенин кепехь йолу тексташ къастош ешаран юьхьанцара хаарш карадерзор;

-прозаически исбаьхьаллин произведенеш юхасхьайийца а, церан чулацамах долчу хаттаршна жоьпаш дала а, ешначу дешаран, 1илманан кхетаме, исбаьхьаллин текстийн бахьанин-т1аьхьалонийн з1енаш къасто а хаар карадерзор;

-меттан бакъонаш а ларъеш, йозанехь а, барта а доцца дийцарш х1итто хаар карадерзор;

-хьайца къамел деш волчуьнга а ладог1а а, цо дуьйцучуьнца реза вацахь а, делил далорца айхьа бохург т1еч1аг1дан а, г1иллакхехь вистхила а, диалог д1аяхьа а хаар карадерзор;

-исбаьхьаллин текстийн башхаллийн дуьхе а кхуьуш, дешаран, 1илманан, исбаьхьаллин тексташ вовшех къасто хаар;

-ешначу исбаьхьаллин, 1илманан, дешаран текстийн теманах, коьртачу маь1нах кхеташ хилар; исбаьхьаллин текстехь балийна меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, яздархочо мича 1алашонца уьш юкъа балийна а хаар;

-ша ешначу исбаьхьаллин произведенин мах хадо а, цунах лаьцна шена хетарг ала а хаар;

-ешначу текстехь йолу синъоьздангаллин мехаллаш йовзийта а, уьш шегахь кхио а хаар;

- оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин произведенийн персонажаш (дакъалацархой) вовшашца буста а, церан амалехь, г1уллакхашкахь цхьаьна дог1ург схьа а лохуш, царна харакатеристика яла а, цаьрга шен болу хьежам гайта а хаар;

- шена хаза хета книга шенна схьахаржа а, т1ебузучу хаамийн справочни хьостанех пайда эца а хаар;




2.Дешаран предметехула болу юьхьанцарчу юкъарадешаран чулацам

Къамелан кепаш

Ладог1ар

Дуьйцу къамел ладог1арца т1еэцар, цхьанатайпана иза кхетадар, ладоьг1начуьнца доьзна хаттаршна жоьпаш далар, ладоьг1начун чулацамах лаьцна шена хаттар дала хаар, х1ун 1алашо йолуш ладуьйг1ира къамеле кхетадар. Стихотворни къамеле ладог1а хаар, ладоьг1начун дог-ойла къастор.


Ешар

Хезаш ешар. Кхеташ, нийса, цхьанаэшшара хезаш ешар. Ешаран чехкалла доза тухуш къастош яц, х1ора дешархочун башхалле хьожжий къастош хуьлу и барам. Ешаран сихалла т1аьхь-т1аьхьа чехкайоккху. Йоьшучу хенахь соцунг1ашший, интонаций, сацаран хьаьркаш лар а деш, кхетаме, нийса, цхьанаэшшара дийначу дешнашца ешар.

Дагахь ешар. Дагахь йоьшучу хенахь йоьшучун маь1нах кхеташ хилар. Ешначу текстехь оьшуш болу хаамаш карон а, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а хаар.


Къамел дар. Барта къамелан оьздангаллаМонологически къамел барта къамелан кеп санна. Монологически кепара аьллачун коьртачу маь1них кхеташ хилар. Къамелан кепаш: дийцар, суртх1оттор, ойлаяр.

Шен аларехь меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эцар(синонимех, вастаме дешнех, антонимех, дустарех, эпитетех). Шен аларна план х1оттор. Монологически алар дозаделла а, маь1на долуш а хилар. Диалогехь ден къамел: цуьнан башхалла. Хьайца къамел деш волчуьнга ладог1а а, цо дуьйцучух кхета а, цунна жоп дала а хаар. Хьуна ца хетачу, кхечу кепара олучуьнга а ладог1а а, делил а далош, тешшош цунна жоп дала а хаар. Кхечу къомах волчу нийсархочуьнца диалог д1ахьочу хенахь цо дечу къамелах кхеташ, цуьнан культурин башхаллаш тидаме а оьцуш, иза т1елаца хаар. Шен къамелехь меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эца хаар.


Йоза. Йозанан къамелан оьздангалла.


Йозанан къамелан барамаш. Йозанца аьллачун чулацам билгалйинчу темица бог1уш хилар. Йозанехь йовзуьйту коьчал маь1на а долуш, вовшашца йозаелла а хила езар. Йозанан къамелехь меттан исабьхьаллин г1ирсех пайда эцар. Йозанехь шена хетарг ала хууш хилар: хаттарна жоп дала, изложени, йоцца сочинени язъян (сурт1хотторан, дийцаран, ойлаяран кепехь).

Ешаран г1уллакхийн кепаш

Дешаран а, 1илманан кхетаме тексташца а бен болх (х1ума довзаран декъехула долу г1уллакхаш)

Дешаран а, 1илманан кхетаме текстех болу юкъара кхетам. Шен маттахь и тексташ кхеташ т1еэцар. Ешначун чулацамца доьзначу хаттаршна жоьпаш далар. Хаамаш луш болу г1ирсийн хьаст санна дешаран, 1илманан кхетаме тексташ т1еэцар, царах кхеташ хилар. Дешаран, 1илманан кхетаме текстийн тема а, коьрта ойла а (идей) билгалъяр. Маь1нин чекхдевллачу дакъошка текст екъар, царна ц1е тиллар. Текстехь бахьанин-т1аьхьалонан з1енаш билгалъяр. Текстехь коьрта дешнаш билгалдар. Оцу коьртачу дешнашна т1е а тевжаш, текст юха-схьайийцар. Нохчийн дешнаш а, дешнийн цхьаьнакхетарш а, дийнна предложенеш а оьрсийн матте а, оьрсийн маттера нохчийн матте яха а хаар.


Исбаьхьаллин тексташца болх бар

Дешархочун х1ума довзаран декъехула долу г1уллакхаш Исбаьхьаллин текст вукху текстех къаьсташ хиларх кхетар. Текстан ц1е а, кортош а, чулацамца бозабеллачу юкъаметтигех кхеташ хилар. Текстан чулацамах лаьцна долчу хаттаршна жоьпаш далар. Меттан исбаьхьаллин г1ирсех пайда эцарца исбаьхьаллин текст юхасхьайийцар (юьззина, йоцца, хоржуш). Исбаьхьаллин текстан жанр, тема, коьрта ойла (идей), сюжет, д1ах1оттаман билгало (антитеза) къастор. Текст дакъошка екъар, х1ора декъан тема билгалъяр, коьрта дешнаш а, исбаьхьаллин васташ а къастор. Дакъошна ц1ерш тахка а, ц1еран предложенийн а, хаттарийн кепехь план х1отто а хаар. Турпалхойн дика а, ледара амалш билгалъяха а, персонажаша дечу г1уллакхашка, яздархочо еллачу характеристике хьаьжжина а мах хадо хууш хилар. И характеристика лучу хенахь персонажийн г1уллакхийн бахьанин-т1аьхьалонан з1енаш билгалъяхар. Ша дийриг турпалхочо иштта х1унда дира бохучух кхетар а, цу декъехь шена хетарг ала хаар а. Персонажана характеристика лучу хенахь интерьеро а, портрето а д1алоцу меттиг. Турпалхой а, цара ден г1уллакхаш а вовшашца дустар. Персонажийн къамел а, авторан текст а. Текстехь болу меттан исбаьхьаллин г1ирсаш ган а, ( эпитет, дустар, метафора) уьш мича 1алашонца юкъа балийна а хаар. Пейзаж а, исбаьхьаллин текстехь цо д1алоцу меттиг а. Хиламаш схьакъастор а, уьш вовшашца бустар а, цара синхаамна бен 1аткъам а. Теманашца цхьаьнайог1у оьрсийн а, нохчийн а исбаьхьаллин тексташ вовшашца юстар, царна т1ера юкъара а , башхадерг а къастор, меттан исбаьхьаллин г1ирсаш бустар.


Дешархочун кхоллараллин г1уллакхаш

Къастош ешар. Яххьашца ешар. Прозехь йолчу текстана инсценировка х1оттор. Ешначу исбахьаллин произведенин буха т1ехь шен текст кхоллар. Барта дешнашца суртдиллар. Изложени. Мини-сочинени. Нохчийн маттера дош, дешнийн цхьаьнакхетар, предложени оьрсийн матте а, оьрсийн маттера нохчийн матте а даккхар. Нохчийн барта кхоллараллера оьрсийн х1етал-металшца,кицанашца, аларшца маь1ница дог1урш лахар. Ша туьйранаш кхоллар (1амийнчаьрца дог1уш) къоман дахарехь дерг а, культурин бакъдерш юкъа а далош.

Нохчийн а, оьрсийн а литературийн тексташ кхоллар, церан юкъара дерг а, башха дерг а билгал а деш.

Берийн ешаран гуо

Нохчийн а, кхечу къаьмнийн барта кхоллараллин произведенеш, нохчийн а, кхечу къаьмнийн а классикийн тоьлла произведенеш, х1инцалерчу яздархойн произведенеш, исторически, 1илманан кхетаме, справочно-энциклопедически тексташ, фантастика.

Исбаьхьаллин текстийн герггарчу хьесапехь йолу тематика: вайн Даймахкаххий, нохчийн пачхьалкхан коьртачу шахьарххий, нохчийн пачхьалкхерчу халкъийн доттаг1аллеххий, вайн

халкъан хьаналчу къинхьегамаххий, цо машарехьа латточу къийсамаххий, вайн г1аланеххий, яртеххий, 1аламаххий, дийнатехххий, акхаройххий, беран дахареххий, церан г1уллакхеххий, доттаг1аллеххий, цара баккхийнаш ларарххий, вовшашна накъосталла дарххий, тергонца хьажарххий, адамийн дийнаташца йолу юкъаметтигаххий, 1аламаххий, адамийн цуьнца йолчу юкъаметтигаххий, тайп-тайпанчу корматаллеххий, къинхьегамаххий, юкъарчу къахьегаран ирсаххий, г1иллакх-оьзданагаллех, эхь-бехках, ийманах лаьцна дийцаршший, стихотворенешший, статьяшший. Вайн дукхакъаьмнийн Боккха Даймохк.

Литературоведчески пропедевтика

Прозехь а, стихотворенин кепехь а долу къамел, уьш вовшех къасто хаар. Хьехархочун г1оьнца текстехь х1ара литературоведчески кхетамаш карон хаа: жанраш (фольклоран кегийра жанраш, халкъан а, литературни а туьйра, туьйра-кица, дийцар, стихотворени, сюжет, тема, д1ах1оттам (антитеза), коьрта ойла (идей), турпалхо (персонаж), куц-кеп (портрет), пейзаж, интерьер, синоним, антоним, эпитет, дустар, метафора, олицетворени, ритм, рифма. Гочдар.


Библиографически культура

Еша билгалйинчу книгаш юкъара книга харжа а, произведенин кортош а, аннотаци а схьалаха а, автор а, иллюстрацеш ехкина художник билгалван а хаар. Текстан чулацамера хиламаш а, иллюстрацеш вовшех буоза хаар.

Юьхьанцарчу школехь дешначул т1аьхьа дешархочун кхид1а а дешаре болу лаам а кхиъна болу, цуьнан къамелан а, ешаран культурин, литературни кхиаран а т1ег1а оьшучу бараме кхочу, уьш билгалдовлу х1окху хааршца:

-нохчийн меттан къамелан коьрта кепаш карайирзина хилар;

-тайп-тайпана тексташ вовшех къасто хаар (дешаран, 1илманан-кхетаме, исбаьхьаллин). Интеллектульни, синъоьздангаллин декъехь кхиархьама, гонахара дахар довзархьама дешаран, 1илманан-кхетаман, исбаьхьаллин текстийн маь1нех кхеташ хилар.

Исбаьхьаллин тексташца болх бар. Хаамбаран хьаст хиларан хьокъехь уьш т1еэцна ца 1аш, дешархочуьнгахь синъоьздангалла а, эстетически чам а кхиорехь и тексташ оьшуш хиларх кхетар. Исбаьхьаллин тексташна анализ яран билггала, литературни кхиарехь дешархошна т1аьхьа оьшур долу, хаарш карадерзор. Церан жанр, тема, идей, д1ах1оттаман кепаш, исбаьхьаллин суртх1отторан г1ирсаш къасто хаар.

-Х1ора къоман литература - культура кхиоран декъехь мехала г1ирс хиларх кхетар; нохчийн а, кхечу къаьмнийн исбаьхьаллин тексташ вовшашца юстарца церан юкъара дерг а, башхадерг къастор. Дешнаш, дешнийн цхьаьнакхетарш, предложенеш оьрсийн матте а, оьрсийн маттара нохчийн матте яха а хаар.

Оьшшу тоьшаллаш а далош, ша ешначу дешан искусствон

произведенин а, искусствон кхечу говзарийн а мах хадо хаар.

Кхечу къомах волчу нийсархочуьнца диалог д1ахьочу хенахь цо дечу къамелах кхеташ, цуьнан культурин башхаллаш тидаме а оьцуш, г1иллакхе вистхила а, цо дуьйцург восе а ца дуьллуш, т1елаца а хаар.

Берийн-энциклопедически книгашца болх бан хаар.












2. Курсан чулацам

1 класс абатан хьалхара мур [10 сахьт]

Школан новкъахь. Дешархочун г1ирс. Школехь. Урок.

Ц1ера дийнаташ, з1акардаьхни. Дош. Дешдакъа.

Акхадийнаташ. Вайн махкара олхазарш. Сагалматаш. Дош. Дешдакъа.

Акхастоьмаш. Стоьмаш. Хасстоьмаш.

Ахархойн г1ирсаш. Ялташ. 1алам.

Дийнан раж. Рурсаташ.

Абатанмур [79 сахьт]

Аьзнаш. Аз [а], элпАа.

Мукъа аз [у] ,элпУу

Мукъа аз [о], элпОо

Мукъа аз [и], элп Ии

Мукъаза зевне аз [л], элпЛл

Мукъаза зевне аз [м], элп Мм.

Мукъаза къора аз [с], элп Сс.

Мукъаза зевне аз[р], элп Рр

Мукъаза къора аз [х], элп Хх

Мукъаза зевне аз [б], элп Бб

Мукъаза аз [д], элп Дд.

1амийнарг т1еч1аг1дар.

Мукъаэлп Ее, аьзнаш [й], [э].

Мукъаза зевне аз [н], элп Нн.

Мукъаза къора аз [т], элп Тт.

Мукъаза зевне аз [в], элп Вв.

Мукъаза зевне аз [з], элп Зз.

Мукъаза зевне аз [й], элп Йй

Мукъаза къора аз [к], элп Кк.

Мукъаза къора аз [п] , элп Пп

Мукъа аз [э] ,элпЭэ.

Мукъаза къора аз [ш] ,элп Шш.

Мукъаза къора аз [ц] ,элп Цц.

Мукъаза зевне аз [І], элп II.

Элп ь.

Элп Ъ

1амийнарг т1еч1аг1дар

Мукъаза къора аз, [хь] элп Хьхь.

Мукъаза къора аз [кх], элп Кхкх.

Мукъаза къора аз [къ], элп Къкъ.

Мукъазазевне аз [г], элп Гг.

Мукъаза зевне аз [гІ], элп Г1г1.

Мукъа аз [аь], элп Аьаь.

Мукъа аз [оь], элп Оьоь.)

Мукъа аз [уь], элп Уьуь.

Мукъаза къора аз [ч], элп Чч.

Мукъаза къора аз [чІ], элп Ч1ч1.

Мукъаза къора аз [тІ], элп Т1т1.

Мукъаза зевне аз [ж], элп Жж.

Мукъаза къора аз [хІ], элп Х1х1.

Мукъаза къора аз [кІ], элп К1к1.


Мукъа элп Юю, аьзнаш [й], [у]

Мукъа элп Юьюь, аьзнаш [й], [уь]

Мукъа элп Яя, аьзнаш [й], [а]

Мукъа элп Яьяь, аьзнаш [й], [аь].

Мукъаза къора аз [цІ], элп Ц1ц1.

1амийнарг тIечIагIдар

Мукъаза къора аз [пІ], элп П1п1.

Мукъаза къора аз [ф], элп Фф.

Мукъа аьзнаш [й], [о], элп Ёё .

Мукъаза къора аз [щ],элп Щщ.

Мукъа аз [ы], элп ы.Алфавит.1амийнарг т1еч1аг1дар

Абатал т1аьхьара мур [10 сахьт]


«ВайнДаймохк», «Соьлжа-Г1ала».

Вайн турпалхой: А-Х. Кадыров. Х.Нурадилов

Вайн яздархой: А.Айдамиров, 1.Гайсултанов.М. Жамалди.

Росси яздархоЛ.Н.Толстой. Стихотворени «Къоман хазна». Ж.Махмаев

«Дей, буьйсий». «Дайна де».

«Бераш вайн хинйолу т1аьхье ю».«Дуьло, бераш, делийвай»

«Зингат», «Малонче»,«Г1ан».

«Беркат»

2 класс

Даймехкан lалам. Аьхке. Гуьйре. (6 сахьт)

1.«Аьхке дагалецар», «Ч1ерий дахар».

2. Д. Кагерманов «Цанахь», «Дог1а дар»

3. Хь Саракаев «Гуьйре»

4. «Гуьйренан тидамаш», И. Демеев «Г1а»

5. В. Бианки «Чан к1орнеш лийчор»

6. Э.Мамакаев «Гуьйренан 1уьйре».

Бакхийчара вайна хьоьху. (4 сахьт).

1.«Дений, нанний дика хилар», «Цlена хи»

2. «Цlена хила вай?», «Харцлийна lу»

3. «Хlума яар», «Пайхамаро нийсонах лаьцна аьлларг»

4. 1.Хатуев «Г1иллакх»

Берийн дахар. (6 сахьт)

1. Хь. Сатуев «Вайн бераш»

2. Ж. Махмаев «Маликатан доттаг1ий»

3.В.Осеева «Йоккха стаг», А. Гайдар «Эхь – бехк»

4.Т. Ахмадова «Нура»

5.З.Муталибов «Дешархойн къийсадаларш», «Мила ву бехке».

6.Берий дахар (тест)

Вайн доттагlий-дийнаташ (11 сахьт)

1.Х. Берсанов «Бексолтин алаша»

2.Ж. Махмаев «Ши к1еза»

3.Хь. Саракаев «Борзик»

4. Туьйра «Зуй, пхьагаллий»

5.Э. Мамакаев «Тхан пису»

6. Х. Берсанов «Генара совг1ат»

7.Д. Кагерманов «Акхарой долчохь»

8. Ш.Макалов «Дехкий дийна муха дисира»

9.Х. Берсанов «Барза»

10. Хь. Саракаев «Х1орш х1ун ю?»

11. «Вайн доттаг1ий динаташ» (тест)

Болх-доккха хазахетар.(7 сахьт).

1.З.Муталибов «Муьлхха а болх оьшуш бу»

2. Ж.Махмаев «Маликат»

3.Х. Берсанов «Хохийн хас», l.Гайсултанов «Пхьола»

4. Д.Кагерманов «Говзанчаш»

5. Туьйра «Цаьпцалггий, зингаттий»

6. Х. Ошаев «Ши накъост», Г.Балл «Цхьана меттехь ца соцу мало»,

7. «Болх-доккха хазахетар» (тест)

1а (8 сахьт)

1.1.Мамакаев «lа», Э.Мамакаев «Керла шо»

2. Туьйра «1аьнан оьгlазло»

3.Ж.Махмаев «Салазаш хахкар»

4. Г.Скребицкий «Говзанча-lа»

5.Хь. Саракаев «Дарц», «1ай юьртахь»

6.Д.Кагерманов «Гlура –дада»

7.Хь.Саракаев «Х1ара маца хуьлу?».

8. «1а» (тест)

Вайн Даймохк (3 сахьт)

1.«Нефтах хlун йоккху?»

2. «Вайн хиш чохь хуьлу чlерий», «Хиш»

3. Гайсултанов «Дуьххьарлера трактор».

Даймехкан яхьйолу кlентий (2 сахьт)

1.«Асланбек Шерипов»

2. Д. Кагерманов «Со танкист хир ву», «Сан хьоме доттагl».

Дийций вайн нанойх лаций (3 сахьт).

1.В.Осеева « Кlентий», Э.Мамакаев «Нана»

2. «Сан нана» (Дешархочун дийцар)

3. Д.Кагерманов «Жима гlоьнча».

Бlаьсте, бlаьсте еъна кхечи! (9 сахьт)

1. l.Мамакаев «Бlаьсте, бlаьсте», Х. Берсанов «Олхазарш схьадаьхкина» 2.Л.Н. Толстой «Бlаьсте»

3.Хь. Саракаев «Хlун ю иза?»

4.1. Гайсултанов «Бlаьсте хьуьнхахь»

5. Д.Кагерманов «Алкханчаш»

6. В.Бианки «Пхьагал дитта тlехь»

7.«Муха дlадогlа деза синтар»

8. Д.Кагерманов «Со а воьду»

9. Н.Носов «Хорсамех лаьцна», «Космос» Ю.Гагарин.

Толаман Де. (3 сахьт)

1. В.Матиев «Ханпаша тlамехь»

2. З.Сулейманова «Турпалхо лийр вац»,

3. Ж. Махмаев «Машар».


Нохчийн халкъан барта кхолларалла.(6 сахьт)

1.«Нохчийн иллеш, эшарш, берийн ловзарш», «Кицанаш. Хlетал-металш», чехкааларш

2. «Майра пхьагал»

3. «Газа-гуьзалггий, сира борззий»

4. «Борззий, цхьогаллий, ломмий»

5. «Цхьогаллий, пхьагаллий»

6. Нохчийн халкъан барта кхолларалла. (тест)


3 класс

«Даймехкан косташ»(2 сахьт).

1.А.Сулейманов. «Даймехкан косташ».

2.Ш.Арсанукаев «Ненан мотт»

«Аьхкенан 1уьйре»(11 сахьт).

1.Ш.Арсанукаев «Аьхкенан 1уьйре».

2. М.Сулаев «Дог1а деанчул т1аьхьа».

3. Д.Кагерманов «Аьхке».

4.З. Муталибов «Оха болх а бо, деша а доьшу».

5. Ж.Махмаев «Мангалкомарш».

6. Хь. Хасаев «Комаьрша хьун».

7.Х. Эдилов« Гуьйре».

8.Хь. Хасаев«Гуьйре т1екхочуш».

9.Д.Кагерманов «Г1арг1улеш».

10.1 .Гайсултанов «Стоьмийн бешахь».

11.Э.Мамакаев. «Гуьйренан суьрташ»

«1алам ларбар-иза Даймохк ларбар ду» (6 сахьт).

1.М.Пришвин «Сан даймохк».

2. Р.Ахматов «Эвлахь».

3. Хь .Хасаев «Бен».

4.Хь.Саракаев«Асвадан адамалла ».

5.1.Гайсултанов«Экскурси».

6. Хь.Хасаев «Бохам»

«Берийн дахар» (9 сахьт).

1.Хь. Саракаев «Тхойшинн аэсий дажо лаьа».

2.Ж. Махмаев «Коран ангали».

3.1. Гайсултанов «Яраг1и».

4.Хь.Саракаев«Ж1ов, морзаххий, херх схьаоьций».

5. 1. Чантиев «Стенна вара Мурад г1айг1ане».

6. З. Муталибов «Мустапан каранаш».

7. 1. Эдильсултанов «Хьаьжк1аш ер».

8. Д. Кагерманов «Мазлаг1ехь».

9. 1. Гайсултанов«Уггар мехалниг».

« Вайн Даймохк» (3 сахьт)

1«Вайн республика».

2.Д. Кагерманов « Сан Кавказ».

3 Ш.Рашидов «Даймахке безам».

«Даймохк вай къинхьегамца хестабо» (5 сахьт).

1. Р. Нашхоев «Соьга юха а хабар дийцало».

2.Ш. Арсанукаев «Сан йиша».

3.Т. Закаев «Сох а хир ву г1ишлоярхо».

4. Б. Чалаев «Кхоллараллин лехамехь»

5. М.Ахмадов «Асарахь».

«1а» (11 сахьт)

1. М. Сулаев «Лайн чимаш».

2. Хь. Хасаев « Хьуьнхахь 1а».

3.Ж. Махмаев «Ло деана».

4. Д. Кагерманов «1аьнан хьаша »

5.1.Мамакаев«1а».

6. 1.Гайсултанов «Цергков».

7.Ш. Рашидов «1ай».

8.Хь.Саракаев «Дуьххьарлера хуьнар».

9.Ш.Арсанукаев«1аьнан суьйре».

10.Ш.Макалов «Дорцехь».

11. 1. Чантиев. «1аьнан а, аьхкенан а хилла къовсам»

«Толаман де» (3 сахьт).

1. Ш.Рашидов «Ханпаша».

2.Х. Ошаев «Иччархо Абухьаьжа Идрисов».

3.Х.Эдилов «Толам».

«Б1аьсте йог1у, б1аьсте йог1у» (13 сахьт).

1. 1. Мамакаев «Б1аьстенан юьхь».

2. Хь.Хасаев «Стовно –ворх1азза…».

3. 1.Гайсултанов «Б1аьсте т1ейог1уш».

4.М. Сулаев «Б1аьсте».

5.Б. Саидов «Барх1алг1а март».

6.Хь.Саракаев «Мамина совг1ат».

7.Хь. Хасаев «Хьуьнан акхарой б1аьстан».

8. Хь. Сатуев. «Б1аьсте йог1у».

9. Гайсултанов«1алам хаздан деза».

10.Хь.Хасаев«Зевне хьеший».

11.Д.Кагерманов «Арахь».

12.Хь.Сатуев «Б1аьстенан дог1а» .

13.А.Айдамиров«Б1аьсте схьакхаьчна»




«Халкъан барта кхолларалла» (5 сахьт).

1.Туьйранаш, шира дийцарш. «Ден весет».

2. Туьйра «Бабин Ч1ирдиг».

3. Туьйра «Бекхам».

4. Туьйра «Тешам боцу лулахой».

5. «Халкъан барта кхолларалла» (тест)


4 класс


«Хьомечу 1аламан суьрташ» (9 сахьт)

1. Хь. Хасаев «Беркате аьхке».

2.3.Сулейманова «Аьхкенан сурт», 1.Мамакаев «Дагалецамаш». 3.Хь.Саракаев «Аьхка садо1уш».

4.Хь. Хасаев «Лаьмнашкахь».

5. Хь. Хасаев «Лаьмнашкахь».

6. З.Сулейманова. «Ч1ег1ардиг».

7. 1. Мамакаев. «Гуьйре юлу зама», М. Мамакаев «Гуьйре».

8. Хь. Хасаев «Шийла 1уьйре».

9. Ш. Окуев «Гуьйре».

«Вайн Даймехкан д1адахначунна т1ера» (8 сахьт)

1. «Таймин Биболатан илли».

2. Эла Мусостан, Адин Сурхой.

3. М. Мамакаев «Узархананх1аллакъхилар».

4. 1. Гайсултанов «Юург ца хилча».

5. П. Хатуева «Къонах хьанах олу?»

6. Б. Шамсудинов «Д1авахийтиша со юьрта».

7-8. С-Хь.Кацаев «Машар»


«Вайн республика – Нохчийчоь» . (5 сахьт)

1. В. Баширов «Сан хьоме Нохчийчоь».

2. Т. Ахмадова, 1.Алиев «Декалахь сан илли».

3-4. С. Яшураев «Пасха» (2 сахьт).

5. Б.Дикаев. «Ас стеган ирс лору»


«Вайга туьйранаша кхойкху» (7сахьт)

1. Туьйра «Муьлха йоккха хилла».

2. 1. Чантиев «Хьекъал тоьлла».

3-4. А. Дадуев «Мара бойна Сулима» (2 сахьт).

5.«Къоьллел хьекъал тоьлла» (туьйра).

6. «Хьекъал долу йо1, кхиэлахо».

7. «Хьекъалдолу воккхастаг а, къиза эла а».

Эшарш, кицанаш, х1етал-металш(1 сахьт)

1.Йицма е Нохчийчоь. Х1етал-металш, кицанаш.


«Нохчийн къоман баккхийра яздархой».(11сахьт)

1. С. Бадуев «Со кхин хьуна декар дац».

2. С.Бадуев «Дуьйлало»

3. С.Бадуев «Орцахь»

4. Мамакаев М. «Хьуьнхахь..»

5. Мамакаев М. «Б1аьстенан юьхь».

6. Мамакаев 1. «Даймохк».

7. 1.Гайсултанов «Диканиг».

8-9.1. Гайсултанов «Цунна х1унда хаьа дерриге» (2 сахьт).

10. X. Эдилов «Ло дог1уш».

11. Хь. Саракаев «Лайн бабанаш еш».

«Сийлахь – доккхачу зеран муьрехь декъана». (5 сахьт)

1-2. Хь. Саракаев «Синтем боцу денош».

3.1. Зайнутдинов «К1ентан дуьхьа».

4.1. Ахмадов «Баьпкан юьхк».

5. Ш. Рашидов «1ожалла эшийнарг».

Болх бе, халкъан дуьхьа ваха(8 сахьт)

1-2. 1. Гайсултанов. «Вухаверза йиш яц» (2 сахьт).

3. Хь.Саракаев «Жима турпалхо».

4. 1. Гайсултанов «Лагерехь».

5-6. М. Бексултанов «Некълацар» (2 сахьт).

7. X. Берсанов «Жима Зарет».

8. 1. Гайсултанов «Совг1аташ»

Б1аьсте ю т1ейог1ург(5 сахьт)

1. Б.Зязиков «Б1аьсте»

2. 1. Гайсултанов «Ч1ег1ардиган бен».

3. Хь. Хасаев «Б1аьстенан аматаш».

4. З. Джамалханов «8-г1а март», Ш.Рашидов «Ахь сунна гечделахь».

5. 1.Мамакаев «Б1аьстенан 1уьйре».

Машарехьа, доттаг1аллехьа къийсам. (3 сахьт)

1. Хь.Сайдулаев «Малхе».

2. С.Гацаев «Эх1, хьо мерза илли».

3. Б.Саидов «Дуьненна - машар».

«Оьрсийн сийлахь баккхийра яздархой» (6 сахьт)

1-2. А.С. Пушкин «Дашочу ч1еран туьйра» (2сахьт).

3. И.А.Крылов. «Куьзгий, маймаллий».

4. И.А.Крылов. «Пиллий, Моський».

5. И.А.Крылов. «Борззий, г1арг1улий».

6. Л.Толстой «Филиппок».


3.Тематически планировани


№ п/п


Дакъа

Сахьт


Рабочи программа классашкахь

1 кл.

2 кл.

3 кл.

4 кл.

1.

Абатан хьалхара мур

10

-

-

-

2

Абатан мур

79

-

-

-

3

Абатан т1аьхьара мур

10

-

-

-

4

Даймехкан 1алам. Аьхке. Гуьйре.


-

6

-

-

5

Баккхийчара вайна хьоьху

-

4

-

-

6

Берийн дахар

-

6

9

-

7

Вайн доттаг1ий дийнаташ

-

11

-

-

8

Болх- доккха хазахетар

-

7

-

-

9

-

8

11

-

10

Вайн Даймохк

-

3

3

5

11

Даймехкан яхьйолу к1ентий

-

2

-

-

12

Дийций вай нанойх лаций

-

3

-

-

13

Б1аьсте, б1аьсте еъна кхечи!

-

9

13

5

14

Толаман Де

-

3

3

-

15

Нохчийн халкъан барта кхолларалла.

-

6

5

-

16

Даймехкан косташ

-


2

-

17

Аьхкенан 1уьйре.

-

-

11

-

18

1алам лардар – иза Даймохк ларбар ду

-

-

6

-

19

Даймохк вай къинхьегамца хестабо

-

-

5

-

20

Хьомечу 1аламан суьрташ

-

-

-

9

21

Вайн Даймехкан д1адахначунна т1ера

-

-

-

8

22

Вайга туьйранаш кхойкху

-

-

-

7

23

Эшарш, кицанаш, х1етал-металш

-

-

-

1

24

Нохчийн къоман бакхий яздархой

-

-

-

11

25

Сийлахь – доккхачу зеран муьрехь декъана

-

-

-

5

26

Болх бе, халкъан дуьхьа ваха

-

-

-

8

27

Машарехьа, доттаг1алехьа къийсам

-

-

-

3

28

Оьрсийн сийлахь- бакхий яздархой

-

-

-

6


Дерриг а:

99

68

68

68






Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!

Закрыть через 5 секунд
Комплекты для работы учителя