Просмотр содержимого документа
«Сада1аран миноташ.»
Сада1аран миноташ.
1.Вай яздира, яздира,
Куьйган п1елгаш к1адделира.
Вай жима садо1ур ду,
Т1аккха юха а яздийр ду.
2. Дог1а
Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьа таь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у ,дог1у, дог1у.
3.Маьлхан серло яржале -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1енаш лахка, човхаде -
Цхьаъ, шиъ - кхоъ.
Йиша,ваша г1аттаде
-Цхьаъ -шиъ - кхоъ.
Физзарядка йолае
-Цхьаъ - шиъ -кхоъ.
Т1аьхьара алар:
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Меттахвала, кхоссало
Цхьаъ - шиъ - кхоъ,
Г1аж схьалаца, кхозало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Куьйгаш айба, волало -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
Ницкъ бохьур бу боларо -
Цхьаъ - шиъ - кхоъ.
4.Х1оршма бу сан г1оьнчий:
Кегий к1ентий, йо1арий.
Хьайна лаахь, шина декъе
Берзош, уьшахь бекъа:
Лаахь - иштта, лаахь - вуьшта, (Куьйгаш хьала а дохуьйтий,
0ьг1аз гlyp бац цкъа а п1елгаш шина декъе доькъуш, байташ йоьшу).
5.Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде,
Когаш т1ехьшу кхиссало: (5-8-зза)
Аьтту aгlop хьаьвзаш, (5-8-зза)
Кхисса-кхиссало.
Аьрру aгlop хьаьвзаш (5-8-зза)
Кхисса-кхиссало.
6.Жима Ваха г1отту
Малойоцуш хьала.
Мел хан яьлла,хотту,
Т1аккха йо зарядка.
Охьа-хьалате1а,
Ирх акхиссало,
Цхьана меттехьводу,
Х1уммаъ к1ад ца ло.
Пхьаьрсаш, накха башош,
Сихха кхорзу хи,
Дег1е«зузз» доуьйтуш,
Хиларх шийла и.
Цергаш, юьхь-куьг дила
Цунна диц ца ло.
Морса гата хьокхуш,
Иза вакъало.
7. Газа
Газа-газа-гуьзалг,
Хьийзина ма1аш, газа,
Чилланан маж, газа,
Ди ахь сарралц хелхарш
Кертал ара шершаш:
Когаш бетташ «дап-дап»,
Ма1аш етташ «т1ох-т1ох»,
Б1аьргаш къерзош «лап-лап»
Корта сеттош «oxloxl».
8.Х1оршма бу сан г1оьнчий:
Кегий к1ентий, йо1арий.
Хьайна лаахь, шина декъе
Берзош, уьш ахь бекъа:
Лаахь - иштта, лаахь - вуьшта,
(Куьйгашхьала а дохуьйтий,оьг1аз гlyp бац цкъа а .П11елгаш шина декъе доькъуш, байташ йоьшу).
9.Куьйгаш хаьнт1е х1иттаде, Когашт1ехь шу кхиссало: (5-8-зза) Аьтту arlop хьаьвзаш, (5-8-зза) Кхисса-кхиссало. Аьрру arlop хьаьвзаш (5-8-зза) Кхисса-кхиссало.
10.Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:
Т1араш тухуш, т1араш тухуш
Тхуна т1аьххье дуьйлало.
Хаьн т1е куьйгашх1иттаде.
Цхьаъ - схьаверза,
Шиъ - д1аверза.
Кхоъ -охьата1а,
Диъ - хьалата1а.
Т1араш тухуш, т1араш тухуш,
Тхуна т1аьххье дуьйлало.
Юха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,
Когаш тохий, кхоссало.