1Нохчийн мотт 2 класс
Тема : «Шалха элпашца билгалдеш долу мукъаза аьзнаш а.
Уьш йозанехь билгалдахар а.»
1алашо: 1.Нохчийн меттан шатайпана мукъаза аьзнаш довзийтар;
2.Уьш йозанехь шалхачу элпашца билгалдаха хаийтар;
3.Ойлаяр, тидамбар кхиор;г1иллакх кхочуш кхиор;
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду нохчийн маттан шатайпана мукъаза аьзнаш, йозанехь царех пайда эца хуур ду.Берашна хуур ду хьехархочун хаттаршан жоьпаш даларца къамеле бовла, учебниках пайда эца.
Урок д1аяхьар.
Урок д1ах1отторан минот.
- Де дика дойла,шу, бераш! Вай йозанан урок д1айолайо.
2. Ц1ена язъяр
Хьалххе хьо веана
Хьайн классе схьа.
Хье ца луш, чувог1у
Хьехархо хьан.
-Муьлха элп яздийр ду вай тахана?
Хь хь Хь хь Хь хь Хь хь Хь хь Хь хь
хьоза хьормат Хьава
3.1алашо йовзийтар.
Суьртийн диктант
(шалха элпашна к1ел сиз хьакха)
Г1ант, кхокха, къолам, к1еза, п1елг , т1ам, хьормат, х1оа,
ц1а, ч1ара,
-Д1адеша вайн дерриге дешнаш. Муьлхачу элпашца д1адоладелла и дешнаш?
- Уьш мукъа ду я мукъаза ду? ( мукъаза )
- Муха билгалдо вай иза?
- Стенах лаьцна дуьйцур ду вай урокехь?
4.Керла тема хьехар.
а)Суьрташ т1ехь болх бар.
Шардар №138, аг1о 62
-Х1ара х1ун ю? ( хьоза ду)
-Муьлха аз дудашнахьалха?( хь)
-Аз (хь) муьлхачуэлпацабилгалдо? ( хь)
-Маса хьаьрк ю цуьнан?(Шиъ)
-Муьлха элп ду иза)(Шалха)
-Х1ара х1ун ю?( кхокха бу )
-Муьлха аз ду дашна хьалха?( кх)
-Аз (кх) муьлхачу элпаца билгалдо? (кх)
-Х1ара х1ун ю? (къолам бу)
-Муьлха аз ду дашна хьалха?(къ)
-Аз (къ) муьлхачу элпаца билгалдо? (къ)
- Муха билгалдо йозанехь шатайпанара мукъаза аьзнаш
аьзнаш?(Йозанехь шатайпанара мукъаза аьзнаш шалхачу элпашца билгалдоху.
аь)Бакъонца болх бар. (аг1о 62)
НОХЧИЙН МАТТАХЬ ЙОЗАНЕХЬ ШАЛХАЧУ ЭЛПАШЦА БИЛГАЛДО МУКЪАЗА АЬЗНАШ : ГI, КХ, КЪ, КI, ПI, ТI, ХЬ, ХI, ЦI,ЧI.
б) Берашка шайга болх байтар
Шардар № 139 аг1о 62
( Таллам бар)
-Муьлха элпаш яздира аша?
5.Сада1аран миноташ.
П1елгаш
Оха язди, дукха язди,
Йозано тхан п1елгаш к1адди.
П1елгаш,1адда ма1елаш,
Хьалхий-т1аьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида, ида, к1ад цалуш.
6.Керла тема кхинд1а а хьехар.
а) Шардар № 141 аг1о 63
- Д1аеша. Стенах лаьцна ю х1ара текст?
- Г1аллакхе дешнаш схьязде
1одика йойла, марша г1ойла, дика мел дерш дог1ийла.
7.Рефлекси.
Тобанашкахь болх бар
( Цхьана дашах маситта дош кхолла)
ЧIЕГIАРДИГ
( Ч1ег1аг, г1ад, диг,раг1,г1а, ч1ир,га, гар)
8. Жам1 дар.
-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
-Х1ун дара хала кхеттарг?
9. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар №147 аг1о 65
Х1етал-металш
Аренаш т1ехь вайна гуш
Лаьтта можа маьлхан.... (Х1уш)
Кертахь хеза rloprla аз,
Екаш ерг ю йоккха.... (Г1аз)
Доттаг1а сайн юьртана
Вевзашву со тахана.
Со ву г1иллакх долуш к1ант:
Хьешана ас дуьллу— (Г1ант)
Хи - дуьне, дуьне- эхарт? (Ч1ара)
Куьйгаш а дац, бел а яц, поппарх
х1усам йо? (Ч1ег1ардиг)
Х1етал-метал хаийлахьуна:
Йоьдуш- яьсса, йог1уш - юьзна? (К1удал)
Х1окху дуьнен т1ехь хан мел йоккху
Г
ан йиш йоцу х1ума? (К1есарк1аг)