«Терахьдашах 1амийнарг карладаккхар.»
Урокан 1алашо:
«Терахьдашах девзинарг, тосаделларг, 1амийнарг, дийцинарг, юха а дийцаре дар. 1амийнарг практически белхашца т1еч1аг1дар.
1алашонан г1улчаш:
1.Терахьдешан г1иллакх- билгалъяхар.
2.Чулацамашца дозуш долу массо а т1едахкарш кхочушдар.
3.Фронтальни хаттарш.
4.Дешархоша, шаьш таллам а беш, болх бар.
5.Физминутка.
6.Дозуш долу къамел кхиорна лерина долу шардарш кхочушдар.
7.Кхоллараллин ойла к1аргъяран миноташ.
8.Терахьдешан маь1на билгалдаккхар.
Урокан декъашхой:
1.Хьехархо;
2.Бераш.
Урок д1аяхьар:
Оборудовании:
Хьехархо: - Де дика хуьлда,бераш!
Бераш: - Диканца ехийла!
Хьехархо: - Бераш, тахана вай долчу баьхкина хьеший бу, хьешашка маршалла хаттий вай?
Бераш: - Хьеший, марша дог1ийла, шу! Дерриг дика шуна хуьлийла! Шаьш хьошалг1ахь ма хеталаш! Шайн ц1ахь санна, парг1ат 1елаш!
Хьехархо:Бераш ,вай тахана цхьа башха урок ю.Вай хала а,гена а, нека дийр ду х1ордакема т1ехь.Амма х1орд бакъболу х1орд хир бац,и бохург нека дан атта хир ду бохург дац.И х1орд хааран х1орд бу.Вайн дуьнен т1ехь долчу х1ордашна юккъехь уггар хала х1орд бу и дарце а,къоршаме а,оьг1азе а.Шина х1ордакеманахь г1ур ду вай цига.Вай нека дар х1ордан боккхаллех хир дац,хенахь доьзна хир ду.Новкъа девр ду вай.Х1инца х1орда тобано шайн х1ордакеманан ц1е туьллур ю.
Къовсдаларш хир ду.
Цхьатерра хаттарш а, т1едахкарш а,хир ду шинна а тобанна х1ора нийса жоп цхьа бал.Дукха баллаш яьхна тоба тоьлур ю.
Хьехархо:
Гонаха мел дерг дагардеш,
Гойту мел ю, хьесапдеш
Маса ю уьш ягарйо,
Билгалйоккху рог1алла,
Гулйо, оьцу, юха йоькъу,
Маса, мел ю гойтуш, хьоьху.
Цунах дерг ахь алахь дош
Хир ду иза.(терахьдош)
Маса,мел ю аса дуьйцу
Эшахь, гойту рог1алла.
Хьем ца беш, ахь ала дош,
Хьехархо: Вай дуьцург ду (терахьдош) Слайдаш гойту.
1.Шайн х1отаме хьаьжжина, масса кепе декъало терахьдешнаш? Х1оранна масалш даладе.
2.Массалин а, рог1аллин терахьдешнаш вовшех муха къаьста?
3.Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш? Даладе масалш.
4.Грамматически классехь ц1ердашца барт бечу терахьдешнийн масалш даладе.
5.Муха легало дожаршца х1оттаме терахьдешнаш? Масалца т1еч1аг1де шайн жоп.
6.Д1аязде масаллин терахьдешнийн тайпанаш, масалаш а далош.
7.Терахьдешнийн нийсаяздаран хьокъехь дийца?
8.Рог1аллин терахьдешнаш муха легало? Даладе масалш.
9.Гулдаран терахьдешнаш муха легало? Даладе масалш.
10.Лааме а, лаамаза а терахьдешнаш вовшех муха къаста? Аьлларг т1ечаг1де масалшца.
11.Предложенехь муьлха меже хуьлий лела терахьдош? Даладе масалш.
12.Х1окху хаттаршна жоьпан луш долу терахьдешнаш лаха: Маса? Мосалг1а? Мас-мосалг1а? Мосазза?
Байташ васт х1оттош д1аешар.К1ел сиз хьаькхначу дешнийн маь1на дар.
Хьалхара тоба.(карточкашца болх бар.)
Терахьаш.
Цхьаъ шиъ,кхо,
Беро санна ког,
Боккхуш бай т1е байн,
Маждарг лахий вай
Диъ,пхиъ,ялх,
Барз т1е хиъна малх
Лепош жаз т1ехь тхи
Пет1амат ду и.
Ворх1,барх1,исс,
Альц1енз1амна йиш
Лоькхуш арено
Кхуллу ц1ена х1о.
Олхазарийн къамел(шолг1а тоба.)
Карзахдаьлла хьийза ч1евна,
Дусаделла лулахь зевне
Декаш можа олхазар .
« Олу цунахь маьлха –хьоза
Ала деъна селасат.
Хиъна кондар т1е,довза
Ворх1е басахь стела1ад.
«Маьлха-хьоза сох а аьлла»,-
Дистхилира маьлха-хьоза:
«Эзар бос бу дуьнен чохь.
Хиларна малх санна,можа,
Маьлха хьоза олу сох».
Зерзар деладелла т1аккха»
«Хаза бу сан мокха бос!»
«Со а де сайн басахь доккха!»
Хезар эххар ч1евнан дош.
Физминутка
Хьамид озавели –цхьаъ
Охьатаь1и –ду и шиъ
Хьалатаь1и –ду и кхоъ
Д1анисвели –ду и диъ.
Куьгаш д1асадахийти-пхиъ
Вовшах туьйхи –ялх
Буьхьигаш т1е а х1отти-ворх1
Дег1 нисдеш д1ах1отти-барх1.
Шайца терахьдешнаш долу исбаьхьаллин произведенеш дагаяхкийта.
(«Пхи туьма.»(Бадуев.С.), «Кхо ваша»(туьйра), «Кхо стуй,борззий.» (Гайсултанов.1.)
«Бабин Иэсин, ворх1 вешин йишин илли», «Цхьа илли»(А.Бисултанов.), «Кхо ваша а, саьрмик а» (туьйра), «Ши малх», «Б1е де я б1еннах цхьаъ.»(С.Бадуев.), Кхаа вешин хабар (туьйра), Цкъа катоьхча кхо лом лоцу Бексолта (туьйра), Кхо газа-гуьзалг (туьйра).
Таблица.
Таблици чу д1аязде х1ара терахьдешнаш: ялхе а стаг, кхоалг1аниг, пхиппа, итт-итт, диъ, пхоьазлаг1а, эзарлаг1а, цхьана-шиннан, цхьаъ-цхьацца,ворх1азза.
Хьехархочо цхьа терахь дош олу.(масала,ворх1).И терахьдош юкъахь долу кицанаш, дешнийн ч1аг1делла цхьаьнакхетарш дало деза.Т1аьххьара масал дилийнарг тоьлла лору.
Кицанаш чакхдаха.
Шина балдех арадаьлларг-
Цкъа шершина ког-
Ворх1 ломал-
Ворх1азза юста-
Ворх1 цхьаьнга-
Цхьаъ чоьлпица-
Ребусаш йиэ
3 р; 2 т1, ; 2 М, ; КХО, 20; 6,ОЙ; Е 3; 1, ЛО; 9 , ког, берг
Цхьаъ,шиъ,кхоъ юкъадог1уш долу дешнийн ч1аг1делла цхьанакхетарш я кицанаш дагадахкийта.
Тоьпа цхьаъ бен ца вийна,матто эзар вийна.
Ворх1 цхьаьнга ца хьоьжу.
Цхьана т1улгах г1ала хир яц, цхьана т1емалочух б1о кхоллалур бац.
Цхьана куьйгаца т1арах тохаделла дац.
Цхьа кепек бахьана долуш ,цхьана соьмана зен хилла.
Цкъа аьлча ца кхеттарг, шозза аьлча а кхетар вац.
Цхьана куьйга ши хорбаз лацалур яц.
Дика дин а боьду цкъа гор.
Дикачу динна, цкъа тоьхча, шарахь тоьа шед.
Шина б1аьргал маса х1ума дац.
Къинхьегам-адаман шолг1а нана.
Шозза аьлча, хьерахь а хеза.
Шина балдех д1ахеццалц стеган лай хиллалела дош.
Ши сту бигинчул т1аьхьа к1еза кхабарх пайда бац.
Т1ехула лелачу муьшах шиъ хета.
Хьалххе г1аьттинчу 1уьнан жий шала бехкина.
Кхаанна кечбинчу кхачано виъ вузийна.
Кхоъ шиъ ву, шиъ цхьаъ ву, цхьаъ воцчун новккъа ву.
Кхузза юста- д1ахаде.
Шен хеннахь вижинарг кхаа вонах ваьлла, шен хеннахь г1аьттинарг кхаа диканех кхиъна.