6 классехь
нохчийн меттан
йиллина урок
( презентаци )
Хьехархо: Айдамиров И.Б.
Урокан ц1е: Терахьдешнийн нийсаяздар.
Iалашо: Хаа деза, масаллин терахьдешнийн
1, 40, 60, 80, 100, 1000, 19 нийсаяздар. Масаллин терахьдешнаш рог1аллийчаьрга доьрзуш, церан орамера мукъа аьзнаш хийцалой хаар; хаа деза, чолхе декъаран терахьдешнашший, чолхе билгалза-масаллин терахьдешнашший дефисца яздеш хилар.
Кхойтталг1а октябрь
КЛАССЕРА болх
Терахьдешнийн
нийсаяздар
I. Ц1ахь бина болх таллар
1. Шина дешархочуьнга доьшуьйту ц1ахь легийна терахьдешнаш, чаккхенаш билгал а йохуш. Дешархошка г1алаташ нисдойту.
Гулдаран Билгалза - масаллин
терахьдешнаш терахьдешнаш
ЦI. ворх1е а кхо - диъ
Дл. ворх1аннан а кхаа - деаннан
Л. ворх1анна а кхаа - деанна
Др. ворх1анно а кхаа - деанно
К. ворх1анца а кхаа - деанца
Х. ворх1аннах а кхаа - деаннах
М. ворх1анне а кхаа - деанне
Дс. ворх1аннал а кхаа - деаннал
Iамийнарг карладаккхар
I. Дешархошка фронтальни хаттарш.
1. Стенах олу терахьдош?
2. Шайн х1оттаме хьаьжжина маса тайпана хуьлу терахьдешнаш.
3. Х1ун гойту масаллин терахьдашо?
4. Х1ун гойту рог1аллин терахьдашо?
5. Муха кхоллало рог1аллин терахьдешнаш?
6. Муьлхачу терахьдешнех олу лаамазнаш? Лааменаш?
7. Гулдаран терахьдешнаш муьлхарш ду?
8. Муьлхачу терахьдешнех олу декъаран терахьдешнаш? Дакъойн?
II. Легаде терахьдешнаш:
ворх1 – ворх1, кхоккха, диъ – пхоьалг1а.
III. Х1ара терахьдешнаш шайн б1ог1амашка д1анисде:
эзар, иссе а, пхоьалг1а, ткъе ворх1, шишша,
ворх1е а, пхиппа, кхоъ - доьалг1а, ворх1 – ворх1,
пхиъ – йолхалг1а, пхи – ялх, уьтталг1а,
ялх – ворх1, ялх – ворх1алг1а, кхо – диъ.
Масаллин Рог1аллин Гулдаран Декъаран Дакъойн Билгалза - масаллин
IV. ДIаязъе х1ара предложенеш, билгалдаккха
терахьдош предложенин муьлха меже ю.
Сан доттаг1чун шуьйтталг1а шо ду .
Салман ворх1алг1ачу классехь доьшуш ву.
Кхоалг1аниг массарел а лакха кхоссавелира.
Ас деш долу ламаз доьалг1аниг дара.
Шайн жоьпаш талла.
II. Декъаран Дакъойн
терахьдешнаш терахьдешнаш
ЦI. ворх1-ворх1, кхоккха, диъ-пхоьалг1а
Дл. ворх1-ворх1аннан, кхоккханнан диъ-пхоьалг1ачун
Л. ворх1-ворх1анна, кхоккханна диъ-пхоьалг1ачунна
Др. ворх1-ворх1аммо, кхоккхаммо диъ-пхоьалг1ачо
К. ворх1-ворх1анца, кхоккханца диъ-пхоьалг1ачуьнца
Х. ворх1-ворх1аннах, кхоккханнах диъ-пхоьалг1ачух
М. ворх1-ворх1анга, кхоккханга диъ-пхоьалг1ачуьнга
Дс. ворх1-ворх1аннал, кхоккханнал диъ-пхоьалг1ачул
III. Масаллин Рог1аллин Гулдаран
эзар пхоьалг1а иссе а
ткъе – ворх1 уьтталг1а ворх1е а
Декъаран Дакъойн Билгалза - масаллин
пхиппа кхоъ – доьалг1а ялх – ворх1
шишша пхиъ – йолхалг1а кхо – диъ
ворх1 – ворх1 ялх – ворх1алг1 пхи - ялх
IV. ДIаязъе х1ара предложенеш, билгалдаккха терахьдош предложенин муьлха меже ю.
Сан доттаг1чун шуьйтталг1а шо ду .
Салман ворх1алг1ачу классехь доьшуш ву.
Кхоалг1аниг массарел а лакха кхоссавелира.
Ас деш долу ламаз доьалг1аниг дара.
Керла коьчал йовзийтар
1. Лааме масаллин терахьдош иштта яздо:
цхьа боху орам ларбеш, чаккхенга йиш хадоран хьаьрк (ъ) дуьллуш – цхьаъ
2. Масаллин терахьдешнаш 40, 60, 80, 100, 1000, 19 иштта яздо: шовзткъа, кхузткъа, дезткъа, б1е, эзар, ткъайоьсна
Масаллин терахьдешнаш рог1алличаьрга доьрзуш, церан орамера мукъа аьзнаш хийцало.
М а с а л а:
1) а (я) – о :
ткъ а – ткъ о лг1а – ткъ о лг1аниг
б а рх1 – б о рх1алг1а - б о рх1алг1аниг
я лх – й о лхалг1а – й о лхалг1аниг
2) е – о :
б1 е – б1 о лг1а – б1 о лг1аниг
3) и – уь :
и сс – уь ссалг1а - уь ссалг1аниг
и тт – уь тталг1а – уь тталг1аниг
4) ий – уьй:
ш ий тта – ш уь йтталг1а - ш уь йтталг1аниг
пх ий тта – пх уь йтталг1а – пх уь йтталг1аниг
5) я (а) – о, и – уь:
я лхитта – йо лхуьтталг1а – йо лхуьтталг1аниг
6) и – о:
ш и ъ – ш о лг1а – ш о лг1аниг
7) и – оь:
д и ъ - д оь алг1а - д оь алг1аниг
пх и ъ – пх оь алг1а – пх оь алг1аниг
8) е – оь:
д е зткъа – д оь зткъалг1а – д оь зткъалг1аниг.
9) Чолхе декъаран терахьдешнаш дефисца яздо:
диъ – диъ бер, виъ – виъ стаг, йиъ – йиъ йо1.
10) Чолхе билгалза – масаллин терахьдешнаш
дефисца яздо, м а с а л а : цхьа – ши стаг , кхо – виъ к1ант, ши – кхо не1.
11) Цхьайттангара дуьйна ткъайоьссанга кхаччалц, берх1итта юкъалоцуш долу чолхе терахьдешнаш а, ткъаннаш дагардеш долу шовзткъа, кхузткъа боху терахьдешнаш декъаран терахьдешнашка дерзош, иштта яздо: цхьай – цхьайтта, ший – шийтта, ял – ялхитта, вуьр – вуьрх1итта, шов – шовзткъа, де – дезткъа, ткъайоьс - ткъайоьсна
12) Х1оттаман терахьдешнаш къаьстина яздо. М а с а л а: ткъе пхиъ, ялх эзар ши б1е шовзткъе барх1…
Iамийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушде 142 - г1а шардар.
Д1аязде. Терахьдешнаш дешнашца язде.
Рог1аллин терахьдешнаш
кхолладаларан некъаш дийца.
Масалличарна буха сиз хьакха.
Урокан жам1 дар.
1. Масаллин терахьдешнаш муха яздо?
2. Масаллин терахьдешнаш рог1алличаьрга
доьрзуш х1ун хийцам хуьлу?
3. Чолхе декъаран терахьдешнаш муха яздо?
4. Чолхе билгалза - масаллин
терахьдешнаш муха яздо?
5. Х1оттаман терахьдешнаш муха яздо?
6. Х1оранна а даладе масалш.
Ц1ахь бан болх.
1. Iамае 24 - г1а §.
2. Кхочушде 150 – г1а шардар. Т1аьххьарчу предложенина бе синтаксчески къастам