Просмотр содержимого документа
«Тест "Ц1ердош".»
Тестировани «Ц1ердорш».
ЦIердош олу:
а) хIума билгалъечу къамелан декъах
б) хIуманан билгало гойтучу къамелан декъах
в) дар я хилар гойтучу къамелан декъах.
ЦIердешнанш хийцало:
а) терахьашца а, дожаршца а, хенашца а.
б) дожаршца а, терахьашца а бен ца хийцало.
в) терахьашца а, дожаршца а, классашца а.
Маса дожар ду цIердешан?
а) 6
б) 7
в) 8
Маса легар ду цIердешан? Церан муьлха чаккхенаш ю?
а) цIердешан кхоъ легар ду: I л. -ца, -аца; 2 л. -нца, -арца; 3 л. -ица.
б) цIердешан диъ легар ду: Iл. -ца; 2 л. -ица; 3 л. -арца; 4 л. -чуьнца.
в) цIердешан диъ легар ду: I л. -ца, -аца; 2 л. -арца, -нца; 3 л. -ица; 4 л. -чуьнца.
Муьлхачу могIарехь ду дукхаллин терахье даккхалуш доцу цIердош?
а) гIа, лам, мотт.
б) пIелг, ахархо, чилла.
в) хьокхам, рагI, ча.
Муьлхачу могIарехь ду цхьаллин терахьехь ца лела цIердош?
а) вежарий, акхарой, цIубдарш.
б) кхокхарчий, гIожмаш, зIаьнарш.
в) хьехархой, лаамаш, IиндагIаш.
4-гIа легар чу догIу цIердош ду:
а) алу.
б) йиша.
в) хьуьнхо.
Схьалаха бу-ду классан гайтам болу цIердешнаш:
а) Iаж, Iежаш.
б) деваша, девежарий.
в) байт, байташ.
Долахь цIе нийса ца язъярца даьккхина гIалат долу могIа схьалаха:
а) хи, малх, гIала, мохк.
б) киншка, ненахо, лор, лам.
в) тIулг, орга, Iалам, гIайре.
10) Муьлхачу могIарехь ду 3-гIа легарна чу догIу цIердош?
а) хабарш, гIант, беш.
б) алу, неI, дехо.
в) тарсал, наб, полла.