Ц1 . Мила? лор Дл . Хьенан? лоьран Л . Хьанна? лоьрана Др . Хьан? лоьро К. Хьаьнца? лоьраца Х. Хьанах? лоьрах М. Хьаьнга? лоьре Дс. Хьанал? лоьрал
Шийлачу деношкахь, суьйрене сатуьйсара жимчу 1имрана .
1. Даймохк сан дагна хьоме бу. 2. Исбаьхьа аматаш ду сан Даймехкан .
3. Къонах Даймахкана хьанал верг ву. 4. Даймахко ницкъ белла къийса, Ваьккхина шуьйрачу новкъа.
5. Стеган дахар, ирс, сий шен Даймахкаца ду. 6. Даймахках къаьстина, хийла хан яьккхина нохчаша. 7. Даймахке болу безам т1улгал а ч1ог1а бу. 8. Даймахкал хьоме х1умма а дац.
1. Даймохк сан дагна хьоме бу. (Х1ун?) Даймохк 2 . Исбаьхьа аматаш ду сан Даймехкан. (Стенан?) Даймехкан 3. Къонах Даймахкана хьанал верг ву . (Стенна?) Даймахкана 4 . Даймахко ницкъ белла къийса,
Ваьккхина шуьйрачу новкъа. (Стен?) Даймахко; (Шайхиев 1.). 5. Стеган дахар, ирс, сий шен Даймахкаца ду. (Стенца?) Даймахкаца 6 . Даймахках къаьстина, хийла хан яьккхина нохчаша . (Стенах?) Даймахках 7. Даймахке болу безам т1улгал а ч1ог1а бу. (Стенга?) Даймахке 8. Даймахкал хьоме х1умма а дац. (Стенал?) Даймахкал
Динберг дукхашерийн асаран орамат ду. Динберган нийса ирах яхана Iаьрче хуьлу. Дарбанна лелош молханийн орамат ю иза. Динберган дарбане дерг гIа а, хIуш а ду. Динбергаца дарба леладо.
Дашна юкъахь дош караде:
Динберг- бер,берг,дин,де,бен,герб
-И х1ун ю? Цунах х1ун до?
-Муха яха еза дарбанан бецаш?
Х1ун? Мила? Муьлш? бохучу хаттаршна жоп луш долу дешнаш схьаязде. Аш билгалдаьхначу дешнех х1ун олу?
Лом, хьун, дитташ, к1айн, ведира, кхойтта, к1ант, нана, бераш, дика, гена, вог1у, ракета, кема, йовха, шело, некъ.
па
маьж
Хи йистера баьццара бохча?
Хи дуьне, дуьне эхарт хьанна ду?
Мехех юьзна а ю, цхьа тай а дац.