СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь. 4 кл

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Ц1ердешнийн дукхаллин терахь. 4 кл»

1.12.2021 ш

Хоттийнарг Тухаева З.И.

Ц1ердешнийн дукхаллин терахь.

1алашо : ц1ердешнийн билгалонаш кхин д1а а йовзийтар ; ц1ердешнийн дукхаллин а терахь довзийтар, цуьнан башхаллех кхетор.Дукхаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенийн тидамбар,уьш билгалъяхар. берийн тидам нохчийн меттан хаззала ган, цуьнан к1оргалле кхача. Берийн лаам хир бу дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина . Берашна 1емар ду г1иллакх шайн коьрта декхар хила , шайн амалехь и т1еэца.

Г1ирс: учебник,презентаци .

  Урок д1аяхьар.

1.Маршалла хаттар.

-Бераш , де дика хуьлда шун! Сема хир ду вай таханлерчу урокехь, беркате з1ийдигаш хоьцур ю х1окху уроко вайн дешарехь, б1аьстено 1аламехь санна.

Массо а х1ума д1алистина хила деза. Вай 1амийнарг а ду ойланехь д1алистина хила дезаш 1илманан дакъйн терхеш «кегор» ю вай.

2. Ц1ера болх таллар.

   Шардар № 111.

1амийнарг карладаккхар.

Стенах олу ц1ердош?

Муха хийцало ц1ердешнаш?

Маса дожар ду нохчийн маттахь?Билгалдаха.

3. 1алашо йовзийтар.

  Уьн т1ехь.

1аж ца беза,
Беза 1ежаш.

Балл ца деза,

Деза баьллаш.

Лам а бац тхан,

Ду тхан лаьмнаш,

1ам а бац тхан,

Ду тхан 1аьмнаш,

Хьун а яц тхан,

Ю тхан хьаннаш.

Марха яц тхан,

Ю тхан мархаш.

Ойла ей аш ,сиха ала

Терахь муьлха г1оли ду?

-( байт т1ера схьаязде цхьатерра ц1ердешнаш.Стенан тидам би аша? (Цхьа х1ума- дуккха а х1уманш билгайо цара).

-Вуьшта аьлча уьш цхьаллин а, дукхаллин а терахьехь хийцина ду.


-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана?

-Д1адеша вай талла деза хаттар?

-Вайн тахана девзар ду ц1ердешнийн дукхаллин терахьаш.

1амор ду ц1ердешнаш дукхаллин терахьашца хийца.

 Дукхаллин терахьан цIердашо шиъ а , цул сов а хIуманаш билгалйо.

Дукхаллин терахьерчу цIердешнийн шен чаккхенанаш ю:

дешархой , олхазарш , гIанташ



3.Керла тема хьехар

Шардар 122 .Схьаязде дукхаллин терахьан ц1ердешнаш.Билгалъяха чакхенаш.

-Х1ун чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьан ц1ердешнийн?

Сада1аран миноташ.

Дитташ мохо техкадо,

Гаьннаш дIаса лестадо.

ГIаш цо охьа эгадо,

Оха уьш схьа лехьадо

Шардар №123

Дукхаллин терахье дохуш ,ц1ерниг дожарехь д1аязде ц1ердешнаш.Билгалъяха чеккхенаш.

Ц1ерниг дожарехь долчу дукхаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенаш хуьлу –ш, -аш, -наш, -маш, -ош, -арш, -й, -ий, -рш, -арий, -рчий.


1амийнарг т1еч1аг1дар.

Цхьадолчу ц1ердешнаша дукхаллин терахье довлуш шайн кеп хуьйцу.

Масала: стаг – нах.

— 1амийнарг т1еч1аг1деш т1едиллар кхочушдийр ду вай:

-Бераш, аса цхьана х1уманан ц1е йоккху, аша иза дукхаллин терахьехь д1аязде:

Г1а-…, книга-…, наьрс-…, гарс-…, стол-…., адам-…,газа-….,стом-….

Схьаязде дукхаллин терахьан ц1ердешнаш.Билгалъяха чакхенаш.

Г1уркх. Г1уркхаш, лом, лоьмаш, ваша, вежарий, махкахо, махкахой, сом, соьмаш, стом. Стоьмаш, эса, эсий, урс, урсаш. Топ, тоьпаш.

-Хьан лур дара урок йолош вайна хьалха хиллачу  хаттарна жоп?-Х1ун ди вай ц1ердешнашна?

Вай ц1ердешнаш терахьашца хийци.

Вайна хии ц1ердешан ши терахь дуй.

Цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалйо.

Дукхаллин терахьо шиъ я цул сов х1ума билгалйо.

Дукхаллин терахьан ц1ердешнийн чаккхенаш хуьлу –ш, -аш, -наш, -маш, -ош, -арш, -й, -ий, -рш, -арий, -рчий.

- Т1ейог1учу урокашкахь вай кхин а шордийр ду вешан ц1ердешнийн долу хаарш.



Ц1ахь : шардар № 124, аг1о 67,бакъонаш аг1о 66,67.

Цу т1ехь вай таханлера урок ерзор ю