-
Класс: 5
-
Терахь: 15.04.24.
-
Предмет: нохчийн мотт.
-
Урокан ц1е: Ц1ердешнийн суффиксаш. 1амийнарг карладаккхар.
-
Урокан тайпа: Довзийтаран урок
-
Урокан кеп: Тобанашкахь болх, фронтальни болх, шаьш беш болу болх, кхолларалин болх.
-
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, кехаташ, слайдаш.
-
УМК: В.А. Янгульбаев, Ж.М.Махмаев
-
Х1оттош долчун хьесап (гайтамаш) (Урокан 1алашонаш):
Предметни (Кхеторан): Ц1ердешнийн суффиксех лаьцна кхетам балар.
Метопредметни (Кхиоран 1алашо): Ц1ердешнех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар. Юкъара а, долахь а ц1ердешнаш, цхьаллин а,дукхаллин а терахь, ц1ердешнийн грамматически классашца, ц1ердешнийн дажарш, легор. Дешархойн хаарш
к1оргдар, шордар. Берийн ойла дешаран т1еерзор.
Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо): Шен матте болу безам кхиор.
Урокан кхайкхам:
Ненан мотт хаар – х1оранне декхар!.
Урок д1аяхьар
-
Хьехархочун дош.
-Де дика хуьлда шун массера а!
Тахана вайн нохчийн меттан урок ю.
-Бераш хьовсал шу х1окху малхе, ма белабелла хаза бу и, цо массарна а йовхо ло.
Х1инца и малх санна дела а лой вовше хьовсал, иштта хаза хетарца д1айолор ю вай вешан урок.
«Йист йоцу х1орд санна бу хьуна шортта
Ша хууш волчунна вай нохчийн мотт…»
Шайхи Арсанукаев
Ненан мотт бохург доккха х1ума ду.Нохчийн халкъан кица ду:Мотт бу-къам ду, мотт бац-къам дац!»Оцу дешнаша кхачош ду дерриге а.
Цхьа шеко а йоцуш, нохчийн меттан сий айарехь ницкъ ма-кхоччу къахьоьгуш бу вайн меттан говзанчаш а, яздархой а, нохчийн пачхьалкхан куьйгалхо Кадыров Рамзан Ахматович.Указ доьшу.
-Ненан маттах долу къамел вай деш хилча, уггар хьалха оцу меттан хазалла, цуьнан цІаналла, цуьнан исбаьхьалла, цуьнан куц-кеп дуьйцуш, цуьнан сурт хІоттош дийца деза. Ша дуьйцург маь1на а долуш, говза схьаала 1амо деза. Тахана мелла а кху урокехь ненан мотт нийса бийца хааран некъа т1ехь болх бийра бу вай, хаарш к1аргдеш, совдаха хьовсур ду.
-
Фронтальни хаттарш:
-
Стенах олу ц1ердош?
-
Муха хуьлу ц1ердешнаш? (долахь, юкъара).
-
Ц1ердешан маса терахь ду?
-
Ц1ердешнийн грамматически классах лаьцна х1ун хаьа шуна?
-
Ц1едешнийн маса легар ду?
-
Ц1ердешнийн маса дожар ду?
-
Предложенийн - дожарийн къепе х1иттаде.
Ц1. Мотт вай лар ца бахь, цуьнан сий ца дахь, вайн къоман сий а
дужур ду. (М. Сулаев)
Дл. Метт…. сий, вайн сий ца дайа,
Т1еман лар юьлуьйтуш хийца,
Дитина сий дайша, дедайша! (Кибиев М.)
Л. Матт…. шера хилар дац коьртаниг, говза хила веза.
Др. Матт…вайна 1амадо назманаш ала,
1амадо биц ца бан вайн наной, дай.
1амадо бохург дан Сийлахьчу Дала… (С-М. Гелагаев).
К. Матт… мух - мухха а хилар (кхечу меттан дешнех иэдеш дийцар)
– мух-мухха а ойлаяр ду: билгалза, гергарчу хьесапехь.
Х. Хьайн матт…. айпаш ца дохуш, хастам а, сий - лерам а д1ало
цунна.
М. Шен махке болу бакъ безам, шен матт… бацахь, маь1на долуш
бац (К. Паустовский).
Дс. Нохчийн матт…. хаза а, хьалдолуш а мотт бац, нагахь кхоччуш
дика хууш хьо велахь. (Л. Толстой).
- Оьрсийн маттера т1еэцна дешнаш муха яздо?
-
Тобанашца болх
Д1аеша текст. Оьрсийн меттан дешнаш гочде, нохчийн матте дохуш.
Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу вопросам, вуно хорошо кхеташ, сурт хIоттош, отвечал воккхачу стага.
Цо им дуьйцура: бук, дуб, липа, ель, береза… муьлха дечигаш ю, они мича коьчалшна мега а.
– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, птиц баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура лесник берашна…
Муха хадор дара кортош тIе зеленые генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан друзья!» -- бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа природа дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн жизнь хестош декачу олхазаршна бохам бича?..
Айхьа хьайна таллам бе
Массо а хIуманна духе кхиа гIерташ, бераша шега дечу хаттаршна, вуно дика кхеташ, сурт хIоттош, жоьпаш лора воккхачу стага.
Цо царна дуьйцура: поп, наж, хьегI, база, дакх… муьлха дечигаш ю, уьш мича коьчалшна мега а.
– … ЭгIаза жима маргIал хадо а, кагдан а, олхазарийн баннаш дохо а мегар дац, диканаш, – хьоьхура хьуьнхочо берашна…
Муха хадор дара кортош тIе баьццара генаш-гIаш хьоькхуш: «Марша догIийла шу, тхан доттагIий!» - бохуш санна, хьестало маргIалш. Гечдийр дарий ткъа Iаламо дог хьоьстуш, зевнечу эшаршца шайн дахар хестош декачу олхазаршна бохам бича?..
Хьехархочун дош: Ц1ердешнийн кхолладаларан некъаш муха ду?
-
Керла коьчал йовзийтар
Суффикс
Орамна со т1ехьа лаьтта,
Дашна керла маь1на ло.
Цуьнан даим цхьаьна язйо
Х1ун дешдакъа хир ду со?
- Дешан х1оттаман дакъош дагалаца.
- Къастаде дешархочун, сатасар бохучу дешнийн дакъош.
Дешхьалхе, суффикс стенах олу?
Дагахь хаа деза
Суффикс дешан дакъа ду.
Ц1ердешнийн суффиксаш екъала шина декъе: Дешнийн кеп хийцаран, дош кхолларан.
Кеп хийцаран суффиксаш дукхахьолахь жималла гойту. Масала: сара – сараг, ц1а – ц1елиг.
Дош кхолларан суффиксаша дешнашна керла маь1на ло. Масала: зурма – зурманча, Атаг1а – атаг1хо
-
1амийнарг т1еч1аг1дар
Шайна деллачу хаттаршна цхьана дашца жоп ло.Билгалъяха церан суффиксаш.
-
Ч1ерий лоьцуш верг? (ч1ерийлецархо)
-
Хьелий узуш ерг? (хьелийозархо)
-
Нийса топ тухуш верг? (иччархо)
-
Зурма локкхуш верг? зурманча
-
Мангал хьокхуш верг? (мангалхо).
ФИЗМИНОТ
(видео)
-
Д1адеша кицанаш
Лахара далийна кицанаш т1адамийн метта суффиксаш яхка
Аьлларг…. дети делахь а, ца аьлларг деши ду.
Дика лулахо вешел а тоьлла
Аьхка 1иллинарг- 1ай идда.
Сихалла – сонта, собор – кхетам
-
Ловзаран миноташ
Анаграммаш
-
Текста т1ехь болх
Пондар дика локху бохург к1еззиг дара 1елин говзаллех аьлла.Хеталора, 1елин карахь пондар денло,цунна чохь дерриг вайн халкъан дог, са а ду, аьлла. Къинхьегамхойн дог-ойла,цара ловш болу бала-и дерриг а схьадуьйцура цо.
Пондаран эшаре а, 1елас цунна т1аьхьа далош долчу иллига а ладуг1уш болчу нахана хеталора шаьш парг1атоно а, нийсоно а толам баьккхинчу дуьнена девлчча санна.
-Дийца, муха кхолладелла буха сизаш хьаькхна дешнаш.
Дешах1оттаман къастам бе царна.
-Дика, к1еззиг, т1аьхьа, денло, парг1ато, нийсо, толам бохучу дешнашна ялае антонимаш.
-Бала, къинхьегамхо,илли, нах бохучу дешнашна ялае синонимаш.
-
Жам1 дар
- Ц1ердешнаш кхолладаларан некъаш муьлхарш ду?
- Маса тайпа ду суффиксин?
-
Ц1ахь бан болх
-
1амае 60-г1а §.
-
Кхочушъе 274-г1а шардар.
-
«Ненан мотт-сан дозалла!» жима сочинени язъе.
-
Рефлески
Шаьш бинчу балхана мах хадабо суьрташца.
5-Ас тахана дика болх бира, со цхьа г1алат дацар!
4-Ас тахана болх бира, амма кхин а дика балур бу аьлла хета суна!
3-Суна тахан хала дара,амма ас шарта къа хьоьгар ду!
«Вота мел йоккха елахь а, цуьнан тата хезар дац, нагахь иза тухуш стаг вацахь, 1илма мел к1орга делахь а адамашна хуур дац, иза дуьйцуш а 1амош а стаг вацахь».
НОХЧИЙН МЕТТАН 5 –ЧУ КЛАССЕХЬ ЙИЛЛИНА УРОК
Ц1ердешнийн суффиксаш
______________________________________
нохчийн меттан, литературан хьехархо
Баймурзаева Аминат Висрадиновна
9