СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

«Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
««Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»»

хьехархо Бисултанова Луиза Султановна

Тема: «Ц1ердешнийн терахьашца хийцадалар»

1алашо: ц1ердешнийн терахьашца хийцадаларх кхетам балар. Цхьаллин терахьо цхьа х1ума билгалъяр хаийтар, дукхаллин терахьо шортта х1уманаш билгалъяр хаийтар. Дукхаллин терахьехьдолчу ц1ердешнийн чаккхенийн тидам бар.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду цхьаллин а , дукхаллина терахьера ц1ердешнаш вовшех къасто , церан чаккхенаш билгалъяха.Берашан 1емар ду учебникаца болх бан, оьшург лаха, цунах пайдаэца.



Урок дIахIотторан минот

I/ - Де дика хульда шун, бераш ! Вай тахана йозанан урок ю Таханлерачу урокан тема: « ЦIердешнаш терахьашца хийцадалар» ю.



II Суртийн диктант ( слайд 1)

ТIам, хьаьжкIа, цхьогал, кхокха, петIамат , куьзга,

тIоьрмиг , цIазам, чIара

( ( Шалха элпашна кIел сиз хьакха : мукъа шалха элпашна – цхьаъ, мукъаза шалха элпашна – шиъ )

III Карладаккхар (слайд 2)


- Бераш, цIердош стенах олу?.

- Муьлхачу хаттаршна жоп ло цIердашо?

- Масалаш даладела.

IV Керла тема ( слайд 3 )

а ) ЦIердешнаш терахьашца хийцало.

Цхьаллин терахьан цIердашо цхьа хIума, дукхаллин

терахьан цIердашо шиъ а , цул сов а хIуманаш билгалйо.

Дукхаллин терахьерчу цIердешнийн шен чаккхенанаш ю:

дешархой , олхазарш , гIанташ

аь ) упражнени 110, агIо 58



V Физминутка

Дитташ мохо техкадо,

Гаьннаш дIаса лестадо.

ГIаш цо охьа эгадо,

Оха уьш схьа лехьадо

VI Кица ( слайд 5)

БIаьстенал, гуьйре ,хазачу, юьзна ,тоьлу

( МIаьна долуш гулде кица )

Хазачу бIаьстенал юьзна гуьйре тоьлу.

VII Керла дош

ГIеметтахIоьттинарг – пожилой

VIII Дозуш долу къамел кхиор ( слайд 6 )

- ХIун хенан зама ю кху сурта техь гойтуриг?

- Мичахь ду бераш?

- Муьлха хасстоьмаш гулйо цара?

IX Цlахь бан болх.
Упражнени 111, агIо 58.

X ЖамI дар

- Керла хIун хиир вайна хIокху урокехь?