| Уьн т1е д1аяздо. Шийтта, кхоъ, ах , доьалг1а , уьссалх1а , оццул. Йо1 , к1ант , Адам ,Хьава , нана, доттаг1, иза. Можа , ц1ен , сийна, 1аьржа, иштта. -Д1адеша дешнаш. Караде х1ора мог1анехь совнаха дош. Д1абеша хьалхара мог1а . Муьлха дош ду совнаха? (Оццул). -Х1унда ду и совнаха? (Дисина дешнаш терахьдешнаш ду , иза дац). -Д1абеша шолг1а мог1а. Муьлха дош ду совнаха? (Иза). -Х1унда ду и совнаха? (Дисина дешнаш й1ердешнаш ду , иза дац). -Д1абеша кхоалг1а мог1а. Муьлха дош ду совнаха?(Иштта) -Х1унда ду и совнаха? (Дисина дешнаш билгалдешнаш ду , иза дац). Иха , иштта , оццул –уьш ц1ерметдешнаш ду. Х1ун 1амор ду ва йтахана?Д1аеша урокан ц1е. (Ц1ерметдош). -Муьлха хаттарна жоп каро деза вайна? (Стенна оьшу ц1ерметдош?). -Х1ун кхиамаш бохур бу аша тахана? |