СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок чеченского

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Урок чеченского»

Урок д1аяхьар

  1. Ц1ера болх таллар.

Шардар № 91 , аг1о 44.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Уьн т1е д1аяздо.

Беза, машар, вайна. Тарсал , сунна , хьуьнхахь , гира.

-Х1орш х1ун ю ? (Дешнаш)

-Х1ун билгалйо дашо? (Х1ума , цуьнан двр, цуьнан билгало)

-Д1адеша дешнаш. Х1оттае царех предложении.

Вайна машар беза. Суна хьунхахь тарсал гира.

-Х1ун маь1на ду предложенин? (Кхочушхилла ойла гойту)

-Стенах лаьцна дуьйцур дув ай тахана ? (Берийн жоьпаш)

-Вай тахана дуьйцур ду предложенех лаьцна. Аша карлабохур бу предложенех болу хама. 1емар ду предложенин тайпанаш къасто, церан чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Дийцаран ,хаттаран предложенин тидам бар.

Сурт «Бешахь»

-Стенга дахана бераш? (Бераш беша дахана)

-Аса х1ун элира ? (Предложени)

-Х1ун гойту предложенино? (Кхочуш хилла ойла гойту)

-Х1ун 1алашо йолуш ялийра аса предложении? (Х1ума хаттархьама)

-Иза хаттаран предложении ю. Цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу.

-Аша муха делира жоп? (Бераш беша дахана)

-Иза х1ун ю ?(Предложении)

-Х1ун 1алашо йолуш ялийра аша и предложении? (Тхайна гуш дерг дийцархьама)

-Иза дийцаран предложении ю. Цуьнан чаккхенга т1адам буьллу.

Кхин д1а а дийцар х1оттадо , шаьш ялийна предложенеш толлуш)

-Х1ун ю цаьргахь? (Цаьргахь тускарш, лами бу)

-Бераша х1ун до бешахь? (Бераша 1ежаш схьадоху)

-Муха бераш ду уьш? (Уьш дика бераш ду)

-Х1ун йо 1ежех? (1ежех йо варениш , компоташ)

-Х1ун пайда бу цаьрца? (Цаьрца ду витаминаш, цара могашалла тойо)

аь) Йозанан болх бар.

Шардар № 93, аг1о 46.

-Д1аеша текст. Стенах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Юьртах лаьцна)

-Маса предложении ю кхузахь? (Йиъ предложении ю)

-Муха хиира шуна? (Предложени чаккхенгахь т1адам буьллу , предложении доккхачу элпаца йолайо)

-Караде ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттаршна жоьпаш ло дешнаш. Х1ун элп дуьллу цуьнан чаккхенгахь?

Шардар № 94, аг1о 46.

-Д1аеша муьлхачу б1ог1амалгеранаш ю предложенеш?Х1унда ю уьш предложенеш? (Цара кхочушхилла ойла гойту)

-Муьлхачу б1ог1амалгеранаш предложенеш хир яц? Х1унда?( Цара кхочушхилла ойла гойту)

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)





5. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Предложенин тидам бар.

Шардар № 95 , аг1о 47.

-Д1адеша дийцар. Стенан тидам бира аша? (Предложенеш къастийна яц)

-Хьанах лаьцна ду дийцар? (Мовсарх)

-Х1ун боху Мовсарх лаьцна? (Мовсар кхоалг1ачу классехь доьшуш ву)

-Иза х1ун ю ?(Предложени)

-Х1унда ? (Цо кхочушхилла ойла гойту)

-Предложенин чаккхенга х1ун юьллу? (Т1адам)

-Муьлхача дашана т1ехьа буьллу т1адам? (Доьшуш ву)

-Иза муха лела? (Иза гуттар а ц1ена лела)

-И х1ун ю? (Предложени)

-Х1ун юллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Муьлхачу дашана т1ехьа буьллу иза? (Лела)

(Иштта толу текст)

-ИЗА дешан хьалхара дешдакъа муха ала деза? (Доца)

6. Рефлекси.

-Х1ун кхиамаш бехи аша?

7. Жам1 дар.

-Х1ун ю предложении?Муьлха тайпана предложенеш евзи шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 96 , аг1о 47.









Нохчийн мотт

Тема : «Дийцаран , хаттаран предложенеш»

1алашо: предложении кхочушхилла ойла гойтуш долу дешнаш хилар хаийтар ; предложенин тайпанаш (дийцаран, хаттаран) довзийтар. Церан башхаллех кхетор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду тайп-тайпана предложенеш х1унда хуьлу , царна иштта ц1ераш х1унда техкина .Берашна 1емар ду предложенеш вовшех къасто , 1емар ду церан чаккхенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна хуур ду йоьхна предложенеш тоян, чаккъенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 96 , аг1о 47.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Хьехархочо берашка шайна гучух лаьцна предложениш х1иттайойту. Бераша шаьш лелочух лаьцна предложенеш х1иттайо.



Со футболе оьхуш ву. Аса хаза суьрташ дохку. Мархас хаза йиш локху. Рукъет хаза хелхайолу.

-Х1ун ю аша ялийнарш? (Предложенеш)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана дуьйцур ду предложенех лаьцна. Аша карлабохур бу предложенех болу хама. 1емар ду предложенин тайпанаш къасто, церан чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Бакъо таллар.

-Д1аеша 49 аг1он т1ера бакъо.

-Стенна оьшу предложенеш? (Предложенш цхьа 1алашонца олу. Наха вовшашца т1екаре хуьлуш, хоту , цхьа хаам бо я цхьана х1уманах лаьцна дуьйцу)

-Муьлханиг ю дийцаран предложении? (Цхьа хаам бечу я цхана х1уманах лаьцна дуьйцучу предложенех дийцаран предложении олу)

-Х1ун юллу цуьнан чаккхенга? (Цуьнан чаккхенга т1адам буьллу)

-Даладе масалаш.

-Муьлханиг ю хаттаран предложении? (Шена чохь муьлха цхьа хаттар долчу предложенех хаттаран предложении олу)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Хаттаран хьаьрк дуьллу)

-Даладе масалаш.

аь) Йоьхна предложенеш нисъяр.

Шардар № 99 , аг1о 49.

-Х1ун ют хан школан? (Тхан школан беш ю)

-И муьлха предложению ? (Дийцаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Х1ун ю бешахь? (Бешахь синтарш ду)

-И муьлха предложению ? (Дийцаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Т1адам)

-Оха х1ун йийг1ина? (Оха дийг1ина и синтарш)

-Муьлш хьовсу школан беше? (Тхо хьовсу школан беше)

-Караде ХЬЕНАН? СТЕНАН? хаттарша жоьпаш луш долу дешнаш?(Тхан, школан)

-Муьлха элп яздина церан чаккхенга? (-Н)

б) Дийцаран, хаттаран предложенин тидам бар.

Шардар № 100, аг1о 50.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха предложении ю иза? (Хаттаран)

--Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха предложении ю иза?(Дийцаран)

(Иштта толу важа предложенеш)

-Муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина Ч1ЕГ1АРДИГ дош? (-ДИГ дешдекъехь доца шеконан мукъа аз И ду. Доца шеконан аз Г-ний, К-ний хьалха делахь элп И яздо)

4. Сада1аран миноташ.

Дог1а

Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,

Мархаш йоьлху, йоьлху.

Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -

Мала хи, к1а, мала.

К1ено охьатаь1ий:

Молу, молу, молу.

Мела дог1а, ца соцуш,

Дог1у дог1у, дог1у.

(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара

мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,

куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-

лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)





5.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Предложенин тидам бар.

Шардар № 101 , аг1о 50-51.

-Д1аеша текст. Д1адеша бераша вовшашка дела хаттарш, церан жоьпаш.

-Муьлха хьаьркаш дехкина хаттаран предложенин чаккхенга?Дийцаран?

-Д1аязъе.

6. Рефлекси.

-Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?

7. Жам1 дар.

-Х1ун ю предложении?Муьлха тайпана предложенеш евзи шуна?

8. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 104 , аг1о 52.

Нохчийн мотт

Тема : «Дийцаран , хаттаран предложенеш»

1алашо: предложении кхочушхилла ойла гойтуш долу дешнаш хилар хаийтар ; предложенин тайпанаш (дийцаран, хаттаран) довзийтар. Церан башхаллех кхетор.

Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду тайп-тайпана предложенеш х1унда хуьлу , царна иштта ц1ераш х1унда техкина .Берашна 1емар ду предложенеш вовшех къасто , 1емар ду церан чаккхенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна хуур ду йоьхна предложенеш тоян, чаккъенга оьшу хьаьрк х1отто. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшург лаха, цунах пайдаэца.

Урок д1аяхьар

1.Ц1ера болх таллар

Шардар № 104 , аг1о 52.

  1. 1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.

Шардар № 103, аг1о 51.

Х1ора а 1уьйранна сан коре дог1ий,

Хьо х1унда дека , х1ай хьоха?

Мерзачу набарха сов хьалхе воккхий,

Г1аттаво хьан хазчу озо.

Алахьа, сан жима доттаг1а , хьоза,

Со х1унда воьху ахь ара?

Доллий хьо со 1амо, хьо сана говза,

Бакъ илли, дог г1аттош , ала?

-Д1аеша и стихотворении. Стенах лаьцна ю иза? (Хьозанах лаьцна)

-Х1ун хоьтту автора хьозане? (Х1ора а 1уьйранна сан коре дог1ий,Хьо х1унда дека , х1ай хьоха?)

-Муьлха предложении ю иза? (Хаттаран)

-Муьлха хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенга? (Хаттаран)

-Д1аеша шолг1а предложени. Муьлха предложении ю иза? (Дийцаран)

-Х1ун юллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана? Берийн жоьпаш.

-Вай тахана дуьйцур ду предложенех лаьцна. Аша карлабохур бу предложенех болу хама. 1емар ду предложенин тайпанаш къасто, церан чаккхенга оьшу хьаьрк дилла.

3. Керла тема хьехар.

а) Предлошенешна чаккхенгахь оьшу хьаьркаш х1иттор.

Шардар № 105, аг1о 52.

-Д1аеша хьалхара предложении. Муьлха предложении ю иза? Х1унда? (И предложении ялийна берех лаьцна дийцархьама)

-Х1ун хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Д1аеша шолг1а предложении. Муьлха предложении ю иза? Х1унда? (И предложении ялийна цхьа х1ума хаттархьама)

-Х1ун хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Хаттаран хьаьрк)

(Иштта толу важа предложенеш)

Шардар №106 , аг1о 53.

-Д1аеша текст. Х1ун х1илла дина хилла авторна цу хьозано?

-Кара е дийцаран предлошенеш. Каран хаттаран предложенеш.

  1. Сада1аран миноташ.

  2. Керла тема кхин д1а а хьехар.

а) Дийцаран , хаттаран предложенех лаьцна болу хаамаш т1еч1аг1бар.

Шардар № 107, аг1о 53.

-Д1аеша хьалхара предложении. Иза муьлха 1алашонца ялийна? (Цхьа х1ума алархьама, дийцархьама)

-Иза муьлха предложении ю? (Дийцаран)

-Х1ун хьаьрк дуьллу цуьнан чаккхенгахь? (Т1адам)

-Д1аеша шолг1а предложении. Х1ун 1алашонца ялийна иза? (Цхьа х1ума хаттархьама)

-И муьлха предложении ю? (Хаттаран)

Х1ун юьллу цуьнан чаккхенга? (Хаттаран хьаьрк)

  1. Рефлекси.

Тобанашкахь болх.

1-ра тоба –Х1иттае 5 дийцаран предложении.

2.-г1а тоба –Хиттае 5 хаттаран предложении.

8.Жам1 дар.

-Муьлханаш ю дийцаран предложенеш? Хаттаран?

9. Ц1ахь бан болх балар.

Шардар № 103, аг1о 51