СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок по чеченскому языку на тему "Дешт1аьхьенаш"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Урок по чеченскому языку на тему "Дешт1аьхьенаш"»

Урокан ц1е: Дешт1аьхьенаш.

1алашо: дешт1аьхьенах кхетам балар.

Урокан декхарш:

дешаран: дешт1аьхье къамелан дакъа хиларх а, цуьнан нохчийн маттахь долчу декъах а лаьцна долу берийн хаарш шордар, дешт1аьхьенаш кхечу къамелан дакъойх къаьстина йазйан 1амор.

кхиаран: дешархойн барта а, йозанан а къамел кхиор; йоза нийсайаздар кхиор.

кхиоран: нохчийн матте безам бахийтар.

Урокан г1ирс: таблица «Къамелан дакъош», учебник «Нохчийн мотт 2 класс» автор Солтаханов Э.,презентаци «Дешт1аьхье», компьютер, проектор, д1асабекъаран г1ирс.

Урокан некъ

  1. Урокана кечам бар. Маршалла хаттар, белхан меттиг кечйар.(Слайд)

-Вайн х1инца нохчийн меттан йозанан урок йу. Тахана вай долчу хьошалг1а баьхкина хьеший бу. Маршалла хоттур ду вай цаьрга. Охьаховша. Х1инца вовшашка хьовсий делалол. Цкъа эша ма йойла шу вовшашка йолу марзо, самукъане дог-ойла. Дала аьтто бойла шун.

II.Ц1енайаздаран минот.

-Д1айазде таханлера терахь. (Слайд)

Оханан беттан 15-г1а де.

Классера болх.

-Х1инца ц1енайаздаран минот д1ахьур йу вай.

Ч1ама къехкош кет1ара,

Ч1ога ж1аьла летара.

Муьлха элп йаздийр ду вай тахана урокехь?(Ч1) (Слайд)

Даладе масалш элп Ч1 йукъадог1уш.

Д1айазде

Ч1 ч1 Ч1 ч1 Ч1 ч1 Ч1 ч1 Ч1 ч1

-Х1ун эр дара аша оцу элпах лаьцна?

III.Урокан ц1е а, 1алашо а х1оттор.

-Д1адеша дешнаш. Декъа уьш тобанашка. (Слайд) (Шишшаммо цхьаьна болх бо)

Школа, мерза, хьоза, ведира, говр, жима, лийчира, т1е, шийла, ловзу.

-Муьлхачу билгалонашца декъа мегар ду и дешнаш тобанашка? Маса тоба хир йу? Муьлханарш?

1-ра мог1а-ц1ердешнаш

2-г1а мог1а-билгалдешнаш

3-г1а мог1а-хандешнаш

Дешархошка доьшуьйту шаьш схьайаздина дешнаш, уьн т1ерачуьнца дусту. (Слайд)

-Йеша дешнийн хьалхара тоба? Муьлха къамелан дакъа ду и? Бакъде.

- Йеша дешнийн шолг1а тоба? Муьлха къамелан дакъа ду и? Бакъде.

- Йеша дешнийн кхоалг1а тоба? Муьлха къамелан дакъа ду и? Бакъде. (Слайд)

-Муьлха дош ду совнаха? Х1унда? (Слайд)

-Хьанна хаьа, х1ун ала мегар ду цунах?

-Хьан эр ду, стенах лаьцна дуьйцур ду вай тахана урокехь?

IV.Урокан теми т1ехь болх бар

-Тахана вай дуьйцур ду дешт1аьхье къамелан дакъа хиларх лаьцна; хуур ду дешт1аьхьенаш стенна оьшу вайн маттахь; кхечу къамелан дакъошца муха йазйо. Вайн урокан ц1е: «Дешт1аьхьенаш» йу.

-Суьрта т1е хьовсий, цунна ц1е тилла. («Акхарой хьуьнхахь», «Хьуьнан майданехь»). (Слайд)

-Йозанца жоьпаш ло хаттаршна.

-Суьрта т1ехь х1ун го вайна?

-Тарсал мичахь йу?

-Пхьагал мичахь лаьтта?

-Цхьогал мичахь 1уьллу дижна?

- Кхин муьлха хаттарш лур дара аша?

-Х1ун йохьу чано пхьаьрса к1елахь? (Серий)

-Х1ун йу чаний, цхьогалний йуккъехь?

-Акхарой х1унда лечкъа?

-Хаттаршна жоьпаш луш аша пайда ийцира дешнех: т1ехь, т1ехьа, к1елахь, йуккъехь.

-Х1ун олу царах?

-Нийса боху, уьш-дешт1аьхьенаш йу. Нохчийн маттахь шортта йу дешт1аьхьенаш: чу, чуьра, т1е, т1ехь, т1ера, к1ел, к1елахь, чохь, уллохь, чухула. (Слайд)

-Хаттар х1отто хьовса царна. Г1уллакх хуьлий шун?

-Дешт1аьхье – иза къамелан дакъа ду. Дешт1аьхьенашна хаттар ца х1оттало, уьш хийца ца ло.

Ткъа уьш вайн маттахь стенна оьшу жоп дала шу хьовсур ду, рог1ера т1едиллар кхочушдинчул т1аьхьа.

Хьехархо класса …..вахара. Иза г1анта …..охьахиира. Цо шкафа …..мел схьаийцира.

-Йеша предложенеш. Ала, оцу предложенерчу дешнийн вовшашца уьйр йуй? Х1ун т1е ца тоьу?

Дешт1аьхьенаш х1иттайе йукъа.

Дешархоша тетрадаш т1е д1айазйо предложенеш. Хьехархочо ц1е йаьккхинчу дешархочо йоьшу предложени.

-Дешнийн уьйр д1ах1оьттиний предложенешкахь? Х1ун г1уллакх кхочушдо дешт1аьхьенаша нохчийн маттахь?

- Нийса боху. Цара дешнашна йуккъе уьйр тосу.

-Алал, муьлхачу дашна т1ехьа лаьтта уьш? Х1ун къамелан дакъа ду и? Х1ун ала мегар ду? (Дешт1аьхьенийн уьйр ц1ердашца йу.)

-Тидам бе, муха йазйо дешт1аьхьенаш дешнашца?

Йоьшу бакъо, аг1о 101.

V. Учебника т1ехь болх бар.

Классан уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь а кхочушдо шардар 310.

Сада1аран минот.(Слайд)

П1елгаш

Оха йазди, дукха йазди,

Йозано тхан п1елгаш к1адди.

П1елгаш,1адда ма 1елаш,

Хьалхий-т1аьхьий идалаш.

Кхийса-кхийса-кхийсалуш,

Ида,ида, к1ад ца луш.

VI. Дешархоша шаьш болх бар.

Шардар 306.

VII. Жам1 дар.

-Х1ун хии вайна дешт1аьхьенах лаьцна?

1. Дешт1аьхье – къамелан дакъа ду.

2. Дешт1аьхьенаш хийца ца ло, царна хаттар ца х1оттадо.

3. Дешт1аьхьенаш кхечу дешнех къаьстина йазйо.

Тест (Тобанашца болх)

1.Нийсадерг харжа

А. Дешт1аьхьенаша предложенехь дешнашна йуккъе уьйр тосу.

Б. Дешт1аьхьенаша предложенехь дешнашна йуккъе уьйр ца тосу.

2.Кхечу дешнашца муха йазйо дешт1аьхьенаш?

А. Къаьстина.

Б. Цхьаьна.

3.Нийсадерг харжа

А. Дешт1аьхьенаш хийцало, царна хаттар х1отто мега.

Б. Дешт1аьхьенаш хийца ца ло, царна хаттар х1отто ца мега.

4.Муьлхачу предложенехь йу дешт1аьхье?

А. Бераш класса чу дахара.

Б. Урок йолайелира.

Толлу уьн т1е а хьовсуш. (Слайд)

- Йерриге нийса хьан кхочушйина ? Гайта басца.

-Цхьа а нийса хьенан йац? Гайта басца.

VIII. Ц1ахь: шардар 309, бакъо 1амо аг1о 101(Слайд)

IX. Берийн урокехь бинчу белхан мах хадор.

X. Рефлекси.

-Тахана вайна дуккха а керланиг девзи, урокехь тайп-тайпана белхаш кхочушби. Суна хаа лаьара, мухачу дог-ойланца д1аг1ур ду шу х1окху урокера, реза хиллий-те шу шаьш урокехь бинчу балхана . Гайта басца.




Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!