СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок родного чтения на тему " Дагаев Валид Шитаевич"

Категория: Прочее

Нажмите, чтобы узнать подробности

        Урок конспект  разработан по чеченскому языку для 4 классов , разработан урок с требованиями ФГОС . Структура урока оптимальна . 

Просмотр содержимого документа
«Урок родного чтения на тему " Дагаев Валид Шитаевич"»

Дагаев Валид Шитаевич

(1940 – 2016 шо)

Валид Дагаев вина 1940 шарахь 30 июнехь Соьлжа-Г1алахь. 23-г1а февралехь вайн нохчийн къам махках дохуш дика дагадог1ура Валидна.Оцу къизачу , халачу заманчохь лайна болу балех Валидан б1аьрса г1елдала дуьйлира. Генарчу Казахстанан аренашкахь д1аяхана цуьнан бералла. Жима волуш дуьйна илли алар дукха дезаш вара, шен илли алуш мукъам бан г1ирс оьшуш вара, амма цуьнан ден, ненан таро яцара и эца. Шен куьлган п1елгаш даьхнера Валида сереш т1е хьоькхуш, шегахь пондар болуш санна мот1арг1аш еш йиш локхуш. Т1аккха цуьнан дейишо Валидна балалайка белира. Дукха къа хьийгира жимчу Валида и 1амо г1ерташ. И 1емича шайн юьртахь г1арвелира иза. Валид ишколехь доьшуш вара. Аьхка колхозаший, совхозаший ялташ хьокхучу хенахь царна г1оьнна боьлхура дешархой а. Цигахь делкъана садо1учу хенахь колхозехь болх бечара, бераш а, вовшашца къийсалуш, иллеш олура. Казахийн меттахь илли элира жимачу Валида а. Ч1ог1а т1араш детташ,резахилла т1еийцира ладуг1уш болчара иза. Иллиалар, хелхавалар дукхадезаш вара Валидан да Шит1а а. Оцу хьокъехь къамел хьахаделча, Шит1ас олура «Сан к1ант, айхьа лелош дерг деза а дезаш,дош а хеташ, цунна чусадиллина ахь д1акхехьахь,т1аккх нахана а оьшур ву хьо,хьан г1уллакх а оьшур ду»… Валидан эшаршка безам бахийтинарг цуьнан нана Кулсам ю,цуьнгара схьаэцна цо халкъан мукъамаш.

Шен иллиаларан корматаллин болх д1аболина 1957 шарахь иллиаларан, хелхаваларан Государственный ансамблехь. Цуьнан хазачу, зевнечу озо шен г1уллакх дира, иза г1арвелира. Ша яздина иллеш олуш вара, к1езиг дацара кхечу авторийн дешнашца даьхна иллеш а. Артистан кхоллараллин некъ д1аг1уш бара яздархошца Мохьмад Мамакаевца,Ахьмад Сулеймановца, Мохьмад Дикаевца, Ахьмад Сулаевца, Шаид Рашидовца. Цара язъйина стихотворенийн дешнашна мукъам кечбой д1алокхура иллеш.Шен иллеш Валида нохчийн дечиг пондур т1ехь лоькхуш яра. Цо д1аолучех иллеш ду «Даймехкан косташ», «Нана», «Зама», «Ца вевзачу салтичун каш». Шен иллешна юккъехь къастош, Валидна шена дезаш «Зама» ц1е йолу илли ду.

Валид Дагаевн иллешийн коьрта теманаш Даймахках, халкъан маршонах, ц1ена безамах, г1илакхах, 1аламах лаьцна яра. Ша сатийсиначу Даймахках,шена дезачу нохчийн халкъах, нене болучу безамах,дайн г1иллакхах лаьцна, к1орггера чулацам болуш хуьлура цуьнан иллеш.Дагаевн иллешкахь къеггина гуш нохчалла яра. «Нохчий» боху дош дукха хаалора цуьнан иллешкахь. Валидо шен иллеш олура казахин, киргизин, гуьржийн, г1умкийн, оьрсийн меттанашкахь.

Цо иллеш аьлла Украинехь, Гуьржийн махкахь,Казахийн махкахь, Дег1астанехь,Москвехь. Миччахь и шен гастролашка вахча ,ч1ог1а дика,хазахеташ т1елоцура иза.

1972 шо - Лауреат Всероссийского конкурса в Ростове-на-Дону.

1973 шо – Звание «Заслуженный артист» РСФСР.

1988 шо – Звание «Народный артист» РСФСР.

2016 –г1а шарахь иллиалархочун дахар д1ахедира,цуьнан валар нисделира. Амма иза кху дуьненчуьра д1авахарх, вайх д1акъастарх, Валид вайн дегнашкахь вехар ву. Дахаран ницкъ ойуш, халкъан дог-ойла юьйцуш декар ду РФ-н Халкъан артистан сийлахь ц1е лелийначу халкъан везачу иллиалархочун Дагаев Валидан зевне аз. И вай виц вир вац, виц ва йиш яц, х1унда аьлчи и вайн исторехь,дахарехь дакъа лаьцца ву.