Нохчийн мотт
Тема: «Дешнаш сехьадахар»
1алашо: дешнаш сехьадахаран бакъонаш йовзийтар, царех йозанахь пайдаэца 1амор.Сехьа даха йиш йоцу дешнаш довзийтар, церан бакъонаш йовзийтар. Ойлаяр , тидамбар кхиор.
Билгалбаьхна кхиамаш:берашна хуур ду нийса дешнаш цхьана мог1анера вукха мог1ане даха; берашна хуур ду учебникана т1ехь болх бан, оьшу материал лохуш.Берашна хуур ду цхьана дешдекъах лаьтта дешнаш сехьа даха ца магар, цхьана элпах лаьтта дешдакъа мог1нехь ца дитар, я мог1анера сехьа а ца даккхар хуур ду. Хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала хуур ду берашна.бераша йоьхна предложенеш нисйийр ю.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар.
Шардар №84 аг1о 31.
Бакъо аг1о 30.
_Муха деккъа аша дешнаш? (Бе-къа,к1е-за)
-Муха сехьадаха деза дешнаш ?
2.Ц1ена язъяр.
Котам ю цецъяьлла екаш:
К уй ра д у к1орнешиа тебаш.
Каметас, д1айовдий. чехка,
Кегпйнаш' ц1елиг чу духку.
Каметас, и-котам 1ехош, .
.Куьйраниа'топ кхуссу. кхерош
-Муьлха элп чздийр ду вай тахана? (кк)
Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк Кк
3.1алашо йовзийтар.
-Д1адеша вай тахана талла дезаш долу хаттар.(Муьлха дешнаш мегар дац сехьадаха?)
-Х1ун 1амор дув ай тахана?
-Вай 1амор ду дешнаш сехьадаха, хуур ду муьлха дешнаш сехьадаха мегар дац.
4.Керла тема хьехар.
Уьн т1е д1аяздо дешнаш.
Эса. Ама, стаг, топ, хьач,Яха.
-Шина тобане декъа и дешнаш.Муьлха дешнаш яздина хьалхарчу тобане? (Эса,Яха, Ама)
-Х1ун билгалонца яздина ахьа уьш цхьана тобане? (Шина дешдекъах лаьтта)
-Муьлха дешнаш далийна шолг1ачу тоьане? (топ, стаг, хьач)
- Х1ун билгалонца яздина ахьа уьш цхьана тобане? (Цхьана дешдекъах лаьтта)
Д1аеша 32 аг1он т1ера бакъонан хьалхара дакъа.
-Муьлха дешанш дог1у цу бакъонна? ((топ, стаг, хьач)
Д1аеша 32 аг1он т1ера бакъонан шолг1а дакъа.
-Муьлха дешанш дог1у цу бакъонна? (Эса,Яха, Ама)
-Муьлха дешнаш сехьа даха ца мега?Д1аеша бакъо.Вовшашна йийца.
Т1еч1агдар.
Шардар №82 аг1о 32.
-Муьлха дешнаш ца мега сехьадаха? (оьпа..)
-Муха сехьадаккха деза шовда дош? (Шов-да)
5.Сада1аран миноташ.
П1елгаш
Оха язди, дукха язди,
Йозанотхан п1елгашк1адди.
П1елгаш,1адда ма 1елаш,
Хьалхий-т1аьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида,ид а, к1ад ца луш.
6.Керла тема кхин д1а ахьехар.
а)Дешнаш сехьадахар
Шардар №88 аг1о 32.
-Д1адеша билгалдаьхна дешнаш.
-Муха сехьадаккха деза Аружас боху дош?(Ару-жас)
-Муха сехьадаккха деза Абубакаран дош? (Абу-ба-ка-ран)
6.Рефлекси.
-Муьлха дешнаш мегар дац сехьадаха?
7.Жам1 дар.
Х1ун керланиг 1еми шуна урокехь?
-Х1ун дара халаниг?
8.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 89 аг1о 32
Бакъо аг1о 32