Нохчийн мотт
Тема : « Предложенин коьрта меженаш»
1алашо: предложенин коьрта меженаш йовзийтар. Коьрта меженийн маь1на , хаттарш довзийтар.
Билгалбаьхна кхиамаш :берашна евзар ю предложенин коьрта меженаш йовзийтар, 1емар ду уьш предложенахь йовза , царна хаттарш дала, билгалъяха. Берашна 1емар ду учебникаца болх бан , оьшу материал лаха цунах пайдаэца.
Урок д1аяхьар.
Ц1ера болх таллар.
Шардар № 115, аг1о 59.
-Д1аеша предложенеш. Муьлха предложенеш ю аша язйинарш?
Ч1ЕГ1АРДИГАШ дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Доца шеконан мукъа аьзнаш И,А,У хезаш хилча Г-ний, К-ний хьалха элп И яздо)
ОЛХАЗАРШНА дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (Доца шеконан мукъа аьзнаш И,А,У хезаш хилча хьалха элп а яздо)
ТАЙНИГ дош муьлхачу бакъонна т1едоьг1на яздина? (АЗ И деха хезаш хилча , цунна т1ехьа элп Й яздо)
1алашо йовзийтар. Дешаре шовкъ кхоллар.
Уьн т1е д1аяздо.
-Предложенина т1етоха оьшу дош дар билгалдеш долу.
Хьехархочо (Х1ун до? ) ….. дешархошна.
Яздархочо книгаш (Х1ун до? )….
-Стенах лаьцна дуь1цур дув ай тахана? Д1аеша урокан ц1е.
-Вайна евзвр ю предложенин коьрта меженаш, 1емар ду царна хаттарш дала , предложенехь уьш йовза билгалъяха.
3. Керла тема хьехар.
Суьртех лаьцна предложенеш х1иттош коьрта меженийн тидам бар.
-Х1ара мила ю ? (Аминат)
-Х1ун до Амината? (Аминат книга йоьшу)
-Х1ара х1ун ю ? (Борз)
-Барзо х1ун до? (Борз ч1ога уг1у)
-Д1аязъе предложенеш.
-Хьанах лаьцна дуьйцу хьалхарчу предложенехь? (Аминатах)
-Хаттар ло цунна? (Йоьшу хьан? Амината)
-Муьлхачу хаттарна жоп ло АМИНАТА дашо? (Хьан?)
-Иза предложенин коьрта меже ю . Цунах подлежащи олу.
-Амината деш дерг муьлхачу дашо билгалдо? (Йоьшу)
-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Амината х1ун до? йоьшу)
-Иза коьрта меже ю. Цунах сказуеми олу.
-Д1аеша шолг1а предложении. Кара е коьрта меженаш. сиз хьакха, сказуемина буха ши сиз хьакха.
-Билгалъяха коьрта меженаш. Подлежащина буха цхьа
аь) Бакъо таллар.
-Д1аеша бакъо.
-Муьлханаш ю предложенин коьрта меженаш?
-Х1ун гойту подлежащино? Цо муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?
-Х1ун гойту сказуемино? Цо муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?
б) Предложенин коьртачу меженин тидам бар.
Шардар № 118, аг1о 59.
-Д1аеша хьалхара предложении. Хьанах лаьцна дуьйцу цу т1ехь? (Берах)
-Хаттар ло цунна? (Муьлш? )
-И муьлха меже ю ? (Подлежащи)
-Цунна буха муьлха сиз хьокху вай?
-Бераша деш дерг муьлхачу дашо гойту? (Ловзу)
-Хаттар ло цу дашана? (Х1ун до?)
-И муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Цунна буха муьлха сиз хьокху вай?
(Иштта толу важа предложенаш)
б) Берашка шайга болх байтар.
Шардар № 119 , аг1о 60.
4.Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо мархаш лоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Надамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьатаь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у дог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара
мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа,
куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьа-
лаерзайо, т1аккха охьаерзайо)
5. Керла тема кхин д1а а хьехар.
а) Суьртех лаьцна предложенеш х1иттор , уьш таллар.
Шардар № 122, аг1о 61.
-Х1ун хийцамаш хуьлу 1ай пхьагалан? (Пхьагало 1ай бос хуьйцу)
-Стенах лаьцна ю предложении? (Пхьагалах)
-Хаттар ло цунна? (Хуьйцу СТЕН? пхьагало)
-Иза муьлха меже ю? (Подлежащи)
-Х1ун гойту подлежащино? (Предложенехь хьанах , я стенах лаьцна дуьйцу гойтучух подлежащи олу)
-Пхьагало деш дерг муьлхачу дашо гойту? (Хуьйцу)
-Цо муьлхачу хаттарна жоп ло? (Х1ун до? хуьйцу)
-Иза муьлха меже ю? (Сказуеми)
-Цо х1ун гойту? (Подлежащинах лаьцна х1ун олу гойту сказуемино)
(Иштта толу важа предложенеш)
6. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
Подлежащих лаьцна дуьйцу
Коьрта меже ма ю со.
Х1ун до ? дина? Я дийр ду?
Хаттаршна ас жоьпаш ло…СКАЗУЕМИ
Сказуемино сайх лаьцна дуьйцу
Мила? х1ун? Я хьанна? Стенна?
Хаттаршна со жоп луш ду.
Хьан? Я стен? Я хьаьнга? Стенга?
Боху хаттарш а диц ца ло…ПОДЛЕЖАЩИ
-Сказуемин муьлха билгалонаш ялийна стих т1ехь?
Подлежащин муьлха билгалонаш ялийна стих т1ехь?
7. Жам1 дар.
-Предложенин муьлха коьрта меженаш евза шуна?
-Стенах олу подлежащи? Цо муьлхачу хаттаршна жоп ло?
-Стенах олу сказуеми? Цо муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло?
8. Ц1ахь бан болх балар.
Шардар № 121 , аг1о 60 . Бакъо.