Урокийн ц1е: Шала мукъаза элпаш.
1алашо: Хаа деза, дешнийн чаккхенгахь шала мукъаза элпаш маца яздо.1аламе болу безам ч1аг1бар.
Урок д1аяхьар
1.Ойла т1еерзор.
2.Хьалха 1амийнарг карладаккхар. Уьн т1ехь хьалххе яздина: Хьо мичара вели Юнус.
Суьйре дика хуьлда хьан Зойрбек - чоьхьа велира Юнус.
Диканца дукха вехийла. Деллахь Юнус х1ун дахьаш вог1у техьа хьо - сингаттаме хаьттира Зойрбека.
Вониг ца деъна. Диканиг дахьаш веъна. (I. Дадашев)
Х1окху диалогехь х1иттаде оьшу сацаран хьаьркаш. Йийца уьш яхкаран бакъонаш.
Муха ду диалог бохучу дешан лексически маь1на? Даладе масалш.
Билгалдаьхначу дешнашкахь билгалдаха мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Мукъазниш муха ду дийца.
Й боху аз дуй оцу диалогехь? Муха ду цуьнан маь1на?
3.Ц1ахь бина болх таллар.
I. Шина дешархочо уьн т1ехь язйо шаьш ц1ахь схемашца х1иттийна предложенеш.
Дуьйцу, ма-дарра къамелехь дохку сацаран хьаьр- кех лаьцна а, ма-дарра къамел стенах олу а.
2. Схьадийца шаьш ц1ахь дешнаш т1ера билгалдаьхна мукъаза зевне а, къора а, легашна т1ера а аьзнаш.
Дийца, церан кхолладаларехь муьлха башхаллаш ю.
4.Керла коьчал йовзийтар.
Хьехархочун дош.
Тахана 1амош йолу коьчал вайна хаа декхар долуш ю аьлла хета. Х1унда аьлча, шала ши элп чаккхенгахь яздеш долу ц1ердешнаш а, церан нийсаяздаран бакъонаш а хьалхарчу урокашкахь 1амийна, дуккха а болх бина уыи дагахьлатторхьама.
Хьанна дагадог1у и ц1ердешнаш? Царна юкъахь г1алат долуш яздеш дерш муьлхарш дара, бакъонаш ца хиъча?
Еша 79-чу аг1он т1ера 28-г1а §. Ца кхеташ дуй х1умма а?
Цхьадолчу дешйийн чаккхенгахь шала мукъаза элпаш маца яздо? Дал аде масалш.
Уьн т1ехь а, тетрадаш т1ехь д1аяздо дешнаш: илли, паччахь, меттиг, сингаттам, чуьппалг, эппа- за, яппарш, мехкдаьтта.
Орамехь шала мукъаза ши элп маца яздо? Буха сиз хьакха орамерачу шалачу мукъазчу элпашна.
5.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушдо 139-г1а шардар. Къовларшна юккъехь язде, маса аз а, элп а ду xlopaдашехь.
Муьлхха а царех 5 дош юкъа а далош, х1оттае 5 предложени: дийцаран, хаттаран, айдаран. Шинна бе синтаксически къастам.
Кеп: Нанас худар mle довха даьтта доьттира.
Бакъонца ца дог1у дош д1адаккха:
а) г1уллакх, г1иллакх, бералла;
б) бутт, мотт, дитт, бат;
в) балл /стом/бал/хелхаран/, нал;
г) стом, г1айг1а, балл, мутт.
6.Дозуш долу къамел кхиор.
I. XIapa дешнаш юкъа а далош, цхьана кехат т1ехь язъе жима сочинени, диалог юкъахь а йолуш:
Йоккха беш, деда, вина юрт, каникулаш, довха денош, дитт, баьллаш, мутт, банка, rloдар, дененан бар- калла, цуьнан дикалла, халахетарца къастар. - Ц1е тилла жимачу сочиненина.
7.Рефлекси.
Ц1ахь бан болх.
1амае 28-г1а §. 26-27-г1ий §§ карлаяха.
Кхочушде 141 -rla шардар.
Тетрадаш т1е д1аязъе кехат т1ера жима сочинени.