СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

В канун Нового года

Нажмите, чтобы узнать подробности

В канун Нового года

Просмотр содержимого документа
«В канун Нового года»

Т1екхочуш ду Керла шо. Керлачу шарца даима керла сатийсамаш хуьлу адаман.

Д1адоьдучу шарца д1аг1ойла лаьа ерриге сингаттаме ойланаш, цамгарийн баланаш,дуьненан цатемаш.

Делахь а, дерриге вон ца хуьлу д1адоьдучу шеран а. Уьнан ца бевзачу балано дегнашкахь сингаттам латтийнехь а, аса Далла хастам бо сайна дуккха а пох1малла долу керла адамаш довзарна.

Рашидов Шаида ма - аллара:"Адамаш ду лекха лаьмнаш..."

Сайн кхолларалла езаш шортта адамаш а карий, хьоьгу къа эрна доций хоуьйтуш.

Со,Татаева Хьурмат Вахаевна, нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш ю Хасавюрт к1оштара Хамавюртахь А. М. Аджиевн ц1арах йолчу юкъарадешаран ишколехь. Университет чекхъяьккхина Соьлжа-Г1алахь. 1986 шарахь дуьйна дуьххьара кху юьртахь нохчийн мотт хьеха йолаелла. Цул т1аьхьа дахаран къилба хилла д1ах1ьттина сан ненан мотт. Ненан маттах лаьцна байташ йазъеш, ненан матте безам кхио йолаелира берийн дегнашкахь. Кхечу къаьмнийн бераша а 1амийна сан урокашкахь нохчийн мотт.

Берийн кхиамаш хилча ч1ог1а хаза а хета.

Даггара баркалла ала лаьара массо а нохчийн меттан хьехархочунна а, Ассоциациин куьйгалхочунна Бергоева Айзанна а, нана-доьзал вовшах а тоьхна, ненан матте безам кхиорна.

Байханов И., тхан лерам а беш, тхо тесна ца дитарна, министр волуш а, ректор волуш а.

"Марзонан кхерчан" тобанан куьйгалхочунна Исмаилов Сайханна а, массо а кхоллараллин адамаш вовшахтохарна.

Даггара баркалла ала лаьара Умаханова Джамилина, шен пох1малла долу, г1иллакхе, оьздачу дика ден дика йо1 а хилла, цо бина болх д1а ца тосуш, Махачкалехь Радион ц1ийнахь нохчийн маттахь передачаш а кечъеш, дахаран къилба а дина болх беш ю т1аьхьарчу 18шарахь.. Шена мел хала хиллехь а, ненан мотт к1орггера бовза йиш ца хиллехь а, амма саццаза цу т1ехь болх беш схьайог1у иза.Нохчийн маттаца з1е д1а ца тосуш, пох1малла долу адамех лаьцна мехала передачаш кечъеш схьайог1у иза. Бакъду, балхахь а, ехачу Г1алахь а ма-луъу нохчийн мотт бийца аьтто ца хуьлу цуьнан.

Джамиляс хьанал беш болу болх тидаме ца оьцуш ца бисина,Сийлаллин грамоташца, совг1аташца билгалйоккхуш иза, лерам бина.

Дала кхиамашкахь совйоккхуш, дуккха а, ирсе а ехийла Джамиля!

Баркалла ала лаьа Ясаев Мохьмадна, сан Ахьмад-Хьаьжа Кадыровна лерина байташ мукъамаш ка йерзийна цо.

Мамуева Лизас, Абубакарова Зезага,

Рахаева Мадинас, Магомадов 1усмана д1алекхна сан дешнаш т1ехь эшарш. Пох1малла хиларан совнаха, ч1ог1а догц1ена адамаш уьш хилар билгалдели.

Ноябрь бутт чекхболуш

дакъалецира Горгачу столехь Г1алахь,нохчийн нийсайаздаран дошам йийцаре еш. Даггара баркалла дешаран министр хилла волчу Байханов Исмаь1ална.

Аьхка, кхиамаш дешархойн дика хиларна, Аджиев Таймасхана (цуьнан ден ц1арах ю школа), шен чоьтах тхан хьехархой Дербенте бигира. И ч1ог1а хазахийтира тхуна.

Массарах а лаьцна дийца а, яздан а хан а тоьур яц.

Сайн белхан накъостий, тхайн директор Аджиева Наида, массо а йиш-ваша, массо а дика адамаш Керлачу шарца декъалдеш, ала лаьара:"Дала ирсе дойла, уьнан бала чекхболуш, маьрша дахар толуш, ненан мотт кхуьуш, берийн ирсе аьзнаш декаш!"

Татаева Хурмат Вахаевна

26.12.21г