СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Шардарш. Ц1ердош.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Шардар № 1. ЦIердешнийн дожарийн чаккхенашца догIу цIердешнаш даладе, билгалдаха церан легарш.

Дл.- ан -нан -ин - чун; -ийн -нийн -арийн -ийн -йн

Л - ана -нна -ина -ашна -нашна -аршна -шна -шна

Др - -о -но -но (ас) - чо -аша -наша -арша -ша -ша

К - -аца -нца -ица -чуьнца -ашца -нашца - аршца -шца -шца

Х - -ах - нах - их -чух - ах -нех -рех -ех -йх

М - -е -не - ига - чуьнга -ашка -нашка -аршка -шка -шка

Дс- -ал - нал -ил -чул -ел -нел - арел -ел -йл

Шардар № 2. ДIаязде цIердешнаш. Билгалде церан легарш. Чаккхенашна кIел сиз хьакха.

Тийналла, марзо, дарба, хьовзам, ирс-аьтто, тIоьрмиг, мангал, цIе, алу, ной, гIа-буц, оьрси, верта, акхаро, ламаз, лор, кхаъ, говзалла, десте, коч, хьаша, чорпа, эла, уьстагI, малар, гали, дохк, ворда, аре, хIоз, майра, бIаьхо, говзанча, немцо, юьртахо, доттагI, леча, чан, гIуй, доьхка, суьйре, арц, бел, ност, уьйриг, дуьрста.

Шардар № 3. Схьаязде упражненера цIердешнаш. Легаде уьш, дожарийн чаккхенашна буха сиз хьокхуш.

Сирла яра операционни чоь. Коьртера когашка кхаччалц, яххьаш а цхьаьна, кIайн духар дуьйхина вара чохь мел верг, цхьа коьрта хирург Александра Петровна йоцург, массо а. Цунна тIехь, догIан марха санна, кхоьлина халат яра. Со тIехь аркъал Iуьллучу стоьлана шина агIор дIахIоьттира виъ-виъ, бархI студент-ассистент. ТIебирзийначу операцин чиркхо серлаяьккхира наркозан мехашца яхо еза меттиг. Наркоз дилхо тIеоьций хьожуш таллам бина яьлча, хирурго дIаболийра сан бераллехьа «хеназчу» Iожаллина дуьхьал болу къовсам. Цо бечу балхана тIебогIабелира ассистенташ. Хирурган урс кийра кхаьчча, дегIехь бисина берриге ницкъ гулбеш, лазорна сатоха хьаьжира со. Мухха делахь а, аз делира сан багара:

- Хьаьжи! Делан пурбанца, гIо дехьа! – аьлла. Сан багара и аз даларца иссистентех цхьаъ сан юьхь тIе тIаьIира:

- Нохчо ву хьо? – аьлла.

Ас хала жоп делира:

- Ву. Цхьа хин тIадам лохьа. Цо, дукха сиха дадийна, хи деара. Ассистенташ Александра Петровнига хьаьвсира:

Уьрса кIелахь волчунна хи дала мегар дуй, ткъа?

Мегар ду, - элира хирурго, - кийра кхочур дац: «Непроходимость пищевода, сотрясение мозга, ранение…» боху дешнаш дагардира.

- Операци чекхйолуш ю. Сатохалахь, - олуш, яхьеваьккхира со хи деллачо.

Хезаш а, хаалуша дара чевнашна тIаьххьара махабаккхар. Ангалин стоьлах зевне аьзнаш декара скальпель, зажим, турникет охьайохкуш. Александра Петровнас хирургически каранаш карчош, озош, дIадехира. Доккха садаьккхира. КIайчу куйнан йист яшош даьлла хьацар гамбиначу хьажочу пIелгаца дIа а хьокхуш, дош айдира цо:

- Далла хастам бу! Операци йина ели! Мацаллий, хьогаллий ца валийта тухуш хилла лазаме маха кхин ма тоха. Трубки чухула кочачу кхачанца кхобур ву: еа рожехь ахлитр чекхъяккхаза хьелийн шура а, 25 грамм налха а, 25 грамм гIум-шекар а эдина кхача хир бу рационехь, меню хуьйцу хан кхаччалц. ХIан, дIавига…

Наха къастийна Iела а, Солта а, Доша а витина шеца СаьIад а, Iабди а, Инарла а эцна Соьлжа-ГIала вахара Гати-Юьрта веана пурстоп. Тхо дуьхьал дац, аш МаIазов Лорса шайн юьртан молла харжарна.

Наб кхетта Iуьллу йоI меллаша схьаэцна, Болатана улло а йиллина, йоIIиллинчу хьардаш тIе истанг а тесна, ДанчIина мотт биллира Хедас.

Шуна дагадогIу-кх дIадаханчу шарахь Шелахь мел дика хьаьвзира Чермин Орца, Мустапан Девлатмирза, ВахIабан Iоду; молланаш Хордан Iабдулкъедар, Исламан Идаг, Iабдуллин Мустап, Боьршикан Махьмуд.

Шардар № 4.ТIадамийнметта маьIница хила дезаш долу цIердешнаш хIиттаде. ЦIердешнийн дожар, терахь билгалдаккха.

Дитташ тIера охьаоьгу можа . ЧIогIачу охьаэгадо тIаьххьара . Довхачу дийнахь Соьлжи чохь луьйчаш дара . Стигалахь дукха ду, амма царна юккъехь цхьаъ бен бац. Иза хи дуттуш яра. Бовхачу якъийна гIа-буц гурахь чудерзийначу гIодамийн баса яхнера. Бешара дIабирзина, мукъаваьллера и шиъ.

Шардар № 5. ДIаязъе предложенеш. ТIаккха царна юкъара билгалдаьхна цIердешнаш схьаязде дожарийн рогIаллехь.

Абубешара бухка дIалецира. Цхьана а гIиллакхцаа, оьздангаллицаа, къонахаллица а, акхараллица бен, догIуш хIума дац хIара ахьа лелош дерг. «ХIунда боху ахьа?» - элира цо дечу къамелах шекваьллачу Абубешара. ЧIогIа ойла ян хIоьттира Абубешар. Ша тIекхоччушехь салам делира ДаргасДурдига. Дарга, вела а къежна,буфет чу вахара. Дурдинадуьхьал а вирзина охьахиира Дарга. Дукха хан ялале Дурдин къамел доладелира.

Шардар № 6.ДIаязде хIара цIердешнаш. Къовларшкахь легарш билгалдаха.

ТIум, леча, гIант, орам, хьун, гIан, Iам, ча, моьлкъа, мохк, лор, кор, сом, маха, газа, рагI,Iуьйре, де, дегI, дохк, болх, пхьош, зуда, къам, тIам, тIом, дахка, бепиг, да, йиша, белхало, сара, га, гIа, доьхка, такхор, нана, ялта, мача, илли, гу, нуй, бехк, гIум, урх, буц, корта, амал.

Шардар № 7. Шаьш дага а лаций, хьалхарчуй, шолгIачуй легар чу догIу кхоккха дош дожаршца легаде.

Шардар № 8. ДIаязъе предложенеш. Царна юкъара схьа а харжий, хIора легар чу догIу цхьацца цIердош легаде.

Де – дийне мел долу хазлуш ю гIала. Толур воцу дархо санна, дIадаьккхинера дитт. ЦIаьххьана кхуьнан кийрахь цхьа цIе яьржира. Малх чубузуш бара: инзаре – боккха къеггина-цIен хIоз хIорда тIехуласецнера. ХIордкема, тулгIенаш тIехь кхийса а луш, дIадоьдуш дара. Дукха хан йоццуш оцу меттигашкахь масех де даьккхира аса. Буьйса яхъелира кхунна.

Шардар № 8. ДIаязъе предложенеш. БилгалдаьхначуцIердешнийнтерахь, дожар, легаркъастаде, чаккхенашбилгалъяха.

ТхойшиъкIотархойнбошмашкакхочуш, цIеххьанаяьхкинчумархашачубузабирзинамалхкъайлабаьккхира. ВоккхачушинастагехьаьжжинчохьвисначуАнзоранбIаьргашцхьатамашенакъегинера. Дистина деанчу хиэ иза охьавадийра, бухахь керчачу тIулгаша лазорна кхерам бара. Салмана адамехь боцчу ницкъаца мохь хьаькхира. Ижуна тIекхоссало цIоькъа – лом санна, дIакхоссабелира сира дин. Доккхачу татанца, еттачу бергашца цо схьайоху лаьттан коржамаш генна ирхъоьхура.

Шардар № 9. Схьаязде цIердешнаш хIокху рогIаллехь: 1-чу легар чудогIурш, 2-чу легар чудогIурш, 3-чу легар чудогIурш, 4-чу легар чу догIурш.

Йоза, аьхке, кхор, йовхо, кIомсар, шайтIаналла, ахархо, дошло, гIала, коч, хьоста, шовда, гу, маккхал, жIала, дикалла, цIердош, мангал, юьртахо, гIашло, доьхка, къонах, чамда, бIара, йийбар, момсар, мангалхо, хабарча, жIов, лам, хьостам, хьун, хабар, керт, дийцар, маьждиг, ирс, хьархо, гуьржи, чIинхо, аре, белгIато.

Шардар № 10. ДIаеша предложенеш. Схьязъе долахь цIераш, легарш билгалдаха.

Вотанца, пондарца, лоькхучу эшаршца керлачу хIусаме боьду некъ юьхьарлецира Маликас. Со а, Ваха а, Iела а стадионе ваха дагахь ву. Дукха хан ялале Органна тIехула долчу сераш тIе схьагулделира тайп-тайпана олхазарш. ТIоьрмиг чуьра сискаллий, кIалддий, хоххий схьаэцна, тIе шийла шовда а молуш, хIума юуш Iачу Халидана тIекхечира говрахь вогIуш волу хьуьнан хехо Аьстамир. Говрашкахь беха некъ бина, Сайд-Эминий, Сайд-Хьамзаттий гIелвеллера. Берашна баркалла а аьлла, стоьмаш чохь долу тускар а эцна, машена тIе вахара Султанний, Салманний. Нохчийн вевзаш волу, яздархо Кусаев Iадиз вина 1938-чу шеран январан 3-чу дийнахь.

Шардар № 11.ДIаязъе лахахь ялийна долахь цIераш. Къовларшкахь билгалдаха церан легарш.

ВахIид, Ахьмад, Адам, Сайд-Хьамзат, Амнат, Марьям, Зухра, Элита, Лайлаъ, Зулпаъ, Элиза, Саламу, Iусман, Iиса, Билал, Муса, Луиза, Iаьрби, Жарадат, Асмаъ,Сайд-Эми, Зараъ, Нурбика, Хьава, ТIаус,Абубакар-Сидекъ,Iабдул-ВахIаб, Лиза,Сайд-Мохьмад, Сайд-Хьуьсен, Iабдул-Малик, Iад-Рахьман.

ХIора легар чу йогIу цхьацца ц1е дожаршцалегае. Чаккхенаш билгалъяха.

Шардар № 12. ТIадамийн метта оьшу дожарийн чаккхенаш а йохкуш схьязъе, кIел сиз хьакха, хаттарш х1иттаде.

Тхойшиннан говр… йоргIа эцна йоьлхуш яра. ТIе а вахана хьаьжча, иза хилла адам… коьрт… туьта. Меллаша Бора… тIе а вахана, цуьнан ворта… а хьаьрчина, нан… бер санна, хьаставелира со цунна. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, со тхан деваш… ша волчу дIавигира. Аьтту агIор дIахьаьжча, иштта гуьйре… можачу духар…, лаьтташ лекха раьг1наш ю. Со эвла… араваьлча, кIезиг шед айеш, говран урх малйира ас.

Деллахьа, цу йоза… хьайна йиталахь и! – олий, аз айдой, йистхуьлура Бано шен жимачу веш… Кху арарчу олхазар… уггаре а йоккха ю дарта.

Шардар № 13. Цхьана дешархочо цIердош даладо, вукхо цуьнан дожар билгалдо, муьлхачу легар чу догIу олу и дош. Юха хийцало и ши дешархо: хьалха цIердешнаш далийначо, хIинца дожар а, легар а олу, вукхо цу чу догIу цIердешнаш даладо. Вукху дешархошкаа гIо дойту.

Масала:

Дикаллина – лург дожар, 3-гIа легар; гуьйренах – хотталург дожар, 2-гIа легар ишт. дI. кх. а.

Меттигниг дожар, 1-ра легар –соьме, лург дожар, 4-гIа легар – чIинхочунна ишт. дI. кх. а.

Шардар № 14.Цкъа хьалха дожарийн цIерш хила езачу рогIаллехь дIаязъе, тIаккха дешнаш оцу дожаршна дуьхьал нисдеш, дIаязде.

Меттигниг, Сайд-Эмих, Сайд-Эмин, дустург, хотталург, доланиг, коьчалниг, Сайд-Эмис, Сайд-Эмига, Сайд-Эмина, лург, цIерниг, Сайд-Эми, Сайд-Эмил, Сайд-Эмица, дийриг.

Иштта легае хIара цIераш, билгалдаха церан легарш: Абу-Бакар, Iабдул-ВахIид, Iумар-Iела.

Шардар № 15. ДIаязбеаламаш. БилгалдаьхначуцIердешнийнтерахь, дожар, легаркъастаде, чаккхенашбилгалъяха.

ТхойшиъкIотархойнбошмашкакхочуш, цIеххьанаяьхкинчумархашачубузабирзинамалхкъайлабаьккхира. ВоккхачушинастагехьаьжжинчохьвисначуАнзоранбIаьргашцхьатамашенакъегинера. Дистина деанчу хиэ иза охьавадийра, бухахь керчачу тIулгаша лазорна кхерам бара. Салмана адамехь боцчу ницкъаца мохь хьаькхира. Ижуна тIекхоссало цIоькъа – лом санна, дIакхоссабелира сира дин. Доккхачу татанца, еттачу бергашца цо схьайоху лаьттан коржамаш генна ирхъоьхура.

Шардар № 16. ТIе ма-хьаьжжана шолгIа легар къаьсташ долу дешнаш билгалде, легаде уьш. Чаккхенаш билгалъяха.

Деца, наиб, къеда, маьхча, дошло, чарто, вошалла, гали, адмалла, кафедра, литература, бIара, аре, пурба, гIурба, ога, жIала, хьач, аз, зIок, хелхарча, гIоьнча, майралла,стогалла, культура, школа.

Дисина кхаа легар чу догIу пхиппа дош даладе, царех шишша дош легаде.

Шардар № 17. ДIаязъе лахахь ялийна текст. ХIора цIердашна уллохь къовларшкахь дожар а, легар а язде.

Чохь латийна кхин чиркх а боцуш, кхерчахь йоккха йогучу цIера хьалха Iачу царна вовшийн юьхь-сибат дика гора. Ерриг а елаелла схьахьаьжначу воккхачу жаIуьнан юьхьо цуьнан дагахь дерг бохура. Ишттачу нахана юккъе кхул хьалха а нисвеллера харачо. ХIетте а, тахана дуьххьара кхузахь бен ойла ца йира Зеламхас шена хьалха хIоьттинчу хьолан. ХIинццалц схьа кхунна муха ду ца хиъна цхьа тамашенадахар дара хIинца схьахIоьттинарг. ХIокху дуьненахь адамна массо а хIуманал дукхаезачу серлонах а хаьдда, ша цхьа бух боцчу бердах воьдуш санна хетаделира цунна. Шений, паргIаточу серлонний юккъехь Iин гира Зеламхина, мел чIогIа гIоьртича а, хIинца кхуьнга шега цунах дехьавала тIай а тиллалур доцуш.

19.03.2021 00:34


Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!