Просмотр содержимого документа
«1илманан стиль,цуьнан кепаш.»
Урокан ц1е:Меттан функциональни тайпанаш. Г1уллакхан, 1илманан стилаш. Изложенина кечам бар
1алашо: Меттан функциональни тайпанаш. Г1уллакхан, 1илманан стилаш, муха кхоллаелла а, цуьнан х1ун диалекташ ю бохучух дешархой кхетор. « Хьаша ларар» ц1е йолу изложенина кечам бар
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ахь бина болх таллар.
2. 1амийнарг карладаккхар.
Карладаккхарна хаттарш.
3.Керла коьчал йовзийтар.
Юкъараллин дахаран тайп-тайпанчу аг1онашкахь буьйцучу литературни меттан тайпанех литературни меттан стилаш олу.
Литературни меттан стилаш 1амочу 1илманах стилистика олу.
Литературни меттан стилаш тайп-тайпана ю:
1)юкъара-литературни стиль
2)хабаран я къамелан стиль
3)1илманан стиль
4) публицистически стиль
5) г1уллакхан стиль
6) книжни стиль
7) исбаьхьаллин литературан стиль
1илманан маттахь лелочу дешнех, терминех, церан форманех 1илманан лексика олу: орам, дожар, легар, хандош, билгалдош. 1илманан терминаш а, церан хат1-стиль а йевзаш ца хилча, 1илманан книгех, белхех кхета хала хир ду.
Тайп-тайпанчу гуламийн сацамашкахь, протоколашкахь пайда оьцучу дешнех г1уллакхан лексика олу: дийцаре дира, билгалдаьккхира, къобалдира , сацам бира. Г1уллакхан стилехь дог г1атторан а, поэтически синхаамаллица хаздеш къагийна а лексика йукъа ца йалайо.
Меттан стиль-меттан хат1.
4.1амийнарг т1еч1аг1дар.
Текст т1ехь болх бар
5. Урокан жам1 дар.
6. Ц1ахь: бакъо 1амо, изложенина болх бар.
7. Изложенина кечам бар
Текст йоьшу шозза
Хьесап:
1. Вайнехан 1адатехь хьаша-да т1еэцар – ч1ог1а мехала г1иллакх.
2. Хьалха заманахь хьешаца лелош хилла г1иллакхаш.
3. Хьаша-да т1еэцаран, чувитаран, лараран мехалла.