Астамирова А.А.
Арсанукаев Ш. «Баьпкан юьхк»
Хьехархо: Астамирова А.А.
Класс: 5.
Терахь: 04.02.2022 ш.
Предмет: нохчийн литература.
Урокан тема: Арсанукаев Ш. «Баьпкан юьхк» стихотворени.
Урокан тайпа: къамел кхиоран урок.
Урокан кеп: тобанашкахь болх; шишшамо цхьаьна бен болх.
Урокан г1ирс: учебник, ручка, тетрадь, компьютер.
УМК: Эдилов С.Э.
Предметни (Кхеторан): Дешархойн хаарш зер. 1амийнарг карладаккхар.
Метапредметни (Кхиоран 1алашо): Арсанукаев Шайхин кхоллараллах хаамаш бар. «Баьпкан юьхк» стихотворени йовзийтар.
Личностни (Кхетош - кхиоран 1алашо): г1иллакх-оьздангаллица кхетош-кхиор.
Урок д1аяхьар
Дешархойн ойла т1еерзор.
Маршалла хаттар.
Урокана оьшу г1ирс кечбар.
Класса чохь верг-воцург билгал а воккхуш, журнал т1ехь болх бар.
Актуализаци.
«Баьпкан чкъуьйриг» дийцаран х1ун маь1на ду? Шайн жоп масалшца т1еч1аг1де.
Дийцаран сюжет дагалаца. Дийцарехь кхин сюжетни дакъош дуй?
Х1ара дийцар иштта чакхдер ду аьлла, тешна дарий шу? Цуьнан чекхдаларехь башханиг х1ун ду?
Керланиг довзийтар.
1. Хьехархочун дош.
Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.
Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958-чу шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени.
Поэтан дуьххьарлера книга араяьлла 1965 шарахь. «Лаьмнашкахь Iуьйре» цIе а йолуш, поэзин гулар яра иза. Цу тIехь зорбатоьхнера авторан дуьххьарчарах йолу стихашший, поэмий. Гуш дара къоман литературе шен некъ, кхоллараллин хатI лохуш волу, поэтически корматалла йолу автор веъна хилар. Хье ца луш исбаьхьаллин лакхенашка кхечира поэт. ХIетахь дуьйна ши-кхо шо моссаз дели керла книгаш арайийлина Арсанукаев Шайхин. Царах ю «Безаман шовда». Стихаш (1967), «ЦIеран суй». Стихаш, поэма (1969), «Новкъахь». Стихаш, поэма (1970), «Сийна некъаш».
1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.
Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.
«Баьпкан юьхк» стихотворени ешар, йийцаре яр.
Хьалха, ширачу заманахь, ввайн дайша тускарш чохь гихь латта а кхоьхьуш, ламанан басешца бошмаш юг1уш, оцу верта т1е тассал бен йоцчу к1айдаргаш т1ехь ялта кхио г1ерташ, мел къахьегна. Доккха дог1а деача, 1овраша оцу наха оццул хала кхиийна ялта а цхьаьна, латта такхадой д1а а хьой, басе ч1анайоккхуш хилла. Ткъа дог1анаш а доцуш, екъа аьхке еача, дерриг ялта х1аллак а хуьлий, мацаллина бала хьоьгура наха.
Тахана а ган тарло вайна нехаш д1акхийсинчу меттехь 1охку дийнна баьпкаш, батонаш, кхидолу сурсаташ. Далла хьалха а къилахь ду и тайпа х1ума шегара далийтар. Бепиг д1а муха кхуссур ду? Казахстанехь, Г1ирг1изойн махкахь шаьш лайна мацалла дага а йог1ий, баккхийчу наха олуш хеза вайна нехаш юккъе д1акхийсина баьпкаш дайча: «Х1етахь-м д1акхуссур дацара хьуна хьо цхьаммо а. Аренашца к1ен буьртигаш а лехьош лелла адамаш, мацалла ца дала г1ерташ».
Хьехархочо йоьшу «Баьпкан юьхк» стихотворени.
Т1еч1аг1дар.
Х1ун ду стихотворенин т1ехь дуьйцург? (Когаш к1ел, ченала д1акхоьссина бапькан юьк ю юьйцург, цунна т1ехбуьйлу нах, иза шайна ца гуш санна)
Х1ун ойла кхоллаялийти шун дегнашкахь стихотворенин мог1анаша?
Х1ун ду шун дагах хьакхаделларг?
Х1ун кеп ю стихотворенин? (Монолог-кхайкхам)
Хьенан ц1арх д1ахьош бу хаамаш? Х1ун гойту цо?
Шун хьесапехь, муха юьхь-сибат долуш стаг ву лирически турпалхо?
Муха хир ю кху стихотворенин тема? (Тема – баьпкан юьхк)
Муха ду стихотворенин коьрта маь1на? (Баьпкаца кхоаме хила везар, цуьнан пусар дан дезар)
Урокан жам1 дар.
Дешархоша 1амийнарг кхочушдинарг билгалдаккхар.
Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
Ц1ахь:
Стихотворени дагахь 1амае.
Хаттаршна жоьпаш кечде.
Рефлекси.
Бепиг. К1айн, токхе. Кхиадо, къахьоьгу, кхобу. Нанас мерза бепиг дотту. Кхаллар. | Бепиг. 1аьржа, керла. Дотту, самукъадоккху, кхобу. Бераш, 1алашде бепиг! Хьокхам. |
Суна атта хеттарг…
Суна хала хеттарг…
Суна хиира …