СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Чеченская литература Тема: «Маликат» Ж.Махмаев

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Чеченская литература Тема: «Маликат» Ж.Махмаев»

Чеченская литература

Тема: «Маликат» Ж.Махмаев

1алашо:

Ж.Махмаевн «Маликат» ц1е йолу стихотворени йовзийтар; нийса а , шера а, кхеташ а дийцаран тексташ еша 1амор; белхан мах хадо, из дукхабезаш дешархой кхиор.

Билгалбаьхна кхиамаш:дешархошна хаьар ду произведенин чулацаман мах хадо; хезаш еша « белха н план х1отто,ешаран 1алашонаш йовза; берашна хаьар ду турпалхочун васт х1отто, амалех лаьцна дерг ала.Берашна 1емар ду диканиг довза, вочух ларвала.Бераша ойлайир ю шайн хинйолчу корматаллин.


Урок д1аяхьар.


1.Ц1ера болх таллар.

Бераша д1адоьшу З.Муталибовн «Муьлхха а болх оьшуш бу» дийцар


2.дешаре шовкъ кхоллар.


- Дахка, дахка, д1а ма къехка,

Аннашк1ел хьо д1а ма лечкъа.

Хьошалг1а бу кхойкхуш хьо,

Шура мало цициго.

Дехко гуьргахь «ц1ир-ц1ир» до:

- Буьртигех ас тоам бо,

-Цициго со ца 1еха бо,

Шура йоцуш со 1ало.

-д1аеша меллаша дешдакъошца, д1аеша чехка.

-Муха ю байт?(самокъане)

3.1алашо йовзийтар.

-Муьлха произведени йоьшур ю вай тахана?

-Х1ун болх бийр бу аша цу т1ехь?

Суна евзар ю…

Суна 1емар ду..

Суна хуур ду…

.Тахана д1айоьшур ю «Маликат» ц1е йолу произведени.Аша тидам бе муьлха говзаллаш ялийна стихотворени т1ехь.


4.Керла тема хьехар.

Хьехархочо д1айоьшу «Маликат» Ж.Махмаевн стихотворении

а)бераша д1айоьшу «Маликат» Ж.Махмаевн стихотворени.

аь)Чулацамах къамел дар.


-Муьлха говзаллаш ю стихотворени т1ехь ялийна?

-Летчик корматалла стенна оьшу? (адамаша д1асакхоьхьа кемано, )

-Хьанна лаьа летчик хила?

-Кхин х1ун говзалла ялийна стихотворени т1ехь? (тракторист)

-Х1ун пайда бохьу трактористо? (Латта оху. ялташ доь)

-Кхоалг1 муьлха говзалла ю? (бежнийн лор)

-Стенна оьшу бежнийн лор? (даьхни цомгаш хилча уьш тодо лоьро)

-Хьана лаьа бежнийн лор хила?


5.Сада1аран миноташ.


6.Керла тема кхин д1а а хьехар.

а)бераша д1айоьшу стихотворени «Маликат»

аь)бераша схьаязйо стихотворени юкъара корматаллаш.Царна улло цу корматаллехь болчу нехан суьрташ дохку.


6.Рефлекси.

Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?

Суна евзи…

Суна 1еми..

Аса д1айиши..


8.Жам1 дар.

-Муьлха дийцар дийши аш?

-Мила ву цуьнан автор?

-Стенах лаьцна дара иза?


9.Ц1ахь бен болх .

Аг1о 56-59 еша.