СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Чеченское чтение 4 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

Урок чеченского чтения с применением информационно-коммуникативных технологий.

Просмотр содержимого документа
«Чеченское чтение 4 класс»



в 4 «д» классе

Стихотворени «Ло догlуш».

Эдилов Х.Э.





Абдукаримова Халжат Магомедсалиховна









Тема: Стихотворени «Ло догlуш». Эдилов Х.Э.



Iалашо: 1. стихотворени йовзийтар

2. lаламе болу безам чlагlбар

3. къастош еша lамор



Гlирс: учебник, дешархойн суьрташ, слайдаш.



Урок дlаяхьар.



I Организационни момент.

II Цlахь бина болх таллар.

а) М. Мамакаевн стихотворении « Даймохк» къастош ешар;

аь) ц1ахь язъяелла сочиненеш дешархоша ешар;

III Керла тема: «Ло дог1уш» Х.Эдилов

а) Эдилов Хасмохьмад Эдиловичан кхолларалах лаьцна хьехархочо дийцар.

Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шарахь (1991) Валаргт1ехь ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара дешар ц1ахь 1амийна цо. 1936 шарахь Серноводскерчу педучилище деша а вахна, иза чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада. Цигара ваьлча, 1939 шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР-н Халкъан дешаран комисса- риатехь йиллинчу политпросвет школе вахна иза. Дешарца цхьаьна школийн инспекторан болх а бо цо. Цигахь дешна велира 1941 шарахь. Цул т1аьхьа Эдиловс белхаш бо Республикански халкъан кхоллараллин ц1ийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Кхид1а деша цкъачунна таро ца хилира. Дуккха а т1аьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Г1алг1айн педагогически институтан историко- филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени.

Нохчийн халкъан барта кхолларалле ч1ог1а шовкъ йолуш вара хинволу яздархо.

Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937 шарахь, Серноводски педучилищехь доьшуш волчу хенахь. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбатуьйхира 1941 шарахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира «Фашисташна дуьхьал стихаш» ц1е йолу книга. Оцу книги т1ехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов





Хасмохьмохьмадан масех стихотворени а. Уьш яра х1етта язйина йолу, «Тlемало- хьоьга!», «Б1аьрзе стаг», «Кавказан аьрзу», «Сурте». Шен лаамца т1аме а вахана, эзар гергга мостаг1 вожийначу нохчийн к1ентан Нурадилов Х. хьуьнарех лаьцна ю «Кав­казан аьрзу», «Сурте» ц1ерш йолу стихотворенеш. Хьоме Даймохк аьшнаш бечу мостаг1чуьнга болчу цабезамах догуш дара къоначу Ханпашин майра дог, иза х1алаквеш д1аделира цо шен са. Мохк парг1ат-боккхуш, адамашна маршо йоккхуш 1ожалла т1еэцначу къонахийн ц1е халкъалахь даиманна юьсу: «Декар ду халкъан аз, дуьне мел деха, декар ду иллеш а, хьан хьуьнар дуйцуш» боху поэто Нурадилов Ханпашех лаьцна.

Эдиловн и стихотворенеш зорбанехь дуьххьара араевллачарах елахь а, исбаьхьаллица язйина говза поэтически произведенеш ю уьш. Нохчийн литературе исбаьхьаллин пох1ма долу поэт веана хилар гойтура цара. Х1етахь дуьйна къоман литературехь къеггина шен ц1е йолуш поэт хилира Эдилов Хасмохьмадах.

аь) дешнашца болх (слайд 4)

басе- склон горы

беснеш- щеки

гиччош - вески









сира бос – серый

б) хьехархочо стихотворени «Ло дог1уш» йийцар

в) слайдаш гойту (слайд 5-12)

г) Х1етал-метал

Хlара маца хуьлу?

Арахь шийла ю. Лаьттахь ло ду. Чохь цlе ягайо.

Бераша салазаш хохку, лайн мижаргех ловзу. (Iай)

- Вайга тахана хьошалг1а деана 1а

(Цо еана шуна заданеш.)

Вовшах хотта кицанаш :

Аьхка - мало, 1аьнан бутт кхобу

Аьхкенан дийно, 1ай - ворда.

Аьхка кечъе салазаш, Iай - хало.

Х1етал-металш:

Хиш лаьттинчохь – буто ша,

Гуьйре елхош йог1у хан? (1а)

Аьхка а, 1ай а цхьабасара? (Елка)

Т1ома хьийза хьозарчий дац,

Шийла хуьлу, амма буто ша бац. (лайн чимаш)



IV Тlечlагlдар.

гl) дешархоша стихотворени «Ло дог1уш» къастош ешар

VI Физминутка.

VII Видеоролик гайтар.

IX Кийсакаш ешар :

1.Муха ду боху поэто ло?

2.Стен гойту берийн самукъадаьлла хилар?

3. Х1окху стихотворених пайда а оьцуш, х1ун сурт дуьллур дара ахьа?

4. Муха кхета шу т1аьххьарра мог1анех?

X Цlахь: стихотворени дагахь 1амо

Жамl дар. Оценкаш ехкар.