нохчийн мотт. 9 кл.
Урокан ц1е: Хенан т1етуху предложенеш.
1алашо: 1амийначух хаарш таллар. Керлачу коьчалх кхетам балар. Дозуш долу къамел кхиор. Чолхе –карарчу предложенешкахь сацаран хьаьркаш дахкар т1еч1аг1дар.
Урокан д1аяхьар. 1. Урокана кечам бар. 2. Хьалха 1амийнарг карладаккхар:
а) Фронтальни хаттрш.
-Стенах олу предложени? - Шайн маь1не хьаьжжина маса кепара хуьлу предложенеш? -Стенах олу чолхе предложени? -Чолхе предложенеш маса кепара хуьлу? - Чолхе-цхьаьнакхетта предложенеш муьлхарш ю? -Муьлха синтаксически г1ирсаш бу чолхе-цхьаьнакхеттачу предложенешкара цхьалхе преложенеш вовшахтосуш? -Чолхе-карара предложенеш муьлхарш ю? -Х1ун башхо ю коьртачу а, т1етухучу а предложенешна юкъахь? - Муьлха синтаксически г1ирсаш бу чолхе-карарчу предложенешкара коьрта т1етуху а преложенеш вовшахтосуш? -Билгалъяха хуттургаш а, хуттургийн дешнаш а. -Т1етухучу предложенийн муьлха тайпанаш девза вайна? - Муьлхачу билголонашца евза вайна кхачаман т1етухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш? Масалш даладе. -Къастаман т1етухучаьрца йолу чолхе-карара предложенеш стенах олу? Масалш даладе.
Просмотр содержимого документа
«Хенан т1етуху предложенеш»

б) Ц1ахь кхочуш дина шардар таллар. ( 197-г1а шардар)
3. Нийсаязъяран миноташ. Билгалдешнаш цхьаьна яздан деза я дефисехула яздан деза? Шаьш нийса яздина хилар бакъонца ч1аг1де.
Лоха (лекха), нохчийн (оьрсийн), дог (ц1ена), к1айн (1аьржа), уьстаг1ий (лелоран), зуда (беран), де(ненан), вай(нехан), Дай (мехкан), ц1ен(къорза).
4. Керлачух кхетам балар.
а) Со арахь лаьтташ, шу ц1а дог1ура. б) Со арахь мел лаьтта, сан шелвалар совдолура.
Толлу хьалхара предложени.
-Х1ун тайпа предложении ю иза? (цхьалхе) -Стенах хаьа вайна иза? (Цу предложенехь цхьаъ подлежащи а, цхьаъ сказуеми а ду.) Билгалйоху коьрта меженаш. (Дог1ура маца? Со арахь лаьтташ)
-Х1ун меже ю иза? (Хенан латтам. ). -Стенах кхоллабелла иза? (деепричастин карчамах).
Шолг1а предложени а толлу. -Х1ун тайпа предложении ю иза? ( Чолхе—карара)
Сан шелвалар совдолура.- коьрта предл.ю. Со арахь мел лаьтта- т1етух у предл.ю. -Муьлхачу даша т1ера хаттар ло т1етухучу предложенига? ( Совдолура маца? Со арахь мел лаьтта). -Х1ун маь1на ду маца? бохучу хаттаран?(Хенан маь1на). -Цундела х1ун тайпа т1етуху предлоджени лара мегар ду иза? ( Хенан т1етухе предложени).
5.Т1еч1аг1дар.
1.Классехь йоьшу оцу темих лаьцна параграф.
2. Язйойту гайтаман диктант ( цхьацца дешархочо классан уьн т1е д1а а язъеш) .
Ялх сахь мосазза долу, балхара йог1учу шен нанна дуьхьалвоьдура к1ант. Шена и дуьхал мел вог1у а хазахетара нанна. Шаьшшиъ ц1а кхаьчча, д1адолалора къамелаш: нанас шен балха лоций, к1анта шен дешарх лоций.
Билгалйоху коьрта а, т1етуху а предложенеш. Дуьйцу т1етухучун маь1на.
6. 207 шардарехь долчу кицанийн маь1на дастар.
8. Дозуш долу къамел кхиор.
«Гуьйренан 1алам» ц1е йолуш жима сочинении язъяр.
Т1едиллар ду: хенан латтамашца йолу цхьалхе предложенеш а, хенан т1етухучаьрца йолу чолхе-карарапредложенеш ялор ( лаххарчу барамехь шиша).
9.Сочиненеш толлу.
10.Ц1ахь: П.51. ш.203,204.