Просмотр содержимого документа
«"Омонимаш, синонимаш, антонимаш, ".»
Нохчийн мотт 10 класс
Урокан ц1е: Омонимаш, синонимаш, антонимаш.
Урокан тайпа: Хаарех пайдаэцар.
Урокан 1алашо:
дешан лексически маь1на хаар, дешнийн хазна стенах олу хаар;
омонимех, синонимех, антонимех 1амийнарг карладаккхар, т1еч1аг1дар;
Даймахке болу безам, марзо кхиор.
Урок д1ахьар
Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.
Хаарийн актуализаци.
Хаттаршна жоьпаш ло:
Стенах олу лексика? (меттан дерриг а дешнех лексика олу);
Лексикологи стенах олу? (меттан дешнаш 1амочу меттан 1илманан декъах лексикологи олу);
Схьадийца лексикологин дакъош. (семасиологи (семантика), фразеологи, диалектологи, лексикографи, этимологи);
Лексикографи стенах олу? (дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах);
Семасиологи я семантика стенах олу? (дешнийн тайпанаш, церан маь1наш 1амочу лексикологин декъах – омонимаш, синонимаш, антонимаш, истооризмаш, архаизмаш, неологизмаш, и. д1. кх. а.).
Керланиг довзийтар.
Меттан дерриге дешнех лексика олу. Нохчийн меттан дешнаш дукха ду, уьш мел ду вайга алалур дац.
Х1ора дош шен маь1на долуш ду. Масала: Т1ом – оцу дешан ц1е яьккхича вайна хьалха х1утту тоьпаш, бомбанаш етташ, адамаш х1аллакдар, г1ишлош йохор. Иза оцу дешан лексически маь1на ду.
Цуьнца цхьаьна дешан грамматически маь1на а ду: ц1ердош, цхьал. терахь, ц1ерниг дожар ду.
Лексика керла х1уманаш юкъайовларца кхуьуш ю. Цхьайолу х1уманаш дахарера д1айовлу, уьш билгалъян дешнаш ширло. Керла х1уманаш юкъайовларца керлат дешнаш а юкъадовлй. Иштта хийцалуш, кхуьуш ю лексика.
Вайн маттахь кхечу меттанашкара т1еэцна дешнаш а ду.
Алар а, яздар а цхьатера а долуш, маь1на тайп-тайпана долчу дешнех омонимаш олу.
Лерг – адаман а хуьлу,
Лерг – пондаран а хуьлу;
Мохь – юуш ерг,
Мохь – гихь болу мохь;
Не1 – ц1ийнан не1,
Не1 – аьттан не1.
Алар а, яздар а тайп-тайпана а долуш, маь1на гергара долчу дешнех синонимаш олу.
Хаза – исбаьхьа
Хьекъал – кхетам
Доттаг1 – накъост
Эвла – юрт
Мь1ница дуьхь-дуьхьал долчу дешнех антонимаш олу
Жима – воккха
Шийла – йовха
Екъа – т1еда
Еха – йоца
Хаза – ирча
1амийнарг т1еч1аг1дар.
§ 3 дешархошка йоьшуьйту.
Кхочушдо 5-г1а шардар.
Ц1ахь бан болх.
3-г1а бакъо еша, 1амае.
6-г1а шардар кхочушде.
Рефлекси.
Антонимаш
К1еда
Ч1ог1а
Т1еда
Екъа
Къена
Къона
Антонимаш
Сиха
Меллаша
Буьйса
Де
Дог1а
Омонимаш
Хьайба
Мотт
Синонимаш
Говр – алаша – гила - дин
Н1аьна – борг1ал
Шовда - хьоста
Докъар – йол - цана
Ахьар – сискалг1а
Бепиг - кхаллар
Кхор - хьормат
Г1аммаг1а - шаптал