СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Поурочки по чеченскому языку 1 класс

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Поурочки по чеченскому языку 1 класс»

28-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш в , В яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш в , В довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а в , В . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Берий алсамдер бу аьзнаш довзар ,церан башхаллаш йийцар. Дешнаш довзар а алсамдер ду берийн. (Дошвошалла девзар ду).Берашна 1емар ду кхоллараллин болх бан (Кластер х1оттор ю вошалла дашна).

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берашна дика 1емар ду урокехь лело дезарг . Берашна лаам хир бу г1о оьшучунна г1о дан . 1емар ду шайн амалехь диканиг кхио.

Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Кагделла дош хотта».

Уьн т1е д1аяздо .

ВОЛЛАША

-Муьлха дош ду кагделларг? (Вошалла).

-Муха кхета шу цу дашах? (Берийн жоьпаш).

-Вошалла – иза шен къоман берашца , кхечу къаьмнийн берашца доттаг1алла лелош , оьшучохь г1о дан кийча хилча вошалла леладо олу. Иза адамашна вовшийн гергара хетар дукха дезар ду.

-Муьлха аз хеза ВОШАЛЛА деша юьххьехь? (В).

-Йозанехь муьлхачу элпаца билгалдо и аз? (В элпаца).

-Х1ун 1амор ду вай тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш , тахана вайца гергарло таса еана Ц1ен куй берг . Ц1ен куй болчунна дика деша хаьа, иза дика йо1 . Цунна шоьца доттаг1алла лело лаьа цунна . Ц1ен куй берг баба йолчу локъамаш эцна йоьдуш яра. Цунна доьхьал яьлла барзо локъамаш схьа а яьхна , ц1а хьажийна Ц1ен куй берг. Цуьнгара и локъамаш схьаяхалур ю вайна , нагахь санна аша тахана дика болх бахь. Барзо цунна т1едахкарш дела , уьш кхочушдахь схьалур ю ша аьлла локъамаш. Ц1е куй берг г1о оьшуш ю. Шуна далур дуй цунна г1о? Шу кхоьрий барзах?

Цундела Ц1е куй берг ю тешна аша борз эшориг ю аьлла. Ш уна деана керла т1едахкарш. Стенан суьрташ чохь деана цо шеен т1едахкарш? (Берийн жоьпаш).

-Нийса боху . Цо уьш деана локъамийн суьрташ чохь. Локъамаш схьа а оьцуш план шайга балур болу болх схьахаржа, ца балучунна аса г1о дийр ду шуна. Х1ун кхиамаш бохур бу аша борз эшош? (Берийн жоьпаш).

-Бераш , вайна тахана девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В . 1емар ду уьш нийса а , хаза а ша-на яздан , дешдакъошкахь кхечу дешнех хуттуш яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В довзийтар , яздар.

  • Йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В яздар.

-Бераш, шайгара элпаш юкъара схьахаржа зорбанан жима а , доккха а элпаш в ,В. Мичахь хуьлу зорбанан элпаш? (Книгаш т1ехь).

-Хьанна девза шуна йозанан доккха а ,жима а элпаш в ,В ? Схьагайта.

-Х1ара йозанан жима элп в ду,х1ара йозанан доккха элп В ду.

-Х1ун кхиамаш бехи аша? (Суна девзи йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В ).

-Массарна девзин шуна? Юха гайта сунна. Дика ду .

  • Йозанан жима элп в яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо в элпан яздар.

-Т1адам буьллу мог1анна юккъе , тасалург а юьллуш хьалавоьду белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Хьаьвзаш охьавог1у билалонна деллачу сизе терра , лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш хьалавоьду лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш аьрру аг1ор вахарца д1акъовлу элп.

  • Х1аваэхь яздо йозанан жима элп в.

  • Кисточкица яздо йозанан жима элп в.

  • Т1ептарш т1ехь д1аяздо йозанан жима элп в.

вввввввввввввввввввввввввввввввввввввввввввввввввввв

  • Йозанан доккха элп В яздар.

Уьн т1ехь гойту хьехархочо.

-Т1адам буьллу лакхарчу белхан мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе. Билгалонна деллачу сизе терра охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь аьрру аг1ор воьрзуш хьалавоьду , хьавзаш , сиз гатдеш . Юха аьтту аг1ор воьду сизах шад беш дехьаволу. Аьтту аг1ор хьалавоьду лакхарчу белах мог1анна , г1оьнан мог1анна юккъе кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш охьавог1у лакхарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц , хьаьрк «к1езиг» юьллу ,к1егарволу. Хьаьвзаш охьавог1у лахарчу белхан мог1анна т1е кхаччалц. Кхузахь хьаьвзаш аьрру аг1ор воьдуш д1акъовлу элп В.

  • Т1ептарш т1ехь д1аяздо йозанан доккха элп В

В В В В В В В В В В В В В В В В В В В В В В В В В

-Х1ун кхиамаш бехира аша? (Суна 1еми йозанан жима , доккха а элпаш яздан).

-Хьан бира угар дика болх? Цунна д1алур ю вай локъам.

-Бераш кхин д1а а Ц1ен куй болчунна г1о дархьамара вайна г1ора оьшу. Цундела вай садо1ур ду.

5. Сада1аран миноташ.

Жима Ваха г1отту

Мало йоцуш хьала.

Мел хан яьлла,хотту,

Т1аккха йо зарядка.

Охьа-хьалате1а,

Ирх а кхиссало,

Цхьана меттехь воду,

Х1уммаъ к1ад ца ло.

Пхьаьрсаш, накха башош,

Сихха кхорзу хи,

Дег1е «зузз» доуьйтуш,

Хиларх шийла и.

Цергаш, юьхь-куьг дила

Цунна диц ца ло.

Морса гата хьокхуш,

Иза вакъало.

(Хь. Саракаев)

(Бераша Вахас дийрриг до)

6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешан схема х1оттор.

-Х1етал-метал хаьийла шуна:

Суна лаьа хелхавала:

Даг чохь болуш вай цхьа бала.

Школехь ду хезаш тата:

Бераша ю етташ.... (Вота).

-Х1ун ю иза ? (Вота).

-Маса дешдакъа ду ВОТА дешан? (Шиъ).

-Муьлханиг ду хьалхара дешдакъа? (ВО).

-Муха дешдакъа ду и : диллина я къевлина? (Диллина).

-Шолг1аниг? (ТА).

-Муха дешдакъа ду и : диллина я къевлина? (Диллина).

-Маса элп ду ВОТА дашехь? (Диъ).

-Ала ВВОТА. Муьлханиг ду хьалхара аз? (В).

-Аз (В) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъаза).

-Ала ВООТА . Муьлханиг ду шолг1а аз ? (О).

-Аз (О) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-Ала ВОТТА. Муьлханиг ду кхоалг1а аз? (Т).

-Аз (Т) мукъа ду я мукъаза ду ? (Мукъаза ).

-Ала ВОТАА. Муьлханиг ду доьалг1а аз? (А).

-Аз (А) мукъа ду я мукъаза ду? (Мукъа).

-ВОТА дашехь аьзнийн цхьанаэдаларш дуй? (Ду ВО , ТА).

-Муха билгалдоху уьш схеми т1ехь? (Ши бос болчу еък1овшца).

-Йилла и схема. (Уьн т1ехь болх бо цхьана беро , вукхара тептарш т1ехь бо).

-Хьан бина угар нийса болх? (Аса схема нийса йиллина)

-Ахьа кхин а цхьаъ локъам яьккхи Ц1е куй болчунна . Гой шуна и ч1ога самукъадаьлла ю вай тоьлаш.

  • Дешдакъош яздар.

  • Уьн т1ехь гойту хьехархочо в элп кхечу элпех муха хота деза.

ва во ву ви ве

-Хьан язди гуттара хаза? Мила ву Ц1е куй болчун гуттара дика доттаг1? (Аса язди хаза дешдакъош).

  • Кхоллараллин болх. Вошалла дешан кластер х1оттор.

-Вай жима ловзур ду. Бераш шоьгахь ду суьрташ вошаллех лаьцна дог1уш дерш , ца дог1урш. Вошалла дош юккъе а дуьллуш , цуьнца дог1у суьрташ цунна горах д1алета де.

7. Жам1 дар.

  • В элпах лаьцна байт 1амор.

- Стенах тера ду элп?

Куьзганаш ас «холчу х1иттий»:

Стоьл т1ехь aгlop ирах1иттий,

Ший а ма1аас д1аяьккхи,

В - элп царах хили т1аккха.



-Муьлха элп ду дуьйцург? (Элп В).

-Х1ун хаьа шуна цунах лаьцна?

8. Рефлекси.

-Хьан ди угаре дика г1о ? Мила дика воша ала мегарг?



















29-г1а урок.

Урокан ц1е: « Йозанан жима а , доккха а элпаш в , В яздар».

1алашо: йозанан жима а , доккха а элпаш в , В кхин д1а а довзийтар. Уьш шаьш а , дешдакъошкахь а , дешнашкахь а яздан 1амор.

Кхочушдан лерина жам1аш:

1 .Предметни: берашна кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элп а в , В . 1емар ду уьш нийса а ,хаза а яздан.

2. Метапредметни:

  • Регулятивни: берашна 1емар ду шайн белхан план х1отто . Планан рог1алла а а ларъеш кхиамаш баха. Берашна хуур ду шайн кхиамаш бовза , царех пайдаэца . 1емар ду кхачамбацарш ган уьш д1адаха.

  • Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина а , доцца а жоьпаш дала. Хуур ду шайна хетарг д1аала . Берашна 1емар ду шайн нийсачу накъосташца , вокхачуьнца а а , жимачуьнца а къамел д1адахьа.

  • Познавательни: берийн алсамдер ду тидаме хилар , ойлаяр . 1емар ду аьзнийн башхаллаш йовза, уьш схеманашкахь билгалъяха. Дешнаш довзар а алсамдер ду берийн. (Дош вирд девзар ду).Берийн алсамдер ду аьзнаш ,элаш довзар, церан башхаллаш йовзар.

3. Личностни: берийн лаам хир бу дика деша , нохчийн мотт бовза. Берашна дика 1емар ду урокехь лело дезарг . Берашна хуур ду шаьш бусалба хилар , бусалба нехан низамшайн амалехь кхио 1емар ду.



Урок д1аяхьар.

1. Маршалла хаттар.

2. Дешаре шовкъ кхоллар.

  • Ловзар : «Совнаха дош караде».

-Бераш д1адеша дешнаш. (Уьн т1е д1аяздо хьехархочо).

Тата , татол, таллархо , тхо, вирд.

-Муьлха дош ду совнаха? (Вирд).

-Х1унда ду и дош совнаха? (Дисначу дешнийн юьххьехь ду элп Т, ткъа ВИРД дешан юьххьехь ду элп В).

-Х1ун ю вирд? (Берийн жоьпаш).

-Муьлха аз ду ВВИРД аьлча дешан юьххьехь хезарг? (В).

-Муьлхачу элпаца билгалдо аз (В) йозанехь? (В элпаца).

-Х1ун 1амор ду ва тахана? (Берийн жоьпаш).

3. 1алашо йовзийтар.

-Бераш вайн доттаг1 Ц1е куй берг ч1ог1а самукъадаьлла д1аяхана, вай борз эша йина. Цо вай хьошалг1а кхойкху ша йолчу. Шуна борз дуьхьал ца кхетийта , цо буьйцу нийса некъ. И некъ шуна бевзар бу , Ц1е куй болчо даийтина т1едахкарш кхочушдича. Уьш ду б1араш т1ехь. Шайга балур болу болх билгалбаккха ,схьадийца х1ораммо ша ден дерг. Х1ун кхиамаш бохур бу аша?

-Бераш, вайна тахана кхин д1а а девзар ду йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В. 1емар ду уьш дешдакъошкахь , дешнашкахь кхечу элпашца хоьттина яздан.

4. Йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В вовшех хоьттина , дешнашкахь кхечу элпаца а яздар.

  • Тептарш т1ера мог1анаш д1аязбо.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту уьн т1ехь).

Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв Вв

-Х1ун кхиамш бехи аша? (Суна 1еми элпаш в ,В яздан).

-Хьанна дог1у б1араш? Уггаре хаза язйинарг г1ур ву Ц1ен куй берг йолчу хьошалг1а.

  • Дешдакъош яздар.

(Хьехархочо цкъа хьалха гойту уьн т1ехь).

Ва Во Ви Ве Ву

-Х1ун кхиамш бехи аша? (Суна 1еми дешдакъошкахь элп В яздан).

-Хьанна дог1у б1араш? Уггаре хаза язйинарг г1ур ву Ц1ен куй берг йолчу хьошалг1а.

  • Фонетически зарядка.

-Чохь йисина хьалаяла г1ертачу машено х1ун до? («Вв-в-в»).

-Муьлха аз хеза ? (В).

  • Ловзар.

1. В - элпа т1ера д1аюьйлалуш йолу ц1ераш яха (Ваха, Висита, Вах1аб, Вахьид, Вадуд, Вахарсолта, Валид).

2. Нагахь санна дашехь аз В хазахь, хьалаг1овтта: не1, кор,ваша, сахьт, къолам, мовлад, туьппалг, шовда, ма1а, куьзга, ворда, ворта.



5. Сада1аран миноташ.

Вай яздира, яздира,

Куьйган п1елгаш к1адделира.

Вай жима садо1ур ду,

Т1аккха юха а яздийр ду.



6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.

  • Дешнаш яздар.

Уьн т1е д1аяздо.

Ваха, Валид, Авалу.

Вота , ворта , довха , бовха , ваха.

-Д1адеша дешнаш. Муьлха дешнаш яздина даккхийчу элпашца ? Х1унда?

-Х1ун кхиамш бехи аша? Хьан дехи б1араш?

  • Предложенеш язъяр.

Уьн т1е д1аязйо предложенеш.

Малх бовха бу . Малхо вохво. Малхо хи а дохдо.

-Д1аеша хьалхара предложении. Маса дош ду цу предложенехь? Муьлханиг ду хьалхара дош? Шолг1аниг? Кхоалг1аниг? Х1отта е предложенин схема. (Бераша схема юьллу , уьн т1ехь йиллинчуьнца нийса хилар толлу).

-Х1ун кхиамш бехи аша ?(Суна 1еми предложенеш язъян).

7. Жам1 дар.

-Муьлха элпаш девзира шуна? (Тхуна девзира йозанан жима а , доккха а элпаш в ,В).

-Муьлха аз билгалдо В элпо? (В).

-Аз (В) мукъа ду я мукъаза ду?

8. Рефлекси.

-Ц1ен куй берг шуна ч1ога реза ю. Шу хьошалг1а кхачале кечам беш ю. Дийца муьлханиг воьдуш ву хьошалг1а? Х1ун кхиамаш бехи аша?