Хьехарсахьтан ц1е: Текстан коьрта чулацам, маь1нин коьрта дешнаш.
1алашонаш:
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: тектан коьртачу чулацамах а, маь1нин коьртачу дешнех кхетам балар;
кхетам – кхиоран: шен матте болу безам к1аргбар.
Дешархойн ойла т1еерзор.
Х1етал – металш:
1. Цхьана шерара а волуш, дег1ана тайп – тайпана волу пхи ваша?
2. Йетта а ца йетта, дов ца до, амма велхаво?
3. Селхана а хилла, тахана а йу, кхана а хир йу?
Хаарийн актуализаци йар.
Ц1ахь бина болх таллар.
- Стенах олу текст?
- Маса кеп йу текстан?
- Къамелан билгалоне хьаьжжина маса кеп йу текстан?
- Текстан жанраш йийца?
Дешнийн диктант.
Барт, белар, къинт1еравалар, вадар, вахар, болх, везар, гечдар,гочдар, г1арг1улеш, дагардар, барзакъ, декхар, дестар, ц1ийзар,керчар, лахийтар, белар, дахар, кхаллар, лаппаг1а, латкъар, лазар,
къацахетар, къастор, къолам, къахкор, къам, къовсар, къийсар.
- Латкъар дашна маь1на де (нытьё).
- Латкъар дашна х1оттайе дошаман статья (латкъар, латкъо,
латкъадо, латкъийна).
Керла коьчал хьехар.
Х1ора тексто цхьана х1уманах, хиламах хаам бо.Текстан чулацамехь уггар коьртаниг текстан коьрта ойла йу. Текстан коьрта ойла цхьана предложеница гайтина хила а тарло (масала,
текстан ц1аро). Иштта текстан коьрта ойла а, тема а йерриг текстан
чулацамехь гайтина хила а тарло.Коьртачу декъана, текстан хьалхарчу а, т1аьххьарчу а предложенеша г1о до текстан коьртачу чулацамах кхета.
Текстан цхьа дакъа ду абзац. Абзацана йукъа йог1уш йолу предложенеш вовшашца маь1нин уьйр йолуш хуьлу. Абзацо текстан коьртачу маь1нин цхьа аг1о билгалйо. Абзац наггахь
цхьана предложенех лаьтташ хила а тарло. Йозанехь абзац «ц1ечу» мог1анца йазйо.
Текстан чулацам бовзуьйтучу дешнех, дешнийн цхьаьнакхетарех йа предложенех маь1нин коьрта дешнаш олу. Оцу дешнаша (йа дешнийн цхьаьнакхетарша, предложенеша) текстан темех а, коьртачу ойланах а кхетам ло. Нагахь йозанан текстехь коьрта дешнаш билгалдаьхна дацахь (масала, штрифтаца), уьш шаьш лаха деза, текстан чулацаме хьаьжжина.
1амийнарг т1еч1аг1дар.
Кхочушдо шардар № 21.
2. Хьехам дашца предложени йалайе. Синтаксически къастам бе.
3. Легаде ц1ердешнаш а цхьаллин, дукхаллин терахьашкахь: кхетам, шардар.
Уьн т1ехь болх бар.
Д1айаздо кицанаш, маь1наш досту.
Аьхкенан дийно 1аьнан бутт кхаьбна. Аьхка 1иллинарг 1ай идда.
Аьхка мало йинчо, 1ай бала хьегна.
Аьхкенан цхьа де, 1аьнан к1иранал ду. Аьхка 1индаг1ехь дика ду,
1ай малхехь дика ду.
Аьхка дог1анах иддарг, 1ай лайх идда.
Аьхка хье кхихкинчун, 1ай йай кхихкина.
Аьхка салаз кечйе, 1ай ворда кечйе.
- Синтаксически таллам бо предложенешна.
Дозуш долу къамел кхиор.
Т1едуза кицанаш:
Хьалха хьажаза … , т1ехьа хьажаза … .
Кхузза йуста …
Нехан динара …
Нехан хьаьвди т1ехь …
Гали чохь цхьамза …
Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…
Ц1ахь бан болх балар.
1. 1амайо бакъо № 2
2. Кхочушдо шардар № 22.