16.11.2021
4 В
Тухаева З.И.
Урокан ц1е: «Ц1ердешан меттигниг дожарин цхьаллин а , дукхаллин а терахьашкахь хийцадалар».
1алашо: ц1ердешан меттигниг дожарин цхьаллин а , дукхаллин а терахьашкахь хийцадаларан тидам бар, хаттарш довзийтар, чаккхенаш билгалъяхар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна девзар ду меттигниг дожар, цуьнан хаттарш. Берашна 1емар ду хаттарийн г1оьнца билгалдаьхначу дожаршкахь ц1ердешнаш шина а терахьехь хийца , чаккхенийн тидам бан, уьш билгалъяха.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду книги т1ехь оьшу г1ирс лаха. Хуур ду урокехь бен болчу белхан рог1алла билгалъяккха. Оцу рог1аллехь бечу белхан мехалла ган, кхин д1а а цунах пайдаэца.
Коммуникативни: берашна 1емар ду хьехархочун хаттарша дуьззина жоьпаш дала, масалаш далорца т1е а чаг1деш. Берашна 1емар ду шайна хиънарг кхечаьрга д1акхачо, накъостийн кхетар болчу кепара.
Познавательни: берашна 1емар ду книги т1ехь оьшу г1ирс лаха , цунах пайдаэца. Берашна 1емар ду хьехархочо схьагайтинчу чаккхенна дог1у дош лаха
3. Личностни: берашна 1емар ду дика дешаран мах хадо, дешар шайн дахарехь коьрта г1уллакх дина д1адахьа. Берех хир бу корматалла а йолуш адамаш.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
2. Ц1ера болх таллар.
-Муха кхочуш дан дезаш дара шардар?
Алфавитан рогIехь тIера схьаязде дешнаш. Шалха элпашна кIел сиз хьакха.
ГIиллакх, оьздангалла, адамалла, кад, тIам, аьлха, безам, ваша, газа, дог, жIов, зу, илланча, кхаба, хIаваъ къолам, оьпа, орам, пIенда, кIалу, лом, цIа, чIара, яьшка, юьртахо,эвла, сом, омра, гIаз, накъост.
Оьрсийн матте гочъе предложени:
Гуьйранна олхазарш бовхачу мехкашка д1адоьлху.
Харжаман диктант.
-Схьаязде лург дожаран дешнаш.
Уьн т1е д1аяздо.
Нанна, йо1 , меттиг, стоьла т1ехь , хи бухахь, керта юххехь, титта к1ел, ж1аьла , цициг.
-Муьлха дешнаш яздина аша? (Нанна, стоьла т1ехь, хи бухахь, керта юххехь, дитта к1ел).
-Муьлхачу хаттаршна жоьпаш ло цара? (Хьанна? стенна?)
-Муьлха дешнаш язданза дисина шун? (Йо1, меттиг, ж1аьла , цициг).
-Муьлхачу дожарехь ду уьш? (Ц1ерниг).
3. 1алашо йовзийтар. Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.
-Бераш, вайна дожарийн доьзалехь муьлха вежарий бевзинера?Муьлхачу хаттаршна жоьпаш лора цара?
-Вай тахана кхин д1а а бевзар бу дожарийн ши ваша. И шиъ мила ву хуур ду байте дика ладог1ахь?
Меттигниг ,дустург дожарех лаьцна байт 1амор.
Ворх1алг1аниг –Меттигниг-
Вог1уш , воьдуш шен-шениг:
Бал д1аберзош хила Дустург
Нагахь оьшуш хилахь бустам.
-Муьлха дожарш 1амор ду вай тахана?
-Д1аелла книгин 57 г1а аг1о. Д1аеша оцу дожаран ц1ераш, хаттарш. Муьлхача хаттаршна жоьпаш ло цо?
-Билгалбаккха таханлера болх. Х1ун 1амор ду аша тахана? Х1ун дан ницкъ кхочур бу аьлла хера шуна шайн тахана?
-Бераш, вайна тахана девзар ду ц1ердешан хотталург , меттигниг дожарш, церан хаттарш , маь1на. Шуна 1емар ду ц1ердешнаш шина а терахьехь лега, чаккхенаш билгалъяха. Хуур ду шайна еллачу чаккхенашна дог1а дешнаш каро, уьш таллл.
4. Керла тема хьехар.
Ц1ердешан коьчалниг ,хотталург дожарийн шина терахьехь хийцадаларан тидам бар.
Шардар №102 , аг1о 57.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушдан деза шардар?
-Д1аязде дожарш. Лега и дешнаш шина терахьехь.
Цхьаллин терахь.
М.олхазаре ,набаре, бамбане, яздархочуьнга.
Дукхаллин терахь.
М.олхазаршка, набаршка, бамбанашка , яздархошка.
-Д1адеша цхьаллин легаран кепаш. Муьлха чаккхенаш ю цхьаллин терахьехь меттигниг дожарехь ц1ердешнийн? (-е,-аре, -не, -чуьнга).
5. Сада1аран миноташ.
Дог1а
Мохо мархашлоьхку, лоьхку,
Мархаш йоьлху, йоьлху.
Т1адамаш лаьтта 1ена, 1ена, -
Мала хи, к1а, мала.
К1ено охьатаь1ий:
Молу, молу, молу.
Мела дог1а, ца соцуш,
Дог1у ,дог1у, дог1у.
(Бераша куьйгаш хьалха охьа а дохуьйтий, байтан хьалхара мог1а бешча, парг1ат лестош, куьйгаш дегадо. Цул т1аьхьа, куьйгаш лесточуьра саца а деш, цкъа хьалха керан юкъ хьалаерзайо, т1аккха охьаерзайо)
6.Керла тема кхин д1а а хьехар.
Лега х1ара дешнаш: школа, беш.
7. Жам1 дар.
-Муьлхачу хаттаршна жоп ло ц1ердешан меттигниг дожаро? \
-Муьлха чаккхенаш хуьлу цхьаллин терахьехь меттигниг дожаран?
-Муьлха чаккхенаш хуьлу дукхаллин терахьехь меттигниг дожаран?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша? Х1ун ду гуттар самукъадаьлларг?
9. Ц1ахь бен болх балар.
Шардар № 104 , аг1о 58.