МКОУ СОШ №17
Урок - диалог
Поэт Алвади Шайхиев и 9 «а» класс
Провела:
учительница чеченского языка и литературы
Абдукаримова Халжат Магомедсалиховна
Тема: Ненан мотт - дахаран хазна.
1алашо: нохчийн поэтан А. Шайхиевн кхолларалла йовзийтар; халкъан барта кхолларалла йовзийтар; дешархойн шайн ненан мате болу безам ч1аг1бар
Урок д1аяхьар.
I. - Буъйцучу маттаций бен цхъа а х1ума дийца йиш яц вайн. Исторгих, арифметиках, литературах, грамматиках, физиках - доцца аьлча, цхьана а х1уманах лаьцна х1умма а ала а, дийца а адамийн таро хцр яцара, буьйцуш болу аьзнийн мотт ца хилча.
Мотт вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Иза хьекъалан а, ойланан а хазна ю. Х1ора халкъан а ненан мотт - цуънан дахаран хазна ю.
Ненан мотт х1ора къоман а, хlора халкъан а культуран бух 6у. Иза к1орггера дика 1амор вайн декхар ду.Яздархо Паустовскийс нийса яздина ненан маттах лаьцна ша аьлла дешнаш:«Х1ора стеган а шен маттаца йолчу юкъаметтиге хьаьжжина, цуьнан культуран барам къастийна ца 1аш, цуънан граждански мехалла а кхоччуш нийса къасто мегар ду.
Дуьненахь дуккха а ду меттанаш. Царна юкъахъ бийца атта а, хьалдолуш хиларца а шен меттиг дlалоцуш бу нохчийн мотт.
Нохчийн мотт
.
1.Доьзалехь бийцар а Дастам а хеташ, Хьо винчу ненан мотт Д1атесна ахь. «Сов къен бу дешнашна. Бац атта кхеташ», — Бохуш и сийсазбан Ца хета иэхь.
2.Ладог1а цкъа соьга, «Хьекъале корта». Ладог1а, яккхий д1а Лергара потт. Йист йоцу х1орд санна,
З.Пиллакхе, оьзда бу Доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш Ду ира герз, Хьомечу езаре Безам ахъ буьйцуш, — Бека и шех хуьлий Хьан деган мерз!
4.Мерза бу, моз санна, Ша безачунна, Ламанан шовданал Ц1ена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а
Бу хьуна шорта Ша хууш волчунна Вайн нохчийн мотт,
5.Б1ешераш хийла а Ихна и бекаш. Хьацарлахь, Къийсамехь Кхиъна и бу. Кхоьллинчу халкъана Сов хьанал безаш Даим ша хилла Нохчийн мотт бу.
6.Вайн халкъан ойланаш, Дахар а г1ийла - Далхадеш, къийсамна Гlиттийна цо.
Ладег1на цуьнга, Услара даггара Хестийна и.
Нохчочун майралла, Оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь Екийна цо!
7.Кхидолчу къаьмнашна, Шайниш а санна, Нохчашна шайн мотт а Сов хьоме бу. Нагахь хъо ца ваг1ахь Хьайн халкъацанна, Хаалахь, декъазниг, - Хьо цхьалха ву!
Арсанукаев Ш.А
.
II. - Шен махке болу бакъ безам шен матте бацахь маь1на долуш бац. Мотт вай 1ама а бо, дахаран т1аьххьара денош т1екхааччалц саццаза 1амо декхар а ду.
(Дешархоша юьйцу Б.Саидовс язйина «Ненан мотт» ц1е йолу стихотворени)
.
1 .Хьох лаьцна яздина, Дийца а дийцина. «Хьайна безахь», бохуш, Хьеха а хьо бина. Хьехорах пайда буй, Хьо хууш ца хилча? Хьо бийца хуур дуй, Хьо. безаш ца хилча?
2.Хьо бийца 1емар вац Дагна хьо ца безарг. Юьхь к1айн а лелар вац Хьо бийца ца хуург. Нехан говра хиъна Вон бере шех хилла, Кхардаме вехар ву Хьо хийра леринарг.
3.Хьуо безаш волчунна Пондаран аз ду хьо, Хьайца уьйр йоцчунна Гихь беза мохь бу хьо. Хьуо хууш волчунна Жовх1арийн х1онс ю хьо, Хьайца шовкъ йолчунна Чам тайна стом бу хьо.
4.Хьайн хазнех кхиъначун Вахарехь ирс ду хьо, Хьайх хераваьллачун Д1атесна некъ бу хьо. Ойла хьайца ечун
Бух боцу х1орд бу хьо, Кхин толош волчунна
Совбаьлла г1ирс бу хьо.
5.Сан ч1ог1а дог лозу Хьо ца хууш волчух, Амма эхь ца хета Iамо ца г1ертачух. Суна сайн ца хетта Ненан мотт бицбинарг, Б1аьрга ван ца веза Кхечух и хийцинарг.
6.Хьо ца безаш волчо Шен нана лорур яц, Ненан сий ца дечо Мехкан сий лардийр дац. Ненан мотт цахаар — Шен кхерч цаларар ду, Кхерчан да цахилар — Маьттаза вахар ду.
7.Дагах чекх ов доккхуш,
1овжаме бийцало,
И дог малхах тардеш, Хьо сирла бийцало. Харцонан некъ хадош, Буьрса аз ду хьоьца, Бакъонна некъ боккхуш. Хьехаме хьо буьйцу.
8.Суна хьох къахета, Бийца ца хуучо, Хьайн куьцах бохийна, Мерза чам талхийча. Чов хуьлу сан дагна, Доггах ца безачо, Шен г1алат дицдина, Сийсазбеш бийцича
.
9.Хьайн ненан мотт хаахь, Ас дозалла до хьох, Даггара и безахь, Ас хастам бо хьуна. Доттаг1а, варийлахь Цунах ма херлолахь, Ненан мотт хьайн бацахь, Байлахь вуй хаалахь!
III. - Дуккха ю нохчийн маттахь эшарш. Iаламат хаза дешнаш долуш ю
царах цхъаъ. «Даймохк» цlе йолу эшар дlалокху ваша мехкарша.
1.Лаьмнашкахъ хьун ловзаяълла Цо шен узам бо.
Дато тlулг а бокъуш даьлла, Шовдане шен илли аьлла, Даймохк хьо ю сан йовхо, сан йовхо.
Лаьмнийн зевне мукъам мерза Дагца лелабо.
Дарйина чов сиха ерзо, Дарба луш цо до вай реза, Даймохк хьо ю сан марзо, сан марзо.
Арахь шийла догlа догlу Оьгуш гlаш а го. Гlарагlулеш къилбе йоьлху, Сан сагатлуш бlаргаш доьлху, Даймохк хьо ду сан илли, сан илли
VI. - Нохчийн кицанаш. Хlинца дешархоша шайн девзаш долу кицанаш дуьйцур ду вайна.
1.Дикачу пхьидо шеен 1ам хестабо .
2.Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла .
3.Х1ума хаар - нахе ладог1ар.
4.Доьзал дика - беркат дукха
.Ненан сий динарг махко а лерина.
Хаза йо1 тиша коч йоьхча а, товш хуьлу.
Дика зуда ирс ду , вон зуда дов ду.
Гуттар ца лаьтта моллина мовлад.
V. Хlинца вайн хьовса йиш хир ю «Мохсолтин доьхна де» пъесина тlера кийсак.Автор Хамидов I.
VI Вайн хьешашна дош ло вай хlинца. Нохчийн поэт Алвади Шайхиев, «Нийсо» газетан редакторан гlоьнча Умар Якиев. Шайхиевс шен дахарх а, кхоллараллех а лаьцна дуьйцу . Шен стихотворенеш йоьшу .
Даймехкан илли
Ц1а доцчу, ц1е йоцчу панахь, Кхолламца дош даше даьлла, Ша висча ца воьхна дада, Цо илли Даймахках аьлла:
«1ожалле ма 1еткъа чилла,
Ма г1ерта со гора вожо,
Даймакко 1амийна къийса,
Даймахко 1амийна тола!»
Чолхе ю со веха зама, Х1ора де ас т1амца доккху. Илли ду Даймахках ала,
Цо ницкъ луш, самалха доккху:
«Сайн а мал ас новкъахь зийна, Хьакъ бина цунна сайн кхоллам. Даймахко 1амийна къийса, Даймахко 1амийна тола!»
« Нохчиийн фольклор » , дийцарш доьшу . « Гlиллакх » .
« Сардам » , « Молланаш » .
Ас х1инца йоьшур ю шуна сунна ч1ог1а хазахеташ йолу стихотворени
Геч а ма де.
Башха дац со кхалхарх Ломахь я арахь, Тезетахь 1аьржа-кlайн Къеста ма ве. Амма сох кадам бе Сан нохчийн маттахь, И безаш ца хиллехь, Геч а ма де.
Ю. Сулейманов
IX. Цу тlехь урок чекхйолу. Уроке дахкарна массарна дела реза хуьлда