СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

День чеченского языка

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«День чеченского языка»


Классный час

 

 

«День чеченского языка»

 




 

 

 

 

 

 






Классный час :

«Нохчийн меттан де»

 

1алашо: вайн мотт угаре а исбаьхьчу, хазачу меттанех цхьаъ хилар довзийтар; вайн а, кхечу къаьмнийн а йаздархоша а, 1илманчаша а нохчийн меттан хадийна лакхара мах бовзийтар; дешархойн дегнаш чу шайн ненан матте бовха безам кхоллар.


Цхьанакхетар д1адахьаран кеп:

1-ра ведущи:

25- г1а апрель, вайна ма-хаара, нохчийн меттан деза де лерина ду.Таханалера вайн цхьанакхетар а нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вай йуха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даима цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

2-г1а ведущи:

Дуьненчохь са мел долу х1ума ненан кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош – кхиош, набарна дийшош, хазачу мукъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне къоьллича хьана оьздангаллийца, майраллийца, комаьршаллийца, йахьца г1арадаьллачу къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх-оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура ненан маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а. Нохчийн маттахь вайн оьзда г1иллакхаш довзуьйту хьехархоша.

1-ра ведущи:

Дуккха а йу нохчийн литературехь ненан маттах лаьцна йазйина байташ. Шен ненан матте а, Даймахке а болу ц1ена безам бовзуьтуш йоьшур йу стихотворени.


1-ра дешархо.


«Бекалахь, ненан мотт, тахна,


Дуьнене машаре кхойкхуш,


Лаьтта т1ехь Къинхьегам, Нийсо,


Вошалла, Ирс, Машар кхайкхош!»

2-г1а дешархо.

«…Ша безча, цо воккху т1ома,


Халонехь хуьлу накъост а,


Ю иза башхала къоман,


Хазачуг1иллакхийн хьоста.


Ду иза ч1ог1ачех герз а:


Къийсамехь мила а цосту.


Бийцича, ша аьхзна, мерза,


Г1рийна дегнаш цо досту…»


3-г1а дешархо.

«Варийлаш, ларбелаш


Ненан мотт сийлахь,


Дог токхдеш бийцарца


Диканехь-вуонехь…


Цу маттахь шу вовшех


Дага ца дийлахь,


И бицлуш лаьттар бу


Даймехкан сонехь…».


4-г1а дешархо.


Кхиош г1иллакх, дуза дог,

Оьзда баккха боккху ког.

Дерриг де ахь, лелош чот:

Бедар, амат, буьйцу мотт!


5-г1а дешархо.


Нохчийн мотт


Акха йар санна и ца баьлла бацалахь,

Боьжна бац стиглара, йа эцна базарахь,

Цхьаьнггера йухалург баьккхина бацара –

Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь.


Ас лору дуьненчохь мел долу меттанаш,

Нохчийн мотт – гуттар а сан оьзда дозалла,

1ожаллин цамгаро д1алаьцна меттахь 1аш,

Цу маттахь дийр ду ас весет а доьзале.


Цу маттахь нанас со дуьххьара хьаьстина,

Цу маттахь некъан дош дадас а кхайкхийна,

Цу матто, – уггаре гергарчу сан синна –

Сан, генахь цхьа висча, дог-ойла айина.


6-г1а дешархо.


Башха дац со кхалхарх

Ломахь я арахь,

Тезетахь 1аьржа-к1айн

Къеста ма бе.


Амма сох кадамбе

Сан нохчийн маттахь,

И безаш ца хиллехь,

Геч а ма де.


7-г1а дешархо.


Мамакаев Мохьмад


Шен ненан мотт халкъо,

Сий ойбуш, 1алашбахь,

Цу халкъан парг1ато

Цхьаммо а хьошур яц.



8-г1а дешархо.

Даймахках лаьцна

Вай илли олу

Вайнехан ийман

Цуьнах схьадлолу.

Дайн иллеш ца декахь,

И Даймохк бац.

Нохчийн хьо бацахь,

Тходанне дац!



9-г1а дешархо.

Воккханиг хасто ,

Жиманиг нисван ,

Бакълуьйриг къасто,

Г1алаташ гечдан ,

Къонахчун дош лардан

Ма атта дац.

Нохчийн мотт, хьо бацахь

Тхо данне дац.


10- дешархо.

Вайн дахар хаздо,

Вайн ойла йазйо

Бекачохь оьзда

Нохчийчун Мотт!

Хиндолчух тешош,

Г1иллакшаш дебош,

Бека хьо даим,

Сан ненан мотт!







1-ра ведущи:

Нанас оьздачу маттахь кхетош-кхиош ,набарна дийшош ,хазчу мукъамехь илли олуш дагчу бижийна вайна ненан мотт.

Хьинца вайна кечдина совг1ат ду аганан йиш (ф.ц1е. дешархочуьна)



Дижалахь, жиманиг,

Мерзачу набарца,

Г|атталахь, жиманиг,

Къоргечу хьекъалца.

Мерза наб кхетийла

Жимачу корнина.

Жимчохь дуьйна Іамалахь,

Оьзда г|иллакхаш леладан.

Бакъдерг дийца Іамалахь,

Харцонах хьо къахкалахь.

Баккхийчеран сий ахь делахь

Церан дегнаш хьасталахь.

Оьздангаллех хьо ца дохахь

Хайн сий хир дуй хаалахь!

Хьай да-нана доккхадедеш,

Церан сий деш дахалахь.

Дижалахь, жиманиг,

Мерзачу набарца.


2-г1а ведущи.

Дела реза хуьлийла,хьуна(ф.ц1е)

Иштта кхин эшаран совг1ат кечдина дешархочо (Ф.ц1е)


Тийна буьйса лаьтта йоьсси,

Летош стиглахь седарчий.

К1адвелла сан Дашо К1орни,

Д1авуьжу хан т1екхечи.


Хезаш "Бисмилла" а даккхий

Сирла б1аьргаш къовла д1а,

Хаза г1енаш гур ду хьуна

Дашо К1орни, дижа д1а.


Д1а вижа, сан синтем боцург!

Кхана дог1у керла де.

Абаделлалц дукха вахарг,

Кхане хир йу беркате.


Тийна буьйса лаьтта йоьсси,

Летош стиглахь седарчий.

К1адделла сан Дашо К1орни,

Д1адуьжу хан т1екхечи.


1-ведущи.

Вай хьинца хьовсур ду шен нена мотт дика хьанна бевза

Х1етал-металш.

-Х1оана чуьра схьадаьккхина гаки (к1орни)

-Вагош йолу буц (нитт)

-Диттан лаььтара бухарчу декъах х1ун олу? (орам)

-Нохчийчура уггаре доккх хи (Терк)

-Лиъча хи чохь лиъча лаьтта т1ехь йехарг х1ун йу? (пхьид)

-Хих кхоьру ,амма хи чохь хуьлу (туьха)

-Йетта ца йетта ,дов а ца до ,амма велхаво (хох)

-Хи чохь беша т1улг (шекар)

-Ира к1охцалгаш т1ехь долу дийнат (зу)

_Шун лулахь бехарш (лулахой)

- 1аьнан кхо бутт (г1уран, кхолламан,чиллин)


2- ведущи.

Вай хьинца хьовсур вайн маттахь шера йеша хьанна хьаьа

Чехкааларш ( кечдина чехкааларш конверт чуьра схьаоьцуш дешархоша рог1оллехь доьшу)


. СО ЧУ ШЕРШИН ЧУХУЛА, ЧА ЧУ ЦА ШЕРША, ЧА ЧУ ШЕРШИН ЧУХУЛА, СО ЧУ ЦА ШЕРША


.Литта, титта тилор-тай, Тата дийриг татол дай, Татин туьтех тилла тIай, Тавдин туьйра хIилла дай!


Ча такхо тача,Тача такхо ча.


Чопа чоьлпи чохь ,чоьлпа- чорпи чохь.


Ч1ожахь ч1ог1а ч1об ду ч1ежаш, Ч1иркъе ч1ирхо ч1ир ву йоькхуш.

Шар мелла ши газа , ша т1едаьлла ши шинара.

Сан шар шуна, шун шура суна.

Шина чиркхан ши шиша ,шина шичин ши йиша.

Сирчу аьттан ши шинара ,1уьйре даьккхина дуькъа шар.

(нийса ,шера йешнарг берашка шайга къаставойту,мерза совг1ат дан мегар ду)


1-ра ведущи
Дешархой ,шун самукъа долий вайн цхьанакхетарх?

Вай кхи д1а хьовсур ду нохчий метта урокехь тидаме мила хуьлу.

Дог1у антоним ала.

Йоккха йурт (жима йурт)

Беха сара (боца сара)

Стомма дитт (дуткъа дитт)

Готта урам (шуьйра урам)

Лоха стаг(лекха стаг)

!аьржа буьйса (сирла буьйса)

Мерза хьач(муьста хьач)

Шийла хи (довха хи).


2-г1а ведущи.

Вайн кхид1а хьовсур ду оьрсий мотт а,нохчийн мотт дика хууш мила ву

Вчера (селхана)

Позавчера (стомара)

Вчера вечером (селана сарахь)

Завтра (кхана)

Буква (элп)

Мельница (Хьер)
Хитрый (х1иллане)

Х1орд (море).


1- ведущи.

Ненан маттал хаза а, сийлахь а х1ума дан а дац, хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца таро йолуш бу вайн нохчийн мотт:

Хьешашка – оьзда,

Доттаг1чуьнга – мерза,

Мостаг1чуьнга – буьрса,

Захалонна – хаза,

Масла1атана – к1еда,

Берашка – эсала.

Амма кхетам к1езиг болчу адамийн ницкъ ца кхочу цуьнан мах хадо. Цара 1амо а, бийца а хала хиларна т1етоьтту шайн ледарло.

2- ведущи.

Дог1у дош ала.


Х1ун йу хаа дац и хала
Х1усам ларйеш лета (Ж1аьла)

Йетт д1аиккхи суна гуш,

Хадош тесна беха (муш).

Г1овг1а йоккхуш ,бедаш йека,

К1орнешна дан 1амо ( нека).


Йуьлуш ц1анйеш ,ларйе цергаш ,

Не1 т1екъовлуш ,ларде (п1елгаш).



Аьрзу дукха стиглахь лелаш ,

Даржина шен шуьйра (т1емаш).


Сан нана йу кхехкош жижиг,
Когех хьекхалуш ду(цициг).

Дойур дац ас эрна денош,

Ца деш чохь 1ен даккхий (ц1енош)


Салаз хохку бераша,

Хи т1ехь бина шера (ша).


Хьинца божул дац тхан деса,

Атто дина жима(эса).



Къовсам:

Бераш ц1ахь кечдина деана нохчийн даар мах хадор.
Нохчийн духар мах хадор.
Нохчий хелар мах хадор.


1 – ведущи.

Дала ненан мотт беза ,цуьнан сий дан иза к1оргера бовза ,г1иллакхе оьзда бийца ницкъ лойла вайна!

2-г1а ведещи.

Цу т1ехь чекхдолу вайн цхьана кхетар .Ладог1арна баркалла!

1адика йойла шун, Марша 1ойла.


(Жигара дакъа лаьцна дешархошна декъа мегар ду мерза совг1аташ,йа дешаран г1ирсаш: ручка ,стерка,альбом,цветная бумага)

(Грамотийн совг1ат)

Классан сахьт лерина ду йухьанцарчу классашкахь д1адахьа, шина классана йукъехь.



















Кечйинарг : Хамзатова Э.Э.