«ДЕНЬ МАТЕРИ»
Н
АНА! ХЬО ИРСЕ ЙАХА!
Астамирова А. А.
Цель: привить учащимся глубокое чувство любви и уважения к матери, заставить задуматься о добром отношении к жизни, о желании творить добро, нести радость близким людям; помочь учащимся и их родителям быть ближе к сердцу друг друга.
1 в. Де дика хуьлда шун хьоме доттаг1ий! Лераме наной, хьехархой!
2 в. Добрый день дорогие друзья! Сегодня особенный день – День Матери.
1 в. Нана! Х1ун ду дуьненчохь цул деза а, сийлахь а? Нанна т1ера д1адолало вайн массеран а дахар. Кхайкха а дуьххьара цуьнга кхойкху вай.
Ког а дуьххьара цуьнан г1оьнца боккху вай. Дагара а цуьнга дуьйцу вай.
2 в. Массо а х1уманна т1ехь тешаме накъост хуьлий чекхйолу нана. Нана! Хьуна лерина ду тхан исбаьхьа дешнаш…
1 в. Мама – самое понятное слово на земле. У мамы самое доброе и чуткое сердце. Оно ни к чему не остается равнодушным, и сколько бы ни было человеку лет 5 или 50, ему всегда нужна мама.
2 в. Во многих странах отмечается День матери. Люди поздравляют своих мам, приезжают к ним в гости, дарят подарки, устраивают для них праздник. Мы тоже решили сделать для вас такой праздник, чтобы показать, как мы вас любим и ценим.
1) Дешархо:
Люблю тебя, мама, за что, я не знаю,
Наверно, за то, что живу и мечтаю,
И радуюсь солнцу и светлому дню.
За это тебя я, родная, люблю.
За небо, за ветер, за воздух вокруг.
Люблю тебя, мама! Ты – лучший мой друг.
1 в. Дорогие мамы! Мы пригласили вас на праздник, чтобы выразить вам свою глубокую любовь уважение и великую благодарность.
2 в. Мама! Как емко и прекрасно это слово. Не зря оно почти одинаково звучит на языках разных народов. Мамой мы называем самого близкого, дорогого и единственного человека.
2) Дешархо: Ты из бархата создана в яркий солнечный день,
Ты – всегда околдована, как ночная метель.
Ты – немного капризна и немного слаба,
Ты – как книга неизданная, Ты – моя теплота.
Ты цветами забросана и в печали чиста.
Просто ты моя мама, Ты – сама красота.
1 в. Нет в мире роднее человека, ближе друга, лучше советчика чем «Мама».
2 в. У матери самое доброе сердце, в котором никогда не гаснет любовь, у которой на всех хватит внимания и заботы. Мать – это единственный человек, который может всё простить и понять.
1 в. Только мама дает нам шанс на исправление любых ошибок, совершаемых нами без конца. Мать может заменить ребенку целый мир, но весь мир не сможет заменить мать.
3) Дешархо: Дорогая мама! Пусть годы твои будут самыми светлыми,
Здоровья, тепла и улыбок полны,
Пусть в явь воплотятся желанья заветные,
Пусть только счастливые дни суждены.
И пусть улыбается солнышко ясное,
Чтоб было тепло тебе в жизни весь век.
Ты, мамочка, самая в мире прекрасная,
Чудесный, любимый, родной человек!
1 в. Нет ничего светлее и бескорыстнее любви матери. С первого дня рождения ребенка мать живёт его дыханием, его слезами и улыбкой. В этом смысл её жизни.
2 в. Как солнце посылает свои лучи, согревая все живое, так и любовь матери согревает ребенка, приобщает его к жизни, вкладывает в его уста родной язык, вобравший в себя богатство разума, мысли и чувство народа.
4) Дешархо: Шен сил а мерзаниг, малхал а хазаниг,
Х1ун хир ду дуьненчохь хьол хьоме Нана!!?
Са чохь мел долчунна ц1ий, дог, 1аь йу Нана.
Лаьтта т1ехь х1уммаъ дац, йа цкъа а хир а дац
Хьол деза лара.
1 в. Нана – хьол сирла дуьненахь кхи дош дац. Хьоьца бен дагана ца хедаш йовхо йац. Хьомечу Даймахках – Нана – мохк алар а ду хьуна хьан безам бух боцуш хиларна.
5) Дешархо: «Нана»
Мила ву дуьнен чохь уггарел хьоме?
И хаттар х1оттийра ас сайна хьалха.
Мел дукха ойла йарх каравац цхьа а,
Хьо йоцург, сан хьоме, сийлахь а нана!
Хийла а буьйсанна набарха йолий,
Аганан г1аж буйнахь 1айина хьо.
Со ахьнехь наб йойуш, хьо 1ай ца хууш,
Г1ийла д1атевжина 1иллина хьо.
Шелонех, мацаллех, цамгарех идош,
Ца кхоош мерза са, ларийна ахь.
Алахьа, сан хьоме, йина а Нана,
Цкъа а хьан декхарех йаьррий-те со?
Нана! Сан хьоме Нана! Хьо йоцчу меттехь
Дахар сан ирсе хир доций хаалахь.
Хьо гуш ас делийна, къегийна б1аьргаш,
Хьох йалахь боданех1уьттур дуй хаалахь.
Нагахь а тахана хьан дог ас дохийнехь,
Йиш йу хьан геч ца да, д1атаса со,
Цундела, доггаха доьху хьоь, Нана,
Къинхетам барца къинт1ера йала.
6) Дешархо: Ехийла Нана
Сан нана, хьол хаза, хьол деза Дуьнен чохь х1умма а дуй? Хьан сий деш, вала ву реза, Тешаеш, цабаарх дуй. Сан Нана, сан деган зезаг, Хьайн йовхо схьалуш хьо 1а. Хьоьца ду сунна мел дезарг, Томе йу къамелан 1аь. Хьешашна чомехь пхьор х1иттош, Хийла хьайн хьийзадо са, Ца лела цабезам г1иттош, Йа хьайна ца лоьху са. | Г1иллакхе, оьзда йу даим, Коьрта т1е йис йилларх к1айн. Ахь Деле мел дехнарг дай и-м, Цундела йу хьо йуьхьк1айн. Шовданна к1ел лоьцуш канаш, Дахаре безам ца бов, Ехийла хьо санна Нана, 1алашйан марзонан б1ов. Сан Нана, хьол хаза, хьол деза Дуьнен чохь х1умма а дуй? Хьан сий деш, вала ву реза, Тешаеш, цабаарх дуй. |
7) Дешархо: «Хьоме Нана»
Уггаре мерзаниг лаха со воьлча,
Карийнарг суна, Нана, хьан кхача бу.
Уггаре аьхнадерг довза суна лиъча,
Девзинарш суна, нана, хьан куьйгаш ду.
Уггаре ч1ог1аниг хаа суна лиъча,
Нана, хьан безамал ч1ог1аниг ца хии.
Уггаре гергарниг лаха со воьлча,
Нана, хьол гергарниг суна ца карий.
Т1аккха сайн маттах со дагавелира,
Дешнашлахь уггаре деза дош лехира.
Х1ораннан дозалле со хьаьжна велира,
Дезадош «Нана» бен матто ца элира.
Даккхийчу совг1атех совг1ат ду Нана,
Доьзалан даг т1ера зезаг ду нана.
Бац-кха хьан безам буста ша барам,
Х1ара дуьне мел лаьтта хир бу хьан ларам.
Хьан х1ора а дош ду, Нана, со нисвеш,
Дуьненахь со лела Хьан до1наша ларвеш.
Ахь дина дов а хьехаме доьрзу,
Аллах1е хьо йоьхуш, со Цуьнга воьрзу.
Дала шен къамелехь Хьо ларар парз дина,
Сийлахьчу Шен Дашца Элчано йазйина.
Х1ора а ламазехь Хьо Деле йоьхуш ву,
Йалсаманехь цхьаьна хила доггах сатуьйсаш ву!
/Саиев Докка/
8) Дешархо: «Нана»
Вайнехан 1адатехь цхьа г1иллакх лела
Дас аьлларг доьзало кхочушдеш хилар.
Ткъа ненан меттиг а йук-кха вайн сийлахь,
Лар ца йахь хир долуш дахар вайн шийла.
Хьастийша ненан дог, ца дохош цкъа а,
Оцу деган къайленах кхетац вайх цхьа а.
Вай бахьанехь сингаттам хийла цо лайна,
Цу белхан хама бар т1ехь ду-кха вайна.
Масане некъ ларбо, корехь 1аш, цо,
Кхачаре сатуьйсуш шен деган стом.
Ткъа хьо ву, д1алелаш хьайн г1уллакхашкахь,
Нана д1атесна ахь, ца хета хьуна эхь.
Хьалаг1атта, самавала, ши б1аьрг схьабелла,
Йалсаманин дог1а ду хьоьга схьаделларг.
Цуьнан когаш к1елахь и йу бохуш хилча,
Х1оттаван хьажалахь йуьхьк1ай вайн Элча.
Дог1ийша соьга ла, самоеш, х1ай…
Дуй-те вай тергойеш вайн нанойн, дайн?!
Цаьршинне хьалха вайн долу декхар,
Варийлаш, ларделаш! И ду-кх сан дехар.
9) Дешархо: «Дахарехь уггаре хьомениг – Нана!»
Дахарехь уггаре хьомениг – НАНА!
Боданехь ша-тайпа цо серло ло.
Б1аьргех цо ца дуьту хин т1адам 1ана.
Хьан доьхна дог хьоьстуш и йелало.
Стигларчу седаца ас йусту нана!
Цу седан нур санна цо хаздо дахар.
Мил хета цул хьоме? Мил хета хьанна?
Ма кхоьлина хуьлу и йоцуш йахар.
Нур лепачу маьлхаца ас йусту нана!
Цо санна ша-тайпа цо йовхо ло.
Д1аоьцу хьоьгара муьлхха а бала.
Цу балийн йозалла шеца д1ахьо.
Ас т1аккха ойла йо: х1у ду те меха?
Цу винчу ненал а хьоме а хилла?
Х1умма а хила йиш йац цул хьоме неха!
И иштта ца хетахь хила веза тилла.
Нана мел йеха а сий делаш ненан!
Нана мел йеха бен дог доьлур дац
Дай хилла дахийша ирсечу хенан!
Нана мел йеха бен ирс лаьттар дац!!!
10) Дешархо: «Сан Нана, сан мерза туьйра»
Сан Нана, х1у ду кху дуьненчохь хьоьл деза тхуна?
Аллах1о совг1атна хьо йелла тхуна,
Довха хьан куьйгаш, оьзда ахь буйьцу мотт,
Г1иллакхах дуьзна ду кийрара дилхи дог,
Массамо везачу Деле хьо йехна,
Массамо маьлхан дуьненчохь хьо лехна,
Дукха ду мукъамаш хьо хьасто йаздина,
Говзачу дешнаща хьан кхоллам базбина,
Амма и ницкъ болу нохчийн мотт тоьар бац,
Берриге безам хьоь д1абийца, Нана.
Дахарехь безам хьайн тхуна ца кхоийна,
Сирла хьайн г1айг1а тхоьх даима йина,
Халонаш, баланаш, тхоьх ч1ог1а лачкъийна,
Дегайовхо, могашалла хьайн тхуна а лерина,
Хилла хьо Аллах1о векал а йина.
Йахалахь сийдолу хьоме тхан Нана,
Хьайн хаза елар денна а тхуна луш,
Нурдолу б1аьргаш хьайн тхоьга а хьежадеш,
Ло сана к1айн долу оьзда хьайн куь1гашца,
Бераллехь санна тхо мара а къуьйлуш!
Мехка а сий ду хьо доьзаллийн ирс ду хьо,
Тха дегнийн той ду хьо, Хьомсара Нана!
11) Дешархо: «Ненан до1а-дехар»
Моьттура сунна сайн къанъелла нана
Ехаш йу, ца бевзаш дуьненан бала,
Доьзалан дезарша хьулйина анне,
Ца хаьа заманах ойлане йала.
Амма, цкъа сатоссуш хезна цхьа тийна
Шабарш, со д1ахьаьжча – х1оьттина гора,
До1анехь куьйгаш шен стигал кховдийна,
Ницкъболчу Аллах1е дехарш цо дора.
1ара со таппъаьлла, ненах цецваьлла,
Дехарехь дегочу озе ладоьг1уш.
Ткъа Нана-м, хьесталуш везачу Далла,
Йоллура даггара къинхетам боьхуш.
Адмашна гечдар цо доьхура Деле,
Къинхетам боссабар дегнаш чу церан.
Доьхура нисбар некъ г1уллакх дан меле
Шайт1анаш 1ехийна галбевллачеран.
Доьхура даггара, Делах шен тешна,
Дицдар цо адмашна зуламе девнаш,
1алашбар бисинарш цхьалха, де эшна,
Доьхура мацаллех лардар цо бераш.
Доьхура меттахь цо латтабар кхетам
Дуьненан паччахьийн, тхьаьмданийн, къанойн.
Доьхура д1абаккхар цо т1еман кхерам,
Ца белхор шаьш бинчу к1енташна наной…
Нана-м сан ца йехи цул т1аьхьа еха…
Амма ду дехаш цуьнан до1а-дехар…
12) Дешархо: «Нене сатийсар»
Хьан хазчу аматах со хьоьгу нана,
Сатуьйсу хазаре хьан к1еда аз,
Ховхачу хьан куьйгин мерза чам байна
Йузайац рицкъано ша даарах.
Буьйсанна тийналлехь седаршка хьоьжуш,
Анайист йузайо сагатдаро.
Куьйгаш ас кхийдадо хьо Деле йоьхуш,
Деган мерз хадийна вай къастаро.
Сан нана! Сийлахьниг, диканиг нана!
Хазачу г1иллакхийн нана! Сан нана!
Дала ша хьастийна сий долу нана!
Ткъа х1инца, г1ийлачу дахаран новкъахь,
Марзонан б1арлаг1а барз бисна хьан,
Йог1у со когийн лар сайн карлайоккхуш
Г1улчашца йагарйеш йисина хан.
Дуьне а дуьсур ду, дисанчех санна
Малхо а, батто а, 1енор ду нур
Хьох санна сох хьегар кхочур ду хьанна
Сан когийн лар хьоьшуш боккхуш шен мур. (Гучигова П.)
13)Дешархо: «Ненан вон ма гойла»
– Стигал, хьо хьоьжу чу, ерриге кхохкийна,
Ала, х1ун ца тайна хьуна?
Ненан дог дохадеш, ког левзи к1ентан
И ца ловш, къурд би ас тахна.
Х1ай мокха мархаш, шу йоьлху-те стенна,
Б1аьрхиш шайн ледадеш лаьтта?
Нанас, шух лечкъадеш, къийлина дагца
Б1аьрхиш ду ледориш оха
Х1ай 1аьржа латта, хьо дегадо стенна,
Х1ун бала 1аьткъи-те хьуна?
Ша стаг веш кхиийнчу шен нене гома
К1ант хьажар соь лан ца делла.
Стиглано, къевкъина, мархаша йилхина,
Лаьтто а, дегийна, элира:
– Дуьнен чохь мел деха, цхьана а адамна
Ненан вуо ма гойла цкъа а!
14) Дешархо: «Даима ехийла Нана»
Дог 1овжош, т1ебеъча бала,
Г1айг1анан кирхьано хьулдеш,
Мерза дош ала – дог оьцуш,
Вайна ма оьшийла нана!
1ожаллин къизачу гуро
Лазамза йожийча метта,
Куьг хьакха дагна деш дарба,
Вайна ма оьщийла нана!
Кхолламо оьг1азло йина,
Г1алатло йаьлла дог доьхча,
Дахаре – нийса некъ хьеха,
Вайна ма оьшийла нана!
Маьлхан нур, ирс, тешам, безам,
Даима хилийта кхерчахь,
Дуьне ца кхуолийта вайна,
Даима ехийла нана!
/Бана Гайтукаева/
15) Дешархо: Дийцар «Нана»
Ас дийций шуна, цхьана нохчийн нанас динарг.
Иза суна хезна со жима йолуш сайн бабигара.
Паччахьан заманахь хилла боху иза. Ненан цхьаъ бен воцуш цхьа к1ант хилла. Йамартчу наха харц мотт бина виэн кхиэл кхайкхина хилла цу к1антана. Дукха лаьлла нана и харц кхиэл йухайаккхийта г1ерташ. Амма и зама, ша а харц зама хиларе терра, ца карийна нанна бакъдерг. Т1аьххьар, паччахье дехар а дина, шен к1анте йистхила бакъо йаьккхина нанас. И кхоьруш хилла, ша цхьаъ бен воцуш иза экам кхиорна, ша ирхъуллучу хенахь цо ша воьхна гайтарна.
– Сан к1ант! – лиэ йаьлла нана.
– Со паччахьна т1е кхаьчна, цо суна ша кхана жоп лур ду аьлла. Нагахь вон кхаъ бохьуш со йаг1ахь, сан коьртахь 1аьржа шипон хир йу хьуна. Со дика кхаъ бохьуш йаг1ахь, сан коьртахь к1айн шипон хир йу.
Т1екхаьчна к1ант ирхъуллу де. Дукха адам гулделла боху майдана. Схьавалийна к1ант а. Гулделлачу адамашна йуккъехь шен нана ца гича воьхна боху иза.
Т1аккха г1ант т1е ваьккхина, танг1алкх к1ела х1оттийна. Геннахь к1айн шипон махо ловзош йог1учу шен ненах б1аьрг кхетча, метта веана к1ант.
Гулбеллачарна герга еана боху нана. К1антана логах муш тесна.
– Со кхеро г1ерта-кх уьш, дагатесна к1антана. К1ентан йуьхь т1ехь вохар ца гуш, цунах б1аьргбуьзна, баккхийбеш хилла йуьртахой, ткъа к1антана геннара к1айн шипон гуш хилла.
Т1аьххьара шен когаш к1елхьара г1ант д1а а даьккхина, лаг лазош, муш чу бижча а тешаш ца хилла к1ант. Геннара гучу шен ненан коьртара к1айн шипоно тешам луш хилла цунна.
К1айн шипон дуьне хилла хьаьвзина. К1айчу г1ург1езийн хелхарехь хьаьвзина к1айн шипон. Иза воьлуш хилла:
– Нана, к1айн шипон, к1айчу г1ург1езийн хелхар!
Иза хуьлуш долчух кхета а кхетале, малхана урс хьаькхча санна, ц1ийло дерриг дуьне.
– Эх1, хьо маьлхан к1айн дуьне! Ма даа ца оьшура хьо, йохьан т1ах-аьлла эккхал дог доцчу цхьана а стага.
Маржа нохчочун йахь йа1-кх!
Оцу йахьах эккхайоллуш хилла-кх и нана.
(Бана Гайтукаева)
«Нана» |
Мерза стом, дог дика, тхан хьоме Нана, Тхан йовхо, тхан тешам, син оьшу кхача. Ма ч1ог1а тайна дукх х1ара дуьне хьоьца, Муьлхха а халонаш ловр йу Хьа ц1арца. Муьлххачу лазамна тхан дарба ду Хьо, Коьртара ойланийн тха синтем бу Хьо, Малх къеганчу дийнахь хаза 1индаг1 ду Хьо Амма де кхолахь – Нур лепа малх бу Хьо. Дикалла хьан – йист йоцу и маьлха дуьне, Къинхетам – стигла д1аг1ерта и лам. Бух боцу х1орд санна ю хьа комаьршалла, Ларайо массарна бан деша там. Беркате хьай ши куьг Аллах1е кхийдадеш, Буьйсанаш ахь денъйо Тхо Деле доьхуш. Хьа хазчу до1наша тхо маьрша леладо, Сингаттмах ларадеш тхай х1усаме дерзадо. Тха Нана, йахь йолу хьомсара нана, Гуо бой тхо охьаховшу Хьуна т1едоьрзий: Сирлачу б1аьргаша тидме во массо, Къинхетме Хьа даго хьосту тхан ойла. Ирс долуш хилла тхо Хьо Нана хиларна, Ирс долуш хилла тхо ахь ага техкорна. Халонаш ца лоьруш, хьайн мара къуьйлуш, Ма ирсе хилла тхо хьоьца кхиарна. | Дуьненчохь хьо мел йу, Собаре тхан Нана, Беркатах дуьзна ду массеран дахар. Дависа йиш йелар жималехь санна Хьан шуьне охьхийша массо а денна. Дависа йиш йелар, тха дика Нана, Дагт1ера сингаттам Хьа кхоччуш д1аэца. Дависа йиш елар тахана, кхана, Даимма ирсе ган хьа хаза амат. Йехийла хьо тхуна, сий долу Нана, Йехийла ховха дог ца духуш цкъа а. Хьай доьзал ирс оьцуш йехийла г1оза, Тхан деган серло, дахаран зезаг. Къор1анчохь Вайн Дала йазйина Нана, Хуьнаршна теш хуьттуш массо а зама. Тхан б1аьсте, к1айн заза, сийна байн аре, Ца хилча йиш йоцу тха хьоме Нана. 1уьйранна малх г1оттуш Хьо Деле йоьху, Буьйсана баттаца хьо Деле йоьху, Мохь туххуш даггара Деле хьо йоьху, Йахалахь, хьомениг, даимма тхуна! /Астамирова З. А./ |
1 в. Вайн дайша лийрина наной, дина церан пусар, лардина церан дегнаш, ца тийсина уьш де эшначу дийнахь д1а. Вайн къоман оьздангалла йу иза, дайша вайга схьакховдийна, ткъа вай декхарийлахь ду и ларйан а, т1екхуьучу т1аьхьене и д1акховдо а.
2 в. Нана д1атесначо Даймохк а, халкъ а, ненан мотт а тосур бу атта д1а, ткъа «Ненан сий динарг махко а лерина» олуш ду вайн.
❤❤❤
Доза доцуш комаьршаллица дуьне къагийнарг йу-кх Нана! ❤
Оьздангалло дуьне марздинарг йу-кх Нана! ❤
Хаддаза доьзале безам берг йу-кх Нана! ❤
НАНА аьлча, б1аьргех хи долуш йерг йу-кх Нана! ❤
Аллах1а шайн доьзалийн ирс эца дах дойла шу дуккха а шерашкахь! ❤
❤❤❤
1 в. Тхан хьоме Наной! Шун дикалла, шун доьналла иманах, собарах дуьзна шун ц1ена дегнаш. Халонех, сингаттамех дуьзина шун дахар. И дерриге а гайта а, дийца а дешнаш тоьар дуй-те цхьана а маттахь!?
2 в. Г1ийлачунна накъост хуьлуш, аьшначуьна дог хьостуш, воьжнарг г1аттош, тилларг дахаре верзош, шелвеллачунна йовхо луш, лазар кхеттачунна шайн безамца, къинхетамца дарба деш – шаьш кхоа ца луш доггаха лела шу.
1 в. Хьоме наной! Лераме хьехархой! Цкъа а ирс ма хедийла шун дахарехь. Шайн доьзалийн вуо ма гойла шуна. Ма дуьсийла шу царна дан амал доцуш, г1ийла церан б1аьра хьежа. Дала даккхийдедойла шу церан г1иллакхех, г1уллакхех.
2 в. Дела реза хуьлда массарна а ладог1арна. Iодика йойла!
Притча о матери.
Мамина любовь.
Однажды к маме пришли её дети, споря между собой доказывая свою правоту друг другу, с вопросом: кого она любит больше всего на свете? Мать молча взяла свечу, зажгла её и начала говорить. «Вот свеча – это я! Её огонь – моя любовь!» Затем она взяла ещё одну свечу и зажгла её от своей. «Это мой первенец, я дала ему своего огня, свою любовь! Разве от того, что я дала, огонь моей свечи стал меньше? Огонь моей свечи остался прежним…» И так она зажгла столько же свечей, сколько у неё было деток, и огонь её свечи оставался таким же большим и тёплым…
Ненан дог.
Цхьана к1антана ч1ог1а йезаш цхьа йо1 хилла. Х1ора суьйранна йо1ана хит1а оьхуш хилла и. Йо1ана ца везаш хилла и к1ант. И хьовзорхьама, йо1а аьлла цуьнга, ша хьоьга йог1ур йу, нагахь санна ахь хьайн ненан дог схьа а даьккхина, схьадахь.
Ц1а веъча, цуьнан ойла йеш 1аш хилла и к1ант. Х1ара иштта гича, нанас хаьттина: «Хьоьгахь х1ун бала бу?»
Т1аккха к1анта дийцина шен нене шегахь дерг.
Нанас к1анте аьлла, шен йаккха йезаш йиснарг дукха хан а йац, ша дукха йехий а ца хаьа, шен к1ант ирсехь ваьхчахьана, шена х1умма ца оьшу.
Нанас даьккхина шен дог делла к1анте.
Дог карахь а долуш, йо1 йолчу ведда воьдуш хилла к1ант. Таса а вела охьакхетта иза, карара дог керчина д1адахна. Т1аккха ненан 1аьнарца даго аьлла к1анте:
– К1ант, ма вон охьакхийти хьо, лаза-м ца ви хьо?
«НАНАС ЙИНА ЧОВ ЛАЗА ЦА ЛОЗУ»
«НЕНАН СИЙ ДИНАРГ МАХКО А ЛЕРИНА»
«1АЛАМ ХАЗДИЙРИГ МАЬЛХАН СЕРЛО ЙУ, ДОГ ХЬОСТУШ ЙЕРГ НЕНАН МАРЗО ЙУ»
«НАНА, ХЬО ИРСЕ ЙАХА!»
«Нет ничего святее и бескорыстнее любви матери»
//В.Г.Белинский//