Урокан ц1е:
Дикаев М. «Стеган ц1е».
Хьехархо :Байраева З.А.
Хьехархо: Байраева З.А
Класс:11
Терахь: 15.04.17шо.
Предмет: нохчийн литература
Урокан ц1е:Дикаев М. «Стеган ц1е».
Урокан тайпа:Довзийтаран, кхеташ-кхиоран урок
Урокан г1ирс: дошам,учебник,тетрадь,ручка, слайдаш.
Учебник: Туркаев Х.В., Туркаева Р.А.
Х1оттош долчун хьесап.(Урокан 1алашонаш):
Кхеторан: Стихотворенин маь1на а,чулацам а бовзийтар.
Кхиоран: Поэтан поэзехь яхь, къоман оьздангалла гайтаран башхаллаш.
Кхетош-кхиоран:Даймахках а, халкъах а дозалла даран ойла т1еерзор. Урокан этапаш.
1.Организационно-мотивационни этап.
2.Хаарийн актуализации яр.
3.Обобщени
4.Жам1 дар, хаарш к1агдар.
Урок д1аяхьар
Организационно-мотивационни этап.
Ц1ахь бина болх таллар.
1. Сатоссуш, седарчий довш романан дакъош схьадуьйцуьту.
2. Стенах лаьцна дуьйцу романан дакъош т1ехь.
3. Муьлш бу цуьнан коьрта турпалхой?
Кхоллараллин болх. Х1инца къонах бохучу дашна юкъа х1ун дог1у, коьртаниг юкъа а лоцуш, кластер х1оттор ю вай.
( «Къонах» бохучу дашна кластер х1оттайо хьехархочуьн г1оьнца)
Яхь Собар Къинхетам Собар
Доьналла Г1ИЛЛАКХ Ларам
Оьздангалла Майралла Тешам
3.Даймохк, г1иллакх бохучу дешнашна синквейн даладе.
1-ра тоба: 2-г1а тоба:
Даймохк Г1иллакх
хьоме,хаза, оьзда, собаре
лору,беза, биццабо леладо, хьосту, довзуйту
Сан дай баьхна латта. Г1иллакх дезаш волчунна, генахь дац.
Марзо. Ларам
Уьна т1е д1аяздина кицанаш доьшуьйту.
«Стеган мах ша хадийнарг бу»
«Къонаха вахача – дош дахьа, къиг яхача - эхь дахьа»
(Хьехархочуьн г1оьнца кицанийн маь1на досту. Керлачу темин ц1е йоккхуьйту дешархошка).
Цхьана дешархочуьнга стихотворени йоьшуьйту.
Хьехархочо кхетам ло юкъ йоьхку, къонаха бохучу дешнашна.
Беран пхийтта шо кхаьчча, цуьнан бералла д1айолу, иза баккхийчеран дарже волу, воккхачуьн долу декхарш т1е а оьций. Цо шен юкъ йоьхку.Уггаре а дезаниг а, жоьпаллениг а: пхийтта шо кхаьчначул т1аьхьа цо шен дашах а, лелочух а жоп дала деза Далла хьалха а. Пхийтта шо кхаччалц дай-наний дара шайн доьзалхочух жоп дала дезаш. Цул т1аьхьа стаг ша ву шен дахарх жоп дала дезаш верг.
«Юкъ йоьхку» бохург-юкъах доьхка а доьхкуш,баккхийчеран юкъаралле схьаэцар ду. Юкъ ехкарца цунна т1едужу стеган декхарш: Дикане-воне вахар, баккхийчарца пхьоьхане х1оттар,салам далар, схьаэцар , хьеше маршалла хаттар. Салти санна, мичча хенахь а шен доьзалан а, халкъан г1уллакхана д1ах1отта кийча хилар ду иза.
Доьзалхочун пхийтта шо кхачар а,цунна Далла хьалха шен долу декхарш а, баккхийчеран дукъ т1едожар а хоуьйтуш, уьстаг1а а боьй, саг1а доккхуш г1иллакх ду вайнехан цхьаболчу доьзалшкахь. Иза дика г1иллакх а ду, х1унда аьлча ша воккха хиллийла иштта д1а ца аьлча, ца хууш,шен бераллех къаста ца туьгуш, баккхийчеран декхарш(дикане-воне вахар,салам далар,хьеше маршалла хаттар…) т1е ца оьцуш, стаг ткъе итт шаре волуш меттиг а нисло дела.
Дикаев Мохьмадан стихотворени «Стеган ц1е» юкъара мог1анаш. Ма говза аьлла-кх цо, кхин олийла а дуй-те?! Мел йоккха ц1е стага лелаярах, мел доккхачу дег1ехь и хиларх, «кхонаха» ца хуьлу цуьнах. Халкъо туьллуш ю и ц1е.
Ткъа мила ву-те и «Къонах»? Нохчийн къоман «Къонах»?!
Вайн къоман оьздангаллехь уггаре а лакхара дарж долу стаг-къонах ву.
«Къонах» боху дош шина декъах лаьтта: «къо»+ «нах»-нехан къо (к1ант), халкъан к1ант бохург ду иза.
«Къонах» хила лаар – х1ора нохчочунна даима ша т1екхача г1ерташ йолу уггаре а лекха 1алашо хилла.
«Къонах» ву алар уггаре а деза совг1ат хила нохчочунна.И ц1е стеган г1уллакхашка, г1иллакхашка хьаьжжина, ша-шах нахалахь йоьдуш хилла, иштта ша-шах южуш а хила,стагера цхьа ледарло яьлча.
«Къонах» боху кхетам гуттар а цхьана хьолехь х1оьттина лаьттина бац. Зама хийцаяларца хийцабелла цуьнан чулацам а.
«Къонах» аьлла ц1е яханчунна юкъараллера я нахера хуьлуш цхьа а пайда а ца хилла Церан декхарш а, церан адамашна хьалхара жоьпалла а алсамдолуш хилла. Бакъду, къонахчун сий даьржаш хилла, цунах лаьцна иллеш а, дийцарш а кхуллуш а хилла халкъо
Уггаре хала х1ума х1ун ду аьлла, шега хаьттича, «Уггар а хала х1ума къонах хилар ду», – аьлла боху Шемалан наиб хиллачу 1успанан Са1дуллас. Цул а хала х1ун ду аьлла хаьттича, цо жоп делла: «Цул хала, къонах а хилла, чекхвалар ду».
Изза Сулейманов Ахьмада а олуш хилла, бакъду, жимма кхин тайпана ду и дешнаш: «Уггар хала нохчо хила ду, цул а хала нохчо хилла вахар а, чекхвалар а ду».
Кхузахь «нохчо» бохург «къонах» бохучу дешан маь1нехь далийна ду, х1унда аьлча, къомах нохчий а болуш, хийла атта бехаш нах а болу дела а, хилла дела а; муьлхха а нохчо хила хала дац, «нохчо-къонах» хила хала ду.
Къонахчо гайтинчу даккхийчу хьуьнаршца нийсса мах болуш а, нахалахь даьржаш а хилла цуьнгара даьлла хаза г1иллакх а, цо аьлла хьекъале дош а.
Стеган г1иллакх-оьздангалла-уьш ду стеган сий , «дахаран б1ов». Даккхийчу а, кегийчу а г1уллакхех ютту х1ора стага и «б1ов».
Тобанашкахь болх
1-ра тобанна
«Стеган ц1е» стихотворенин хьалхара 4 строфа оьрсийн матте баккхар.
2-г1а тобанна
Стихан г1улч билгалъяккха.
Дактиль
Ямб
Хорей
Амфибрахий
«Ма леха эрна аш
К1антана йоккха ц1е,
Пхийттара валийта
Вайн керла юьртахо,
Цхьангге а ца хоьттуш,
Халкъо ц1е туьллур ю,
Махкана цо дечу
Г1уллакхе хьаьжжина».
Жам1 дар. Рефлекси.
Муха ду стихотворенин маь1на?
Къонах, и муха хила веза? Х1ун керланиг хии шуна тахана?
Тахана суна урокехь хиира…
Ас тахана бинчу балхана со реза……
Ц1ахь бан болх.
Хрест. 515-516 аг1онаш дагахь 1амо.
Урок ерзош Сулейманов Ахьмада шен поэмехь «Дахаран генаш» яздина дешнаш далор дара ас:
«Къонахашна зама йоцуш, хилла ма яц заманаш. Замане ца ловзадойтуш, зама ловзо 1амалаш!»