Просмотр содержимого документа
«Диктанты для 5 класса»
5 класс Диктанты
Хьуьнах дахар 1 четверть
Сарахь оха тхешан т1оьрмигаш кечдира. 1уьйранна тхо новкъа девлира. Тхоьца тхан хьехархо а вара. Сада1а билгалъяьккхинчу меттехь севцира тхо. Амма тхан накъосташна дика некъ карийра. Тхо оцу новкъа д1адахара. Т1аьххьара а сада1а боккха 1ам болчохь севцира тхо. Щеххьана тхуна хезира бер доьлхуш. Тхо девдда цига дахара. Жима ши йо1 тилаелла хиллера. Оха и шиъ новкъаяьккхира.
Хьалхарчу предложенехь коьрта меженаш карае.
Iа 2 четверть
1ай уггар доца денош хуьлу. Оцу заман чохь лаьтта ло дуьллу, хишна ша бо. Б1аьста денош дахло. Х1аваъ дохло, ло деша, хиш т1ера ша, кег а луш, д1акхоьхьу. Малх лакхаболу. Аьхка латта а, х1аваъ а ч1ог1а дохло. Стоьмаш а, ялташ а кхуьу. Гурахь ялташ а, стоьмаш а чуберзабо. Буьйсанаш денойл яхъяла юлу. Х1аваъ чехка шелдала дулу. Г1аш, маж а луш, охьаоьгу. Стиглахь кхоларш а хуьлу, дог1анаш а дог1у.
Дешан хlоттам къастор: Буьйсанаш
Бlаьсте 3 четверть
Б1аьсте санна, хаза а, беркате а яра гуьйре. Малх, аьхка санна, йовхо луш бацахь а, цуьнан нур б1аьстенан маьлхан санна хеталахь а, иза нур мелла а г1елдина гора.
Дитташна т1ера г1аш, маж а луш, охьаоьгура. Мохо лаьттара идош а, дитташна т1ехь лестош а долчу г1ан тата дара хезаш. Б1аьстенан г1ан татанах къаьсташ дара иза. Амма 1аламан хазалло дагна ч1ог1а там бора.
Сов тамехь, хаза гора мохо лесточу бецан баххьаша бос хуьйцуш етта тулг1енаш.
Коьрта а, коьртаза а меженаш къастае 3-чу предложенехь.
Хьуьнан доттагl 4 четверть
Хьуьнан доттаг1 хила а веза, иза ларъян а еза.
Хьуьнан доттаг1чо гаьннаш ца кегдо, дитташна т1ера чкъоьрнаш а, г1аш а ца доху, сетта а ца до, кегийра синтарш леста а ца до. Иза царна т1е а ца волу, я церан орамаш а ца цоьсту.
Хьуьнан доттаг1чо хьуьнхахь ц1ераш летор яц, ц1е ца ялийтархьама. Хьуьнан доттаг1чунна хаьа: олхазарша мостаг1ех хьун ларйойла. Хьуьнан доттаг1чо баннаш а ца дохадо, баннашна чуьра xloaш а ца лехьадо. Нагахь шена цхьа жима олхазаран к1орни караяхь, цо иза бен чу юьллу.
Шала мукъаза элпаш юкъахь долу дешнаш схьаязде.