СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Хаарийн б1ов 10, 11 класс

Категория: Прочее

Нажмите, чтобы узнать подробности

Творческий проект (конкурс между учащимися 10,11 классов)

Просмотр содержимого документа
«Хаарийн б1ов 10, 11 класс»

18.04.15г.



«Хаарийн б1ов»



Сценарий









МБОУ «СОШ 2 с.Алхазурово









Хьехархо: Б.И.Магомадова















11кл.дешархойн тоба 10 кл. дешархойн тоба

«Яхь» «Собар»

Декъашхой:



1.Маликова Х.( тхьамда ) 1.Магомадова К.(тхьамда)

2.Эсиев И. (пхьар) 2.Гойгов Т. (пхьар)

3.Магомадова М. 3.Магомадова М.

4.Зайтаева А. 4. Дадаева И..

5.Шарипова Х. 5.Яндарбиева М.



Кхайкхам :

Яхье даьлла эппаз Сихалло са даьккхина,

туьмане кхаьчна собаро лам баьккхина.









Барта кхолларалла.

ТУЬЙРА.



10кл. тобана:

«Эла Тепсаркъа, Жоьра-Бабин Жонсаркъа»



Хаттар: Х1унда аьлла йо1а эла Тепсаркъе: « Жоьра –Бабин Жонсаркъа вохка а воьхкина, суна ездарин коч яхьахь, со хьоьга йог1у»



11кл. тобана:



«Чинг1аз»



Чинг1аза муьлхачу дитта к1ел вола олу к1анте дагардийца? Оцу диттах лаьцна х1ун яздо туьйранахь?



Литература



10кл. тобана:

«… -Уггар халаниг йо1ах къастар дара. Елла д1аяллалц дицлур дац суна ас юх-юха барташ дохуш, хьоьстуш, марзошка д1аяха дагахь арайоккхуш, т1аккха чуйоьрзий, цунна йоьлхуш- лелийнарг…Делахь а, яла ца елла… Х1инца а лелаш ю… -Къуьйлуш доккха са а даьккхина, х1усамненан б1аьра а хьаьжна, корта а ластийна элира: « Иштта сайн бен айса бохийра ас…»

Хаттар: Х1ара къамел хьенан ду? Ц1е яккха турпалхочун а,произведенин а, цуьнан авторан а.

11кл. тобана:

«Ийман долуш хиларца билгалъяьлла, марзхошна аьхна стаг яра иза. Шен доьзалх стаг новкъаволуш цунах б1аьрг тухуьйтура…, некъ дика хир бу бохуш. Чохь кечбеш болу кхача а дукхахберг цуьнга кечбойтура, беркате хир бу бохуш, хит1ара деанчу хих а цо деанарг мегаш дара, цуьнций бен ламаз а ца оьцура… Хаара … шен марненан дог хьаста а,цунна тош йолу аг1о лаха а.

Хаттар: Муьлш бу кхузахь буьйцу турпалхой? Муьлхачу произведенин кийсик ю ялийнарг? Ц1е яккха авторан



Маттах хаарш

2 –на а тобана:



  1. Х1окху дешнийн маь1наш даста, дукхаллин терахьехь д1аязде.





Тутмакх, оьмар, жигархо, г1ота, г1ушлакхе, мазлаг1а, зоьпар, маъ, хоти, дошло, тарсал.

















Кицанаш





Кицанаш дерзаде, маь1наш даста:

11кл. тобана:

Къано вахана- къа дисна, хьаша вахана-?

Багара далале, дешан да ву хьо, багара даьлчи, цуьнан--?.

Лела ца хиъна нускал-?



10кл. тобана:

Дика зуда - бахам, вон зуда-?

Хьешана дуьхьал нуй хьекхар-?

Хазчу дашо -?







Фразеологизмаш





Фразеологизмийн маь1наш даста( синонимаш яхкае)



11кл. тобана

-Лерг леташ стаг вац

-Вовшийн пехаш дуур долуш

-Коьртан хьех чекхвели





10кл. тобана



-1одара ваьлча санна

-Дог дузуш лаьттара

-Пхьуьйшахь лаьхьа гойтура





Х1етал-металш



Х1етал-метал хаийла дуьненна тийсина архаш?



Ахь т1ера хьала мел оьцу йоккха хуьлург?





Турпалхой



Кхарна юккъара 1941-45чу шерийн т1еман турпалхойн ц1ераш къастае.



Адин Сурхо, Маташ Мазаев, Таймин Биболт, Аьккхин Жанхот, обарг Зеламха, Зайтан Шихмирза, Шарипов Асланбек, Хаважи Магомед- Мерзоев, Эвтархойн Ахьмад, Нурадилов Ханпаш.









Стихаш йоьшу



Ц1урко т1улг буьллу



Тоьлла тоба къастайо



Совг1аташ до