Хьехархочун ц1е: Байраева Заира Арбиевна
Класс: 9
Терахь: 13.02.17ш.
Предмет: нохчийн мотт
Урокан ц1е: Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенешна юкъайоьлхучу цхьалхечу предложенийн маь1наш а, сацаран хьаьркаш а.
Урокан тайпа: Довзийтаран урок
Урокан кеп: кхоллараллин болх, фронтальни болх, шаьш беш болу болх.
УМК: З.Д. Джамлханов, Т.М. Вагапова, Эсхаджиев Я.У.
Х1оттош долчун хьесап ( гайтамаш) (урокан 1алашонаш)
Предметни ( Кхеторан): Хуттугаш йоцчу чолхечу предложенешна юкъайоьлхучу цхьалхечу предложенийн маь1наш довзийтар. Сацаран хьаьркаш х1итто 1амор.
Метопредметни (Кхиоран): Дешархойн хаарш таллар, к1аргдар, шардар.
Личнистни (Кхетош – кхиоран): Ненан матте болу безам кхиор. Берийн ойла дешарна т1еерзор.
Урок д1аяхьар
Маршалла хаттар.
Ойла т1еерзор.
Ц1ахь бина болх таллар.
Дешархоша шаьш ц1ахь язйина предложенеш йоьшуьйту.
Фронтальни хаттарш
-Муьлхачу предложенех олу хуттургаш йоцу чолхе предложени?
(шайца цхьанакхетаран я карара хуттургаш а йоцуш я хуттурган дешнаш а доцуш, цхьана эшарца цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложенех лаьттачарех олу)
-Муьлха хуттугаш евза шуна?
(Цхаьнакхетаран (дозаран,дуьхьлара,къасторан), карара. Хуттурган дешнаш).
Кехаташца болх
Хьалхара кехат
Хуттургаш йолчу чолхечу предложенех, хуттургаш йоцу чолхе предложенеш кхолла:
(Мила,х1ун, муьлха, маца и.кх.д1.).
Шолг1а кехат
Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенех, хуттургаш йолу чолхе предложенеш кхолла:
Хьайн дош 1алашдеш хьо вацахь, ч1аг1о а 1алашйийр яц ахь.(кица) (Нагахь санна)
Машен чуьра итт метр гена х1умма а ца гора, дохк дуькъа дара. (х1унда аьлча)
Йийца карара хуттургаш.
(Х1унда аьлча,нагахь санна,нагахь,бохуш,аьлла ).
Кхоалг1а кехат
Хуттургаш йоцчу чолхечу предложенех, хуттургаш йолу чолхе предложенеш кхолла:
(Нагахь санна)
(Нагахь)
(Дозаран, дуьхьлара, къасторан).
Керла коьчал йовзийтар.
Д1айовзуьйту х1ар предложенеш.
а) Суна-м моьттура хьо вог1ур ву. (Нийса кхачаман)
аь) Сту бели - жижиг ду (Кица). (Хенан)
б) Аса не1 туьйхира - цхьа а ара ца волура.(Дуьхьлара маь1на)
в) Дан дезарг ахьа шен хенна ца дой - юьхь1аьржа х1уттур ву хьо.
( Бехкаман)
г) Арахь дог1а дог1ура - аса плащ т1еюьйхира.(Т1аьхьалонан)
г1) 1имрана лаг озийра — топ елира.
д) Со г1анта т1е охьалахвелира: г1елвеллера со ч1ог1а.(Бахьанин)
е) Мох лаг1белира, х1инца иштта шийла яцара.(Бахьанин)
2. Xlopа предложенина т1ехь х1окху кепара болх бо:
Д1аеша хьалхара предложени. Ч1аг1де иза чолхе хилар. (Иза шина цхьалхечу предложених лаьтташ ю. Х1ораннан шен-шен коьрта меженаш ю: хьалхарчу декъан - "Суна-м моьттура"; шолг1ачу декъан - "Хьо вог1ур ву").
Чолхечарах муьлхарниг ю xlapa? (Хуттург йоцу чолхе предложени ю, х1унда аьлча я цхьаьнакхетаран хуттург а, я карара хуттург а, я хуттурган дош а дац кхузахь. Ши предложени вовшаххутту эшаро, интонацино).
Цу чу йоьдучу шина предложених муьлхарчуьнга дала мегар дара хаттар? Х1у н хаттар ду иза? (И хаттар ду "х1ун?" Иза дала деза хьалхарчу декъа т1ера: "Суна-м моьттура х1ун?" - "Хьо вог1ур ву").
Муьлхачу меженан хаттар ду иза? (Нийсачу кхачаман хаттар ду).
Цундела стенан маь1на ду оцу предложени шолг1ачу декъан? (Нийсачу кхачаман маь1на). Иштта кхоллаеллачу хуттугаш йоцчу чолхечу предложенехь цхьалхечу предложенешна юккъе сацаран хьаьрк ца х1оттадо.
Д1аязде делахь хуттургаш йоцчу чолхечу предложенийн дакъойн маь1нех хьалхарниг- 1) нийсачу кхачаман маь1на.
Иштта д1аяздойту шолг1ачу предложени дакъойн маь1наш а:
Д1аеша шолг1а предлажени. Ч1аг1де иза чолхе хилар. (Иза шина цхьалхечу предложених лаьтташ ю. Х1оранна шен-шен коьрта меженаш ю: хьалхарчу декъан - "Сту бели", - шолг1ачу декъан - жижиг ду".
Чолхечарах муьлхарниг ю х1ара? Хуттург йоцу чолхе предложени ю, х1унда аьлча я цхьаьнакхетаран хуттург а, я карара хуттург а, я хуттурган дош а дац кхузахь. Ши предложени вовшаххутту эшаро, интонацино).
Цу чу йоьдучу шина предложенех муьлхачунна т1ера х1ун хаттар дала мегар дара вукхуьнга? (Жижиг маца ду?- Сту белча).
Х1ун маь1на долуш хаттар ду иза? (Хенан маь1на).
Ишттачу предложенехь тире юьллу.
Дуьхьлара маь1нехь тире юьллу.
Бехкаман маь1нехь тире юьллу.
Т1аьхьалонан маь1нехь тире юьллу.
Бахьанин маь1нехь ши т1адам буьллу.
Кхочушдойту шардар 244.
Схьаязъе. Барта билгалдаккха хуттугаш йоцчу чолхечу предложенешкарчу цхьалхечу предложенийн маь1на. Барта схьадийца, сацаран хьаьркаш х1унда х1иттийна.
Жам1 дар. Рефлекси
Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?
Ас тахана бинчу балхана со реза………..
Шайна лаахь смайлш яхка
Ц1ахь бан болх балар.
П.57, кхочушде шардар 246.
4