СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

«Доккха элп яздаран бакъонаш. Дош сехьадаккхар».

Нажмите, чтобы узнать подробности

Нохчийн мотт «Урок 95ру»

- Маршалла  ду шуьга, хьоме дешархой! Де дика хуьлда шу!

- Вай урокан тема ю: «Доккха элп яздаран бакъонаш. Дош сехьадаккхар». Оьрсийн  маттахь:  « Правописание заглавной  буквы и перенос слова».

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду, маца дуьллу предложенехь доккха элп а, иштта дош сехьадаккхаран бакъонаш а.  Уьш вай х1инца шуна йовзуьйтар ю.

Доккхачу элпаца язйо:

  1. Долахь ц1ерш: Тоита, Хьава, Хеда, Алма-Ата, Гуьмса,Терк, Орга, Казбек;
  2. Бехкаман ц1ерш: газетийн, журналийн, книгийн, произведенийн, заводийн ц1ерш: газета «Даймохк», роман «Еха буьйсанаш», журнал «Стела1ад»;
  3. Предложенехь хьалхара дош: Марха хаза ловзура.
  4. Орденийн ц1ерш доккхачу элпаца язйо, ткъа цу ц1ершкахь хуьлуш долу орден, дарж дош жимачу элпаца яздо: Ц1ечу Седанан орден, «Сий» ц1е йолу орден.

Просмотр содержимого документа
««Доккха элп яздаран бакъонаш. Дош сехьадаккхар».»

Нохчийн мотт «Урок 95ру»

- Маршалла ду шуьга, хьоме дешархой! Де дика хуьлда шу!

- Вай урокан тема ю: «Доккха элп яздаран бакъонаш. Дош сехьадаккхар». Оьрсийн маттахь: « Правописание заглавной буквы и перенос слова».

Х1окху урокехь вай дуьйцур ду, маца дуьллу предложенехь доккха элп а, иштта дош сехьадаккхаран бакъонаш а. Уьш вай х1инца шуна йовзуьйтар ю.

Доккхачу элпаца язйо:

  1. Долахь ц1ерш: Тоита, Хьава, Хеда, Алма-Ата, Гуьмса,Терк, Орга, Казбек;

  2. Бехкаман ц1ерш: газетийн, журналийн, книгийн, произведенийн, заводийн ц1ерш: газета «Даймохк», роман «Еха буьйсанаш», журнал «Стела1ад»;

  3. Предложенехь хьалхара дош: Марха хаза ловзура.

  4. Орденийн ц1ерш доккхачу элпаца язйо, ткъа цу ц1ершкахь хуьлуш долу орден, дарж дош жимачу элпаца яздо: Ц1ечу Седанан орден, «Сий» ц1е йолу орден.



Дешнаш нийса декъа



Долахь ц1ерш

Юкъара ц1ерш



КЪОЛАМ, ХЬАВА, ОРГА, НАЬРС, ХЕДА, БЕПИГ, ТЕРК, СТИГАЛ, ГУЬМСА



Дош сехьадаккхаран бакъонаш йовзуьйту вай шуна:

а) Дош сехьадоккху дешдакъош доха ца деш. Масала: ол-ха-зар, мел-ла-ша, сел-ха-на.

б) Дош сехьадоккхуш, цхьа элп мог1анехь дита а, керлачу мог1ане сехьадаккха а мегар дац. Масала: Я-ха (декъа мегар дац), оь-па (декъа мегар дац), ю-ург (декъа мегар дац).

в) Цхьана дешдекъах лаьтта дош декъа мегар дац: кор, не1, дог, лом, лор, кад, куьг.

г) дош сехьадоккхуш шала мукъаза элпаш декъа мега, масала: к1ез-зиг, жим-ма, ед-да, мак-кхал.

д) ц1ей, ден ц1ей билгалъен элпаш хьалхарчу мог1анехь а дуьтуш, фамили керлачу мог1ане сехьаяккха ца мега, масала: М.А. Мамакаев, Ш.А. Арсанукаев, М.А. Сулаев.

е) шалха элпаш а, дифтонгаш а, дош сехьадоккхуш екъа мегар дац, масала: Мохь-мад, Ахь-мад, дий-нахь, тиэр-са, виэ-за, ц1ий-за, ц1оц-къам.

  1. Д1аязъе х1ара преложенеш. К1ел сиз хьокхуш, билгалдаха даккхийчу элпашца яздина дешнаш.

Зарганий, Маремий, Маретий кест-кеста доьшу «Даймохк», «Теркайист», «Республика» ц1ерш йолу газеташ а, «Стела1ад» журнал а.

Яхас йийшира «Зеламха» а, «Маца девза доттаг1алла» а ц1ерш йолу романаш.

Зарганий, Маремий, Маретий кест-кеста доьшу «Даймохк», «Теркайист», «Республика» ц1ерш йолу газеташ а, «Стела1ад» журнал а.

Яхас йийшира «Зеламха» а, «Маца девза доттаг1алла» а ц1ерш йолу романаш.

  1. Дош сехьадаккха мегачу кепара дешдакъошна юккъе сиз а хьокхуш, д1аязде кху лахара хьекъале кицанаш.



Массарна а ца дуьйцу гина г1ан.

Хазачу маттаца коч тегалац.

Дешарх иддарг дохковаьлла.

Нахаца дика хилар а ю корматалла.



Мас-сар-на а ца дуьй-цу ги-на г1ан.

Ха-за-чу мат-та-ца коч те-га-лац.

Де-шарх ид-дарг дох-ко-ваьл-ла.

На-ха-ца ди-ка хи-лар а ю кор-ма-тал-ла.


Д1аязъе х1ара преложени. К1ел сиз хьокхуш, билгалдаха даккхийчу элпашца яздина дешнаш. Дош сехьадаккха мегачу кепара дешдакъошна юккъе сиз а хьокхуш, д1аязъе.

Мерза бу,моз санна, ша безачунна,

Ламанан шовданал ц1ена бу и.

Лермонтовс, Толстойс а ладег1на цуьнга,

Услара даггара хестийна и.


Мер-за бу,моз сан-на, ша бе-за-чун-на,

Ла-ма-нан шов-да-нал ц1е-на бу и.

Лер-мон-товс, Толс-тойс а ла-дег1-на цуьн-га,

Ус-ла-ра даг-га-ра хес-тий-на и.



Ц1ахь: Долахь ц1ерш юкъахь а йолуш, 3 предложени х1оттае. Цу предложенешкара дешнаш дешдакъошца декъа.

- Кху т1ехь вай урок чекхйолу. 1одика йойла шун, марша 1ойла!



Пайдаэцна литература

1. З.Д. Джамалханов, Т.Н. Чинхоева «Нохчийн мотт -10-11 классашна» Грозный ГУП «Книжное издательство», 2011 шо.

2. Эсхаджиев Я.У. «Юккъерачу школехь нохчийн метан орфографи а, пунктуаци а 1амор»5-11 классашна. Грозный Издательство «Арфа-Прес», 2012 шо.

3. Эдилов С.Э. «Нохчийн меттан синтаксисан практикум» Соьлжа-Г1ала Издательство «Арфа- Пресс», 2011 шо.

4. Исмаилов А. «Дош» Соьлжа-г1ала, 2005 шо.

5. Хамидов А.И. «Нохчийн мотта 1илманан терминийн луг1ат» Грозный ГУП «Книжное издательство», 2012 шо.