СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

ДОКЛАД ТЕМА: Нохчийн мотт а, литература а хьехарехь проектни белхан мехалла.

Категория: Литература

Нажмите, чтобы узнать подробности

ДОКЛАД

 

 

 

ТЕМА:

 

Нохчийн мотт а, литература а хьехарехь

проектни белхан мехалла

 

 

 

 

 

                                                     Докладчик: Б.И.Магомадова

            МБОУ «СОШ №2 с.Алхазурово»

 

 

 

 

 

Грозный 2017г.

 

      Федеральни пачхьалкхан дешаран  я шолг1ачу чкьуран стандарто коьрта дешаран программа кхочушьярехь нохчийн меттан а , литературин а  хьехархошна хьалха дукха декхарш х1иттадо. Царна юкъахь ду коьрта юкъарчу дешаран коьрта дешаран программа караерзорехь хуьлучу кхачонашна т1едожораш а.

      Вайна ма-хаьъара, уьш ду: личностни, метапредметни, предметни. Личностни «со», «сан», «юьхь» бохучу  маь1нехь кхета суна. Хьехархочун кхузахь декхар ду х1ора урокехь ша 1амочу дешархойн керланиг довза ойла самаяккха а, шайн лаамца, шайн ницкьаца, хуучух пайда а оьцуьйтуш, вовшех дага а бовлуьйтуш, нийсачу кхетамца уьш- шаьш х1оттийначу 1алашонна т1е кхачийта говза некьаш лаха а, нийса терго ян а, г1о лаца а, оцу новкъахь церан вовшашца ларам а, хьуьнар а, лаам а, шайх болу  тешам а ч1аг1бан а, цаьрга  кханалерчу дахарехь цунах пайдаэцийта  нийса некъ карабайта а, доьзална, юкъараллина, махкана  пайдехь, хьанал хилийта а.

    Метапредметни бохучо юкъалоцу межпредметни кхетамаш, тайп-тайпана дешаран дараш (УУД). Дешаран коьрта кхачо- иза метапредметни говзаллаш дика хаар ду.  УУДан уггар коьртачу тайпанашна юкьахь кьастадо диъ тайпа: личностни, регулятивни, познавательни, коммуникативни.

     Регулятивни – 1алашонаш х1итто хаар, царна т1е кхача нийса некъ лаха хаар, халонех чекхдовла хаар, сацамаш т1еэца а, хьесап дан а хаар, кхечаьрца юкъаметтигаш лело хаар а.  Коммуникативни- коллективехь болх бан хаар, хьалхах1иттийначу хаттаршна нийса жоьпаш лаха хаар, къамелан уьйр латто хаар, декъахошна хетарг, церан аз тидаме эцар, ларар, цаьрца цхьаьна нийсачунна, коьрта долчунна т1е кхиа хьажар.

    Карарчу хенахь мехала лоруш ю познавательни (довзаран) УУД. Цо чулоцу дешархойн керланиг довза догдаийта аг1онаш лахар, церан дешарца йолу уьйр ч1аг1ъяр боху маь1на.

      Юкъараллина хьекъал долуш, даима керланиг довза г1ерташ,1илма толлуш, к1оргера хьесап дан хууш, 1алашонаш х1итто а, царна т1е кхача а хьуьнаре, пох1малла долу адамаш оьшу.

   Цуьнца доьзна  ду школашна, хьехархошна хьалха лаьтта декхарш. Уьш аттачех дац. Хьехархоша шаьш дешархошна 1амочу предметан хаарш д1акховдорол а ч1ог1а церан синош самадаха г1одан деза, таронаш , ницкъ талла  беза, уьш хьесап дан 1амо деза, тайп-тайпанчу дарашкахь шайна хуучух цаьрга пайда оьцуьйтуш, керланиг довза, урокехь а, цул арахьа а.

   Оцу г1уллакхана пайдехь хир  йолуш, тидаме эцна  хьехаран  тайп-тайпана кепаш, аг1онаш, хьехаран говзаллаш (технологеш). Уьш дукха ю. Царех уггар мехалниг лору проектни дешаран технологи а. Г1араваьллачу Ирландин драматурга Шоу Бернарда аьлла : «Единственный путь, ведущий к знаниям-это деятельность» Ойлаяро, къахьегаро дуьне, дахар довзуьйту, 1амаво, 1амадо, дуккха а хаарш, 1илма довзуьйту, адамалла кхиайо. Проект бохучунна бухе дуьллург иза ду.  Дешар – иза къинхьегам бу, ойлаярца дешар.

    Латынин маттахь проект «выброшенный вперед» ( хьалха кхоьссинарг) бохург ду. Тахана вай цунах идея (ойла) олу.

    Муьлххачу а проектан цхьа проблема (чолхе лехаман ойла) хила еза.

И проблема д1айоккхуш, хьалха 1алашо х1оттайо, декхарш билгалдоху, дийцаре до, толлу, сацамаш бо, презентаци кечйо, йовзуьйту, тайп-тайпанчу г1ирсех пайда а оьцуш

     Проекташ тайп-тайпана хуьлу: хаамийн, талламан, кхоллараллин, социальни, проект-ловзар, инновационни.

     Ойла йича, проектни болх ишколашкахь дукха хенахь дуьйна беш бу. Олуш ду-кх: «Керланиг – иза тоххара дицдина шираниг ду.»

Масала,  дешархоша рефераташ кечйо (хаамийн проектан тайпа), литературни произведенеш 1амийча, царна т1ехь кечйина сценкеш  гойту ( проект-ловзар), кхоллараллин суьйренаш кечйо, стихийн, эшарийн конкурсаш д1ахьо, сочиненеш язйо (кхоллараллин проект). Иза мелла а  проектни болх буйла вайна хууш ца хилла.

   Проектни болх цхьана я масех урокан хан д1алоцуш хила, я кхин а ехачу ханна лерина хила а мега. Масала, 6- чу  классехь нохчийн литератури т1ехь шатайпанчу говзанчин прозаикан Бексултанов Мусан «Некълацар» ц1е йолуш дийцар ду. Оцу дийцаро ойлане баьхнера дешархой. Цу т1ехь гойту къений, къоний ши чкъор. И шиъ дуьхь-дуьхьал х1утту, къовсало. Д1адаьлла воккхачу стага лардина некълацаран ламаст, ца хаьа, ца девза къоначарна дуккха а дайн г1иллакхаш, ламасташ- догдуху жимчу к1ентан а, цуьнан деден а, хораме долу иза дешархошна а. Воккхачу стага шен вешин безамна лелочу 1асанна т1ехула йолий, иза кагьеш, д1айоьду нускал эцна йоьду машен, цунна т1аьхьа вуьш а. Оха дийцаре до и г1уллакх. Суна берашка ойлаяйта лаьа.  Хала хаттар кхоллало сан берашка. Муха лардан деза вайн г1иллакхаш, ламасташ, д1а ца дайта? Х1ун дан деза?  Иза йоккха проблема ю. Цу проблеми т1ехь болх бира бераша, баккхийчаьрга хоьттуш, д1аяздира кицанаш, г1иллакхех лаьцна цхьацца къамелаш. Оха ца лардахь, тхан берашна а хуур ма дац уьш бохура цхьамма, сагатдора дешархоша. Т1аккха тхан ойла кхоллаелира  г1иллакхаш гойтуш тайп-тайпана  сценкеш х1иттаян. Дика, доггах ловзура уьш. Массарна дакъалаца лаьра оцу проектехь. Цунах кхечара пайда эцна хир бу аьлла, хета суна. Шайна гинарг, шайн синошна а, ойланашна а т1е1аткъам бинарг царна цкъа а дицлур дац, даимна дуьсур церан иэсехь. Шина урокана лерина проект яра иза. Иштта проектни болх д1абахьа таронаш меттан урокашкахь а хуьлу.

    Районехь  д1аяьхьна «Мастер- класс» урок проектни балхана лерина яра. 5-чу классана лерина урок яра иза. «Антонимаш»- тема яра цуьнан. Антонимаш темина таллам бира ,тобанашкахь болх бира, кхачонехь, хаза кечьеш, антонимийн дошамаш х1иттийра. Уьш х1иттош, ойлаеш, къахьега дезара. Шина тобана д1аделлера цхьатеррачу барамехь, чулацамехь кехатийн асанаш т1ехь яздина тайп-тайпанчу къамелан дакъойн дешнаш. Уьш хоржуш, нийса цхьанатухуш, антонимийн дошамаш х1итто езара. Болх кхачаме бира, тоьлла тоба къастийра. Шаьш х1иттинчу дошамех кхид1а шайн дешархошка пайдаэцийта д1аехьира урокан декъахоша. Къаьсттина самукъане а, эвсара а и урок д1аяхара сан сайн 5-чу классан дешархошца. Уьш баккхийбебора шайна хуучух, чаккхенгахь шайга даделлачух, шайн толамах. Ишттачу урокаша берийн белхан эвсаралла лакхайоккху, церан вовшашца уьйр тосу, низам ч1аг1до, яхье доху, къахьегар марздо, маттах хаарш кхиадо… Иштта «Синонимаш» -темана леринчу урокехь жимачу проектехь синонимийн дошмаш х1иттийра дешархоша. Иза а цхьана урокана проект яра.

    7-чу классан дешархошца вайн меттан шира дешнаш карладохуш, церан маь1наш довзуьйтуш, д1ахьош бу керлачу проектан болх. Меттан урокехь а, иштта литературин произведенеш 1амош дешархоша шайна ца кхета дош тидам боцуш, ца дуьту. Оха цхьаьний церан маь1наш досту, леринчу дошмаш т1е д1аяздо. Цхьа дош цакхетаро галдоккху ерриге предложенин я дийнна абзацан маь1нах кхетар. Т1аккха беран ешаран ойла малло. Цундела мотт кхиарехь коьртачех ду дешнаш, церан маь1наш довзар, уьш вайн матта юккъахь лелар. Оцу 1алашонна лерина х1иттайо берашца нохчийн меттан дошмаш.

Х1ора болх, ахьа цу т1ехь ойлайинехь, хьанал  къахьегнехь, цхьа жам1а доцуш ца буьсу, хьуна а, юкъараллина а. Т1аккха уьш вайн дахаран проекташ хуьлий, кхуьу. Уггар йоккха проект- иза адаман дахар ду. Адаман дахар хаздийриг къинхьегам бу. Къинхьегамо хаздо адам.

    Вайн мотт а, литература а хьалдолуш ду. Цара дуккха а чолхе хаттарш х1иттадо вайна а, вайн дешархошна а хьалха. Цундела вайн ницкъ, белхан говзалла алсамйохуш, къоман кханалера де таханлера къоначу чкъуран карахь дуйла а хууш, кхоччуш къахьега деза вайн берашна шайн дахарехь нийса некъ карабайта, царех махкана хьанал, тешаме адамаш хилийта.

   Пачхьалкхан керла дешаран стандарто,  хьалхарчун бух т1ехь кхоллаеллехь а, дуккха а, х1окху заманан хьелашка хьаьжжина, мехала а, пайдехь а х1ума кховдадо  хьехархойн говзалла лакхаяккхарехь а, берийн хаарш, 1амарш алсамдахарехь а, церан кхетам кхиарехь а.  Дала цу т1ехь аьтто бойла вайн а, вайн берийн а!