Г1уллакхан къамелан дакъоша дар я хилар а ца гойту, х1ума билгал а ца йо, х1уманан билгало а ца гойту, масалла я рог1алла а ца гойту, предложенин меженаш а ца хуьлу. |
Дешт1аьхье (Предлог) | Ц1ердешан,билгалдешан,тарахьдешан,ц1ерметдешан кхечу дашца йолу юкъаметтиг гойтучу къамелан декъах дешт1аьхье олу. | дитта т1ехь,класса чохь, Теркал дехьа ,берашна хьалха, цул т1аьхьа, цуьнан дуьхьа,юьртара дуьйна. |
Хуттург (Союз) | Предложенин меженаш я чолхечу предложенин дакъош вовшахтосучу г1уллакхан къамелан декъах хуттург олу. Цхьалхенаш цхьана дашах лаьтташ хуьлу: а ,я, амма, ткъа. Чолхенаш шина-кхаа декъах лаьтташ хуьлу: х1унда аьлча, иштта делахь а, нагахь санна. Хуттургаш екъало кхин а шина декъе: 1) Цхьаьнакхетаран хуттургаш : а, я, амма, делахь а, бакъду, т1аккха, цул т1аьхьа, х1етте а. 2)Карара хуттургаш : х1унда аьлча, цундела, иштта, делахь, хьама, дуьхьа, нагахь санна. | Я со вахийта цига, я хьуо г1ой вала. Султана мохь беттара, амма цхьа а гучу волуш вацара. |
Айдардош (междометие) | Х1уманан я г1уллакхан хаадалар хазахетарца, инзарваларца, азтардарца, кхайкхарца билгалдечу дешнех айдардош олу. | Эх1, ма тамашийна г1уллакх ду-кх х1ара! Ой, х1инца баккъал дешна а ваьлла, ц1а веана-кх хьо! |