Тест по чеченскому языку и литературе.
Задание #1
Вопрос:
Муьлхачу хандешнаша гойту хьалха яхана хан ?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) вицвелла, ладег1на, хьагъелла
2) дагаихнера, баьхнера, хьагъеллера
3) дийци, ладуьйг1и, вицви
4) ладуг1ура, дуьйцура, хьаглора
Задание #2
Вопрос:
Муьлха предложени ю т1едожоран?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Шийла яра тахана арахь
2) Ма сиха д1адели-кх х1ара де!
3) Ц1ахь бан белла болх кхочушбе
4) Хьо вог1ий соьца?
Задание #3
Вопрос:
Муьлхачу предложенера сказуеми хандешан х1оттаман ду?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Г1иллакхий, оьздангаллий йиший, ваший ду
2) Суна школехь деша лаьа
3) Дешар -серло, цадешар - бода
4) К1антана еза шен нана
Задание #4
Вопрос:
Муьлхачу предложенехь ц1еран х1оттаман сказуеми ду?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Юург - дег1ан кхача, наб - син кхача
2) Арахь дог1а дог1у
3) Тахана арахь хаза дара
4) Суна ловза лаьа
Задание #5
Вопрос:
Муьлха предложени юьхьза ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) шена чохь подлежащи а доцуш, юкъарчу маь1ница иза дало тарло предложени
2) подлежащи бен, кхин коьрта меже йоцу предложени
3) шена чохь подлежащи а, сказуеми а долу предложени
4) шена чохь подлежащи доцуш а, хила оьшуш а йоцу предложени
Задание #6
Вопрос:
Муьлхачу предложенера къастамаш цхьанатайпанара бац?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) уьш дара керла, ховха, хаза зезагаш
2) к1анта деара ц1ен, можа 1ежаш
3) г1опана гонаха яра лекха аннийн керт
4) керт мел ю д1асакхийсина яра аннийн, аьчган, ангалин гергаш
Задание #7
Вопрос:
Воккхачу дадас меллаша корта те1абора, амма цхьа дош ца элира. - предложени муьлхачу тайпана ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) цхьалхе, цхьанатайпанарчу меженашца
2) чолхе-карара
3) хуттургаш йоцу чолхе
4) чолхе-цхьаьнакхетта
Задание #8
Вопрос:
Циггахь хиира Зараана бакъдерг. - предложенера «бакъдерг» боху дош х1ун меже ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) подлежащи ду
2) лач кхачам бу
3) сказуеми ду
4) нийса кхачам бу
Задание #9
Вопрос:
Нехан шуьнехь къонах а верстар вац, нехан хьаьвди т1ехь дин а берстар бац. - предложени муьлха тайпана ю:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) чолхе - карара
2) хуттургаш йоцу чолхе
3) чолхе-цхьаьнакхетта
4) цхьалхе, цхьанатайпанарчу меженашца
Задание #10
Вопрос:
Муьлхачу предложених олу чолхе-карара предложени?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) цхьабосса бакъо йолуш цхьаьнакхеттачу цхьалхечу предложених лаьттачух
2) кхетаран меженаш шена шена чохь йолчу предложених
3) цхьанатайпанара я шакъаьстина меженаш шена чохь йолчу предложених
4) коьртачу а, т1етухучу а предложенех лаьттачух
Задание #11
Вопрос:
Хоийла хьуна (1) мел хала бакъо а(2) нагахь (3) кхоччуш (4) дика хьо цунах кхеташ хуьлий (5) хьайга нийса а (6) кхетош а (7) йийцалур юй. - предложенехь ц1оьмалгаш яхкаран нийса вариант муьлха ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 2, 3,5,6
2) 1,3, 5,6,7
3) 1,2,3,4,5,6
4) 1,2,5,6
Задание #12
Вопрос:
Тешам ? иза къонахчун коьрта амал ю.
Мотт ? иза массо х1уманан а бух бу. - предложенешкахь муьлха сацаран хьаьркаш х1итто деза?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ц1оьмалгаш яхка еза
2) х1уммаъ йилла ца еза
3) тиреш яхка еза
4) шит1адам билла беза
Задание #13
Вопрос:
Муьлхачу предложенера подлежащи маь1нин ду?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) т1екхечира шийла 1а
2) дитташ къаьстинера шайн духарх
3) олхазарша ца лоькхура зевне эшарш
4) бераш а дара салазаш кечъеш
Задание #14
Вопрос:
И ледарло шегара кхин йолуьйтур яц аьлла, суна дош делира Асхьаба. - предложенера аьлла боху дош х1ун ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) карара кхеторан хуттург ю
2) хуттурган дош ду
3) цхьаьнакхетаран хуттург ю
4) карара бахьанин хуттург ю
Задание #15
Вопрос:
Олдам шайн куьпахь а г1араваьллера, гуттар а ойланаш еш, г1ийла ву бохуш. - предложенера т1етуху предложени муьлха тайпана ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) къастаман ю
2) 1алашонан ю
3) кхачаман ю
4) даран суьртан ю
Задание #16
Вопрос:
Х1ара дешнаш антонимаш ду:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) дошло - г1ашло
2) харж - зен
3) текх - шун
4) жам1 - хьесап
Задание #17
Вопрос:
Муьлха ц1ерметдешнаш дефисца ца яздо?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) цхьа?волу, кхи?волу, наггахь?волу
2) со?со, и?ша, шу?шаьш
3) муьлх?муьлха, мил?милла, хьаъ?хьаъа а
4) тхо?тхьаьш, шун?шайниг, цуьнан?шен
Задание #18
Вопрос:
Муьлха хандешнаш нийса йоцчу спряженехь ду?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) хьовсу, доьшу, хуьлу
2) хеза, лаьтта, хьийза
3) олуьйту, вигийта, дуьйцуьйту
4) тоь, лоь, мацло, шелло
Задание #19
Вопрос:
Муха яздо дош карладоккхуш кхолладелла чолхе куцдешнаш?
Выберите один из 3 вариантов ответа:
1) дефисца
2) къаьстина
3) цхьаьна
Задание #20
Вопрос:
Муьлха терахьдешнаш нийса яздина дац?[
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Йолхуьйтталг1а, вуьрх1ийтталг1а, берх1ийтталг1а
2) Цхьайтталг1а, кхойтталг1а, шуьйтталг1а
3) Йолхуьтталг1а, вуьрх1итталг1а, берх1итталг1а
4) Борх1алг1а, уьссалг1а, ткъайоьсналг1а
Задание #21
Вопрос:
Дешт1аьхье:
Выберите один из 3 вариантов ответа:
1) къамелан дакъа ду
2) дешан дакъа ду
3) предложенин меже ю
Задание #22
Вопрос:
Цхьаьнакхетаран хуттургаш хуьлу:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) бахьанин, бехкаман, дустаран, кхеторан
2) кхачаман, къастаман, латтамийн
3) дозаран, дуьхьалара, къасторан, довзийтаран
4) меттиган, хенан, даран суьртан
Задание #23
Вопрос:
Х1окху предложенехь бакъду боху дош къаьстина яздо:
Выберите один из 3 вариантов ответа:
1) Арахь кхоьлина яра, бакъ(ду) шийла яцара
2) Ахь мел бохург бакъ(ду)
3) Нанас дукха дийхира, бакъ(ду) к1ант саца туьгуш вацара
Задание #24
Вопрос:
Караде г1алат:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ца там, ца лаар, ца луург
2) ца хууш, ца вог1уш, ца дуьйцуш
3) ца лоху, ца гойту, ца мега
4) ца хезна (илли), ца дуьйцу (хабар), ца хетта дерг
Задание #25
Вопрос:
Латтаман дурс ду х1окху предложенехь:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) селхана, уьссалг1ачу ноябрехь, г1урбанан хьалхара де дара
2) Карина, ненан цхьаъ бен йоцу йо1, ч1ог1а качйина яра
3) кхин охьа а ца лахлуш, къамеле елира зуда
4) цуьнан да, 1илманча, дика вевзаш вара Нохчийчохь
Задание #26
Вопрос:
Кху предложенехь ц1оьмалгаш яхкаран нийса вариант къастае:[8]
Нохчийн г1араваьллачу (1) говзачу поэтан Ахьмад Сулеймановн произведенеш (2) к1орггерчу хьекъалца а(3) лаккхарчу говзаллица а(4) йоккхачу исбаьхьаллица а(5) язйина йолу (6) 1аламат (7) хаза а(8) дика а(9) ю.
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 1,3,4,5,8
2) 1,3,4,6,7,8
3) 2,3,4,6,8
4) 2,3,4,5,6,8,9
Задание #27
Вопрос:
Доцца аьлча, тов, дуй хьуна, сан ирсана, цхьадика, ала дашна, ма-дарра аьлча, кхетий хьо, бах, гур хьуна бохучу юкъадалочу дешнийн маь1на ду:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) рог1алла я уьйр-юкъаметтиг гойтуш
2) тайп-тайпанчу кепара дог тешна хилар гойтуш
3) тайп-тайпана хаамаш, синхаамаш гойтуш
4) хаам хьаьнгара хуьлу гойтуш
Задание #28
Вопрос:
Х1ара предложени чолхе-карара ю:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) и д1абоьду некъ стенга боьдуш бу, дийцахьа суна
2) х1инца, суна хаьа, мало ян мегар дац
3) кхин охьа а ца лахлуш, къамеле елира зуда
4) малх хьаьжнера, делахь а йовхо к1еззиг яра
Задание #29
Вопрос:
Массо а машарца ваха веза бохуш, закон ду-кх вайн мехкан.-
предложенера т1етуху предложени ю:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) бахьанин
2) бехкаман
3) къастаман
4) кхачаман
Задание #30
Вопрос:
Х1ара предложени билгала -юьхьан ю:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ахь дийца соьга бакъдерг
2) вочу дашах мотт ларбе, къоланах куьг ларде
3) дийцахьа соьга бакъдерг
4) арахь 1аьржа яра
Задание #31
Вопрос:
Исбаьхьаллин произведенехь г1уллакхан кхиарехь уггаре а г1оьртина еанчу халачу киртигах олу:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) экспозици
2) дерзор
3) сюжет
4) кульминаци
Задание #32
Вопрос:
Произведенехь яздархочо гойтучу коьртачу ойланах я цунна ала луучух олу:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) эпиграф
2) метафора
3) тема
4) идея
Задание #33
Вопрос:
«Замано йорт етта,
Шерех деш къурдаш,
Г1а-бецаш соьналле
Ийзош ю б1аьсте» (Эдилов Х-М) х1окху мог1анашкара билгалдаьхна дешнаш:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) эпитеташ ю
2) метафораш ю
3) дустарш ду
4) т1едерзарш ду
Задание #34
Вопрос:
Дошамаш х1иттор 1амочу лексикологин декъах олу:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) этимологи
2) лексикографи
3) семасиологи
4) диалектологи
Задание #35
Вопрос:
Оьрсийн маттера я оьрсийн маттехула вайн матте т1еэцна дешнаш лела:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 3 -чу классехь
2) 5 -чу классехь
3) 2- чу классехь
4) 4-чу классехь
Задание #36
Вопрос:
Куцдешан предложенехь … уьйр хуьлу:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ц1ердашца
2) хандашца
3) билгалдашца
4) терахьдашца
Задание #37
Вопрос:
Адамна санна, садоцчу х1уманна т1едерзош дош аларан исбаьхьаллин кепах х1ун олу?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) дустар
2) метафора
3) олицетворени
4) композици
Задание #38
Вопрос:
«Даймехкан декхаро г1аттийна вог1у со»…
Хьенан ду х1ара дешнаш?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Айдамиров А.
2) Арсанукаев Ш.
3) Мамакаев М.
4) Дикаев М.
Задание #39
Вопрос:
Мила ву «Стела1ад» журналан коьрта редактор?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Ахмадов М.
2) Бексултанов М.
3) Минкаилов Э.
4) Исмаилов А.
Задание #40
Вопрос:
Саидов Билалан «Йиша-т1емало» поэма хьанна лерина ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Ахматова Р.
2) Арсанова П.
3) Курумова С.
4) Анзорова Б.
Задание #41
Вопрос:
Х1ума поэтически а, исбаьхьаллин а билгалонашца гойтучу суртх1отточу г1ирсах олу:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) пейзаж
2) аллегори
3) эпитет
4) олицетворени
Задание #42
Вопрос:
Мила ву кху мог1анийн автор?
«Беттаса кхеттачу
Буьйсанца берашлахь
Туьйранаш дуьйцур ас
Кет1арчу т1улга т1ехь,
Кханенга сатуьйсуш,
Седарчийн сийналлехь
Ойла еш 1уьллур со
Бешарчу чардакх т1ехь…»
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Мамакаев М.
2) Саидов Б.
3) Мамакаев 1.
4) Гадаев М-С.
Задание #43
Вопрос:
Т1етовжаран уьйр ю х1окху дешнашна юкъахь:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) къоламца яздо
2) хаза мехкарий
3) сиха воду
4) тийна суьйре
Задание #44
Вопрос:
Дийцархьама, шелонна, сагатдаларна, вахархьама - боху латтамаш:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) даран суьртан бу
2) бахьанин бу
3) меттиган бу
4) 1алашонан бу
Задание #45
Вопрос:
Схьакараде масдарш:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) тукар, кочар
2) хьажар, велар
3) комар; 1ахар
4) худар, говр
Задание #46
Вопрос:
Муьлхачу къамелан дакъойн билгалонаш ю деепричастин:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ц1ердешан, билгалдешан
2) хандешан, билгалдешан
3) хандешан, куцдешан
4) терахьдешан, хандешан
Задание #47
Вопрос:
Х1ара цхьанах1оттаман предложени ю:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Маликас кехат яздо
2) т1екхечи ас сатийсина б1аьсте
3) арахь йовха ю
4) схьакхеттачу маьлхан з1аьнарша дохдина латта
Задание #48
Вопрос:
Ц1е билгалъяккха дуьххьара нохчийн маттахь арадаьллачу газетан:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) «Ленинан некъ»
2) «Серло»
3) «Даймохк»
4) «Сердало»
Задание #49
Вопрос:
Муьлхачу поэми т1ехь ду эпиграфана далийна х1ара кица?
«Герзан чов йирзина, меттан чов ца йирзина».
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) «Ц1ий хуьйдина лаьмнаш»
2) «Сийлаха»
3) «Дагалецамийн новкъа»
4) «Нохчийн лаьмнашкахь»
Задание #50
Вопрос:
«Нохчийн лаьмнашкахь» ц1е йолчу поэми т1ера х1окху мог1анаша хьенан дог-ойла гойту?
«Ма г1ерта, ма г1ертахьа
Цунна герга,витахьа,
Къона пекъар ву иза,
Къуоналлех ирс эцаза,
Шен парг1ато йовзаза.
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Аслаг1ий
2) Шах1идий
3) Ч1ирхочун
4) Авторан
Задание #51
Вопрос:
Муьлхачу илли т1ера ду х1ара дешнаш?
-Хьо вийхира ва соьга цу юьртан тхьамданаша,
Ас вехча велира хьо цу юьртан тхьамданашна
Дег1аха мерза са цара хьайга ва дехахь,
Ахь даккхий д1алолахь дег1аха мерза са.
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) аьккхийн Жанхотан илли
2) теркаца хьала-охьа вехаш хиллачу эла Мусостан,Адин Сурхон илли
3) эвтархойн Ахьмадан илли
4) элла Къахьармин илли
Задание #52
Вопрос:
«Нохчийчоь-сан маьрша ага» -мила ву кху стихотворенин автор?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Ахматова Р.
2) Исаева М
3) Анзорова Б.
4) Айдамирова М.
Задание #53
Вопрос:
Х1окху методан коьрта мехалла ю х1ума 1амош дешархошка кхоллараллица болх байтар а, шаьш муьллха а литературни коьчал 1амош эвсараллица хир болу некъ царна гайтар а:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) кхоллараллин
2) лехамийн
3) талламийн
4) дуьйцуш гайтаран
Задание #54
Вопрос:
Исбаьхьаллин произведенеш ешаро а, талларо а уггар хьалха доккха г1уллакх до дешархойн
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Къамел кхиорехь
2) Йоза нисдарехь
3) Нийса ешарехь
4) 1амийнарг т1еч1аг1дарехь
Задание #55
Вопрос:
Исбаьхьаллин произведенешкахь коьртаниг
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) сюжет ю
2) эпитет ю
3) адамийн васташ ду
4) авторан говзалла ю
Задание #56
Вопрос:
Номинативни конструкци х1окху предложенехь ю
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Б1аьстенан малхехь ч1ег1ардигаш санна, ловзура безаман йовхонехь дахаран денош
2) Оцу хьолехь ша мосазза хуьлу, Алхаза кхин а саьхьарвуьйлуш Далла г1уллакх дора
3) Маьлхан з1аьнарша къегадора лаьмнийн баххьаш
4) Хьасана сурт диллира
Задание #57
Вопрос:
Кхечу маттахь ма-кхоллара, т1еэцна дош кхолларх олу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) терминологи
2) семасиологи
3) проффесионализм
4) калька
Задание #58
Вопрос:
Дешаран шеран чаккхенгахь 5 классан дешархойн диктантан дешнийн барам бу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 100 -120 дош
2) 120 - 135 дош
3) 80 - 90 дош
4) 90 - 105 дош
Задание #59
Вопрос:
Урок олу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Маь1ница чаккхе а йолуш, дийнна, билгала доза а долуш дешаран-кхиоран процессан декъах
2) Хьехархочо дешархочуьнга жигара, кхоллараллица болх байтарх
3) Дешархошца бечу муьлххачу а балхах
4) Дешархойн мукъа хан ца хилийта д1ахьочу балхах
Задание #60
Вопрос:
Нохчийн х1инцалера алфавит х1оттийна ю
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) кириллицин буха т1ехь
2) латиницин буха т1ехь
3) 1аьрбийн алфавита буха т1ехь
4) гуьржийн алфавита буха т1ехь
Задание #61
Вопрос:
1925 шарахь латинизированный алфавит х1оттийна
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) М.Сальмурзаевс
2) Х.Ошаевс
3) М.Мамакаевс
4) Т.Эльдархановс
Задание #62
Вопрос:
Х1инца вайн йолу алфавит т1еэцна
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 1908 шарахь
2) 1918 шарахь
3) 1938 шарахь
4) 1927 шарахь
Задание #63
Вопрос:
Сугаипов Шахьаба х1оттийна алфавит яра
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 1аьрбийн алфавита буха т1ехь
2) оьрсийн алфавита буха т1ехь
3) гуьржийн алфавита буха т1ехь
4) латиницин буха т1ехь
Задание #64
Вопрос:
Дас ч1ог1а хьекъале дош элира? цуьнан к1ант к1орггерчу ойланашка велира - предложенехь
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ц1оьмалг йилла еза
2) тире йилла еза
3) ц1оьмалгаца т1адам билла беза
4) х1уммаъ йилла ца еза
Задание #65
Вопрос:
Малх гуш бацара? ерриге стигал д1алаьцнера шерра д1асаяьржинчу мархаша-предложенехь
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) тире йилла еза
2) ц1оьмалг йилла еза
3) шит1адам билла беза
4) ц1оьмалгаца т1адам билла беза
Задание #66
Вопрос:
Хехочо чуьйнан экъа екийра? ж1аьлеш летира - предложенехь
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ц1оьмалг йилла еза
2) шит1адам билла беза
3) тире йилла еза
4) ц1оьмалгаца т1адам билла беза
Задание #67
Вопрос:
М. Гадаев, нохчийн башха поэт, дуккха а поэтически а, прозаически а произведенийн автор ву. - предложенера «нохчийн башха поэт» боху дешнаш
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) шакъаьстина юххедиллар ду
2) латтаман дурс ду
3) юкъадало дешнаш ду
4) т1едерзар ду
Задание #68
Вопрос:
Жерахьо дуьйлийша школе.- боху предложени ю
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) юьхьан
2) билгалза-юьхьан
3) юьхьза
4) билгала-юьхьан
Задание #69
Вопрос:
Ала ца магийначу дашах табу олу, цуьнан меттан ала магийначу дашах олу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) диалектизм
2) жаргонизм
3) эвфемизм
4) омофон
Задание #70
Вопрос:
Инфинитиван хаттарш х1орш ду
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) х1ун до? х1ун хуьлу?
2) х1ун дина? х1ун хилла?
3) х1ун дан? х1ун хила?
4) х1ун дийр ду? х1ун хир ду?
Задание #71
Вопрос:
Шайн лелар билгалчу меттехь бен доцчу дешнех олу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) неологизмаш
2) диалектизмаш
3) терминаш
4) архаизмаш
Задание #72
Вопрос:
М.Мамакаевн муьлхачу стихотворени т1ера ду х1ара дешнаш
«Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь
Йоза а хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна?
Къийсамо аьгначу хьан т1улган белшехь
Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг…»
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) «Зама»
2) «Ма дохко ваьлла со»
3) «Т1улгаша а дуьйцу»
4) «Даймахке»
Задание #73
Вопрос:
Вайн хиша, шовданаша, ярташа, ирзуша, гунаша, лаьмнаша, 1аннаша, даккъаша, боьраша х1ун боху хьоьжуш, уьш толлуш, Даймахка паспорт деш ву ша, бохуш, топоними язйинарг мила ву?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) М.А. Мамакаев
2) А.С. Сулейманов
3) А.А. Айдамиров
4) Х.Д. Ошаев
Задание #74
Вопрос:
1-Хь.Хамидовн «Лийрбоцурш» ц1е йолчу пьеси т1ехь вуьйцу турпалхо билгалваккха
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) А.Шерипов
2) Х.Нурадилов
3) М.Мазаев
4) М.Висаитов
Задание #75
Вопрос:
Лирически произведенеша х1ун гойту?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) адаман ойланехь дерг
2) дахарехь хилларг
3) зеделларг
4) хиндерг
Задание #76
Вопрос:
Дуьххьара стихашкахь язйина роман муьлхарниг ю, цуьнан автор билгалваккха
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Нажаев 1. «Жа1у»
2) Мамакаев М. «Т1улгаша а ца дицдо»
3) Арсанукаев Ш. «Кхолламан сизаш»
4) Мамакаев 1. «Нохчийн лаьмнашкахь»
Задание #77
Вопрос:
Муьлхачу произведени т1ехь гойтуш ву, халкъ ца доха,юха дендала,когах1отта оьшу собар,хьекъал,машар хьоьхуш веана Кунта-Хьаьжа?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) «Еха буьйсанаш»
2) «Лаьмнаша ца дицдо»
3) «Сатийсаман ницкъ»
4) «Кхолламан сизаш»
Задание #78
Вопрос:
Сулейманов А. «Шуьнехь дош» стихотворени хьанна лерина язйина ю?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Дагаев В.
2) Мамакаев М.
3) Ошаев Х.
4) Магомадов С.
Задание #79
Вопрос:
«Ма дохковаьлла со!» Мила ву кху стихотворенин автор?
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Арсанукаев Ш.
2) Бисултанов А.
3) Сулейманов А.
4) Абдулаев Л.
Задание #80
Вопрос:
Х1ара предложени кхечуьнга йолу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Чхерийн лаба хьалха а оьзна, т1ехарца кечбелча санна, лаьтта и буьрса лам
2) Шена к1орггера хаарна, Хадижата экзамен пхеанна д1аелира
3) Жимма оьг1азе йистхилира Сепият
4) Йоьлучу йо1е хьаьжира Муса
Задание #81
Вопрос:
Яздархо, поэт, 1илманча ваьхна 1909-1972 шерашкахь. Дуьнен т1ехь ваха доьг1на хиллачу 63 шарахь 30 шо гергга набахтешкахь текхна цо. Мила ву и, билгалваккха
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) Ошаев Х.Д.
2) Арсанов С-Б.А.
3) Мусаев М.М.
4) Гадаев М-С.
Задание #82
Вопрос:
Стенах лаьцна дуьйцу Яшуркаев Султана «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» повестехь
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) махках дахарх
2) хьошалг1а вахарх
3) балха вахарх
4) дозанал дехьа валарх
Задание #83
Вопрос:
Со г1ала деша яхара. Х1окху предложенехь - деша - боху дош
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) къастам бу
2) латтам бу
3) х1оттаман сказуемин дакъа ду
4) кхачам бу
Задание #84
Вопрос:
Муьлха сказуеми ца хуьлу
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) ц1еран х1оттаман
2) цхьалхе
3) х1оттамза
4) хандешан х1оттаман
Задание #85
Вопрос:
Нохчийн меттан грамматически категореш х1орш ю
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) омонимаш, синонимаш, антонимаш и.д1.кх.
2) палатализаци, лабиализаци, ассимиляци и.д1.кх.
3) дешхьалхе, орам, лард и.д1. кх.
4) дожарш, грамматически классаш, хандешан хенаш и.д1.кх.
Задание #86
Вопрос:
Х1ара ц1ердешнаш цхьаллин терахьехь бен ца лела
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) йовхарш, аьшпаш, йоькаш
2) стаг, йо1, йис
3) Салман, 1ийса, Асет
4) хьонка, х1аваъ, тов
Задание #87
Вопрос:
Нохчийн маттахь къамелан дакъа:
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) 6 ду
2) 3 ду
3) 4 ду
4) 10 ду
Задание #88
Вопрос:
Маца? Мацале? Маццалц? Маца дуьйна - х1ара хаттарш
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) меттиган латтаман ду
2) даран суьртан латтаман ду
3) хенан латтаман ду
4) бахьанин латтаман ду
Задание #89
Вопрос:
Синтаксисо 1амадо
Выберите один из 4 вариантов ответа:
1) элпаш, аьзнаш
2) дешнаш, дешнийн кхолладалар
3) дешнийн цхьаьнакхетар, предложенеш
4) къамелан дакъош