СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Урок-телемост (мастер-класс) чеченская литература "Сурте" Х.Э.Эдилов

Категория: Литература

Нажмите, чтобы узнать подробности

МКОУ СОШ №17 г.Хасавюрт и СОШ №4 Г.Грозного. Стихотворение "Сурте" , посвещенное Герою Советского Союза Ханпаше Нурадиловичу Нурадилову. 

Просмотр содержимого документа
«Урок-телемост (мастер-класс) чеченская литература "Сурте" Х.Э.Эдилов»

МКОУ СОШ №17 и СОШ №4 г. Грозный

Урок-телемост (мастер-класс)

чеченская литература в 9 "а" классе



Провела:

учительница чеченского языка и литературы

Абдукаримова Халжат Магомедсалиховна




Тема: Стихотворени «Сурте». Эдилов Х. Э.

Iалашо: Советски Союзан Турпалхочун Х.Нурадиловн хьуьнарш довзийтар; Даймахке болу безам чlагlбар; къастош еша lамор.

Урокан тайпа: комбинированни урок.


Урокан гlирс: поэтан портрет, Х.Нурадиловн портрет, слайдаш, учебник,

исбаьхьаллин фильман тlера кийсак.


Урок д1аяхьар.


I. Урок дlахlотторан минот.

II. Цlахь бина болх таллар

1. Дешархоша дуьйцу Нурадилов Ханпашин хьуьнарех лаьцна.

2. Юьйцу нохчийн поэташа цуьнах лаьцна язйина стихотворенеш.


III. Нурадиловх лаьцна язйина книжкийн выставка.

IV. Керла тема йовзийтар. (слайд)

а) Хьехархочун хьалхара дош

1) Эдилов Хасмохьмад вина 1922 шарахь (1991) Валаргт1ехь ахархочун доьзалехь. Юьхьанцара дешар ц1ахь 1амийна цо. 1936 шарахь Серноводскерчу педучилище деша а вахна, иза чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада. Цигара ваьлча, 1939 шарахь Нохч-Г1алг1айн АССР-н Халкъан дешаран комисса- риатехь йиллинчу политпросвет школе вахна иза. Дешарца цхьаьна школийн инспекторан болх а бо цо. Цигахь дешна велира 1941 шарахь. Цул т1аьхьа Эдиловс белхаш бо Республикански халкъан кхоллараллин ц1ийнан инструктор волуш а, Ачхой-Мартанехь суьдан исполнителан даржехь а. Кхид1а деша цкъачунна таро ца хилира. Дуккха а т1аьхьа чекхъяьккхина Эдилов Хасмохьмада Нохч-Г1алг1айн педагогически институтан историко- филологически факультетан оьрсийн меттан, литературин, нохчийн меттан, литературин отделени.

Нохчийн халкъан барта кхолларалле ч1ог1а шовкъ йолуш вара хинволу яздархо.

Эдилов Хасмохьмад яздан волавелла 1937 шарахь, Серноводски педучилищехь доьшуш волчу хенахь. Дуьххьара цуьнан стихотворени зорбатуьйхира 1941 шарахь.

Сийлахь-боккха Даймехкан т1ом болабелча, Нохчийчоьнан яздархоша арахийцира «Фашисташна дуьхьал стихаш» ц1е йолу книга. Оцу книги т1ехь кхечу поэтийн стихотворенешца цхьаьна зорба тоьхна яра Эдилов Хасмохь- мадан масех стихотворени а. Уьш яра х1етта язйина йолу, «Тlемало- хьоьга!», «Б1аьрзе стаг», «Кавказан аьрзу», «Сурте». Шен лаамца т1аме а вахана, эзар гергга мостаг1 вожийначу нохчийн к1ентан Нурадилов Х. хьуьнарех лаьцна ю «Кав­казан аьрзу», «Сурте» ц1ерш йолу стихотворенеш. Хьоме Даймохк аьшнаш бечу мостаг1чуьнга болчу цабезамах догуш дара къоначу Ханпашин майра дог, иза х1алаквеш д1аделира цо шен са. Мохк парг1ат-боккхуш, адамашна маршо йоккхуш 1ожалла т1еэцначу къонахийн ц1е халкъалахь даиманна юьсу: «Декар ду халкъан аз, дуьне мел деха, декар ду иллеш а, хьан хьуьнар дуйцуш» боху поэто Нурадилов Ханпашех лаьцна.

Эдиловн и стихотворенеш зорбанехь дуьххьара араевллачарах елахь а, исбаьхьаллица язйина говза поэтически произведенеш ю уьш. Нохчийн литературе исбаьхьаллин пох1ма долу поэт веана хилар гойтура цара. Х1етахь дуьйна къоман литературехь къеггина шен ц1е йолуш поэт хилира Эдилов Хасмохьмадах.





аь) "В семнадцать мальчишеских лет" исбаьхьаллин фильман тlера

кийсак гойту

б) Словарни болх (слайд)

Мажар - кремневое ружье

Болатан - стальное

в) Хьехархочо юьйцу стихотворени "Сурте"

( Советски Союзан Турпалхо Нурадилов Ханпаша дагалоьцуш)

Къуона юьхь, горга юьхь хьан парггlат хьоьжу,

Ламанан майрачу аьрзун ши 61аьрг .

"Цо вийна исс 61е ткъа фашист..." - ас доьшу -

Къуонаха стогаллех ца оьшуш хьаьрк !


Кyppa схьахьожу хьо, кавказан аьрзу, Тlам тохий гlаттахьа - хьайн - турпал тlам ! Хьо веца,мохк ларбеш, "максимца" хьаьрса Мостаг1ий цоьстуш, цlийн хlоттийнарг 1ам !


"Каравола...гуо лаьцна..." - мостагl цавашар Дохадеш жоп делларг , х1иттабеш кlур: "Мас йоцу тlам бу сан - тешаме мажар Болатан маlаш ю сан - терса тур".


Хьо вуй и нохчийн к1ант - со хьайх хьоьгург, Тlаьхьешка вийцийта даьккхинарг сий ? Турпалчу халкъашна майралла хьоьхург, Дийнаниг , пхенашкахь ца кхехкаи цlий ?!


V Т1еч1аг1дар.

в) Хаттаршца болх:

- Хьанах лаьцна ю хlара стихотворени?

- Хlун хьуьнарш девза вайна цуьнан?

- Муха гайтина поэта Ханпаша вицлург цахилар?

г) Дешархоша йоьшу стихотворени

VI Сценка. Хамидов А.Х. пьесин тlера кийсак гойту дешархоша.





VII Дешархоша цlахь язйина сочиненеш ешар. Цlахь дехкина сурташка

хьовсар. Церан мах хадор.

VIII Жам1 дар.

-Хьанах лаьцна дийцира вай тахана?

- Мила ву Ханпаша Нурадилов?

IX Ц1ахь бан болх. Оценкаш.