25-г1а апрель, вайна ма-хаъара, нохчийн меттан деза де лерина ду. Таханлера вайн цхьаьнакхетар а нохчийн маттана лерина ду.
Массо стаг , муьлхачу къомах велахь а, шен ненан маттаца кхуьу.Шен мотт цахуу стаг даима йуьхь1аьржа хир ву, шен къоман хьалха хила ца 1аш, кхечу къаьмнашна хьалха, х1унда аьлча цунна йевзар йац къоман синан к1оргенаш, бевзар бац цо луш болчу кхачаман чам.
Ткъа х1инца вешан ловзар д1ахьур ду вай. Къовсадаларехь дакъа лоцуш йиъ тоба йу, х1ораннан хаьржина тхьамда ву. Белхан жам1аш деш жюри хир ю.
–ра т1едиллар. Муьлха дакъа ду ала?
Муха йу и, стенах йина,
Чам, бос, барам гойту ас.
Муха йу? Йа хьенан? Стенан?
Жоп а лур ду эшахь хьуна.(Билгалдош)
Гонах мел дерг дагардеш
Гойту мел йу, хьесапдеш:
Маса йу уьш йагарйо,
Билгалйоккху рог1алла,
Гулйо,оьцу, йуха йоькъу,
Маса, мел йу, гойтуш хьоьху.
Цунах дерг ахь ала дош,
Хир ду иза….(Терахьдош)
Х1уманаш, адам билгалдо
Мила? Х1ун? хаттарш до.
Ойлайей, хьо дийций вала.( Ц1ердош)
Х1уманан дар йа хилар гойту
Къамелан дакъа ду со.
Х1ун дина?Дийр ду? Йа до?
Хаттаршна жоьпаш а ло.(Хандош)
Гергарчу дешнийн йукъара дакъа
Хуьлий со лела хаалаш даим.
Даладе дешнаш вовшашца дустуш,
Цхьатерра дог1урш ма даха йуьстах (Орам)
Орамна со хьалха лаьтта,
Дашна керла маь1на ло,
Цуьнца даим цхьаьна йазйо,
Х1ун дешдакъа хир ду со?(Дешхьалхе)
Орамна со т1ехьа лаьтта,
Дашна керла маь1на ло.
Цуьнца даим цхьаьна йазйо,
Х1ун дешдакъа хир ду со? (Суффикс)
Дашна т1ехьа даим лаьтта
Сайна лиъча хийца а ло.
Дешнийн уьйр ас шуна гойту,
Х1ун дешдакъа хир ду со? (Чаккхе)
2-г1а т1едиллар. И биъ мог1а дагахь 1амо 3 минот хан йу, т1аккха кехаташ т1е д1айазбо уьш.
Жима Ваха г1отту
Мало йоцуш хьала.
Мел хан йаьлла хотту,
Т1аккха йо зарядка.
3-г1а т1едиллар.Шарада.
М-элп сайна хьалха хилча,
Ас ца лелош х1умма дац:
Керта оьккху, ченаш йоху,
Д1а а боьду, схьа а бог1у.
М-элп хуьйцуш , х-ахь диллахь,
Тийна 1ийр бу бабин хесахь.(Мох-хох)
4
п
е
б
н
л
с
т
м
-г1а т1едиллар. К
а
г
и
хузахь 11 гарголг бу. Х1оранна т1ехь элпаш ду. Оцу элпех дешнаш кхолла.
( пен, бен, наб, бал, пелаг, лаг, гали, палс, мел, стим, лами, стигал, стаг, гипс, белам, лам,гимн, пенал, бинт, сигнал, бат, лан, бел)
5-г1а т1едиллар.Х1етал-металш.
Сих – сиха т1етт1а боьду ши берд (Балдаш)
Некъал дехьа –сехьа веха ши ваша (Б1аьргаш)
Дийнахь –эла, буьйсанна –лай (Ж1аьла)
Хина- т1ай,некъана –накъост (Говр)
6-г1а т1едиллар.Чекхдаккха кица.
Аьхка мало йиначо (1ай къахьоьгу)
Да-нана ца леринарг (наха а ца лерина)
Болх бечу кхаьчча-болх бе,(йуучу кхаьчча-йаа)
Хьайца нах дика хила лаахь,(цаьрца дика хила хьо)
7-г1а т1едиллар. Нохчийн матте даккха кица.
Ученье- свет, неученье-тьма (Дешар-серло, цадешар-бода)
Поступай так,как хочешь ,чтобы поступали с тобой(Хьайца нах дика хилийта лаахь,цаьрца дика хила хьо;хьайца схьалело ца луушдерг-нахана д1а ма леладе)
Что на уме,то и на языке (Стеган дагара матто схьадуьйцу)
Рана от меча заживает, рана от языка не заживает(Туьран чов йирзина, матто йинарг йирзина йац)
8-г1а т1едиллар. Халкъан тидамаш бевзий шуна?
Зингатийн бен бохийча х1ун хуьлу?(Йочане хуьлу)
Ц1енкъа хьокху нуй кхетча х1ун хуьлу?(Лоха вуьсу)
Бедарх боьллина маха лелийча?(Б1аьрг ца хуьлу)
Д1акхоьссина х1ума йог1аелча х1ун олу?(Хьаша вог1у)
9-г1а т1едиллар.Г1иллакхе аларш.
Ц1ена бедар йуьйхича х1ун ала деза?(Г1оза лелайойла)
Хьешо д1авоьдуш х1ун олу?(Марша 1ойла, йиънарг-мелларг Дала саг1а йойла)
Цхьа бохам хиллачуьнга х1ун олу?(Эзар балех волийла)
Мах бина базарара д1авоьдучуьнга х1ун олу?(Даьккхинчух Дала беркат дойла)
10-г1а т1едиллар. Нохчийн маттахь стих йийца .
Хьехархо :Байтаева М.Х.