СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка»

Методическая разработка открытого урока по теме: «Лааме а, лаамаза а билгалдешнаш»


Дешархочун Iалашо (хIун хуур ду, стенна Iемар ву урокехь)

-Лааме а, лаамаза билгалдешнаш вовшах къасто.

-Билгалдош предложенехь муьлха къамел дакъа хилла лела а, и схьалаха а.

-Лаамазчу билгалдешнех лааме билгалдешнаш кхолла.

- къамелехь суртх1отторан билгалдешнаш дало хаьа.


Хьехархочун Iалашо (урхаллин кепехь: вовшахтохар, Iамор, кхета гIо дар)

1.дешаран Iалашо:

-лааммза а, лааме а билгалдешнаш довзар а, вовшех .къасто хаар;

-билгалдешан синтаксически билгалонаш: лаамазчу билгалдашах предложенехь къастам хилар.

-Лааме билгалдешнаш муха кхоллало.

2. кхетош-кхиоран Iалашо:

-Йозанехь а,къамелехь а билгалдашах нийса пайдаэцар.

3. Кхиоран Iалашо:

-нохчийн матте болу безам совбаккхар.


4. ТIетовжаран кхетамаш, терминаш

Къамелан дакъош(ц1ердош, билгалдош) , предложенин меженаш(подлежащи,къастам,кхачам),т1едерзар.

Керла кхетамаш, терминаш

Лааме а, ламаза а билгалдешнаш, кортали, 1ожа.

Урок д1аяхьар


  1. Вовшахтохаран мур

  2. Белхан меттигаш кийча хилар таллар. Маршалла хаттар.

Таханлера вай болх д1аболор бу х1ара кица далорца

Болх бечу кхаьчча –болх бе, юуучу кхаьчча – яа. (кицан маь1на дастар)



  1. Дешерхой балхан юкъабалор

Уьн т1ехь схьагойту дешнаш:

Аганан иллица со вижош, нана.

Вайн матте сан марзо кхиийра ахь.

Т1аьхьарчу т1аьхьено хестабеш кхана,

Хьомсара нохчийн мотт, хьо бахалахь! (Юсупов 1.)


  1. Хаарийн актуализаци яр

Д1аеша байт. Муха бу лирически турпалхочун синхаамаш, лаамаш? Байт юкъара билгалдешнаш схьайазде шайца уьйр йолчу ц1ердешнашца цхьаьна. Тайпа билгалдаккха.

Масала: Аганан иллица ( х1окху дешнийн цхьанакхетарехь иллица боху дош муьлха къамелан дакъа ду?(ц1ердош). Муьлхачу дожарехь ду?( коьчалниг).Ткъа цунна уллехь долу дош (аганан) муьлха къамел дакъа ду?(билгалдош). Муьлхачу дашаца уьйра ю оцу билгалдешан?(ц1ердашца) Ц1ердашаца лелаш дуй и билгалдош йа ша лелаш ду? (ц1ердашца). Т1аккха шен лаамехь дац-кх и.(дац).Уллехь долу ц1ердош доцуш билгалдош муха кхуллур дар те вай? Шен лаамехь муха кхуллур дар те вай и?(проблемный вопрос)

Таханлерачу вайн урокан ц1е х1ун ю?

Урокан 1алашо муха хир ю вайн?

  1. Керла коьчал йовзийтатр

Лаамза, лааме дешнийн лексически маь1на дар.

Лаамза - шен лаамехь доцуш; оьрсийн маттахь - несамостоятельное. Лааме - шен лаамехь; оьрсийн маттахь - самостоятельное.

Ц1ердашца уьйр а йолуш, цуьнца цхьаьна лелаш долчу билгалдашах лаамза билгалдош олу, масала: муьста 1аж, сийна стигал, к1айн котам, вешин сахьт, юккъера кор, можа хьоза.

Т1едиллар кхочушдар:

  1. Д1аязъе иштта предложенеш. Синтаксически къастам бе царна. Дийца, предложении муьлха меже ю билгалдешнаш.

Т1екхечи шийла 1а. Сийна стигал екхна го. Дорце буьйса шийла яра. 1а (муха?) шийла, стигал (муха?) сийна, буьйса (муха?) дорце.

  1. Х1инца хьовсур ду вай лаамечу билгалдешнашка а, церан кхолладаларе а.

Лаамзачу билгалдашна т1е -иг я -ниг суффиксаш кхетарца кхоллало лааме билгалдешнаш:

дика йо1 - дика-ниг

оьзда к1ант - оьзда-ниг

вешин к1ант - вешин-иг

юьртара хьаша - юьртар-ниг

дарин коч - дарин-иг.

Кицанаш а далош, царна юкъара лааме а, лаамза а билгалдешнаш къастор, кицанийн маь1на дастар, масала:

  • Хазчу дашо лам башийна.

  • Дика к1ант - г1ала, вон к1ант - бала.

  • Воккханиг ца лийринчо жиманиг лорур вац.

  • Сийлахьниг веза ву Далла а, нахана а.

Х1окху кицанашкахь:

хазачу дашо, дика к1ант, вон к1ант - лаамза билгалдешнаш; воккханиг, жиманиг, сийлахьниг - лааме билгалдешнаш.

  1. Билгалдешан синтаксически г1уллакхах кхетор.

Билгалдешнаш лаамза а, лааме а хуьлу. Лаамза билгалдош предло-женехь къастам хуьлий лела, масала:

Малхбалехьара схьаевлира 1аьржа мархаш.

(Х1ун дира?) - схьаевлира, схьаевлира (х1ун?) - мархаш, мархаш (муха?) - 1аьржа. Кхузахь 1аьржа къастам бу.

Лааме билгалдешнаш предложенехь, шайн маь1не хьаьжжина, под- лежащи, кхачам я т1едерзар хуьлий лела. Масала:

Царах жиманиг бухависира.

(Х1ун дира?) - бухависира, бухависира (мила?) - жиманиг. Жима­ниг подлежащи ду. '

Зайнапис т!оърмигех жиманиг д1абийхира.

(Х1ун дира?) - д1абийхира, д1абийхира (хъан?) - Зайнапис, д1абий- хира (х1ун?) - жиманиг. Жиманиг нийса кхачам бу.

Хъомениг, бинерий ахьа аъхка болх?

Бинерий (хъан?) - ахьа, бинерий (х1ун?) - болх, бинерий (маца?) - аьхка. Хьомениг т1едерзар ду.

  1. Лааме билгалдешнаш дерриш а терахьашца хийцало (диканиг - диканаш, лекханиг - лекханаш, жиманиг - кегийнаш).

- Билгалдешнаша вайн маттахь д1алоцуш йолу меттиг йоккха ю. Цара вайн къамел хаздо, тодо, вайн меттан хьал совдоккху, цуьнан г1оьнца къамелан чулацам а толо. Цундела билгалдешнех нийса пайда эца хаа деза йозанехь а, къамелехь а.

Исбаьхьа сурт х1отточу билгалдешнех хуьлуш йолу эпитеташ сов хаза нисло нохчийн маттахь.

Барзах - гила борз, бацах - сийна буц, шовданах - шийла шовда, сих - мерза са, малхах - дошо малх, туьрах - дуткъа тур, терсмаймал дуткъа тур, ткъа Саь1ид Бадуевс шен «1имран» ц1е йолчу дийцарехь «дуьненна а исбаьхьалла латтош болу сийлахь дашо малх» аьлла.

Муха кхолладели шаьш лела билгалдешнаш?(т1е -иг, -ниг цхьаллин терахьехь, -аш, -наш дукхаллин терахьехь суффикс кхетарца).Уьш муьлха билгалдешнаш ду?(лааме).Ц1ердешнашца уьйр йолчу билгалдешнех х1ун олу?(лаамаза билгалдешнаш).

  1. 1амийнарг т1еч1аг1дар

  1. Кхочушде № 38 шардар. Дийца xlopa предложенехь билгалдешан синтаксически г1уллакхах лаций.

  2. Тобанашкахь кхочушде № 39 шардар.


  1. Жам1ийн диагностика

Лааме а, лаамаза билгалдешнаш стенах олу?

Лааме билгалдешнаш муха кхоллало?

Предложенехь муьлха мже хуьли лела лааме а, лаамаза а билгалдешнаш?

  1. ЦIахь бен болх

п. 6, шардар 41, аг1о 28.

  1. Рефлекси яр

Хьанах кхийти шу?

Х1ун хии шуна?

Х1ун 1еми шуна?

Хьанах ца кхийти?






























Скачано с www.znanio.ru