План урока
по чеченскому языку на тему:
«Мукъа аьзнаш. Мукъачу аьзнийн тайпанаш»
Учитель: Астамирова А.А.
Нохчийн мотт 10 кл.
Урокан ц1е: Нохчий алфавит. Мукъа а, мукъаза а аьзнаш. Мукъачу аьзнийн тайпанаш.
Урокан 1алашо: Хаа деза фонетико х1ун 1амадо. Муьлхачу дакъошка я тобанашка декъало нохчийн меттан аьзнаш, муха кхоллало мукъанаш а, мукъазнаш а.
Урокан тайпа: хаарш, говзалла кхиоран урок.
Урок д1аяхьар.
Дешархойн белхан кеп д1ах1оттор.
- Маршалла хаттар.
- Урокана оьшу г1ирс кечбар.
- Ойла т1еерзор.
Актуализаци.
- Ц1ахь бина болх таллар.
9-г1а бакъо, 21-г1а шардар. Дешархоша 21-г1а шардар доьшу, фразеологически карчамаш билгалбоху.
- Хаттаршна жоьпаш ло:
- Стенах олу дешнийн цхьанакхетар?
- Стенах олу фразеологически карчам?
- Фразеологизмаш стенах олу?
3. 1амийнарг карладаккхар.
- Стенах олу аз? (Аз вай ала а олу, хаза а хеза.)
- Стенах олу элп? (Элп вай яздо, вайна го, цуьнан ц1е йоккху.)
- Рог1ехь д1ах1иттийначу элпех х1ун олу? (Алфавит - абат)
- Маса элп ду вайн абат чу дог1уш? (49 элп)
- Д1аязде дешнаш: амал, аьхке, орам, оьпа, урам, уьйриг, юрг1а, юьхк, етт, ялта, яьшка, эмкал. (Билгалдаха дешнийн хьалхара элпаш. Уьш муьлха ду? Муьлха аьзнаш ду?)
Керла коьчал йовзийтар.
Хьехархочун дош.
Нохчийн алфавитехь 15 мукъа элп ду.
Мукъачу аьзнийн тайпанаш кху кепара ду: ч1ог1а а, к1еда а, доца а, деха а, балдийн а, балдийн доцу а.
Ч1ог1а олучу мукъачу аьзнех ч1ог1а мукъа аьзнаш олу – а, о, у, ю, я – ала, ага, аха, хада, сара, олу, огу, оху, узу, худу, юцу, юлу, ваха, яра.
К1еда олучу мукъачу аьзнех к1еда мукъа аьзнаш олу – аь, оь, уь, юь, яь – соьца, шуьга, аьхке, маьрсаш, лаьмнаш, яьшка, юьхк.
Я, яь, ю, юь. е – шишша аз цхьанакхетта мукъа элпаш ду.
2. Деха а, доца а мукъа аьзнаш.
Мукъа аьзнаш доца а, деха а хуьлу, ткъа уьш нийса къасто хаар ч1ог1а мехала ду. Уьш нийса олуш а, нийса яздеш а, нийса д1адоьшуш а ца хилча, дуьйцучух а, д1адоьшучух а кхетар вац. И мукъа аьзнаш нийса ца аьлча дешнийн маь1наш духуш а цакхеташ а хуьлу, масала: ваха – идти,
ваха – жить,
дог1а – дождь,
дог1а – замок (ключ)
15 мукъачу элпах йозанехь деха-доца къасто аьтто боцуш 12 элп ду: а, о, у, аь, е, ё, э, оь, ы, ю, я, яь.
Доций, дехий хилар къасто йиш йолуш 3 мукъа элп ду: и – ий, уь – уьй, юь – юьй, масала: динахь(на коне) – дийнахь(днём), куьйгаш дуьлу(моет руки) – лаьмнех хиш дуьйлу(реки с гор идут).
Балдийн г1оьнца олучу мукъачу аьзнех балдийн мукъа аьзнаш олу - о, оь, у, уь, уьй, ю, юь, юьй – доьшу, олу, узу, уьду, юьйлу, дуьйлу.
Балдаша даъа ца лоцуш олучу мукъачу аьзнех балдийн доцу мукъа аьзнаш олу – а, аь, и, ий, э, е, я, яь.
4. 1амийнарг т1ечч1аг1дар.
Йоьшу 11-г1а бакъо, кхочушдо 27-г1а шардар.
Фонетически таллар:
Хьава – 4 элп, 4 аз.
хь – мукъа, къора;
а – мукъа, ч1ог1а мукъа, балдийн доцу;
в – мукъаза, зевне;
а – мукъа, ч1ог1а мукъа, балдийн доцу.
5. Урокан жам1 дар.
Урокехь 1амийнарг а, кхочушдинарг а билгалдаккхар.
Дешархоша бинчу белхан мах хадор.
6. Рефлекси.
- Вай тахана урокехь стенах лаьцна дийцира?
- Шу реза дуй шаьш бинчу балхана?
- Ахьа х1ун оценка х1оттор яра хьайна а, дешархошна а?
7. Ц1ахь бан болх.
- 11-г1а бакъо 1амае.
- 26-г1а шардар кхочушде.
Ч1ог1а а, к1еда а мукъа аьзнаш.
Ч1ог1анаш | а | о | у | ю | я |
К1еданаш | аь | оь | уь | юь | яь |
Ала – аьлла, оза – оьзна, вуза – вуьзна, юза – юьзна, яла – яьлла.
Доца а, деха а мукъа аьзнаш.
Доца мукъа аьзнаш | и | уь | юь |
Деха мукъа аьзнаш | ий | уьй | юьй |
Динахь – дийнахь, дуьлу – дуьйлу, юьлу - юьйлу.
Балдийн а, балдийн доцу а мукъа аьзнаш.
о | оь | у | уь | уьй | ю | юь | юьй |
а | аь | и | й | э | е | я | яь |
Орам, оьпа, урам, уьйриг, юрт, юьхь…
Асар, аьхке, илли, йо1, эвла, етт, яхь…
Муьлхачу чкъурга чохь ду алсам дешнаш?
Сахьтан цхьамза лелачу аг1ор д1адеша дешнаш.
С Г
Р Т М О
+ +
А О А Р
Г Г
Жоп: Жоп:
Муьлхачу чкъурга чохь ду алсам дешнаш?
Сахьтан цхьамза лелачу аг1ор д1адеша дешнаш.
С Г
Р Т М О
+ +
А О А Р
Г Г
Жоп: сто, ога, га, гар, Жоп: го, ор, орга, га, горга,
огар, гарс, стогар (7 дош). горгам (6 дош).
Анаграммаш
Элпаш дехьа – сехьа а дохуш, керла дешнаш кхолла далийначу дешнех:
Базар -
Беда-
Бала -
Восса-
Мокха -
Лекха -
Кхема -
Локъам -
Лами -
Лаам -
Анаграммаш
Элпаш дехьа – сехьа а дохуш, керла дешнаш кхолла далийначу дешнех:
Базар (забар)
Беда (деба)
Бала (лаба)
Восса (совса)
Мокха (кхоам)
Лекха (кхела)
Кхема (мекха)
Локъам (къолам)
Лами (мила)
Лаам (мала)