СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Методическая разработка урока по чеченскому языку "Мотт а,цуьнан мaь1нa а,коьрта билгалонаш а"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Методическая разработка урока по чеченскому языку "Мотт а,цуьнан мaь1нa а,коьрта билгалонаш а"»

Нохчийн мотт хьехаран урок

Урокан тема:Мотт а,цуьнан мaь1нa а,коьрта билгалонаш а 1алашонаш:1.1аморан:(образовательная цел Маттах лаьцна йуккъар хаамаш бар

2.Кхиоран:(Развивающая цель) Меттан маь1нa а, цуьнан коьрта билгалонаш а йовзийтар

3.Кхетош- кхиоран:(Воспитательная цель)

Шен ненан матте безам кхиор,

совбаккхар.

Урокан тайпа:керла хаарш довзар

Урокан белхан кепаш:къамел,тобанашкахь болх бар,

анализ йар, синквейн х1оттор.

Урокан г1ирс:1амат,кирб1елиг (мел), у,карточкаш.

Урокан некъ

I. Урок д1ах1отторан-догдаийтаран МУР.

(организационно-мотивационный момент)

Уьн т1ехь йаздина ду х1ара мог1анаш:

Доьдий,дашо

Стаг во дашо,

Доьдий,т1аккха

Маьттазвоккху

Дашо шерачу цy арахь

Дашо г1ала х1оттайо.

(Кибиев М.”Дош”).

Де дика хуьлда шун, хьоме дешархой!

Х1ара урок д1айолайале х1окху yьн т1ера мог1анаш деший вай.

(Бераша дoьшy мог1анаш)

- Дешархой, муха кхета шу цy мог1анех?

(Дешархоша шайна хетарг олу)

(1алашо дешархошка билгалйаккхийтар)

II. 1амийнарг карладаккхар (актуализация знаний

(корта йа мехала долчунна т1е тидам бахийтар)

Хаттарш:

- Хьан эр дара аша,стенна oьшy вайна мотт?Жоп(мотт

вайна oьшy ваьшна луург,хетарг алархьама,мотт ца хил-

ча ч1ог1а хала хир дара адамашна).Масала,цхьа х1ума ла-

зайаьлча и лозуш йерг х1ун йу ала йиш хир йацара)

Дешархой кхаа тобане боькъу:

1 тоба: “Мотт”дашна омонимаш йалайе.

2 тоба: Ненан маттах лаьцна стихотворени йешa

йа цитаташ дагадаийта.

3 тоба: Oьpсийн матте даха

х1ара омонимаш:

  1. Мотт-багара мотт (язык)

  2. Мотт буьйцуш болу мотт (речь)

  3. Мотт-д1авуьжу мотт (постель)

III. Керла коьчал йовзийтар.

1Хьехархочо йоьшу 58-чу пар-н бакъо

2Дешархошка а йоьшуьйту.

-Х1инца массара а мотт боху дош йуккъахь а долуш пред-

ложенеш х1иттае (Х1ораммо а шa х1оттийна предло-

жени yьн т1е д1айазйо).

- И предложенеш шайн тетрадаш т1е д1айазйе.

- Х1окху дешнийн мaь1нa даста:

Сан ч1ог1а дог лозу

Хьо ца хууш волчух

Амма эхь ца хетта

1амо ца г1ертачух.

Хаттарш:

1.Мила ву х1окху мог1анийн автор?Шуна хаьий и стихотв-и?

2. Авторан дог х1унда лозу ненан мотт ца хууш волчух?

3. Эхь хьанах ца хета боху цо?

4. Х1унда ца хета цунна эхь?

-Оцу мог1анашна синквейн х1оттайе

Масала, дог боху дош схьаэца

1. Дог

2. К1еда,къинхетаме

3. Лозу,доьлу, деттало

4. Къинхетаме дог лозу кийрахь.

5. Са

IV. 1амийнарг т1ечаг1дар.

-Мотт х1ун йу? Стенна oьшy вайна мотт?

Матте х1ун дало?


V .Урокан жам1 дар.

Дешархошка вовшийн мах хадабайтар,

шаьш-шайн мах хадабайтар,

Хьехархочо шa мехаш х1иттор.


VI .Рефлекси.

  1. Муха хийти шуна х1ара урок ?

  2. Х1ун керланиг хии шуна х1окху урокехь?

  3. Стенна т1ехь хили хало?

  4. Кхин х1ун хаа лаьара шуна?


VII. Ц1ахь бан болх билгалбаккха

Йешa параграф 58, шардар 120.

1 Шайн даггара предложенеш х1иттайе.

21алам бохучу дашна синквейн х1оттайе

3Маттах лаьцна 2-3 кица йазде.

Ладог1арна, баркалла.