СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Нохчийн гiиллакх – оьздангаллин коьрта мехаллаш

Категория: Внеурочка

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Нохчийн гiиллакх – оьздангаллин коьрта мехаллаш»


Нохчийн литературан лакхарчу классашкахь мероприяти



Нохчийн гIиллакх – оьздангаллин коьрта мехаллаш





























Нохчийн меттан, литературан хьехархо

______________________________________________________________________















Д1алокху эшар «Бусалба сан Нохчийчоь» язйинарг Хатуев 1.1.

«Бусалба сан Нохчийчоь»

  1. Вайн лаьмнех кхерсташ ю алу,

Вайн ирсан дайъина доь.

Ларйойла хьо везчу Дала,

Бусалба сан Нохчийчоь!

Дог доьхна, бер санна, г1ийла,

Оллалой ма хьежа соь.

Хьан седа лепийта хийла,

Со лойла хьан Нохчийчоь!

Припев:

Лаилах1а Иллаллах1,

Ларъе везчу Дала хьо,

Лаилах1а Иллаллах1,

Бусалба сан Нохчийчоь!

  1. Къарйина, х1оттор яц гора,

Кур оллабойтур бац хьоь.

Йиш яц хьан дашо малх кхола,

Бусалба сан Нохчийчоь!

Лечано хелхар деш говза,

Баланаш, г1айг1анаш тоь.

Махкана дерриг ду ловзар-

Елало сан Нохчийчоь!

Припев (повтор)



  1. Даш кхетта, эгча, син метта,

Маршаллаш кхоьхуьуйтуш хьоь,

Леш болчу хьан к1ентийн метта,

Со лойла хьан Нохчийчоь!

Припев.(повтор)

1 д1ахьошверг:

Марша дог1ийла шу лераме хьеший! Тахана оха шуна дуьйцур ду нохчийн г1иллакх- оьздангаллин коьртачу мехаллех лаьцна.

2 д1ахьошверг:

Оьздангалла – иза кхечу садолчу х1уманийн хила йиш йоцуш , синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу 1аламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила дог1у дозанаш, барамаш, кепаш а ю.

1 д1ахьошверг:

Г1иллакх – иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш дозанаш ду. Тахана тхуна луур дара и г1иллакхаш довзийта. Уьш х1окху кепара ду:

  1. Адам ларар.

  2. Сий.

  3. Маршо.

  4. Нийсо.

  5. Собар.

  6. Майралла.

  7. Яхь.

  8. Къинхетам

  9. Комаьршалла.

  10. Хьаша ларар.

  11. Доттаг1алла.

  12. Декхар. Иэхь. Бехк.

  13. Къонах.

  14. Устазаш – бакъболу къонахий.

2 д1ахьошверг

Дешархоша д1айоьшу г1иллакхех лаьцна йолу байташ.

«Г1иллакх»

  1. Жимчу к1анта хоьтту: «Баба,

Дийцахь суна, х1ун ю г1иллакх?»

- Г1иллакх – и яц дешин кхаба,

Я куй бац коьрта тилла.

  1. Амма дешал, куйнал ч1ог1а

Г1иллакх оьшу даим вайна

Г1иллакх доцчух ала дог1у:

«Иза веха хьайба санна»

  1. Г1иллакх – иза ахьа г1о дича

Воккхачунна, дечиг доккхуш,

Бакълуьйчун хьо накъост хилча,

Харцо хьайна гена йоккхуш.

  1. Г1иллакх- дича бабас бохург,

Хьайл кегинаш вочух ларбар,

Цкъа хьайн ден дош ца дохош,

Хилар цуьнан дагна дарба.

  1. Нене хьоьжуш, г1о деш цунна,

Хилча олу: «Оьзда к1ант ву».

Иштта олу, воккхачунна,

Дег1 нисдеш, хьо хьалаг1аттахь.

  1. Ши 1аж белахь цхьаъ ахь д1ало,

Ткъа цхьаъ белахь бекъа юккъех…

Ю г1иллакхан цхьа билгало

Комаьршо – и йита юххехь.

  1. Ахь хи молуш уллорчуьнга

Д1акховдадахь, «малахь», - олуш

Хьаша веъча, дуьхьал волуш,

«Марша ва хьо», алахь цуьнга,

  1. Наха эр ду: «Дера хилла – кх

И к1ант – м шегахь г1иллакх долуш».

Иштта бабас дира хьехар,

Самадоккхуш к1ентан хьекъал.

  1. Т1етуьйхи цо: «Г1иллакх дийца

Оьшу дуккха, дуккха зама.

Хила деза и хьан ц1ийца,

Веза цунна даим 1ама».

1 д1ахьошверг:

Сценка 8 – в класс «Ден весет».

Цхьана заманчохь нохчийн лаьмнашкахь вехаш хилла б1аьвнаш ютту пхьар. Наха 1аламат ч1ог1а лоруш хилла иза. Цул г1иллакхехь а, оьзда а цхьа вуй те аллал ч1ог1а оьзда стаг хилла иза. Заманца къан а велла, воьжна хилла и б1аьвнийн пхьар. Т1екхайкхина хилла цо шен цхьаъ бен воцу к1ант цунна х1окху кепара весет дитина хилла цо:

«Сан цхьалха к1ант, ас долийна г1уллакх тесна ма диталахь Нохчийчохь массо а маь11ехь хилийталахь вай йоьттина б1аьвнаш. Массийта б1ешерашкахь нохчийн лаьмнашкахь яккхийталахь вайн оьзда ц1е».

Да кхелхинчул т1аьхьа ч1ог1а холчохь хилла к1ант. Амма шен мел хала хиллехь и кхелхар, дас дитина весет кхочуш дан хьожуш хилла к1ант. Т1аккха волавелира бах Нохчийчохь б1аьвнаш схьалайотта. Бакъду цунна ма моьтту сихха д1абоьдуш ца хилла цуьнан болх. Цуьнан ойла еш 1ачу заманчохь т1екхочу цунна цхьа воккха стаг.

Воккхстаг:

Де дика дойла хьан жима къонах!

К1ант:

Хьалаоьккхий. Диканца вехийла хьо! Некъ бина к1адвелла хир ву хьо, схьаволий охьахаа. Х1окху юургех кхета хьажахь, дада.

Воккхстаг:

Жима къонах! Хьо ма ч1ог1а г1айг1ане хета суна. Хьайна хил х1ун хилла дийцахьа, дадина?

К1ант:

Нохчийн махкахь наха дика ц1е йоккхуш вара сан да.Наха лоруш вара иза. Ша валале весет дитнера цо.

Воккхстаг:

Дийцахь жима къонах, х1ун весет дитина хилла хьоьга хьан дас?

К1ант:

«Ас долийна г1уллакх сан цхьалха к1ант тесна ма диталахь, Нохчийчохь массо маь11ехь хилийталахь вай йоьттина б1аьвнаш. Массийта б1ешерашкахь нохчийн лаьмнашкахь яккхийталахь вайн оьзда ц1е».

Воккхстаг:

Декъал хила хьо сан к1ант! И б1аьвнаш ма ца хилла хьан дас хьоьга йийцинарш. Иза дуьненан бахам бу. Уьш гуттар лаьттар яц. Хан – хене йолуш юхур ю уьш.

Х1окху новкъахь цхьана кхетта вайшиъ. Сан къеналла а лерина, хьайн метте охьахаийна ахь со. Кхин д1а а беха некъ бан безаш хьо воллушехь, хьайн йисина юург – молург суна хьалха йиллина ахь. Амма вайшиъ х1инца д1ай – схьай къаьстар ву. Аса сайца д1ахьур ду ахь сайна кховдийна вайн дайн оьзда г1иллакх.Иштта кхечу наха а дуьйцур ду. Нохчийн лаьмнашкахь яьржар ю хьан дайн оьзда ц1е.

Хьайн дагахь латта делахь жима къонах! Цхьа а х1ума лаьттар дац эзаршкахь! Амма гуттар лаьттар ю наха яьккхина дика ц1е!

Хьан дика а, ц1ена а, оьзда а г1иллакхаш, уьш ю хьуна хьан дас йийцина б1аьвнаш.

Г1иллакхан пхьар хила бохуш хилла хьоьга хьан дас.

Дала аьтту бойла хьан жима къонах! Х1инца д1аваха деза сан.

2 д1ахьошверг:

Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта лехам бу адам ларар. Стаг маттаца, куьйгаца я кхечу кепара сийсазвар мегаш ца хилла.

1 д1ахьошверг:

Иэхье а дукха хьолахь ц1ий 1анорца бен д1а ца доьрзуш хилла стеган куй божар, г1одаюкъ ястар, зудчунна т1екховдар, царах терра кхин а. Стеган дахаран мах оццул беза хилар бусалба динаца нийса дог1уш ду. Къуръан чохь аьлла ду, цхьа маьрша стаг вийначунна, дуьненчохь мел долу адам дийча санна, къа ду аьлла, ткъа нохчийн халкъан илли т1ехь иштта дуьйцу:

Дуьне духур ду аьлча,

Суна ма моьттура

И сийна стигланаш, кеглуш

Т1ейоьлхур ю.

Дуьне дохар хиллийци

Дагна дукха везначу

Накъостах ва ваьлла,

Хьо цхьалха ва висар.

Хьоьх тешам д1абалар,

Хьан чур барт д1абалар,

Цхьалхачу к1анто т1е иэхь даийтар

Цул ч1ог1а х1ун ду.

Сценка «Кхоалг1а кхаъ» д1агойту дешархоша.

2 д1ахьошверг:

Дукхе – дукха шераш хьалха къаноша, хаза хабарш дийца охьахевшича, дуьйцуш цхьа хабар дара.

Адам шена герга цакхочче а вахана, Далла г1уллакх а деш, ломахь сецнера къано.

(Хьанна хаьа, Дела воцчунна, х1ун хаттарш кхоллалора къаночун коьртехь).

Д1аихна дуккха а шераш…

Цкъа, цхьана дийнахь, не1аре адам деача, хаьттира стага:

Къано:

Мила ву кхузахь?

Безам:

Безам бу со!

Къано:

Х1ун до ас безамах? Со къанвелла, дуьненан тийналле ладог1ар доцург, суна оьшуш х1умма а дац…

( жима хан яьлча)

Къано:

Х1инца мила ву цигахь?

Бахам:

Со бахам бу!

Къано:

Сан бахам Делехь бу, ткъа дуьненан бахамна юххе 1ехавелларг бен х1уттур вац…

(жима хан йолу)

Къано:

Мила ву хьо?

Барт:

Сан ц1е барт ю!

Къано :

Вай дера ва хьо маьрша! Ма дагахь доцург, ма ца моьттург хилла – кх суна!

(безам, бахам делалой д1абоьду)

1 д1ахьошверг:

Ма дукха х1ума ца оьшу вайна Делера къинхетам хилчхьана.

Сий – иза стеган сий дар, ларар, цуьнан дахарна т1е куьг кховдо йиш цахилар – иза ю нохчийн къоман оьздангаллин мехаллех уггаре коьртаниг.

2 д1ахьошверг:

Сий доцу стаг- оьздангаллин декхарш, дикачу г1уллакхийн мохь, дика ц1е, к1айн юьхь йоцу стаг бохург ду. Масала, юрт йохо баьхкинчу мостаг1ех лаьцна иштта боху цхьана халкъан иллехь:

Човхабер вай, к1ентий

Иэхь дайна, мостаг1ий,

Х1аллакбер вай, к1ентий,

Сий доцу мостаг1ий!

Эшар д1алокхур ю Дацаева Мархас «Оьздангалла» Халкъан эшар.

1 д1ахьошверг:

Уггар хьалха кхузахь хьахо йог1у стеган маршо. И мехала нохчашна уггар коьрта хилар гойту вайн нохчийн вовшашка салам далар. Иштта д1адолалуш хиларна:

«Маршалла ду хьоьга!» - олу стага ша д1а вистхуьлуш.

«Делера Маршалла хуьлда хьуна!» - цуьнга жоп ло вукхара.

«Марша, вог1ийла!» - олу хьеше.

«Марша 1ойла!» - стаг д1авоьдуш олу буха буьсучаьрга.

«Марша г1ойла!» - жоп хеза дуьхьал.

2 д1ахьошверг:

Амма маршо – иза стага шен луъург лелор дац.

Маршо – иза стага цхьаммо а ницкъ беш воцуш, шен лаамехь оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар ду.

Зулам дан маьрша хилар – иза къоман оьздангалла йохор ду.

Маршо – адамашна Дала х1аваъ, хи, малх санна елла ю дуьненчу довлушшехь – шена 1амалъян, оьзда ваха, лаьтта т1ехь дика, серло алсамъяккха.



1 д1ахьошверг:

Вайн къоман дахаран коьртачарах цхьа лехам – нийсо хилла. Харц волчу стагехьа г1о даккхар – иза иэхь хилла. Харц луьйш волу стаг, шен волчуьнга д1ахьевеш хилла. Иза кхетавой а, човхавой а сацош хилла, ца сецча вуьйш меттиг а нисъелла.

Д1ахьеван верас воцу стаг хила йиш яц нохчашна юккъехь.

2 д1ахьошверг:

«Шина вешина юккъехь хила еза нийсо» – ч1аг1до халкъан кицано.

Харцо т1елоцуш ца хилла нохчочо. Шен нийсо метах1оттор цо цхьанна ханна д1атоттуш хилла, шен аьтто баллалц. Сихлуш а ца хилла, вицлуш а ца хилла. Собар деш хилла.

Д1айоьшур вайна байт «Дайна ирс» (нийсо лоьхучун узам



Язйинарг: Хатуев 1.1.



Дукъ т1ехьа г1оттуш бу

Ц1ийбелла малх,

Жа санна дебаш бу

Бен доцу нах,

Коьрта т1е юьллуш ю

Цаеша йис,

Ма дала дакъаза,

Сан дайна ирс!

Со даим г1иртина

Т1едаккха бакъ.

Ца эшна, ца лехна

Ас нехан хьакъ.

Эвхьаза ца йоккхуш,

Сайн дег1ан ботт,

Урх оьзна сецийна

Ас марг1ал мотт!

Ахь хьоьсту дозаллаш

Леладо нах,

Курачу наха

Боьлу хьан малх.

Чаьлтачийн тур уллий,

Язйо ахь пис!

Ма дала дакъаза

Сан дайна ирс!

Со даим г1иртина

Т1едаккха бакъ.

Ца эшна, ца лехна

Ас нехан хьакъ.

Эвхьаза ца йоккхуш,

Сайн дег1ан ботт,

Урх оьзна сецийна

Ас марг1ал мотт!

1 д1ахьошверг:

Шена т1екхаьчначу муьлххачу бохамна, г1елонна, воьхна ца хьийзаш, сихаллехь ойла яр доцуш цхьаъ ца деш сацавала, хиллачух нийса кхета а, маь1на дан хьекъал кхачар а.Х1окху сценкехь гур ду вайн собар бохучу дешан маь1на. Сценка д1агойтур ю дешархоша.

2 д1ахьошверг:

(«Даймохк» газет 1993, 17 июнь)

Цкъа девнехь цхьаьннан карах велла хилла доьналла хиларна г1араваьлла волчу ворх1 вешех цхьаъ. Хетарехь, дов даларан бехк веллачун хилла.

Воккхах волу ваша:

1уьйре дика хуьлда шун, сий долу хьеший! Шун мачин айрин меха вацар – кх со, шу х1унда 1а горах1иттина? Доьху ас шуьга сихонца г1овтта. Со теша, томехь доцу дехар дийр дац аш.Муьлхха а шун лаам кхочушхилла бу.

Дехарна хьалха вверг:

Кхин цкъа а оха хьоьга кадам бо хьан вешех. Шун дегнех кхета тхо. 1ийжаш ду уьш. Хеназа велларг Дала декъала войла. Беркате дахар т1аьхьенна хуьлда. Тхан дехар хала дац. 1адатехь лелларг ду. Х1ун бехк бу берийн – бодашкахь боьлхачеран? Х1ун бехк бу нанойн – кораш а 1арждина, дезарш а дитина, ладоьг1учеран? Доьху – кха оха хьоьга, лураллин беза мохь битахьа цхьанна, декъаза кхаж шена баьллачунна. Куьг бехке боцурш маьрша бита.

Воккхах волу ваша:

Шун Далла сий дойла къонахий, къаной. Шу дахккал, аш деххал доккха а дацар – кх аш деана дехар. Делахь а, оццул тхан сий дина, оьздангалла ларйина шу керта даьхкина. Оьшуш хилча шун дуьхьа тхоьх х1ора а лийр вара. Тхан ваша вела – кх 1ожаллин кхаж баьлла, девнехь шиммо а чевнеш йина. Вешина доьг1на хилла – кх царех вала , тхан ч1ирхо зуламан ох1ла ца хилар хууш ду тхуна. Ткъа дов , дов ма дай. Аьлла ду – кх вайн дайша – дов к1алд – даьтта дац. Ткъа шу, кхуза гулделларш, сий долу къонахий, шун дуьхьа, х1ора нохчочун нанас шен к1ант техкош 1енийначу б1аьрхийн дуьхьа, вай кхоьллинчу а, кхалхо дезачу а Аллах1ан а дуьхьа дош лур ду шунна. Хьем хилахь а доьху, кхуза схьавалаве тхан ч1ирхо а…

(барми т1ехь сихонца кхачаво лурвоьлларг)

Воккхах волу ваша:

Нана , схьайолахьа. Ахь хьайниг сана, цхьана нанас аганахь техкийна и 1уьллург ву – кх. Цуьнан нана елхарх хьан йоьлийла дац – кха. Веллачунна метта к1ант вехьа цунах. Эхартахь цхьаъ а, дуьненахь ворх1 а хир ву хьан х1инца. Къинт1ера ялахьа, и мара а воллий, доьхна дог къовлахьа доьналлин шад бай.

(нанас мара вуллу лурвоьлларг)

Воккхах волу ваша:

Х1ай нах, - шух девлла дуьненахь лелийла дац – кха тхан. Шун дуьхьа вити оха лурвоьлларг.

1 д1ахьошверг:

Доккха собар долуш хилла и къонах. Амма собар доцург иштта ву.

Х1усамда:

Хаьттина – аьлла х1ума доцуш, сан керта шу х1унда даьхкина? Шуьга хьан кхайкхина? Д1адовла сан кертара. Сан г1уллакх дац шуьца.

(вистхила хьалхаваьлларг вуху, кхиверг вистхуьлу)

Во, хьенех! Тхо – м хьо волче тойне ца дог1урий, хьоьга хьалххе хаам бан. Дог1ийла хиъча, хьо тхайх хьулваларна кхоьруш, дуьхьал ца варна кхоьруш, тхайн дехаре ахь ладог1а лууш, ладоьг1ча тхох кхетаре дог дохуш дай оха динарг – м. Хьо лоруш, хьан сий деш лелий тхо – м. Собаре хилахьа. Д1ахьажахьа хьайна хьалха гораэгначу нахе. Ладог1а хьайга дехарца кхойкхучу церан дегнашка.

Оццул долу адам горах1оьттина, нахалахь ц1е йоккхуш мел болчу наха хьайга доьхуш дала жоп доцуш висина хьо.

Х1а – х1а, нах! Ладог1алаш соьга! Деза а, сийлахь а мел долчу х1уманан а дуьхьа, ларамаза шен карах стаг веллачунна гечдар дехар вайн жоп доцуш диси. Д1ахоийла шуна тахана х1окху халкъана дехарна дала жоп доцчу кху стагехьара цхьа а тайпа кхерам цахилар. Х1ара къонах вац, кхуо стаг а вуьйр вац, х1ара шена не1алт хиларг ву. Хьалаг1овтта д1адоьлху вай.

2 д1ахьошверг:

Мел ч1ог1а ду собар долчуьнгахь, амма доцчуьнгхь хаз – неха сана пайдабоцуш ду.

8 – б кл. дешархочо д1алокху йиш «Накъосташка» Дацаева Мархас. Язйинарг: Хатуев 1.1.

Доцург алий, со ма хастаелаш,

Дерг д1адаккхий, со ма йожае,

Бакъдерг алий, сан дог 1овжаделаш.

Бакъдерг алий, сан дог деладе.

Къайлах – къулах со ма кхайкхаелаш,

Шалхадовлий нах ма кхардабе.

Дуьхьал алий, сан дог 1овжаделаш,

Дуьхьал алий, сан дог деладе.

Шайн дог эшча, даим юстах лелаш,

Со д1ататтий, шайха хер ма е.

Бохам беънехь, сан дог 1овжаделаш,

Кхаъ а баккхий, сан дог деладе.

Со д1аяларх, юрт ма елхаелаш,

Сан сий айба чурт ма х1оттаде.

Со езначо шайн дог делхаделаш,

Ца езначо шайн дог 1абаде!

1 д1ахьошверг:

Собаран бараи тайп – тайпана хуьлу. Поэта Сулейманов Ахьамада олура, къонах собар кхачийна хилча а, собар карош хила веза.

Оцу тайпанчу собаран доккха масал ду Зандакъарчу Г1еза – Хьаьжас динарг.

Дийцар д1адоьшур ду нохчийн меттан хьехархочо.

Зандакъарчу Г1еза – Хьаьжин к1ант хилла зуда ялийна. Зуда ялийна шолг1ачу дийнахь к1ант вийна Г1еза – Хьаьжин. Юьртарчу кегийчу наха лаьцна схьавалийна зулам динарг, Г1еза – Хьаьжина хьалха д1ах1оттийна, х1ун диэ шаьш кхунна аьлла.

«Х1ун бахьана дара хьан шен к1ант веран?»- хаьттина Г1еза – Хьаьжас. Зуламхо дуьхьалваьлла и ца дуьйцуш. Г1еза – Хьаьжа 1аш ца хилла бахьана дийца бохуш.

«Хьан к1анта ялийна йо1 езаш вара ша. И йо1 а яра иштта шега безам болуш а, мааре ян а реза а. Амма йо1ан дас – нанас цунна ца луъушехь, хьан к1анте елира иза, елира хьо бахьанехь, хьан, эвлаяан, к1ант ву аьлла. И ца лалуш вийна ша хьан к1ант».

Делан дуьхьа шен к1ентан ч1ир юьтий, ялийначу шолг1ачу дийнахь шен к1антах йисинарг ч1ирхочуьнга д1а а лой, цу шиннан мах а бой, шена уьйт1а ваьлча гуччохь цаьршинна ц1енош а дойтий, и шиъ царна чохь ша дуьненчуьра д1аваллалц даха дуьту Г1еза – Хьаьжас.

Оцу цхьана г1уллакхо а гойту Зандакъара Г1еза – Хьаьжа бакъ эвлаяъ а, цуьнан иман ч1ог1а хилар. Цундела халкъалахь « шайт1анан букъ кагбина Зандакъара Г1еза – Хьаьжа» аьлла ц1е д1аяхана цуьнан.

Г1еза-Хьаьжас динчун маь1на дан г1оьртича билгалдолу:

- Собар доза доцуш хилар; кхид1а сатоха ца оьшу аьлла меттиг т1екхаьчча а, шегахь собар лохуш а,и карош а стаг хила везар;

-Г1еза-Хьаьжин собар ийман ч1ог1а долчу стеган бен хила йиш йоцчу барамехь хилар; Дала Къуръан чохь « Ша собар динчуьнгахьа ву» бохучу дешнаша г1о дина Г1еза – Хьаьжина оццул доккха собар шегахь каро;

- Тахана шен лаамо бохург а дина,зулумхочух дог 1аборал дуккха Делехьара шена хинйолу ял езна устазана;

- И зулам бакъ а хетта гечдина дац Г1еза – Хьаьжас зуламхочунна. Цунна кхиэл яр дерриге х1ума гуш а, хууш а волчу, Лаккхарчу Нийсонан да волчу Делехь дитина цо, ткъа шена Делера ял а лехна цо, шен доза доцчу собарца.

И тайпа тамашийна х1ума сихха даьржаш хилла Нохчийчохь, иза доккха масал хилла дов дерзон а, собарца ял шена яккха луучунна.

2 д1ахьошверг:

Собарца юьзна ю майралла. И амал наггахь а, шен меттехь гучуяккха езаш хилла. Майраллий, сонталлий юккъера башхалла хетарехь иштта ю:

Майралла – иза нийсо меттах1отто, оьздангалла ларъян, оьшур дан кийча хилар;

Ткъа сонталла – зулам д1адоло кийча хилар.

1 д1ахьошверг:

Амма хьекъал ца хилча хало хир ду майраллий а, ницкъий а гайта.

Д1агойтур ю сценка «Хьекъал тоьлла» язйинарг: 1. Чантиев.

Ницкъ:

- Со бу угар ч1ог1а оьшуш берг. Со ца хилча, адамаш х1умма а ца далуш дуьсур дара.

Майралла:

-Массарал а оьшуш ерг со ю. Со ца хилча, адамаш кхерам юхатоха доьналла а доцуш лелар дара.

Хьекъал:

Ницкъ а бу оьшуш, майралла а ю оьшуш, амма со ца хилча, царна г1уллакх нийса лело – м хуур дацара.

(шайхана т1ебоьлху уьш)

Воккха стаг:

Шун къийсаме ладоьг1уш 1аш вара со. Хьекъал бакълуьйш сана хета сунна, делахь а, шух цхьанна а халахетар цадархьама а, бакъдерг шуна шайна гучудалийтархьама а, аш кхочуш дан деза г1уллакх т1едуьллур ас шуна. Дан ма дезза уьш кхочушдинарг бакъ а хир ву шух.

-Аша кхочуш дан деза г1уллакх х1окху тайпанара ду. Ас кхаанге цхьацца деши лур ду шуна, ткъа уьш, хьуьнах а даьхьна, шайна билгал йолчу мете лаьттах дохка деза уьш. Ткъа ас аьллачу хенахь, лаьттара схьадаьккхина, юхадан а деза.

(шаьш деши д1адоьллина олий, д1ай – схьай къаьста уьш)

Воккха стаг:

Х1инца д1аг1ой деши схьада.

Схьадеан аш деши.

Ницкъ:

Ца деана ас . Мел лехча а, айса и д1адиллина меттиг кара ца еш бисина со.

Воккха стаг:

Ткъа муха д1адоьллина ахь и?

Ницкъ:

Малхана дуьхьал а бирзина, нисса малхана дуьхьал – хуьлда хьо аьлла, доьллинера ас деши лаьттах. Ткъа х1инца малхана мел дуьхьал бирзина леларх, и меттиг кара ца йо суна.

Воккха стаг:

И меттиг цкъа а карор яц хьуна, х1унда аьлча, малхана юьхьдуьхьал стаг муьлххачу меттехь х1отталур ву д1а.

Схьадеан ахь деши?

Майралла:

Ца деа дера – кх,мел лехча а, айса и лаьттах доьллина меттиг кара а ца еш йисина со.

Воккха стаг :

Ткъа муха доьллина хиллера ахь а лаьттах?

Майралла:

Акхарой лела некъ а лехна, цу новкъа лаьттах доьллинера ас иза. Ткъа х1инца и некъ мел аьхкича а, деши схьа а ца карадо суна.

Воккха стаг:

Ахь мел лехарх карор дац хьуна и схьа. Х1унда аьлча,акхаройн некъаш дуккха а ду, массо а аг1орхьа д1асаоьхуш а ду уьш.

Схьадеан ахь деши?

Хьекъал:

Ас деана. (куралца д1ахьожу ницкъигий, майраллигий)

Аса мичча хенахь а атта бевза болу барз а лехна цу борзах доьллина ас деши.

Воккха стаг:

Ахь нийса кхочушдина хьайна т1едиллина г1уллакх. Х1инца аш шаьш ойла йича, хуур ду шуна, шайх бакъ муьлха ву.

2 д1ахьошверг:

Яхь – иза гуттар а дикачу г1уллакхаш т1ехь, амалшкахь, комаьршаллехь, майраллехь, доьналлехь кхечул, шена гонахарчу нахел оьшуш ца хила г1ерташ, мелхо а царал тола г1ерташ хилар ду.

1 д1ахьошверг:

Амма вайн нахана юкъахь ю харц яхь.

Иза стага нахаца йохье а волий, ца олучу дашах кхера а лой, нийса доцург а, зулам дар ду.

Харц йохьана уллохь ю хьаг1. Иза къовсавалар ду. Иза мел тоьлча и лан оьздангалла йоцуш, цунна тешнабехк бан а, харц ц1е кхолла а, х1уъу дан а кийча волуш.

1 д1ахьошверг:



Х1ара байт ешча хуур ду вайна мел к1оргге маь1на ду яхь бохучу дешан.



Д1айоьшур ю байт «Новкъахь».

Язйинарг ву Арсанукаев Ш.

«Новкъахь»

Г1елвелла вог1у со,

Ткъа кийра – хьогалла богу.

Д1ахьаьжча:

Къена кхор.

Луьста г1а –

1индаг1а тийна.

Кхура к1ел ведар го,

Ткъа генах кхозуш бу чами.

Г1атта лаьтта, бохуш соь:

«Схьавола, сада1а хьайна!»

Т1евахна,

Шовданан хи мелла,

Кийра ас 1абий…

«Мила ву техьа и –

Х1оттийнарг кхузахь г1ант суна?

Шовдан т1е яхана,

Хи деънарг мила ю техьа?

Масаммо аьлла те,

Т1ехволуш,

Баркалла цунна?»

Ойлане хьоьжу со:

Адам дац гуш кертал дехьа.

2 д1ахьошверг:

Иштта, нахана шен ц1е йовзийта а ца г1ерташ, г1уллакхаш дийраш бу иймана лакхара оьздангалла а йолуш.





Х1инца гойтур ю сценка

«Кхиабай вай – яхь йолу к1ентий»

Ширчу заманчохь 1аш хилла вий къена хьекъалча. Шайна юккъехь х1окху кепара къамел деш хилла цара.

1 воккха стаг:

Делахь, къаной, Доккха иэхь ду аьлла хета суна боьршачу стагана, наггахь санна , цунна хан йиллина йолу йо1 кхечуьнга д1алахь.

Массара:

Бакъ боху! Нийса ду!

2 воккха стаг:

Иза доккха иэхь ду. Амма цул доккха иэхь ду боьршачу стагана, наггахь санна кхечо цуьнан говр йигахь.

Массара:

Бакъ боху! Нийса ду!

3 воккха стаг:

Иза доккха иэхь ду. Амма цул доккха иэхь ду аьлла хета суна боьршачу стагана, наггахь санна ларамза , ца хууш керах стаг а велла лурвоьлла и лелахь.

Массара:

Бакъ ду! Нийса ду!

4 воккха стаг:

Аша мел аьлларг иэхь долуш х1ума ду. Амма и ша дерриг меттах1отталур долуш х1ума ду.

Нахана юккъехь лелаш волчу стагана доккха иэхь ду аьлла хета суна , наггахь санна цу стега яхь йоцу к1ант кхиахь. Дала цхьанне а стага ма кхиавойла яхь йоцу к1ант.

Нанас дена ма волда яхь йоцу ва к1ант,

И вича ма кхиа цу дийнан делкъалца,

Нанас дена ма волда тешам боцу ва к1ант,

И вича ма кхиа яра дуьне ва даа!

1 д1ахьошверг:

Вайн къоман оьздангаллехь йоккха меттиг д1алоцу къинхетамо.

Адамашца а, ткъа иштта массо а гонахарчу садолчу х1уманца а къинхетаме хилар – стеган уггар а хьалхара декхар ду. Муьлххачу хьолехь стага шегара къизалла гайтар осалла хилла.

2 д1ахьошверг:

Делан бакъ дин – дерриге а адамех Дала бина къинхетам бу. «Шу вовшашца къинхетаме хилахь, Ша шуьца къинхетаме хир ву», - боху Дала шен сийлахьчу Къуръан чохь.

Х1инца дешархочо д1айоьшур ю вайн доклад «Собаре элча»

Мухьаммад (Соллаллох1у 1алайх1и ва саллама) вевзаш хилла, шена цхьа бохам хилча, вон деача, сатохар а, собар а долуш хиларца. Лекхаволчу Делан дашо бохург деш:

«Хьайга деанчунна (балина) собаре хила, баккъалла иза (Дала) сацамбинчу г1уллакхех ду» (Къуръан, 31 сурат, 17 аят).

Вуьшта аьлча – баккъалла иза собаре хилар, Дала омра диначех ду. Веза сийлахь волчу Делан дашо бохург а деш:

«Х1ай, имадиллинарш, аш г1о лаха (шайн дуьненан а, эхартан а г1уллакхашкахь) собарца а, (деза – сийлахь долчу) ламазца а. Баккъалла а, Дела ма ву собаре болчаьрца» (Къуръан, 2 сурат, 153 аят).

Элча шена т1ебеана бала ловш, ч1ог1а собаре а, сатухуш а хилла, Маккарчу нахах а, уьш боцчарах а, шена вон диначунна гечдар доьхуш, олуш хилла цо: «Х1ай, Аллах1, Ахь гечдехьа сан къомана, баккъалла а, уьш ца хууш (ца кхеташ) бу – кха». Иза (1алайх1ис – солату вас – салам) Макка чувахана, цо къурайшех болчу цатешачу нахана т1ехь толамбаьккхинчу хенахь, уьш кхерабелла хилла, шайгара ч1ир эцарна. Элчано цаьрга аьлла: «Ас шайна х1ун дийр ду аьлла хеташ душ у?» Цара аьлла: «Дика дийр ду, хьо тхан сийдолу ваша ма ву, сийдолу вешин к1ант ма ду». Т1аккха Элчано аьлла: «Д1аг1о, маьрша ду шу».

Царна къинт1ера волуш, цо (1алайх1ис – солату вас –салам) аьлла: «Баккъалла, Юсуфа Пайхамара шен вежаршка ма – аллара олу ас шуьга: «Т1ехтохам бац (соьгара) шуна тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза угаре къинхетаме вверг ву» (Къуръан, 12 сурат, 92 аят)

Цкъа цхьана стага ма – аьлла Элчане: «Нийсо е, Делан дуьхьа долу, х1ума екъар дац х1ара?» Т1аккха Эчано цунна ца хууш долчу х1уманех кхетийна иза. Цунах къинхетам бар дехна, аьлла цо: «Нийсо хьан йир ю, ас ца йича? Ас нийсо ца йича (дуьненахь а, эхартахь а) дакъазвер ма ву со, х1аллак хир ма ву со».

Асхьабех цхьаъ и стаг вен лууш вара. Элчано ца вейтира иза. Оьг1аз а ца вахара Элча цунна, цуьнгара ч1ир ца йицира цо я иза воцчуьнгара а, сатохарна а, собарна а, шена вон динчунна къинт1ера валарна а, лаккхара масал дара иза (Соллаллох1у 1алайх1и ва саллама).

Цхьа стаг веана хилла Пайхамар волчу (Соллаллох1у 1алайх1и ва саллама). Цо аьлла: «Суна хьехар дехьа». Собаре волчу Элчано аьлла т1аккха: «Хьо оьг1аз ма г1о». Т1аккха оцу стага ша аьлларг Пайхамаре маситтазза юха элира. Цо жоп делира: «Хьо оьг1аз ма г1о», - аьлла. Вай лардан дезаш дика весет ду иза.

1 д1ахьошверг:

Комаьршалла – стеган къинхетам гучубаларан кепех цхьаъ ю.

Комаьрша боху дош – иза куьг д1адаьстина, маьрша дита бохург ду. Шен дерг буй бина, къайла ца доккхуш, цунах нахана дакъа де.

2 д1ахьшверг:

Комаьршалла къаьсттина билгалйолу хьешана х1оттийначу шуьнехь.

Х1усамден комаьршалла – иза шен ерг хьалха йиллар ду.

Нохчийн х1усаман комаьршаллех аьлла Сулейманов Ахьмада х1ара дешнаш:

Цу кхерчарчу ц1арочул а,

Хьаша вохвеш йовхо луш,

Ю вайнехан комаьршалла,

Ду вайнехан оьзда дош.

Х1инца д1ахьур ю вай самукъане миноташ, беламе сценка гойтур ю вайна 9 – в классан дешархоша. Х1оттийнарг нохчийн метан хьехархо: Асхабова М.В.

(танец, хийистехь совцу мехкарий т1евог1у жима къонах)

Маржан:

Ма хаза суьйре ю вайн тахана еънарг!

Пет1амат:

Х1окху некъехь белхи цхьанни бу моьттуш яц со?

Айзан:

Собар дел! Собар дел! Х1окху вог1ачуьнга хьовсиш.

Небист:

Делдиш хьовза ца веш ма ваг1ийталаш.

Х1ара зудриберш шен чохь совцалуш бац.

Турпал – 1ела:

Суьйре дика йойла шун мехкарий! Лаа лаьттий шу кхузахь?

Маржан:

Ватта Дела! Кхуо дуьйцург ду хаз. Кхузахь 1едало латта магийна дац?

Турпал – 1ела:

Иштта сиха бехк ма – баккхийша! Шу ма тамашийна ду.

Маржан:

Тхо ду тамашийна?

Хьайга хьажахь. Зудаъ, пхиъ бер долуш со хир ю – кх.

Турпал – 1ела:

Зударий 1оьхуш лелаш шорта бу, зуда яло проблем яц!!!

Небист:

Дала ма йоьхху йог1уш ю шуна, х1инца хьовсур дув ай хьо х1ун къонах ву.

Зуда:

(йихкина фартук ю, юххехь пхиъ берд у, керахь нуй бу)

Хьо са акха лелаш ву,

Хьо ца вевзаш жеро яц,

Вог1у аьлча, хьелуш ву,

Хьуна моьттург бакъ ма дац.

Мар:

Со – м нисвала г1ерташ вуй,

Кхин тилвелла лелар вац,

Ахьа соьга дукх баьхна

Сунна моьттург бакъ ма дац.

Зуда:

Хабарш ц1ехьа кхоьхьуьйтуш,

Ларт1а ван хьо дагахь вац,

Нахе туьха доьхуьйтуш

Кхин ахь нускал кхобур дац.

Мар:

Х1ай, даьдала, к1ентий вайн!

Вотий – пондар к1ордор дац!

Хецна бохуш! Я – ла – лай!

Шу ца девзарг къен ма вац!

Зуда:

Хьайн берашна хьо вицвелла,

Уьш да воцуш кхуьуш ду,

Нагахь ваг1ахь ц1а тилвелла,

Хьо вайн ж1аьло лоцур ву.

Мар:

Озахь цхьани узур вай,

Малахь цхьани кепйийр ю,

Цхьаьний бохуш яла – лай,

Маьлхан дуьне дуур ду!

Зуда:

Цкъа хьалха валий ц1ехьа дерза дел и хьайн болар.

(зудаберашка олу)

Шу дуй шу цхьани кепар ийман доцу зудабераш, кхин сан майранна юххехь ма гайталаш суна.

Шу кхеттий?

Айзан:

Ма ч1ог1а оьшу тхуна и…

Зуда:

Схьаерза цкъа хьо? Сан ву, сан ву – хьо кхитарий? Мой, мо- о- ой!

Пет1амат:

Хьайна витахь и хьайн шира пис.

(мехкаршна муц1ар а саттайой д1айоьду зуда)

1 д1ахьошверг:

Хьаша ларарх а, цуьнан йозаллех а дийца дукха ду, амма доцца эр вай.

Хьаша нохчаша мел генара хили ч1ог1а лоруш хилла, кхечу къомах хилча – м мухалле а.

«Мехкан воцу хьаша», - иштта йоккхуш хилла генара веанчун ц1е.

2 д1ахьошверг:

Иза ларвар, 1алашвар, цуьнан хьаште хьажар – иза т1евоьссинчу х1усаман ден хилла ца 1аш, оцу ерриг юьртан г1иллакх хилла.

Х1унда аьлча мехкан воцу хьаша, лар ца луш, цунна т1е цхьа бохам кхачийтича, ерриге юьртах иэхь хилла.

Х1инца 8 – чу а, 9 – чу а,10 – б а классан дешархоша д1агойтур ю сценка «Белхи» язйинарг: Ахмадов М.

Г1ийла локхуш пондар а бу, къажбеш т1арг1а а бу.

Мехкарийн тхьамдо олу цхьа хаза шира эшар лакхий вай?

Йиш локху мехкарша: (халкъан эшар)

Гобаьккхина лам бу ала

Цу ламанца со ю ала.

Со езначу хазчу к1анте

Со д1айига вола ала.

Х1усамнана чуйог1у, дов до зудаберашна:

Алмазех къаьхкинчу шайт1анаша санна,

И т1арг1а х1аллакбина, д1ай – схьай кхисси – кх аш сан.

Вай, дуьххьара го шуна тахана хьаша вог1уш.

Шу санначарах – м тарло и ца ваша.

Цхьа йо1 дуьхьала йистхуьлу:

И ц1ерга тиллина, маха – дечиг санна,

Т1ах – т1их бохуш, хьо мА сийсаш ю?

Х1ун даьлла тхоьгара вас хила хьуна?

МА буьрса хир ю – кх хьоьх цхьаьнна марнана.

Мехкарша йиш локху: (халкъан эшар)

Месийн назбар шена буьллий,

Чертан маь1иг сунна юьллий.

Д1а ма южу сан марнана.

«1уьйрре г1атта, сан нус»,_ олий.

Х1усамда вистхуьлу:

Хьеший бу, зуда, вай долчу бог1уш.

Яа х1ума юй кийча?

Х1усамнана:

Хьаша беркат ду

И ца вог1ург х1усам яц.

Хьеша кхача даима бу тоьлларг кийча.

Не1 тухий, хьеший чобог1у:

1ассалам 1алайкум! Хьеший оьций аш?

Тхьамда а, х1усамда хьешашна дуьхьал бовлу, баьрче охьаховша бо хьеший:

Ва 1алайкум салам!

Шу марша дог1ийла!

Хьаша беркат ду.

Мехкарийн тхьамда йистхуьлу:

Тхо не1арехь совца, даим кийча ду.

Хьуна йог1у сийлахь меттиг – барч.

Хилларг, лелларг ахь тхуна дийца,

Кхоллалург бу чохь оьзда барт.

Х1усамда:

Х1ара мерза синкъерам д1аболош тховса,

Ши тхьамда, шу, г1овтий, хелхаре хьовза.

(хелхар до тхьамдаша)

Сакъоьручу к1ентех цхьамма:

Мехкарийн тхьамда!

Х1ара буьйса новкъа йоккхуш,

Ойланашка к1ентий бохуш.

Мехкарша цхьа хаза эшарш а локхуш,

Х1ума де вай тховса.

Шуна муха хетта к1ентий?

(К1енташа олу: Дика хир ду! Бакъахьа ду! - олу к1енташа)

Юха кхин цхьа хаттар,

Ду сан хьоьга, мехкарийн тхьамда.

Х1окху к1ентийн ойланаш лаьттачу

Мехкаршна дош т1едахьийта.

Билгалъяьккхинарг мила ю

Хаа луур дара сунна.

Мехкарийн тхьамда:

Жарадат ю, эццахь 1аш йолу.

К1енташа олу:

Дукха ехийла.

Мехкарша йиш локху:

  1. Со елира сарахь ара

Декаш дара 1аьржа леча.

Ас ладоьг1на, ойла йича,

Цуьнгахь бала хийтира сунна.

  1. Ког байбина герга яхна,

Ас лерина ладуьйг1ира,

Шегара бала баце балхош,

Декаш дара 1аьржа леча.

  1. Дийца, леча, хьайн дагара,

Балхбе хьайн кийрара бала,

Хьуна сана, уьш дезна,

И хьан накъост со ю хьуна.

К1ант вистхуьлу:

Вистхила пурба лохьа, сийлахь тхьамда.

Тхьамда:

Вистхила пурба ду хьуна.

К1ант вистхуьлу:

Ахь вуьйцу яхь йолу к1ант кхузахь ву хьуна,

Мокхазар бердашкахь бина бен бу хьуна,

Буьйса ю хьуна вайна екхна т1ейог1ург,

Безам бу хьуна сан дагчохь кхиъна.

Ас хийистехь хьайга динчу хаттарна,

Ахь ца дела дош тховса дахьа веъна – кх со.

Дуьхьал йо1 йистхуьлу:

Цу хазчу суьйренца, бузучу малхаца,

Тхо долчу веара хьо , тхан хазчу хийисте.

Вистхила валале, дош аьлла ялале,

Цхьа лекхчу гу т1ера чукъедира хьан зуда.

Богу бос ва байна, чабол а ва эцна,

Со йолччохь йитина, т1епаза вайра хьо.

1уьйренах кхоьру хьо, суьйренах кхоьру хьо.

Хьайн зудчух кхоьру хьо?

К1ентех цхьаъ:

Тхьамда, вистхила лаьара сунна,

Дуй хьуна, мехкарийн тхьамде.

Тхьамда:

Дукха бакъхьа хир ду, вистхила хьо.

К1ентех цхьаъ:

Шело хьеелча, б1аьстенга адамаша санна,

Малхо еттинчо арено дог1ане санна,

Дуй хьуна, ас шега сатийсина

Цхьа йо1 ю шуна юккъехь,

Сан ойла д1аяьхьна, сан даго къастина.

Пурба ло, тхьамда цу йо1е вистхила.

Мехкарийн тхьамда:

Пурба дела, вистхила.

К1ентех цхьаъ:

Хьо кхета г1ортахь х1окху сан дешнех,

Мезан 1айг санна т1еоьцур бу ахь х1орш.

Ткъа нагахь санна хьо сох кхета ца г1ортахь,

Дуй хьуна, лулахойн мустабелла берам санна.

Х1ара сан дешнаш юхадаийта.

Лам санна, со къонах а хилча,

Элан санна, х1усам а сан хилча,

Дуй хьуна, йог1ур ярий хьо соьга?

Йо1 йистхуьлу:

Дуьйцучу хенахь хаза дуьйцу аша,

Ж1аьлийн гуй дашо бу бохуш.

Д1асакъаьста шу хийла,

Хьо иштта юй, со иштта вуй бохуш.

Морзийн – берам ма муьста бу,

Жоржан худар ма довха ду,

Дай чохь хьаьжк1аш ма к1езга ю,

Ши зуда хилча ма бала бу.

Аьлларг къобалдеш а, цецбуьйлуш а кхуьссу дешнаш а хеза:

«Эхх1ай, мА дика а элира!

Х1ай – х1ай, ала ца хууш – м яц!

Гора йо1 я1!»

Мехкарша йиш локху:

(халкъан эшар) «К1айн дари коч»

К1ентех цхьаъ:

Юьхьанца ас шега д1акховдийначу некъана,

соьга «Х1аъ» аьлла, дош а дела,

Цул т1аьхьа, дагарна дага санна,

Сунна б1останехьа йирзина,

Кхечаьрга сакъоьруш 1аш го суна,

И д1о – о – о 1аш йолу Небист.

Мехкарийн тхьамда ахьа пурба лахь,

Цуьнга цхьа – ши дош эр дар – кха ас.

Мехкарийн тхьамда:

Пурба ду хьуна, вистхила.

К1ант:

Ломан буц а юуш, шовдан хи а муьйлуш,

Ша басна хазделла, чехка лу санна,

Хьо дагна хазъелла, хьо сайна йоьхуш,

Буьйсанна г1уьттуш – батте йоьхуш,

1уьйранна г1уьттуш – малхе йоьхуш,

Лелла со тховссалц. Ма дохковаьлла со.

Чехка лу мичахь ду – иза – м гомаш хилла,

Шан зезаг мичахь ду – иза – м ба1 хилла.

Х1инццалц со 1ехорна,

Т1аьхьаидарна бехк буьллу ас хьуна,

И б1ов санна лекха.

Бехк буьллу ас хьуна, и лам санна беза.

Нагахь санна хьайн ницкъ кхачахь,

Хьажал хьо яла оцу бехках!

Кхечу к1анта:

Хьан син куралла

Яйа ца волу со, Таьштмар,

Делахь а, ахь аьлларг эрна хета суна,

Йо1ан дог говр – х даций.

Дуьрстаца д1ай – схьай ийзо.

1ер аг1ор делахь а,

Къамел нийса хила деза стеган.

Лела ца хууш волу стаг

Нахана юккъе вала ца оьшу,

Мехкарий дуккхаа бу б1аьрг тоха гонах.

Хелхаран бал боккху

(ший , кхоъ, лаахь диъ хелхар до)

Тхьамда вистхуьлу:

Х1усамда, мехкарийн тхьамда, ас эр ду цхьа – ши дош.

Х1ара к1ентий х1ора а шен ирс лоьхуш араваьлла ву.

Боршам хьакханза ц1енкъанаш ю чохь лаьтташ,

Ветанаш тасанза кучамаш ю,

Озанза шуьга хьоьжуш лаьтташ хьелий ду тхан,

Шу цига кхочийла хье ца луш.

Даггара баркалла ду шуна массарна а,

Ирс – аьтту хуьлда шун,

Тхо лерина тхоьца х1ара хан яккхарна.

Шуьца мел 1ерах тхуна к1ордор дацара,

Д1а ца дахча тхо ца довлу.

Иштта вай вовшийн кест – кеста ган хан – зама а ма эшайойла.

Дала зен – зулам доцуш, иман а, беркат а шорта лаьттийла шун х1усамашкахь.

1одика йойла шун, бос хаза мехкарий!

Шу оьзда а карий, г1иллакхе а карий, тхо д1аг1ур ду, шу марша 1ойла!

Мехкарийн тхьамда:

Шу марша г1ойла, шу марша лелийла,

Тхо долчу бог1у некъ аш шир ма балийталаш.

Д1ахьаха поппар а бу, тилаян хьаьжк1аш а ю.

Белхеш а, синкъерамаш гуттара а лаьттар бу.

Ца дог1уш шу хьелахь, дицдала мегаш ду,

Т1аьхьависинчун дакъа цицигаша диъна, олуш ду.

Шен зуда йолуш вверг вита чохь берашца,

Мало ян ца оьшу ялонза волчо.

К1ентех цхьаъ:

Оьздангалла ю массарал а сийлахь,

Иза йоцчохь дахар хир дац ирсе,

Мехкан, хьешан г1уллакх ма де шийла,

Халкъан дуьхьа яккха муьлхха ирхо.

Ша схьадаьлла шан тарх йиц а йина,

Хьаьдда додахь лаьмнийн сирла шовда,

Т1улгаш юккъехь шен хи кхачадина,

Эрна довр ду, д1а ца кхеташ х1ордах…

(К1ентий д1абаха арабовлу)

Тхьамда:

Х1усамда, къинт1ера вала хьайна тхоьгара хиллачу ца томана.

Х1усамда:

Шу марша г1ойла , дуьйла юха а.

1 д1ахьошверг:

Къаьмнаш къастош доцуш тосуш хилла нохчаша доттаг1алла.

Доттаг1алла – иза угар хьалха тешам бу. Тешам бу доттаг1аллехь угаре а ч1ог1а оьшург а, ца хилча йиш йоцург а.

2 д1ахьошверг:

Тешам боцчух доттаг1чух кхераме мостаг1а хила йиш ю. цунах лаьцна дуьйцу Кибиев Мусбека:

Цхьаволчу доттаг1чул

Да вийнарг тоьлу –

Хьоьца шен ч1ир нисъеш,

Ч1ирхо ца воьлу.

Кхин волу доттаг1а,

Вешел ву г1оле –

Т1ехьа и соьцучохь,

Хьалха и волу.

1 д1ахьошверг:

Декхар – кхузахь вай мел хьахийначу синмехаллийн лехамашо жоп луш ваха декхар – шен дена, нанна, доьзална, юьртахошна, халкъана хьалха берг.

Ткъа уггаре а коьрта Декхар – Далла хьалха долу Декхар.

2 д1ахьошверг:

Иэхь – иза шен декхар кхочуш ца дича, я цхьа оьзда доцург далийтича, стеган сий дожар ду.

Иэхьо йожайо стеган ц1е мах бойу цуьнан дикачу г1уллакхийн.

1 д1ахьошверг:

Бехк – иза стага шен гергарчаьргара, лулахошна, юьртахошна, хьалкъана хьалха декхар ца хиъча наха олу дош.

Бехк баккхар – ахь ледарло ялийтарна, я хьайца йоу дегайовхо бакъ ца ярна юьхь яккхар ду.

Гойту 8 – чу классан дешархоша сценка «Иэхь – бехк доцу х1усам»

(Веъна хьаша новкъа хилла и д1авахийта дов даьккхина хилла х1усамдассий, х1усамнанассий)

Х1усамда:

Х1ара – м доккху - м ду – кх! Кхоъ ялийчаъ зуда ца нисъелла бохург! Веана 1аш хьаша ву , д1аваг1а дагахь воцуш, сан зудчунна бала бац.

Х1усамнана:

Валлай хир бар, неха божарш санна ахь рицкъ цудахьаш делхьари. Х1ун яа е боху ахь? Поппар баа бе ца боху – м ахь.

(хьешана ша новкъа вуй хаа хиъна, ша д1авахана а моттийтина д1алечкъина)

Х1усамнана:

Схьавола сиха, д1авахана хьуна хьаша.

Х1усамда:

Делахь ма дика ду и д1авахана, галниша – м х1инца – м шелъелла хир ю.

Хьо соьга йог1учу буьйсанна кечъелла ма – хиллара кечлохьа , ва зезаг.

Х1усамнана:

Со хьоьга йог1учу буьйсанна хьо кечвелла ма – хиллара кечлохьа , ва хьомениг.

Х1усамда:

Муха к1ант хета со хьуна?

Х1усамнана:

Дера хета элан к1ант санна.

Со муха йо1 хета хьуна хьомениг?

Х1усамда:

Дера хета элан йо1 санна .

Хьаша: (Яй коча а оьллина)

Со муха к1ант хета шуна?

Х1усамда, х1усамнана:

Дера хета меца воцуш санна.

2 д1ахьошверг:

Х1инца халкъан эшар д1алокхур ю 7 – чу «А» классан дешархочо Датаева Маретас.

« Чу вола хьаша»

1 д1ахьошверг:

Лакхахь вай йийцина и ерриге а синмехаллаш шегахь йолу стаг вайн къоман оьздангаллехь угаре а лакхара дарж долуш хуьлу къонах.

2 д1ахьошверг:

Къонах – иза халкъо кхоьллина боьрша стаг муха хила веза бохучу хаттарна жоп луш, массо а х1ума шен меттехь долчу стеган васт ду.

Цу т1ехь шел хьалха цхьаммо ца динчу кепара «къонах» бохучу кхетаман маь1на до Сулейманов Ахьмадо:

«Къонаха мила ву? И меллалц веха?» -

Хоьттура соьга ахь тойнехь 1аш вай.

Дерриг а дуьне ду къонахчун меха!

Х1ара дуьне –м къонахийн белшаш т1ехь дай.

Ламанца дин лелац, ца хилча ленаш,

Уьш кхачаделлачохь соцуш бу дин…

Иштта бу къонахий, х1ар дуьне латтош,

Къонахий д1абевлча – духур ду и…къонахийн собар ду лекха лам баккхал,

Собар ду сов доккха, кхача ца луш!

Къонахийн и собар кхачийча – м боккъал,

Х1ар маьлхан вайн дуьне духар ма ду!..

1 д1ахьошверг:

Х1окху стихотворенехь вайна билгалволу къонах – иза цхьана къоман, цхьана мехкан г1уллакхаш кхочушдина ца 1аш, х1окху дерриге дуьненан г1уллакх а, дола а дан г1ерташ, цуьнан г1айг1анаш айа, шен дахар д1адала кийча стаг ву.

Х1инца 9 – б классан дешархочо Тутаев Рамзано д1айоьшур ю ша язйина йолу сочинении

«Мила ву къонах?»

Мила ву те къонах?

Муьлхачу даро, дийцаро билгалвоккху къонах?

И хаттарш дуккха а х1иттор дара вай къонаха билгалваккха. Амма хаттарш ца дича а, адамашна юккъе ваьлча, муьлххачунна а билгалвер ву къонах вверг а, кхин вверг а.

Дег1ана зоьртал вара аьлла, ницкъана онда вара аьлла,- хуьлуш вац стагех къонах. Маттана шера вара аьлла, дашна говза вара аьлла,- хуьлуш вац стагех къонах.

Стагех къонах вешдерг корта ду:

  1. Собар долчохь - иман, ислам, хьекъал;

  2. Хьекъал долчохь – г1иллакх хуьлу;

  3. Г1иллакх долчохь – ларам хуьлу;

  4. Ларам болчохь – нийсо, низам хуьлу;

  5. Низам болчохь – барт хуьлу;

  6. Барт болчохь – иман, марзо хуьлу;

  7. Иман долчохь – беркат хуьлу;

  8. Беркат долчохь – самукъане хуьлу;

  9. Самукъане долчохь – безам хуьлу;

  10. Безам болчохь – ирс хуьлу.

И дерриге а собар хилча, цунах хаа мегар ду, шеца собар дерг къонаха вуйла.

Шегахь ницкъ бара аьлла дозалла деш и велахь, амма г1ийлачунна ца бог1у ницкъ бечохь, ша ца кхоош цо г1о даккхахь, т1аккха ха аду и къонаха вуйла.

Шен ден, ненан цо хам – пусар дахь, церан яхь, юьхь цо ларъяхь т1аккха ха аду иза къонаха вуйла.

Шен мохк – Дег1аста дукхабезаш и велахь, царна оьшучохь шен са цо ца кхоадахь ха аду иза къонаха вуйла.

1 д1ахьошверг:

Бакъболу къонахий хилла вайнахана юккъехь баьхна устазаш. Нах дина т1еберзош, церан дегнаш ц1андеш, Делан дуьхьа къахьегна цара, шайн дог1мийн лаамаш бихкина, аьтто ца лоьхуш.

2 д1ахьошверг:

Вайнехан устазаша нахана юккъехь , серлонан, хьехаман болх бина ца 1аш,оьшучу хенахь вайн иллешкахь буьйцучу турпалхойн коьрта амалш гучуйохуш а хилла – майралла, доьналла, т1еман говзалла.

Х1инца д1адоьшур ду вайна хьадис нохчийн метан хьехархочо ___________________________________________________________________________

Делан Элчано боху

(Делера салам хуьлда цунна):

- Дуьне деа х1уманца лаьтташ ду шуна:

1елам нехан 1илманций,

Паччахьийн 1едалций,

Мискачу нехан до1анций,

Комаьршачу нехан саг1ийций.

Латтаран бахьана х1ун ду аьлча, диканиг де, вон дерг ма де алар ду боху.

Т1аккха а боху Делан Элчано,Делера салам хуьлда цунна:

- 1елам нахаца ийг1ича, дин хир дац шуьгахь.

- 1едалца ийг1ича, дуьне хир дац шуьгахь.

- Нахаца ийг1ича, безам хир бац шуьгахь.

- Шайн нахаца ийг1ича, сий хир дац шун.

- Лулахочуьнца ийг1ича, пайденан наь1арш д1акъовлалур ю шуна.

- Доьзалца ийг1ича, беркат хир дац шуна.

- Т1аккха а боху Делан Элчано, Делера салам хуьлда цунна:

- Делах кхоьруш воцу 1еламстаг шена т1ехь стом боцчу диттах тера ву хьуна.

- Халкъана т1ехь нийсо ян х1оттийна воллушехь, и нийсо ца еш волу стаг – еца дарба доцчу молханах тера ву хьуна.

- Дала шена белла болчу балийна собар ца деш волу миска стаг шена чохь даьтта доцчу стогарах тера ву хьуна.

- Шегахь эхь хетар доцуш йолу зуда – туьха тасаза йолчу юургах тера ю хьуна.

- Шегахь тоба доцуш волу жима стаг – дуьрста йоцчу говрах тера ву хьуна.

Делан Элчано боху, Делера салам хуьлда цунна:

- Ялсаманин не1ар т1ехь язбина кхо мог1а бу.

- Хьалхарчу мог1ано боху:

«Ша хьарам ю аьшпаш буьттуш волчу стагана, харц луьйш болчу нахана ша хьарам ю».

- Шолг1ачу мог1ан т1ехь бу: «Б1аьрмециг нахана хьарам ю, закат д1а ца луш болчу».

Кхоалг1ачу мог1ана т1ехь ду: «Шен доьзало х1уъа лелийча а, бен ца хеташ болчу нахана а хьарам ю ша».

Юха а боху Делан Элчано, Делера салам хуьлда цунна:

- Сий долчу нахана г1уллакх де ахь хьайна доттаг1ий бийр бу ахьа.

- Сий доцчу нахана г1уллакх де ахь хьайна мостаг1ий бийр бу ахьа.

Ткъа сий долу стаг муха хир вара? Сий доцу стаг муха хир вара техьа? – аьлла шега хаьттича, Делан Элчано, Делера салам хуьлда цунна аьлла:

- Нехан юкъаметтиг тоеш велахь, къамел оьзда деш велахь, сийлахь хиларан билгало ю шуна.

- Нехан юкъаметтиг йохош велахь, нахах дика луьйш вацахь, къамел муьста деш велахь, сий доцуш хиларан билгало ю шуна.

Дауд – Пайхамара, Дела реза хуьлда цунна, Деле до1анаш деш хилла:

- Везан Дела! Со хьалхе къежвен зуда ма лолахь суна!

- Ас аьлларг ден доцу во1 а ма лолахь суна!

- Сан сакхташ нахе дуьйцу долу лулахо ма лолахь суна!

- Со 1есавоккху волу бахам а ма лолахь суна! – олий.

Абу – Хурейрас, Дела реза хуьлда цунна, Делан Элчанан асхьаб хилла ву иза, Делан Элчано шега элира боху:

- Я Абу – Хурейра! Хьо дехьа вала дезаш болу х1орд к1орга бу хьуна – кема кечделахь!

- Хьан гехь боллуш болу мохь беза бу хьуна – иза байбелахь!

- Ахь бан безаш болу некъ беха бу хьуна – кхача кечбелахь.

- Т1аккха муха кечлур бара техьа иза? – аьлла, ша ойла йича, цо эццигахь шега элира:

- Я Абу – Хурейра! И кечам муха балур бу хьоьга?

- Хьо ца везаш, эрчаме хьайна дуьхьал вог1уш волчу стагана валалой, юхьдуьхьал хьажалахь!

- Хьо ца везаш, хьуна пе а тоьхна, д1авоьдуш волчу стаге, т1аьхьа мохь а тохий, салам лолахь!

- Хьайца йиг1а а йиг1ина, хьо волчу чу ца вог1уш волчу стеган чу г1олахь!

Оцу х1уманца балур бу хьоьга и кечам.

1умар – Ибн – Хат1аба, Дела реза хуьлда цунна аьлла:

- Нахах тарвалар – ах бахам бу хьуна.

- Нахах дагавалар – ах хьекъал ду хьуна.

- Нахе х1ума хаттар – ах 1илма ду хьуна.

1 д1ахьошверг:

Х1инца 8 – б классан дешархочо а, вокальни группа «Шовдано» а д1алокхур назма

«Латтош вериг»

И стигланаш лаьтташ ма ю. – Ла илах1а иллаЛлах1у,

Латош вериг Хьо волдера, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Кеглуш уьш чу ьохур яра, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

И латтанаш лаьтташ ма ду, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Латтош вериг Хьо волдела, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Эт1аш уьш чуоьхур дара, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

И дей – буьйсий хийцалуш ду, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хуьйцуш вериг Хьо волдела, Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Даим бода лаьттар бара, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Шеран хенаш хийцалуш ю , - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хуьйцуш вериг хьо волдера, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Даим шело лаьттар яра, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Стиглара хи дог1уш ма ду, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Доуьйтуш верг Хьо волдера, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Массо х1ума якъалур яра, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Лаьтта хьоьжуш дашо малх бу, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьжуьйтуш верг Хьо волдера, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Цо х1ара дуьне дагор дара, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Лаьттах ялташ довлуш ма ду, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Довлуьйтуш верг Хьо волдера, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Мацалла халкъ лийр ма дара, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Зуламе адам Ахь сецош ду, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Зулам алсам ца долуьйтуш, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьоьца накъост хуьлуш хилча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Вовшийн карах лийр ма дара, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Ца гуш волчу Хьайн сих ахьа, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Ца гуш болу кхетам бела, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Дерриг ни1мат кхетамца ду, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

И луш вериг Хьо волдера, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Ца гуш йолу ялсамане, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Ца гуш йолу жоьжаг1ате, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Цу кхетамца Ахь кхоьллина, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Нийса бекхам халкъана бан , - Ла илах1а иллаЛлах1у!

Цу кхетамца ойла йина, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Кху дуьне дика хьаьжча, - Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хуур ма ду, Везан Дела! – Ла илах1а иллаЛлах1у,

Хьан кхел нийса лелаш юйла, - Ла илах1а иллаЛлах1у!

2 д1ахьошверг:

Лераме хьеший, хьоме хьехархой, шуъ сан нийсархо х1ара классал арахьара болх берзош х1ара назма деша луур дара суна:

«Я Аллах1, Хьо хьехор марздехьа!»

Я Аллах1! Ахь вицвац болх Хьайга биллинарг,

Декъаза хилла вац «Я Аллах1!» баьхнарг.

Хьоьх хьалха ваьлла вац, Хьо воцург лехнариг,

Хьо везар марздехьа, ва Везан Дела!

«Я Аллах1» - боху дош мел деза ду,

«Ла илах1а иллаЛлох1у» мел дика ду,

И дукха баьхначийн сий лакха даьлла,

И бахар марздехьа, ва Везан Дела!

Я Аллах1! – Элчано мел дукха баьхна,

«Ла илах1а иллаЛлох1у» ма доггаха баьхна,

Цуьнан омра ма хилла и баха аьлла,

И бахар марздехьа, ва Везан Дела!

Вай Делан веза лай Мухьаммад хилла,

Цул деза вай Дала х1умма ца кхоьллина,

И дукха везначийн сий лакха даьлла,

И везар марздехьа, ва Везан Дела!

Элчанан верисаш 1еламнах хилла,

Элчанна т1ехдукха уьш безаш хилла,

Уьш безар вайна т1едиллина хилла,

Уьш безар марздехьа, ва Везан Дела!

Вайн Дала Элчанна шари1ат дела,

Элчано шари1ат кхайкхийна хилла,

Шари1ат лелийнарш Элчанна безна,

И лелор марздехьа, ва Везан Дела!

Тхан дийшар, г1овттар тешаме дехьа,

Садалар, атта деш, Иманехь дехьа,

Элчанна езначу тобанех дехьа,

Иманехь нисдехьа, ва Везан Дела!

Барт хоттуш жоьпашца нисдехьа, Дела,

Махьшаре хьийза де тхан парг1ат дехьа!

«Ла илах1а иллаЛлох1у», - т1аьххьара алар дехьа,

Иманехь нисдехьа, ва Везан Дела!

Шуна хьовсарна, ладог1арна Дела реза хуьлда.! 1одика йойла! Шу марша 1ойла!